гезгамаш паутина

  ЙАХЬЙАН САЛАХЬАДДИНЕРА


                Киносценари


 (черновик без редакции)

 


 Нагахь санна вай цхьа х1ума лууш делахь, х1ета, вайна цхьа х1ума т1е ца тоьу шуна…
 
                Платон


                «ГЕЗГАМАШ»



1-ый акт
 
1-я СЦЕНА

1-й ЭПИЗОД


Дезткъе итталг1а шераш, ткъолг1а б1ешо (90-е годы 20 века). Дешаран аудиторехь чохь хуьлуш долу ъу ду гуш. Цу т1ехь йоза х1отта долало, шашаха. Уьш зилйозан сизнаш хуьлу. Цул т1аьхьа шира хьаьрфаш хуьлу. Уьш д1а дов, церан метта 1ьрбийн меттан хьуруфаш дазло. Цул т1аьхьа цифраш. 
И йозанаш гойтучу хенахь титраш а хуьлу, цу йозан хот1ехь гучйуьйлуш. Т1аьххьара кехат т1ехь йоза го йаздеш, 1аьрбийн маттахь, цхьа знакаш а йохкуш (жайна доккхуш). Цуьнан куьйгана т1ехь доккха ц1ен-таь11ан алла мухар го.


ЭПИЗОД-2

Г1ала. Общежитие (йозанца йаздина не1арехь). Чохь цхьа тата хезий Т1ах1ир самаэккха. (Напряжен.) Чохь д1асахьожу. Ша цхьаъ ву аьлла тешна, йуха а д1атевжу шен метта. Масех секунда йаьлча, ц1еххьана хьалаэккха шен меттара. Коьртана цхьа г1овг1анаша новкъарло йеш хуьлу. Азкараша деша волало, балдаш хьедеш гуш ду. Шен вуьжу мотт сихха д1а а тобой (иза лаьттахь хуьлу кхуьнан, йуххехь бесса лаьтташ эчка маьнга хуьлу, сетка а гуш), цергаш йила х1утту, ламаз деш гойту (доцца).
Иза шадерг нарезкица кечйина йу. 


ЭПИЗОД-3

И сурт хийцало г1алара универан коридорчухула схьавог1учу студентан боларца. Когашт1ера гойтуш ву. Иза соцу цхьана наь1арехь. И не1 цо д1айоьллу (кхунах васт хир ду: йозанаш, цифраш). Цу чохь хьехархо ву, цхьа ши йо1-студентка а. Х1ара меллаша воьдий шен меттиг лоций, церан мог1арехь нислуш охьахуъу. Цул т1аьхьа кхуьнан а, Зара ц1е йолчу йо1ан а, вовшашка хьажар гойту. Х1орш хьехархо волчу аг1ора д1ахьоьжуш 1аш бу х1инца. Хьехархо шегара сахьтан т1е хьожу. Йуха хьала а г1оттий, д1аса а волалуш:
Махаш
Т1ах1ир, уьн т1е вуолий, масех предложени йазйе-хь, керла х1ун хааделла хьуна, х1ун хийцаделла хьоьца, кхуза деша валлалца хьоьца хилла доцуш?   
 
Т1ах1ир хьала а г1оттий, уьн т1е воьду, к1еззиг ойла йан х1утту.
Махаш
«Нагахь санна вай цхьа х1ума лууш делахь, х1ета, вайна цхьа х1ума т1е ца тоьу хьуна…»? (Т1ах1ире д1ахьожу.)
Т1ах1ир
… баьхна Платона, - олий шегара мел уьн т1е хьо.
Махаш
«Фонарь хьуш волчуьнан тасавлар алсам хуьлу, цуьнан лорах т1аьххье вог1уш волчуьнан чул а»?
Т1ах1ир
Жан Поль Рихтер.
Махаш
Ткъа цуьнан бакъ йолу ц1е?
Т1ах1ир
Иоганн Пауль Фридрих Рихтер.
Махаш
Д1айаьзйе хьайн йоза.


1) Хьоьца хила тарлуш дерг хьан 1алашонех доьзна дац хьуна, ткъа хьан кхолламах доьзна ду.


2) Сан дешнаш ца тоа там бу хьан синан чевнаш йерзон.


3) Динна дахар а ца тоа там бу… дахарах кхета.


4) Цкъацкъа шу тулу, цкъацкъа - тхо!


Т1аьххьарлера т1адам кхуо ч1ог1а татанца буьллу, ша йоза йаздина ваьллийла хоуьйтуш. Т1ах1ир воьдий охьахуъу шен метте. Хьехархочуьнан ша йолу ойла цу йозанна т1е йоьду. Горгали бекча а лаьтташ ву иза цу т1е а вог1авелла. Зара хьала а г1оттий, шегара тептар д1акъовлу, шекъан къолам а шен мохь чу дуьллу, йуха не1аре йоьду. Не1арехь т1ам лоций соцу. Йуха хецалой йог1ий, мел схьа а оьций, шолг1а лаьтташ долчу цифрана гонах сиз хьокхий, мел шен метта охьабуьллий, кхин дош алар доцуш къайла йолу. Махаш цкъа цуьнга хьожу, т1аккха Т1ах1ире. Совдат а йолу кху чуьра ара. Т1ах1ир аравала дагахь хьалаг1отту. Махаша сацаво.
Махаш
Т1ах1ир, схьагарехь хьох дика йозанча хир ву. 
Т1ах1ир
Хила мега-кх, хиндерг ца хаьа-кх.
Махаш
Иза бакъ ду хьан, «хила мега-кх» – кхиахь хьох хила. Алахь соьга (кхунна схьа т1евоьрзуш) Т1ах1ир, довза маца кхиъна шуьшиъ? – корта ластабо, арайаьлла Зара ша йуьйций билгалдоккхуш.
Т1ах1ир
Стенна ду и хаттар? Шу массо а кхузахь девзина ду-кх суна.
Махаш
Зари да, Верховны Советехь ву, лаккхарчу даржехь. Цунна йуххе г1ертахь - дешарх воха а сахьт дац хьан. Хьо ларвалийта боху хьуна аса-м, воккха йозанча хила хьо кхиъийта.   
Т1ах1ир
 Соьга цхьаммо а х1умма а аьлла-м дац. Къаьсттана суна бала х1унда кхаьчча хьан?

Махаш
Хьой бен цунна улло ваг1на цхьа а воцун дера. Со завкафедрой ву кху факультетехь, суна совнах долу дийцарш оьшуш дац. Хьан коьрта декхар – иза, дика дешар ду аьлла хета вайна. Харц ма вац со, х1ан, Т1ах1ир?
Т1ах1ир
Цу 1алашонца йиллина-кх вай кху хьуьжарийн не1арш схьа, хьо бакъ ву цу т1ехь-м.
Махаш
Х1ара Университет йу, 1илма 1амош йолу х1усам.
Т1ах1ир
Хьуьжари бохучуьнан маь1на а ду изза, амма 1илма 1амадаран корта Къуръан ду, - сан кхетамехь.
Махаш
1амор ву, нийсса кхетор ву. Хьуна шадерг а керла хир ду кхузахь. Амма массарга а лалуш ца хуьлу, ца девзачунна дозанна герга вахар. (Куьйгашца а, куьйган п1елгашца а сурт х1иттош дуьйцу Махаша.)
Кхузахь цхьа звукаш хир йу технически. Т1ах1ир цецвоккхуш. Кхунна г1енах хезнарш.
Т1ах1ир
Хьан дешнаш тидаме эцна х1ум дийр ду ас, айса керла не1 схьа моссаза йоьллу. (Аравала д1аволало.)
Махаш
Сан г1уллакх д1а алар ду: хьанах ларвала веза а, х1унда а? 
Т1ах1ир чуьра араволий, коридорчуьра коре воьдий, ара хьоьжуш соцу. Арахь Зара хуьлу сацайелла лаьтташ.


ЭПИЗОД-4

Аудитори.

Махаша уьн т1е воьрзий д1ах1утту. Нехар д1атотту цхьан аг1ора, т1аккха цигахь йозанаш х1итта дуьйлало. Мухар долу куьг а го.
Махаш
Т1ах1ир тера ву цара лохунволчех. Т1аккха, х1ета, уьш кестта гучу бовла беза. 
Зуда
И к1ант х1унда оьшу царна, т1аьхьа кхианий хьо? 
Махаш
Цуьнгахь тамашийна пох1малла ду. И санна берш вовшахтухуш хаабелла цу йукъарраллин тобано, шайца болх байта. Цхьана дийнахь вайна ч1ог1а новкъарло хир йу царех, цуьнан шеко йац.   
Зуда
Вай аг1ора некъ х1унда ца гойту ахь цунна т1аккха? Т1е1аткъам х1унда ца бина ахь цу к1антан, х1инцаъ? 
Махаш
Иза ламаз деш а ву, аскараш доьшуш а ву. Цкъачунна кхин аьттехьа ца ваг1ало цунна.
Зуда
Ахь ма бохху и к1ант велахь, вайна а оьшур ву иза. Эшахь х1айкал доккхур ду вай цунна а. Ларве, церан кара ма ваг1ийта. Керлачу системер «ладуг1урш» д1атарйе цуьнца, ас бакъо ло хьуна.
Махаш
Ахь аьлларг дийр ду. Царех пайда эца а хьовсур ду.
Зуда
И Къуръанан хьехамч вайна схьакарийча, вайн г1уллакх чекхдаьлла лара мегар дара. Дуьненахь хиламаш дукха сиха д1абоьлху, т1аьхьа диса йиш йац вай а.   
Махаш
Ас х1инцале «орц» аьлла массарга а. Уьш шайн декхарш кхочуш дан д1абуьйлабелла. 
Зуда
Болх къайлах бе, г1ара а ца довлуш. 


ЭПИЗОД-5

Коридор.
 
Т1ехьаша т1евеана Асхьаб хуьлу, корехула хьожуш, х1ара стенга хьоьжу хаа лиъна. Иза т1екаре волу Т1ах1ирца.
Асхьаб
Цунах г1уллакх хир дац хьан, жима къонах.
Т1ах1ир йуха хьежча, Асхьаб вела а къежна лаьтташ хуьлу.
Т1ах1ир
Хьан цхьа г1уллакх дара соьца?
Асхьаб
Хьан кегийн дийцарш дешна ву со, цунна хьо йуххера вовза лиънера, цхьана тхов к1елахь а хилча, - аьлла.
Т1ах1ир
Боккъала а боху-м хир ма дац ахьа иза, и къоламаш, ас 1иттина долу, кехат тишдар бен… Цхьа кхин дуй техь?
Асхьаб
Зараца йукъаметтиг муха нислуш йу хьан?
Т1ах1ир
Цхьана курсехь,.. довзарал сов х1умма а дац… Иза ч1ог1а къехка, д1ауьду, ца соцу…
Асхьаб
Иза кхеташ а ду, иза хьенан йо1 йу хьаьжча. Церан шайн го бу. Кхин д1аберш царна нацкъара нах бу.   
Т1ах1ир
Цунна т1ехьийзаш цхьаъ ву боху ахь?
Асхьаб
Ца хаар суна цунна т1ехьийзаш мила ву вац-м, церан кхечу аг1ора ду массо а х1ума. 
Т1ах1ир
Тхан хьехархо Махаш, кхеташ ду, иза завкафедрой ву, цуьнан шен аре йу кхузахь, сиз хьекхна, ткъа хьан х1ун ду? Хьо мила ву?
Асхьаб
Кхетавел со.
Т1ах1ир
Со Зарана гена ваккха г1ертар? Хьуна со дуьххьар бен гуш а вац, стенна ду иза? 
Асхьаб
Асхьаб йу сан ц1е. Вист хуьлуш гуш дуьххьара велахь а, суна хьо вевза дикка зама ду. Со хьан терго йеш вара. Кху чохь хьоьхуш ву со а. Социальни ламеш башха ду шу шинни. Цунна белларг кхин кхетам бу.         
Т1ах1ир йуха а корана т1е хуьлу, цигахула кхунна гуш хуьлу   машен схьа а йог1ий Зара цу чу хууш. Ша чу хаале коре схьа хьожу иза, лаьтташ х1ара хуьлу, кхушиннан вовшашка хьажар нисло. Иза чу хуу, Т1ах1иран балдаш озало, толам шега кхаьчча санна.
Т1ах1ир
Вай нийса кхетам бала ца мега цунна, т1аккха? 
Асхьаб
Мага-м мегар. Цхьа дуьхьало йу-кх цунна.
Т1ах1ир
Муьлха?
Асхьаб
Атта хаттар дац иза. Гуш доцуш дукха х1умнаш ду кхузахь хуьлуш лаьтташ. Цу йо1ах хьакхаделла а ду иза, хьох хьакхалуш а ду. Хьан г1енаш, хьуна цу г1енашкахь гуш долу мухар. Хьуна г1аннабарх йеш йолу новкъарлонаш.
Т1ах1ир (встревожен)
Хьуна мичара хаа иза? Хьо мила ву?
Асхьаб
Тхан цхьа йукъаралла йу, цигахь дуьйцур ду хьуна, хьан хаттаршна жоп дала хуундерг мила ву. Амма, х1ара шадерг къайлаха хила дезаш ду.
Т1ах1ир
Со хьох теша веза?
Тем бо.
Х1унда?
Асхьаб
Хьайна ца лаахь ма теша. Иза хьан бакъо йу. Амма хьайна и х1ума хаа оьшуш хилар къера вац хьо? - Т1ах1ир лаьтта воьхна-а. - Х1ун до ахь? Лаьий хьуна иза мила ву хаъан?
Т1ах1ир
(Ойла йина.) Со реза ву. Маца хир йу и ган йиш? 
Асхьаб 
Сарахь пхи сахьт даьлча, мехкдаьтт институт йолчу схьат1евола. Керла г1ишло йолучига. Ларло, хьайна т1аьхьа вог1уш цхьа вуй а хьожуш.

 
СЦЕНА-2

ЭПИЗОД-6

Стоьла гуонах киншк йоьшуш стаг ву 1аш. Шовзткъа шарера хан хир йолуш. Асхьаб чоьхьа волу. Иза чоьхьа ваьлча Давуда шен йоьшуш йолчу киншкан аг1оне кехатан цуьрг дуьллу, т1аккха т1е а къовлий йуьстах йуьллу.
Иза схьавеа. Зал чохь витан ас иза. Махаш а волчух тера ду Т1ах1ирна гонах хьийзаш.
Давуд
Суна а дийцахь хьайн хуъург.
Асхьаб
Вай тидме лецна йолчу йо1ах а къахкийна цуо иза.
Давуд
И йо1 ч1ог1а оьшур йолуш йу бохура хьехамчас. Цу шинни йуккъехь херо хилар дика хир дац. Вайх шек бевлла техьа уьш?
Асхьаб
Суна цахаара иза. Ас а элар цуьнга: «Хьоьца йог1уш йо1 йац хьуна иза» - аьлла.
Давуд
Нагахь санна хьуна и к1ант хьехамчас лоьхург ву аьлла хетахь, вай иза сихха т1екхачо веза цунна. 
Асхьаб
Суна-м ву аьлла хета. Ас хьахийра цуьнга цуьнан г1енаш, ч1ог1а цец велара иза, суна мичара хаьа бохуш карзах а волуш. Цуьнгахь боккха бала го.
Давуд
Иза реза хилахь вай т1евуьгур ву иза хьехамчан.
Асхьаб к1антана т1аьхьа воьду. Йуха иза валош схьа чу вог1у.
Асхьаб
Х1ара ву Т1ах1ир.
Давуд
Марша вог1ийла. Охьалахлол г1ента. Вай кхузахь гар хан тоьхна ду. Аса ницкъ ма кхоччу доцца хьахор ду. Тхуна хууш ду мелла а хьох лецна, хьан йозанаша а дуьйцу дуккха а х1ума хьо вовзуьйтуш. СССР йухуш йу, иштта болу мохк, нуьцкъала паччахьалкхаша тесна буьтур болуш бац. Дуккху а хот1е боцу нах бу кхунах дакъош дан лерина. Тхуна ца лаьара х1ара мохк нехан карабахийта. Т1аккха цхьацца белхаш беш, тхо а т1е1иттало цхьацца нахана, царех вонаш а бу, тилбелларш а хуьлу. Вайн мохк маьрша хуьлийла лаар бу тхан бехк. Мухха а кху некъехь хьо а нисвелла-кх, Т1ах1ир. Хьо тхох мел тешар ала хаац, амма тхуна хьуна кхерам го. Дешна стаг олу, хьехамча а олу, иштта цхьа дика стаг ву. Цунна хьох лецна алсам хаьа. Хьуна лаахь, хьо цунна т1екхачор ву. Кхузахь хьуна оха д1ахоуьйту и некъ кхераме хилар. Вен а сахьт дац. И вон нах цунна т1аьхьа бойла дикка шераш а ду. Иза тешна ву, хьоьца доьзна ду аьлла, халкъаш лоллех хьалхадахар. Хьо хьуо а вац, хьайх х1ун долла хаа лууш? Хьайн хеттаршна жоп лоьхуш а?
Т1ах1ир
Х1аъ. Сан сагатдеш дерг ду х1айкал бохург стенца доьзна ду, йа хьаьнца доьзна ду? Иза деккъа цхьа жайна даккхар хилла ца 1а. Кхин а цхьа маша бу цуьнца. Шуна цунах хаахь?
2-акт 
Давуд
Тхуна биллгала хууш дерг, бозбуанчал лелош болчера куьйга (влийани) к1ела хьо г1ахь, цара хьоьга зулмаш дойтур ду нахана. 
Т1ах1ир
Суна гуш долу х1умнаш цаьрца доьзна хуьлу? Иза цамгар йу…
Асхьаб
Цунах дерг ала тхуна хала ду. Х1уъу делахь а ц1ена-м дац цигахь. Иза хьехамчан бен хуъур дац.   
Т1ах1ир
Х1унда? Соьгара х1ун даьлла?
Давуд
Хьоьца цхьа х1ума ду кхечарца доцу. Иштта бохура хьехамчас. Царна иза хаахь, хьо а хир ву царна новкъа, йа хьоьга шайн луъург дойтур ду цара.


СЦЕНА-3

ЭПИЗОД-7

Зара шен йуххера доттаг1чуьнца йог1у коридорчухула. Совдата не1 схьа йоьллий, х1ара шиъ дешаран аудиторина чоьхьа йолу, цу чохь уьн т1ехь йаздина шира йоза го.
Совдат
Зара и х1ун йоза ду? Мичара?
Зара
Хьоьцани чоьхьа йаьллачу суна мичара хуъур ду иза? Эцца цхьаъ хир ву-кх, нах цецбаха берийх ловзуш. Тергал ма дехь.
Совдат
Х1етте а, синк1оме ду-кх.
Кхузахь Махаш чу вог1у.

Махаш
Шу шиъ ма хьалхе йеана, кхин а хан ма йара?
Совдат
1илман т1ера ма йу тхойша, Махаш.
Махаш
Цкъа делахь: Махаш Бердиевич. Шолг1а: массарна а хьалхара жоп ма ло.
Хьехархочун х1инца го уьн т1ера йоза. Д1а а доьший ка тухий и д1адайъа х1утту.
Махаш
Шен г1уллакх мел доцург кху т1ехь йаздо-кх. Цулле а шайн дисциплин 1амайе. Цхьа ун даьржача санна болха-м бу х1ара. Шун т1аьхьара горгам хьекха.
Совдат
Хатта лаьр-кха суна хьоьга Махаш…-Бердиевич, х1инца махкахь йоьдуш перстройка йу, хьалха санна тотальни цензура а йац, т1аккха хьо хьанах ларлуш ву? Йа хьанна болх беш ву хьо?
Махаш
Хьайн дешаран (зачетни) киншк хьоьца йуьй? Схьалол йелахь, ас хоттур ду хьоьга, хьуна иштта хеттарш дан майралла луш верг мила ву аьлла?
Т1ах1ир чу вог1у. Шаверг а д1асоцу вист ца хуьлуш. Х1ара волавелла шен меттиг йолчу воьдуш ву.
Махаш
Вайшинна цкъа къамел ца хиллера, Т1ах1ир, ахь низам лардийр ду аьлла?
Т1ах1ир
Кхузахь ма ву со т1аккха.
Махаш (Х1ара уьн т1е ца хьажийта г1ерташ воллу.)
Маца веана? Дарс йолайелла х1ун хан йу?
Т1ах1ир шегарчу сахьтана т1е хьожу. Совдат а йу кхуьнга хьежначохь 1аш. Зара – раз б1аьргаш хьежош 1а, шена бен доцуш санна.
Т1ах1ир
Махаш Бердиевич: цхьаъ, шиъ, кхо-о-ъ. Горгали.
Горгали х1инцца бийкий дешарга кхойкхуш.
Т1ах1ир
Шу хьалхе чудаьхкина, хан х1инца хила.
Махаш
Дика ду. Д1адуьйлало вай. Хьалхара семестрехь студенташ х1умма а хууш ца хуьлу. Шолг1а семестрехь – хьехархой. Цундера со галваьлла.
Совдате мохь болу.
Хьовсийша! Уьн т1е! Цу йозане… 
Хьалха санна йоза х1утту. Чуьрнаш тамашийна хеташ, хьовсуш бу, хуьлуш дерг х1ун ду хаа лууш. Т1ах1ир а ца кхета кху чуьрчу атмосферех. Зара лере таь1а Совдатна: - И к1ант вайл а ч1ог1а цецваьлла, х1унда?
Махаш
Х1ара йо1 тахана могуш йац моьтту суна, мохь стенна хьоькху? Цкъа а х1ума ца гич санна. Т1ах1ир, д1адайъахь иза, хьайна хала дацахь.
Т1ах1ир иза д1адайъа х1утту, амма кхунна вуон хуьлу. Б1агор хьевзий, охьалахло х1ара. 
Совдат
Т1ах1ир, хьуна х1ун хилла, вон-м дац хьуна?
Т1ах1ир
Х1ан, х1инца д1адер ду.
Махаш
Лор чохь йуй хьажахь, Совдат.
Зара
Тхойша цхьаьний хьожу.
Иза а оьций Зара арайолу.
Т1ах1ир
1уьйранна дуьйна а х1ума кхаллаза вара со.
Махаш
Т1ах1ир, ахь х1ун дай т1аккха, г1ой хьайна х1ума кхалла. Лоьран  йуха т1ег1ур ву хьо, эшахь.
Т1ах1ир араволу.
Махаш
Меца вара иза? Х1айкало болха-м бо. Дика ца бахь а. Х1аъ, Асхьаб ваьлла хьоьца т1екаре йеш. Х1ета иза ву-кх церан геланч. Дика ход йу иза а. Универехь шайн стаг д1анисвина.


ЭПИЗОД-8

Т1ах1ир коридорчухула схьавог1у наь1аре, цу чуьра аравала.

Т1ах1ир
Цу йозано ди-кх суна х1ара. Иза муха йазделлера цу т1е. Цхьаъ химичит деш-м ву кхузахь. Схьахетарехь, со оцу стагана т1е кхача веза. Цуьнгахь каро там бу суна сайн хаттаршна жоп.
Йедда йог1у Совдат.
Совдат
Т1ах1ир, хьо хоьттуш 1едалера нах бу лахахь. Зарас хьоьга хаийта аьлла йог1у со, ша уьш совцор бу аьлла. Хьоьгара х1ун даьлла? Хьан йозанаш бахьанехь дуй те?
Т1ах1ир
Суна-м ца хаьа. Х1инцца хуура-м ду.
Совдат
Йухаваьрза! Кхузахь т1ехьаша аравала меттиг бу. Суна т1аьххье схьавоьл! Зара реза хир йац хьуна, ахь аса аьлларг ца дахь.
Т1ах1ир
Зара? Цо х1унда до иза? Йа х1ара а г1ан ду суна гуш дерг?
Совдат
Х1инца йиш йац, сиха болар эца хьайн.

 
ЭПИЗОД-9

Коридочухула 1едал нах балош Зара йог1у. Х1етта Махаш а араволу аудитори чуьра.

Зара
Завкафедрой ву, Махаш Бердиевич. Цуьнга хатта мегар ду аша. Махаш Бердиевич, соцар варий хьо, х1орш хьоьца г1уллакх долуш бу.
Махаш соцу, кхарна схьа т1е а хуьлу.
Артур
Тхуна Т1ах1ир ц1е йолуш волу студент оьшура, кхуузахь вуй иза? Сан ц1е Артур йу. Следователь. Удостоверени д1агойту.
Махаш
Вац. Ч1ог1а корта лазабаьлла волу,.. ас д1ахийцар иза. Маж а велла, ирахь латта а кхин башха де а доцуш…
Артур
Муха, маца? Зара, ахь х1инцца чохь вара ма элира иза?
Зара
Ца хаьа суна-м, тарделла хир ду хьуна суна иза чохь волчух. Со йиънарг цхьаъ ца тайна, желудок ч1ог1а лазайаьлла, сайна пурба а даьккхина ц1а йаг1а арайолуш йара.
Артур
Кхин меттиг буй кхузахь кху чуьра аравала?
Махаш
Меттиг, х1ун меттиг? Кхузаш волу-кх кху чуьра ара.
Артур
Кхетта. Ашшимма лахал иза массо а чоьнаш чухула. Хьаштана ваг1ана вуй а хьовсуш. Ткъа, ахьа, Махаш Бердиевич, цунах харектаристика лохь, ч1ог1а оьшу хьуна тхуна иза, балхана.
Махаш (сих ца луш, ойла а йеш)
Т1ах1ир, тоьллачех студент ву, низам ч1ог1а долуш а, дешарна ч1ог1а т1ера а. Х1ун даьлла цуьнгара?
Артур
Иза белха низамехь ду, дийца йиш йац. Кхин цхьа а х1ума тоса-м ца деллера цунах?
Махаш
И студент ч1ог1а пох1малла долуш ву. Йаздархочун говзалла шеца йолуш а. К1орггера ойла йан хууш а, йукъараллин нийса кхетам болуш а. Кхечарца дика тарлуш а, т1екаре йолуш а. Цуьнгара цхьа а г1алат даьлла меттиг гина вац со. Х1окху Зарас а тоьшалла дийр ду-кх хьуна. Х1орш ч1ог1а хаза доьшуш схьабог1уш бу, вовшийн уьйр-марзонаш а йолуш.
Артур
Дика ду. Кхетта. Иза харжамаш болуш депутат ваг1ийта мегар ду, шун маттара аьлча. Зара, Махаш Бердиевич, аша тхуна ч1ог1а г1о ди, шу х1инца мукъа хила пурба ду шуна. Оьшуш хилахь хоуьйтур ду шуна.
Зара ц1ехьанехьа йоьду, Махаш деканат йолчу аг1ора, - д1асакъаьста х1орш.
Зара (ша шега)
И х1ун дара хьехархочо динарг? Т1ах1ир, ца хаьа суна-м, тахана-м хьан де ду хьуна. Сайх а цец йаьлла со-м. Ас х1унда воккхуш вара хьо… хьоьгара ч1огг1а х1ума даьллехь? Хир дац. Деша вог1ур вацар хьо т1аккха. Совдат кхиъна-кх хьо къайлавакх. Дика ларийна шушиъ-м. Х1инца сан са к1амделла-кх Совдат, хьо ган.


ЭПИЗОД-10

Артур ву коридорчохь шечаьрга хьоьжуш лаьтташ. Цкъа цхьаъ схьавог1у, цунна т1аьххье важа а. Куьйгашца гойту цу шиммо а, шайна иза кара ца винийла.

Артур
Стенга ваг1ана хир ву иза? Кху чохь ма варийца иза, вай чудог1учу хенахь.
Салман
Зара?
Артур
Иза хила йиш йац. Суна гуш йара иза. Цхьа кхин х1ума ду кхузахь дерг. Вай кхуза дог1ий цхьанна а хууш дацара. Иза чохь а вара, вай схьакхачале. Цунна шена а хаа йиш йацара вай «хьошалг1а» дог1ий. Х1ара къасто дезаш х1ума ду. Вайл хьалха вуьйлуш цхьаъ ву аьлла, тешна ву со х1инца.
Салман
Йукъар1ойла г1ой со, цигахь велахь?
Лоьма
Больницехь а хьажий?
Артур
Иштта до вай. Лоьма, хьо кхузахь саца. Ткъа хьо, Салман, йукъар1ойле г1о. Чохь ца каравахь, коменданте хаийта ала, иза чувеача, телпо тохий. Цунах болх ца хилахь, шуьйра хаамашца лохур ву вай иза.
Х1орш д1асабовла.


СЦЕНА-4

ЭПИЗОД-11

Зара ц1ахь йу. Ша пантера санна д1асалела х1ара. Са доь1ийла гатйелла кхунна. Кор схьадоьллу. Нана чу хьожу.

Лариса
Хьо цхьа тамашийна йу-кх йо1, х1ума йаар дац, хенал хьалха ц1а а йеана? Дуьйций ахьа х1ун хилла?
Зара
Мама, цхьа а х1ума ца хилла. Ша долу денош цхьатера ма ца хуьлу. Таханлера де иштта деана. Со суо а ца кхета, сан са иштта карзахе х1унда ду. Ас 1амийна дисциплина д1айийца ца кхиар со дарсехь, ша цунна со карзах ца йаьллехь. Кхин цхьа а х1ума дац. Жимма арайолу со, 1аржйалле йола йала, мегар ма ду?
Лариса
Дера йала-кх, клетки чохь лом санна кху чохь хьийзачулла-м.
Зара
Хьен ца луш чу йог1у со-м.
Лариса, корта а лестош, х1ара арахьажайой х1ум до. Х1ара арайолушехь, Совдат дуьхьал кхета кхунна. (Совдат сильно озадачена.)


ЭПИЗОД-12

Подъездан чохь

Зара
Вай, кхерийн кийрара са хьаладоккхур-кха ахь сан, Совдат.
Совдат
Т1аккха хьо кхетар йу-кх, цу к1ентан мел ч1ог1а са даьхьана хир ду.
Зара
Хьера ца йала ара йолуш йар-кха со. Х1ун ди ахь, стенга ваьхьа ахь иза, ц1а хьажийн?
Совдат
Х1ун ц1а дуьйцу ахь? Цуьнан да-нана Алма-Атахь 1аш ду. Х1ара кхуза деша лиъна ц1а веана хилла. Йукъар1ойлехь 1аш ву. Гергарнаш д1о лакхахь, цхьана ч1уч1иломахь 1аш бу.
Зара
Т1акх, мичахь витан ахь иза?
Совдат
Ас куьг лецна лелон везаш ву иза?
Зара
Вац. Х1ун дина техь цо? Х1ун даьлла?
Совдат
Айхьа хаттахь цуьнга, эццехь, масех ц1енол т1ехваьлча ву хьуна иза.
Зара
Муха, х1ун деш? Со кхеташ йац хьох?
Совдат
Иза 1едална караваг1а тохавеллера, ас хьо оьг1аз г1ура йу, ахь иза дахь аьлла, сайца нуьцкъала схьавалийнера, т1аьхьалонна ойла йан хан а ма йацарий. Х1инца цхьа ч1ог1а къа хетта суна цунах. Ша цхьаъ, орцах вала да а воцуш, цхьа ч1ог1а к1айвелла, ваьхьана ву иза, ойла йечуьра корта соцуш а боцуш. Цуьнца, иштта доцуш цхьа х1ума-м ду. Х1ун ду-м ца кхета со.
Зара
Х1ун дан деза суна-м ца хаьа х1инца.
Совдат
Йукъар1ойла г1ойла дац. Цунна вевзуш кху г1алахь цхьа а вац.
Зара
И стаг, хьехархо, Асхьаб - йарий моьтту суна цуьнан ц1е, иза волчу ваг1ча?
Совдат
Хьо маца кхиъна цунах дерг…
Зара
Иштта нисделира иза, ша-шаха. Йа Аллах1, х1ун дийра дара техь?
Совдат
Хьуна Дела дагавеанехь, хьан цу к1антана дикка сагатло-кх.
Зара
Йуккъехула чу, хьо стен ойла йеш йу?
Совдат
Тхайга а иза вига аьтто бац. Сан дас со ирх уллар йу, сан везар ву хьуна иза аьлла.
Зара цхьа реза йоцуш хьежа кхуьнга.
Совдат
Т1аккха. Ойла йеш йу-кх, сайн ца лозу корта ас х1унда бихкина те бохуш.
Зара
Цхьа меттига-м йу, «зелени» базар йолучу гергахь. Д1атесна лаьтташ вайн цхьа ц1а х1ума йу цигахь. Мегар дарий? Чоьнаш тиша а, чохь ченаш, машош а-м хир ду цигахь.
Совдат
Дукха ч1ог1а дика хир ду. Дог1а мичахь ду?
Зара
Со чу йоьду. Ас лаха а лехна корехула охьа кхуьссу хьуна. Адрес а, кехат т1ехь. Ахь цуьнга д1а а лой цига д1ахьажа ве ахь иза. Кхин вайшинни-м дац цунна да х1ум. Иза а гучу далахь, сайчара со чуйуллур йу, ара ког а боккхуьйтур бац.


СЦЕНА-5

ЭПИЗОД-13

Общежити. Трафарет го. Йуха цу чуьра сурт. Охьах1оттош йолу телпон йу. Горгали бека. Куьг т1едог1ий схьаоьцу. Лере хьо.


Комендант
Х1оввай, - олий йист хуьлу. Кхузахь Махашан аз девзуш ду.
Махаш
Коммендант, хьо йуй х1ара? Т1ах1ир чуваг1ахь, цкъа хьалха соьга хаийта. 
Комендант
Кхетта.
Коменданта, йоьдий дог1а доккхий, не1 йоьллу.


ЭПИЗОД-14

Цу хеннахь «зелени базрара» ц1ийнан наь1 д1айаьлла ло, к1ант чоьхьа волу цигахь. Чоьнашка хьоьжу. Цхьана тахьт-махьти т1е д1атаь1а. Кхунна наб озайо. Цига чохь а хуьлу стоьла т1ехь телефон.


ЭПИЗОД-15


Зара наб ца кхеташ пантера санна хьийза шен чоьначохь. (Сильно напряжена.) Коре йоьдий ара хьежа х1утту.
- Мила ву хьо? Суна х1унда нисвела хьо? Со а йукъаозий-кха ахьа. Х1ун дина ахь? (Тем бо. Д1асалела йуха а.) – Махаш ма хийцавелара оцу Артуран хьалха. Ма хастийра цуо Т1ах1ир. Даггара варий те иза? Дика ду. К1елхьара х1унда воккхур цо, ах сахьта хьалха цунна ле а лийна? Шен бала ца бар хьа-м ваьккхир дера цо иза-м, кхетахь Зара. (Маьнги т1е хьала а йолий охьахуу.)



ЭПИЗОД-16

Т1ах1ир волу чоь. Хьалхалера г1овг1анаш хеза. Телефон туху, к1ант самаэккха. Ладоьг1у. Х1ара мелла а дегаза тохало. Т1аккха го телефон а. Корера схьа чу стогаран серло нийсса цу аппаратан т1ехь сецна йу. Х1ара 1ад 1аш ву, цу аппарате а хьоьжуш.

- И ши йо1 а цаьрца йу те? Асхьаба ала ма элар Зара а йац шех х1ун доллу хууш. Цу шимма хаа а хууш валийна-кх со кхуза. Телефон соцу йаьттачера. - Д1аваг1а веза со кхузара. - Х1ара меллаша, тата ца дан а г1ерташ лахволу диван т1ера. Телефон йуха а йека йолало. Кхо меллаша трубка схьоьцу. Лере хьо. Цхьа а вист ца хуьлу. Иштта г1еххьа хан йолу. Т1ах1ира ладуг1у цу чу. Кхунна цу чуьра саде1ар хеза. Т1аккха х1ара вист хуьлу. (Наверняка олий.)
- наб ца кхета? стенна са гатдо ахь? буьйса йахлахь, цкъа а д1а а ца йолуш? йуха буьйса д1айаьлча дахар дацлахь?
- хьо муха кхийта со йу йац? киншк йазйеш ву хьо буьйсан йуккъехь?
- хьан саде1ар ду-кх сан лерехь.
- бехк ма билла, сервис йац. цхьана буса са тухур ахь.
- къинт1ера йала, со бахьанехь хьан тийналла къахкош и деха де деанехь?
- ас цхьа х1ума алий хьоьга, хьалхе ма хета суна-м ахь къинт1ера йаха, х1инца а хууш дац хьо ор чу воьжна, йа г1у чохь висна а.
- иза ма хаза далийра ахь. ас цхьанхьа дийцарехь пайда оьцур бу цу дешнех, хьо дуьхьала йацахь?
- иштта йаздо ахьа хьайн дийцарш, кхечеран къамелах белхи а беш?
- со суо воьжна те, йа кхоьссина те? - бохуш ойла йу сан 1аь1аш, ор а, мел к1орга ду те?
- хьо дийна вуй а, кхетамчохь вуй а хиа, кхана зачет йу сан.
- кхана суна ма гена хета…
- «… синан чевнаш йерзон» - иза мила йу, хьо т1ехьийзаш-м вацара цунна?
- т1ехьийза бохург суна муха хуьлу а ца хаа. деган дов девзу суна, иза мила бахьанехь ду а хаа, амма иза кхечу малх к1елахь йехаш йу аьлла, дов сайна а дитна, къар ца вала г1ерташ ву-кх. 
- хьо цхьа шайхалла долуш ву те? хьалхара предложени иштта йара-кх хьан: «…1алашонах дац, кхолламах доьзна ду…» хьо мила ву а ца хаа, шиъ семестер чекхйолу? кхузахь х1ун деш ву хьо?
- х1инца мала, цхьа дуькъо басар даьккхина чай а, цхьа дутт1а деш дина, хьажа г1апкхах хингалш а делхьара. (кхунна цуьнгара йелайалар хеза, ца йаьлла. цунах самукъа дела кхуьнан к1еззиг.)
- суна а ца моьттура айса хьоьца т1екаре йийр йу. амма туьйра цкъа кхачало, хьуна иза дика ма хаа, йозанча. ас охьйуьллу х1ара… (тем бо, х1ара вист а ца хуьлу. йуха гудкиш хеза кхунна.)

 
ЭПИЗОД-17

1уьйре. Зара ара йала кечам бина йу. Телефоне д1ахьоьжуш лаьтта.
Т1ах1ир волу чоь. Х1ара наб кхетта 1уьллуш ву. Наь1арх чоьхьа волу Артур, цуьнца кхин кхоъ накъост а. Х1ара гуш ву царна х1инца. Телефон йека. Артура схьаоьцу, вист ца хуьулу. Вукху аг1ора а цхьа а вист ца хуьлу. Цигахь охьайуьллу. Артура а охьайуьллу. Х1ара к1антана т1ехуьлушехь йуха а туху телефон. Артур т1екхачале Т1ах1ир сама волу, цец ваьлла кхарга хьоьжу, дикка самавалаза а волуш. Артурна ца го Т1ах1ир сема хилар. Кхо йуха а схьаоьцу. Цигахь цхьа а вист хуьулуш вац. Т1ах1ир вист хуьулу.
- Х1ей, шу муьлш ду, шуна х1ун оьшу?
Зара хуьлу вукха аг1ора йерг, цунна хеза Т1ах1иран аз. Х1ара кхийта иза караваг1ний. Кхо сихха охьайуьллу шегарнаг. Х1ара холчу х1оьттина х1инца.
- Сан х1ун г1уллакх дара з1ене йала. Муьлш хилла хир бу уьш? Дада хиллехь? Хир вац, иза цига ваг1а бахьана а дац. Артурар бу уьш. Царна муха хиъна? Зара, ахь муха озайайта хьо оцу г1урта йуккъе? Ас х1ун дан деза? Цкъа хьалха универе д1аг1о, цигахь Махаш Бердиевичца дагайала. Х1аъ, цунна хуур ду г1олехь дерг.

Т1ах1ир г1ента хаийна 1авеш ву. Пхьаьрсах маха тоьхна йустах волу царех цхьаъ.
- Кхо цхьана масех сохьтехь наб йийр йу.
Артур
Хьалол цуьнан т1оьрмаг. – Схьало кхуьнга. – Хьовсар вай кху чохь х1ун йу. Кинчкш, терадаш, ручка. Салман, йукъар1ойлехь чохь х1ун йара кхуьнан?
Салман
Бедарш йара, ламазан куз а, охьавуьжу мотт-г1айба, такхош йолу мачаш… Кхин х1умма а. Шортта киншкаш-м йара кхин а.
Артур
Кхин мачаш йацар?
Салман
Йацар.
Артур
Делахь х1ета, Т1ах1ир, шиъ бен мача а йац хьан, уьш а хьан когахь йу. Хьо воьдучига уьш а г1ура йу. Ткъа хьуна тоьхначу махо хьо тилор ву, самах дара йа г1енах дара а ца хоьуьйтуш. Салман мачи к1ажи йилла ладуг1у х1ума, къаьстар доцчу аг1ора.
Салмана Т1ах1иран когара мача схьайоккху цхьаъ.

Т1ах1ирна т1е прожектор хьежайо, т1е мохь хьоькху Махаша.
Сама аьккха, малх хуьлу кхунна нийсса б1аьргашна чу хьоьжуш. Шен меттехь 1уьллуш караво кхунна ша.
- Со мичахь ву-у? Дагадаийта г1ерта х1ара шеца хилла х1умнаш. Г1енаш, йуха а г1енаш… Шу сан кочара маца девра ду…



СЦЕНА-6

ЭПИЗОД-18

Зара йог1у сихъйелла аудиторичу кхача. Кхунна дуьхьала кхета Асхьаб.


Асхьаб
Зара, тахана зачеташ йуй шу?
Зара
(Цеце) Х1аъ, х1унда хоьттур ахь, Асхьаб Исаевич?
Асхьаб
Т1ах1ир, - тем бо, йо1а т1е муха лоцу хьожуш, цуьнан ц1е йаккхача, - ца го суна, х1ара киншк йеанера ас цунна йеша. Иза лоьхуш нах бу бохура кхузахь. Х1умма а хила-м ца хилла техьа цунна? (Зара йоьхна, балдаш дууш йу.)
Зара
Суна-м ца хаа цунах. Махаш Бердиевиче хаьттича?
Асхьаб
Х1ан, кхано сайна гича д1алур йу аса. Цхьа х1умам дара, ахь соьгара кехат цуьрг д1алур йарий цуьнга иза гучуваьлча?
Зарас корта лестабо, лур йара ала г1ерташ. Асхьаба киснара ручка схьаоьций, кехат лоху, иза кхуьнгахь доций гой, Зарас шен т1оьрмаг чуьра ло кхуьнга.
Асхьаба реза волуш корта ластабо. Йуха йазйой цу т1ехь, йо1е д1ало. Кехат дестана дуьту кхо.
Асхьаб
Зара, т1ехьажлахь цунна, куьзганаш доцуш… г1алат дуй техь сан?
Йо1 деша х1утту. Иштта йаздина хуьлу цу т1ехь.
Зара, кхера ма ло. Хьайн т1оьрмаг чохь, бедарца а, ц1ахь а, хьайн гина йоцу эчках йа пластиках х1умма а карйой хьажа. Иза ладуг1уш йолу х1ума хир йу хьуна. Сихлой д1а ма кхосса, хьайна хиънийла ца хаийта. Ларло. Ас эр ду хьоьга д1а маца кхосса йеза.  Т1ах1ир церан караваг1на. Уьш 1едал нах бац. Хьайна хиънийла ма тосадалийта цхьанна а. Махаш а шек ма валийта хьайх.
- Г1алат ца го суна-м кху т1ехь…
- Дика ду, Зара, схьало ахь кехат т1аккха, сайна каравой хьожур ву со, цунна х1ун дагадог1у а ца хаа. Кхиъмаш хуьлийла хьан дешарца.
Иза д1авоьду, Зара, кхин метта йаза схьайог1у. Т1оьрмаг чу хьажа йолало, йуха д1аса а хьожий х1ума до. Цхьа пластик санна х1ума карайо кхунна. Буйнахь латта а йой, йуханехьа чу йуьллу. Совдат йог1у мохь бетташ: - Зара! Собар делахь цкъа суна. – Вукха аг1ора Махаш вог1у, иза а кхойкху кхуьнга: - Зара! Х1ара латта йуьсу цу шиннийн йуккъехь. Хьаьнга ладог1а ша олий, корта а хьевзуш. Кхунна вон хуьлу. Х1ара йоьдий пенаца д1ахутту, охьа ца йожа.



ЭПИЗОД-19

Аудитори чохь йу х1ара шиъ х1инца. Совдат кхунна хи хьоькхуш йу йуьхь т1е. Кхо ши б1аьрг схьабоьллу.


Совдат
Ма кхерий ахь тхо, Зара! Хьуна х1ун хиллера? 1уьйрана икра йаа ца кхиънера хьо? – Йоьлу.
Зара
Ма вон доттаг1 йу-кх хьо, Совдат. 1иттарш йеш йу хьо суна?
Совдат
Йалха ца йалха х1умнаш дуьйцуш йу-кх, доттаг1. Са логе хьала кхаьчнера сан, хьуна…
Зара
Со иштта атта лийр йоций х1унда ца хаа хьуна? Вайшиъ ваьшшиъ йу?
Совдат
Йу моьттуш-м йу со, къайлах дерш кху чохь дацахь?
Зара
Х1ун дина? Х1ан, иза а дера ца хаа. Сан т1оьрмаг мичахь бу?
Совдат
Бицбеллера хьуна, вашинний а т1оьрмагаш Разетига д1абелла, шеца бита аьлла. Ас х1инцца схьабахьа.
Зара
Собар дехьа цкъа. Т1ах1ир д1алаьцний хиарий хьуна?
Совдата корта лестабо, ца хиъний гойтуш.
- Махаш Бердиевич волчохь х1умма а ма дийцалахь, кхеттий хьо?    Ларло, айхьа х1ун дийца деза хууш.
Махаш чоьхьа волу.
Махаш
Метта йеаний? Ма дика ду иза. Хьуна лаахь хьо больнице…
Зара
Х1ан-х1ан. Суна дика хета, со дика йу. Зачет д1алур йу…
Махаш
Цхьа а зачет ма хьехайе тахана. Шаьшшинний а киншкаш схьало, ас д1ах1иттор йу шуна. Цхьанги а хьаха ма де. Шуна ницкъ хилла и к1ант бахьанехь. Х1инца, шиа шайн ц1а г1о. Со, кафедре воьду, з1ене вала везаш вара со. Марша г1ойла.



ЭПИЗОД-20

Давуд
Цу йо1ах тешна-кх хьо т1аккха?
Асхьаб
Суна гуш йара иза. Махаш хьахийча цеце а йара иза. 1едал нах бу   моьттуш Зара а хилла.
Давуд
Цу йо1ехь иза хиллехь, т1аккха ахь цуьнга Т1ах1ир хаттар а хезна хир ма ду царна. Ца кхиа вай х1умма а да а. Ас дегайовхо йитнера хьехамчана. Иза хьоьжур волуш ву и к1ант шена т1екхачор ву аьлла. Х1инца хьох шек хир бу уьш: хьан Т1ах1ирца х1ун з1е йу ца хууш.
Асхьаб
Ойла йича: царна оьшург и вац, ткъа хьехамча ву. Цара иза д1алацарх цунна иза мичахь ву а ца хаа. Йа ву вацца а. Уьш сихбела иза д1алаца а, шаьш гучу баха а.
Давуд
Цунна а цхьа бахьана хир ду церан. (Тем бо.) Ду дера, со кхийта хьуна цара лелочух. 1едал нах бу муттуьйтуш ма бу уьш. Иштта Т1ах1ирна а моьттур ду. Цара шайн хаттарш а дина д1ахоьцур ву иза. Вайн массарна а 1едал ду моттийтина, вай тилар новкъа а дигна, иштта вайгара г1алат далийтана, цу к1ента лорах бахка бохку уьш.
Асхьаб
Ахь ма бохху делахь, цуьнгахь ладуг1уш болу г1ирс хир бу.
Давуд
Хилахьара иштта-м. Т1аккха-м вай хан хир йара царех къайладовла.
Асхьаб
Х1ета вай хьежа деза Т1ах1ир кхуза схьакхачаре. Иштта хуьлий иза?
Давуд
Хьо а нийса хила лаьара суна.
Вог1ий к1ант схьа чу вог1у. Мелла а г1елвелла го х1ара.
Т1ах1ир
Шуьга муха дуьйцур ду-м ца хаа суна, шу тешар дуй а. Соьца цхьа башха х1умнаш ду хуьлуш, со т1аьхьа а ца кхуьуш. Со лаца баьхкина бу аьлла… - кхуьнга дийца ца ло, бага йакъайелла. – Ч1ог1а меца ву со, хьогах а…
Асхьаб
Т1ах1ир, ахь кхин самагатде, хьайна ницкъ а ма бе, тхуна хууш ду, шадерг ца хаахь а, цхьадерш. Хьуна, ала дашна, х1умма а дагадог1ур дац. Хьо бага иштта ч1ог1а йакъалуш велахь, хьогах а, цара хьуна маха тоьхна хила беза. Хьайн пхьаьрсаш гайта тхуна.
Пхьуьйшаш хьала узу. Маха тоьхна меттиг го.
Асхьаб
Х1аъ, хьажал Давуд, х1окхунах маха тоьхна.
Давуд
Х1инца дуьсуш дерг…
Асхьаб
Т1ах1ир, со хьан т1оьрмаг чу хьожур ву, цу чохь совнаха х1умма а йуй, дика дуй?
Т1ах1ир
Хьажа. 
Важа хьожу, тешам боцуш х1умма а ца карайо.
Давуд
Мачаш?
Т1ах1ира мачаш когара йог1у. Асхьаб уьш а толлу. Цхьаннин к1ажехь карайо.
Давуд
Цхьа х1ума дехьа, Асхьаб. Х1окхунна коьрта тилла цхьа хураьшкий, цхьа хечий, т1оьхула т1е кхосса куртк а, кхин куьзганаш а эцийтахь. Куьзганаш б1аьрсин дерш, уггаре а лахар дерш. Кхунна б1аьрго ца эхийта уьш т1едоьхкича. Иза т1ехьара наь1арехула ара ваккхий ваг1ийта, ткъа кет1арчу кевнах, йуург эца ваг1ийта. Иштта йуха схьа а ваийта уьшиъ.
Асхьаб
Дика ду, кхийта со ахь дагалецначух. Ткъа кху х1уманна х1ун до вай?
Давуд
Х1аъ, ши мача а, кхарах тера йоцурш. Вай х1ара кхузара д1авига везар ву. Амма цкъа хьалха кхуьнга хотту вай, кхунна ху1н лаьа.
Т1ах1ир
Суна аш вийцина стаг ган лаьа, цунна ву со кхузахь.
Давуд
Т1аккха вай иштта х1ума дийр ду. Х1окхуьнан бедар вай кхузахь йуьтур йу. И х1ума а кхузахь йуьсур йу, кхуьнан мачица.
Асхьаб
И йохийча г1оле ма хетара суна-м.
Давуд
Ас детективаш эрна йоьшу моьтту хьуна? Вай, шишша волуш, арадевра ду кхузара. Уьш кхузахь, гена боцуш ларвеш хир бу аьлла хета суна. И цера х1ума кху чохь йисча, уьш хенахь шек бойра бац, шаьш лединийла. И хан вайна тоьур йу: къайладовла а, йуха х1ара д1акхето а.
Асхьаб
Уьш кхетча, царна кхуьнан т1елхикаш карор йу. Ма генара а ца хилла уьш.
Давуд
Уьш-м хьах бу, генара, царна вай ду моьттина неха мачин к1елара. Сихо йан йеза, хан а ца йолуьйтуш.


СЦЕНА-7

ЭПИЗОД-21

Давуд, Асхьаб, Т1ах1ир, - х1орш цхьа къуьда латийначу учехула бог1уш бу. Не1арехь совцу.

Давуд
Х1ара наь1 ахь схьайилланчул т1аьхьа, хьан йуха вала некъ хир бу бац ца хаа суна. Кхин цкъа а ойла йе. 
Т1ах1ира наь1ар т1ам схьа а лоций, кху шинга схьахьожу, иштта тем бой, когара ши мача д1а а йоккхий (цигахь кхин а го мачаш) йуха Бисмал доккхий, цу наь1арха д1а чу воьду. Шена т1аьхьара наь1 т1е а озайеш.


ЭПИЗОД-22

Цигахь жима прихожий хуьлу. Аьтту аг1ора а наь1 йолуш, иштта аьрру аг1ора а, нийсса д1а а хуьлу шуьйра наь1. Кхо жимма саца а лой йуккъера наь1 д1атотту. Чоьхьа волу. И чоь ч1ог1а са ц1ена, хаза хуьлу, шен чуьра исбаьхьа х1аваъ а хаалуш, хьо цхьа 1ат1ариш дечу метте кхаьчча санна. Шортта киншкаш а хуьлу, шен-шен меттехь ниссйина лаьтташ. Кхин цхьаъ хуьлу ша 1уьллуш, цу т1ера йоза д1адоьшу Т1ах1ира: - ПРИРОДОВЕДНИЕ. Х1ара чухула д1аса а хьожуш к1еззиг волавала кхуьу. Кхо киншка схьаоьцу, схьайиллича иза Къуръан дуй гуш хуьлу. Йуха, кхуьнан тидам ца хилла наь1 д1айаьллало. Цу наь1арха хьехамча чу вог1у. Кхуо сихха шегарниг охьайуьллу шен метте, чу веанчуьнга д1а а хьожуш.
Билал
Марша вог1ийла хьаша! Дуккха а хан йара оха хьо ган сатесна. Сан ц1е Билал йу. 
Т1ах1ир напряжен, пытается понять, что происходит, что все это значит.
Т1ах1ир
Маршалла хуьлийла хьуна а. Со а ву-кх Т1ах1ир. Хьуна хуур ду аьлла-кх соьга, суна оьшург?
Билал
Вай киншкаш йоьшу, цу т1ехь маь1на лоьхуш, цаьрца вайна автор а вовза волало. (Б1аьргашца Къуръан ша дуьйцийла а гойтуш.) Иштта бевзина вайна баккхийра йозанчаш а: Толстой, Хименгуэй, Достойевский, Шекспир, иштта кхин дуккха а. Х1ара дуьне, стигланаш, кхеран маь1на лоьхуш И1брах1им пайхамарна (1алайх1и салам) Аллах1 вевзира. Массо а жил-1аламан Да волу автор. «Т1ом а машар а» - аьлла йолу киншк цхьаммо а эр ма дац иза Шекспира йазйина йу, авторство цунна д1алур ма йац, цхьана а дас. «Король Лир» Достойевскина а лур йац. Ткъа х1унда галдаьлла адам кху жил-1аламан «Да» вац ала, вуйла хуучара а Цуьнца накъостий луьйцуш? Пушкина йазйинчу байташца ма ца лоцу накъост цхьа а, ур-аттал Лермонтов а?
Т1ах1ир
Ас иштта ойла ца йина цкъа а. Ахь далийнарг хаза дустар-м ду. Хьох хьехамча олу. 
Билал
Аганара, йуха хьан мар д1а 1отталца лаха дезаш ду 1илма, цкъа а 1амийна а ца волуш. Дика хьехамча - иза ша хаддаза мутъ1елам верг ву.
Шел хьахвала олий куьйгаца гойту Билала, наь1 д1а а йоьллуш. Х1окхо цо аьлларг до. Х1ара шиъ чоьхьа ваьлча коридор хуьлу, шена йохалла наь1арш а йоьг1на. Билала цхьа наь1 д1айоьллу, цу чохь масех мутъ1елам хуьлу жам1атехь ламаз деш. Билала йуха наь1 д1ач1аг1йо.
Билал
Бусалбачу нахана дийнахь пхи ламаз дар т1едожийна. Х1унда? Аллах1ан оьшуш ма даций иза. Адмийн йуьхь дузу, цо йалта диъча, иштта са а ду-кх дузо дезаш. Х1унда? Са мацалла лийр ду шен Аллах1ца йолу з1е д1ахадахь. Ламаз дар - шен Элица з1е латтор ду. И з1е хедча дог ле, иза даьтталуш хилахь а. Ламаз деш воцург а, аскарш доьшуш воцург а царна атта хуьлу шайн харцонах тешо. 
Кхинаг схьайоьллу наь1. Цу чохь берш Къуръан 1амош карабо.
Билал
Дала аьлла, Ша, Сийлахь Шен Калам адамашка доссийна ваьлча: «Х1инца суна шу баркалла долуш хуьлийла лаьа, Аса делчунна.».



ЭПИЗОД-23

Кхузахь х1ара шиъ чоьхьа волу. Т1аккха хаттар до Билала чуьрчаьрга.

- Х1ун ду Аллах1ана баркалла долуш хилар? 
- Аллах1а т1едехкинарш кхочуш дар.
- Аллах1ана муьт1ахь хилар массо а х1уманна т1ехь.
- Бусалба а хилла вахар, иштта бусалба а волуш валар а.
Билал
Хьан жоп, Т1ах1ир?
Т1ах1ир
Уггаре а хьалха: Аллах1ана шукар дар, Цуо вай кхолларна, вайна дахар даларна. Цуо дахар ца луш мел дукха бисна. Шолг1а: хастаме хилар Цуо вай бусалбанаш долуш кхалхийтарна. Мел дукха бу бусалба дин доцурш, шаьш дакъаза бевлла, эхарт а хир доцуш. Кхозлаг1а: хууш хилар Цуо вайх Шен боккха къинхетам бинийла, вайна Пайхамар а, Шен Аьлча а вина Мухьаммад ваийтан (солаллох1у 1алайх1и ва саллам) Аллах1 вайна вовзийта. Мел дукха адам ду Аллах1 хилар т1е ца лоцуш, шаьш жоьжахатийн ц1ерга кхуьссун берш.
Билал
Дуьненахь кечйина, чекхйаккха лерина йоккха харц-1алашо йу цхьана бозбуанчаллица йоьзна. Цара цунах «дуьненна тесна маша» олу. Иза х1оранна к1ур ц1арах йан лерина йу. Цуьнца цхьана кхин а дуккха а х1умнаш а ду. Цу программица уьш шайн ондда т1е1аткъам бан кечлуш бу доллучу адмана. Иза церан боккха кечам бу Даджал вало беш. Царгахь адмана йуьйцу а ца хезна технологеш йу кечйина а, хаддаза т1е кечйеш а, т1аьхь-т1аьхьа йукъайохурш т1ех башха а хир йолуш.
Т1ах1ир
Иза х1айкалца з1е йолуш муха хуьлу, суна г1аннабарха гуш долчу?  Хаттарш т1екхета, лах ца ло.
Билал
Хьоьца ша тайпана ницкъ бу гучу бала безаш. Амма иза дег1а ницкъ бац, ткъа хьекъалан, кхетаман ницкъ бу. Хьо церан глобальни программана дуьхьал ларо везаш.   
Т1ах1ир
Со х1унда? Мичара бу и ницкъ?
Билал
Жоп лойша сан х1окху хаттарна. Х1орш уггаре а тоьлла мутъ1еламаш бу хьуна, Т1ах1ир. Хаттар: Къуръанан коьрта 1алашо х1ун йу?
- Аллах1ан шари1ат довзийтар.
- Бусалба паччахьалла х1отта дан.
- Ислам дин баьрче даккхар.
Билал
Ахь алал х1инца. (Т1ах1ире.)
Т1ах1ир
Къуръанна дукха ц1ерш техкина наха. Х1акхара хьахийнарш йоцурш а. Къуръан чохь хьахийна ду иза а, ц1ерш тахкар аьлла: таваккъуль. Цхьа волчо Къуръан 1илман аьлла ду олу, кхечо г1иллакх-кхетор ду олу, цхьаболчар т1ом кхайкхош ду олу. Дукха ц1ераш техкина наха, шайн хет-хетарг а туьллуш. Амма и ц1ераш тахка цхьаннийн а бакъо йац, К1уръанчохь Дала Ша хьахийнарг доцург. Цунна шен чохь хаийтана дерг ду, Къуръан – иза жайна ду, нахехь долу 1илманаш нийса хорша дерзош долу. Иштта Дала боху: «Рамадан бутт, шен чохь Къуръан охьадоссийна, ша куьйгалла а долуш нахана». Иштта гуш ду и жайна - нахана куьйгаллина хилар.
Билал
Куьйгалла муьлхачу балхахь?
Т1ах1ир
Иза кхечу айатехь Дала Ша хоуьйтуш ду нахана: «Оха хьалха а бахкийтира аьлчанаш кхета атта долчу билгалонашца, царца жайнаш а охьадиссош, Терза а, нах нийсо лелош хилийта шайна йуккъехь». Иштта гуш ду Къуръан куьйгаллин х1унда оьшуш ду, иза оьшуш ду нахе нийсо лелайайта массо а х1уманна т1ехь. Т1аккха х1ета, Къуръанчохь ша долу 1илма а ду, куьйгалла а ду, адмийн йукъараллехь нийсонца урхалла дайта. Кхечанхьа Дала боху: «Бакъдолуш х1окху Къуръанца гойтуш бу уггаре а нийса некъ». Къуръан деана шен идейашца (1алашонашца) массера а раз-пурха долу некъаш цхьана, уггаре а нийса болчу новкъа дерзо. Нах, шайн хетарш, моьттуршна т1ера д1ац1анбеш, уьш уггаре а нийса долчу а, бакъхьара долчу а белхаш т1е а нисбан. Иза йу-кх цхьана коьрта йолчух 1алашо ша Къуръан даийтар.
Билал
Хьуна мичара хаа оцу хаттаршна жоп дала? Хьо хьан 1амийна?
Т1ах1ир
Цхьаммо а, г1аннабарх. Сайнарш нийса ду кхин? 
Билал
Цунна ву хьо кхузахь а. Х1инца кхин цхьана хаттарна жоп лол, Т1ах1ир. Хьо кху чуьра ара а ваьлла оцу къацхетаршний каравоьду, церан къизалла т1е йаьккха кху дуьненахь дехачу адамашна т1ехь, йа саца а сецна, царна дуьхьала кечам бо ахь, доллу адам церан 1азапах хьалхадаккха? Къастам хьоьгахь бу-кх. Оха ца боху хоьга: атта хир ду хьуна, амма боху – атта хир дац хьуна.
Т1ах1ир
Дика т1ахьа-м ца кхуьу со ахь дуьйцучун, делахь а, со ч1ог1а х1инца синк1оме ву сайга х1ун далур ду хьажа. Далур а дуй техьа х1умма а? Со башха тешаш а вацара адамаша джиншца цхьана болх бо аьлча. Бакъдерг дийцача, Сулим пайхмара (1алайх1и ва салам) дацийна уьш, х1инца дагадеа суна иза. Со реза ву ахь бохург дан, Хьехамч.
Билал
АлхьамдулилЛах1! Т1аккха вай хьо балхана кечвийр ву. Сох Билал ала ахь, Т1ах1ир.

3-АКТ

 
Т1ах1ир
Х1ун 1амо дезар ду сан: лата, герза лелон хаар?
Билал
Масех б1е шо хьалха, таханлерачу Англехь университет схьайиллар   - Кембредж. Цо дан дезарг х1ун дара? Интеллектуалш кечбан безаш а бара цигахь, идеологи биллгала йаккхаь йезаш а йара. Х1ара ловзарш дац, Т1ах1ир, х1ара къийсам бу. Цхьана шарахь а, итт шарахь а къийсана вер а воцуш. Шадолу дахар д1адала дезар ду кху г1улкхана. Дагадаийтал айхьа уьн т1ехь йаздина хилла дешнаш, шайн дарс йолуш. «… динна дахар а ца тоа там бу, дахарах кхета».
Т1ах1ир
Со лара ца вахь, со ледар хилахь? Оццул адмашна йуккъера со…
Билал
Оццул адмашна йуккъера хержана вара, Дала Ша мел хоржург а: Пайхамарш, 1илманчаш, имамаш, паччахьаш, муджах1идаш. Хьуна иштта некъ кховдийна, амма кху новкъахь цхьаъ ша ларор вац, иза милла велахь а. Х1ора а декъашхо – иза хаьржинарг ву, цо дан дезарг дан, кхечо иза дийр а доцуш.
Т1ах1ир
Амма суний бен ца хууш соьца сайна ледар аг1онаш йу. Уьш бахьанехь шек вуьйлу со сайх. Хьо нийса ца кхеттехь, хьо сихвеллехь?
Билал
Хьо ву иза. Хьуна хьан ледар хета аг1онаш, вай цхьаний пайденна йерзор йу, Дала мукълахь. Х1аъ, хьо хьайн дешарна т1е д1аг1ур ву. Хьуна боккха кхерам а хир бу, иштта хала некъ бу х1ара. Нахана йуккъехь волуш 1ама дезар ду хьан массо а х1уманна. 
Т1ах1ир
Суна-м со кхузахь вуьсур ву моьттура? Шуьцани?
Билал
Х1ара туш хир ду. Хьо массанхьа а хир ву. Ларон везар ву. Х1инца оцу наь1арх чу г1ур ву вайша.



ЭПИЗОД-24

Цу чохь паднар йу. Идрис чоьхьа волу.


Билал
Т1ах1ир, Идриса хьуна т1е Къуръан доьшур ду. Хьо х1ара валлалца меттах вер вац. Ши б1аьрг а схьа ма баьлла.
Т1ах1ир (встревожен, кажется.)
Ши б1аьрг схьабиллача х1ун хир ду? Суна цкъа а хезна а, гина а х1ум дац иза?
Идрис
Къуръанан айаташа хьоьца къайлах дерш хилахь къахкор ду, хьан ц1ий а ц1андалар хир ду, хьан хьекъал серладер ду. Царна иза ца деза, цунна, уьш, шай ма хуьллу дуьхьало йан г1уртур ду.
Т1ах1ир
Муха?
Идрис
Цара кхерамаш туьйсур бу, амма ахь ши б1аьрг схьа ца биллача церан и дан меттиг бер бац. Уьш цкъа д1адаг1але цара к1ур баржабо, хьуна кхерамаш туьйсуш, хьо и х1ума девзуш ца хилча чогг1а кхеравала а сахьт дац. Х1ара т1ом бу вай царца беш берг. Хьо кийча хила веза халонашна дуьхьала латта.
Т1ах1ир
Ас х1ун дан деза? Х1ун деша деза?
Идрис
Х1уммаъ. Сийлахь Къуръан кхачаме ду хьуна. Хьайна Деле собар дег1ий, хьайца хуьлчунна ладуг1уш д1а1илла, меттах а ца хьеш. Кхерам ца велла хьо х1инца?
Т1ах1ир
Х1ан-х1ан, жимма дегаз ду и х1умнаш хазар.
Идрис
Кхузара массо а ваьлла кхунах чекх, х1инца хьуна ма гарра тхо хьуна гуш а ду-кх. Вай цхьа х1ума т1елаьцча, вай кийча хила деза дуьхьалонаш хир йуй а хууш. Хьуна уггар а йоккха дуьхьало цаьргара хир йу, царна дуьхьал ницкъ болуш Аллах1ан Сийлахь Калам бен дац.
Т1ах1ир
Церан дуьхьало муха хаалур йу суна?
Идрис
Иза ахь дуьйцур ду-кх тхуна, хьуна бен гур дац иза. Х1оранца а иза доьзна хуьлу, иза Къуръанах мел хервелла хьежна. Оццула ницкъ т1екхетта хуьлу церан хьуна дуьхьал. 
Т1ах1ир 
Жимма т1аьхьа татта мегий иза?
Идрис
Цхьа а бахьана ца го тхуна иза дан. Йуха а изза сурт хир ду хьоьца. Хьуна мелхо а дика ду-кх, цхьа минот а хьалха йухаденвелча, д1ац1анвелча, хьайн хиллачу хьоле вухавирзича, хьо дуьненчу ваьллачу хенахь ма хиллара.
Т1ах1ир
Со кхета, делахь а…
Идрис
Кхетахь дика ду, х1окху паднар т1е хьалавалий охьавижа букъ т1е, къаркъала.
Х1ара кхин сих ца луш т1евоьду цу тахьтина, охьа хуу, 1ийна ши ког а хьала боккху, къаркъала охьавуьжу.
Т1ах1ир
Ши б1аьрг схьабаьлла маца мегар ду?
Идрис
Эр ду хьоьга. Цкъа дуьххьара ца хуьлуш цхьа х1ума а дац адаман, д1авулар ву хьо а.
Кхузахь чу вог1у кхин виъ къонах. Уьш кхунна гонах д1ах1уьтту. Цхьа а вист хуьлуш а вац царех.
Т1ах1ир
Х1инца, х1орш?
Идрис
Цара т1елатар дахь а аьлла, накъостий совнаха хир бац.
Т1ах1ир
Муха т1елетахь?
Идрис
Иза ган ца гича, дийцарх хуур дац хьуна. Д1ахьаббел б1аьргаш. Са ма гатде, тхо хьоьца, кхузахь ду.
Билал
Бисмиллах1!
Идрис Къуръан деша д1аволало. Важа виъ лаьтта хе-хь. Т1ах1иран дег1 карзахе меттахъхье. Ши б1аьрг схьа ца баьлла г1ерташ ницкъ хуьлуш го т1ех1оьттинчу Билална. Иштта жимма сацалой иза д1а ара волу кху чуьра. Т1ах1ир мелла а карзах ваьлла го: буйнаш деш, куьйгаш меттах дохуш, цхьана меттехь сацар доцуш. Когаш хьала баг1ийта г1урта, т1аккха йуххерачу шина къонахчо когаш сацабо шайн куьйгашца. Таккха корта хьебан волало Т1ах1ир, цхьана меттахь ца соцуш. Кхечу къонахчо корта сацабо, хьала ца эккхийта вижанчуьра, белшаш а сацош. Жимма 1ийча д1атоь Т1ах1ир. (успокоился вроде).


ЭПИЗОД-25


Асхьаб а, Давуд а ву цхьана чохь 1аш. Билал чоьхьа волу.

Давуд
Т1аккха, х1ун олу ахьа, ахь лоьхург вуй иза?
Билал
Ву, иза ву иза, цхьа а шеко йац сан кхин. Аша, шиммо а доккха г1уллакх дина, боккха болх.
Давуд
Иштта иза делахь, суна ч1ог1а хазахета, Билал. Х1ара Асхьаб ву цуьнан тидам бинарг а, иза хьуна т1евалийнарг а.
Билал
Боккха болх бу кхуо бинарг а, Дела реза хуьлийла шу шинне а.
Асхьаб
Х1инца х1ун хир ду, х1ун дан деза цуьнан?
Билал
Вайн массеран а, иза ша цхьаъ ларор вац, вайга далун долчунна, вай а 1ийр дац йуьстах. Вай цхьа программа йийцаре йийр йу шуьшинца.


ЭПИЗОД-26

Т1ах1ирна т1ехь йуха Къуръан доьшуш ву цхьаъ. Билал т1ех1утту.

Билал
Чекхволий хьо?
Вукхо дерзадо дешар. Т1аах1ир иштта 1уьллу, кхин меттах а ца волуш. Билала меттах хьаво.
Билал
Т1ах1ир, тахненна тоьур ду. Хьаланислол.
Т1ах1ира цкъа ши б1аьрг схьабоьлла, ша стенгахь ву дика ца кхеташ, т1аккха ша волчохь охьахуу.
Билал
Т1ах1ир, х1умма а ала лаьий хьуна, йа хаийта?
Т1ах1ир
Цкъа метта веача хуур ду-кх, х1инца-м цхьа а ойла йац сан вошахкхеташ, кхета г1ерта-кх сайн синхаамех.
Билал
Мегар ду. Х1инца сада1а, х1ума а йаа. Цул т1аьхьа Къуръан адабаш 1амор ду вай. Хьахинчуьра. Къуръан х1инца а доьшуш ма ву хьо?
Т1ах1ир
Ву, ва-м, иза а хаа хьуна? Деша-м доьшу, мотт ца хаа суна.
Билал
Х1инца хьайн ламаз карла а доккхуш, пхьор деш х1ум де. Кхин д1а къахьоьгур ду вай.
Т1ах1ир
Универ? Дешар?
Билал
Т1аьхьа вуьсур вац хьо. Са ма гатде. Кхана г1ура ву хьо цига. Хьайга хаьттарш хилахь жоп ло царна, - иза а хир йу хьуна хьан дарсех цхьаъ. Айхьа 1амочух уьш а кхето хьажа, амма лерана хила, сиха ма ло, къовса а ма ло, далилаш далош парг1ат хила. Айхьа хьайга ладуг1уш, хьо хьайна хезаш де къамел.
Т1ах1ир
Муха хезаш?
Билал
Мукъам бечара санна, илли олучара санна. Царна шаьш хаза ма хеза, х1ора а нотаца цхьана. Иштта иза ца хилча, церан илли декар а дацара мукъам болуш. Абсалютни слух олу-кх цара. Хьайна цхьана мукъамийн инструмент 1амо йеза ахьа а. Цуо ч1ог1а г1о дийр ду хьуна, хьайна оьшучу балха т1ехь. Вуьштта а хаа деза хьуна: х1ора хьан къамел, дош алар, йоза, - иза хьан дарс хир йу, хила йеза-кх, иштта т1екаре хила йеза хьан массарца а. Хила тарло, хьох нах кхетар бац, хьоьца т1екаре йерш а хьоьца девне бовла, хьо хьуо цхьаъ виса а. Дукха доккха зулам ду харца адамаш лелош. Гергарлонаш хедаш ду, т1екаренаш д1айовлуш йу, шаверг а дуьне, ахча, даржаш дезаш, ц1е йаккхар лаар дезаш, аьрча бойла. Джинш а, адамаш а эделла, г1иллакх, оьздангалла йисна а йац дукхангехь. Царца массарца а ларо хьуна уьш йуххера бовза беза, церан амалш, 1ер-дахар, церан сатийсамаш бовза беза.
Т1ах1ир
Билал, со ойла йеш вара, суна иштта хир ду ца моьттура х1ара шадерг, йуьхьанца. Сан амалца дог1уш дац нахана б1аьргхьалха хилар. Суна ца деза х1ара х1умнаш, массо а х1ума эделла: динцдерг а, светски дерг а, х1инца суна нийса муьлхарг ду а ца хаьа царех, со ч1ог1а тилвелла, холчохь а ву. Со тешаш воцу х1ума соьга далур дац. Цхьа кхинаг лаха веза…
Билал
Х1инца т1аьхьа ду, Т1ах1ир. Хьо тхох схьакхеттий царна хууш хила мега. Хьо хьо висча цара атта х1айкал доккхур ду хьуна. Т1аккха хьо дохк т1е йеача муха хуьлу, - гуш а долуш, амма цхьа а х1ума къаьсташ а доцуш, - иштта 1адийна вуьсур ву. Т1аккха хир ву хьо боккъала а к1ур йуккъехь. Цара хьоьга х1уъу а дойтур ду. Хьоьга, дег1ах эккхарг йоллина, хьо нахана йуккъе а хецна, нах бойъуьйтур бу, цхьа а бехк боцу нах. Шайна луъург-м дойтур ду.
Т1ах1ир
Х1инца шу а ма ду соьга шайна луъург дайта г1ерташ. Цунна дац аша соьца лелош дерг а? Шу а йу-кх шайн 1алашо?
Билал
Тхуна луург х1ун ду? Оха хьоьга х1ун де боху? Оха хьоьга боху: Делах тешаш а хьо велахь, Дала бохург хьо дан лууш а велахь, и хьайн тешар, и хьайна динах хуург нахана а д1адовзийтахь. Нахе а малийтахь и мерза мутт. Керла дин кхоьллина 1аш ма дац тхо кхузахь. Йа керла секта кхоьллина а. Къуръан, Сунна! Хьайгахь болу кхетам нахана а д1ало-хь, боху-кх оха. Иза дан хьан ницкъ кхачийта, хьуна гонах девла ду-кх тхо. Цхьа жима тоба хилла а кху дуьнент1ехь хилийта - И Аллах1 мел Сийлахь ву д1авовзийта. Дала Шен Калам чохь боху: «Ва дзаккир фаинна-дззикро та(н)фа1у-ль-муъминина» «Хьехам бе, хьехамо пайда бохьу муъма нахана». (51-55). Хьо ву г1уна чу кхоьссина Йусуп. Хьо ву ц1ерга кхоьссина Ибрах1им. Хьо ву кит кийрахь д1атарвина Йунус. Хьо ву б1аьрхиш кхачийна ц1ийца вилхина Йакъуб. Х1инца ахьа х1ара къийсам сацабахь, т1аккха хьо боккъала а г1ун чохь а карор ву, боданехь а, ц1арца вогуш а, сингатмна б1аьргаш ц1ийх буьзна а.
Иза араволу кху чуьра, Билал латта вуьсу, ч1ог1а ойлане а ваьлла. Камеро дикка крупный план латтайо.



СЦЕНА-8

ЭПИЗОД-27

Универехь. Аудитори. Махаш шен шун гонах 1аш ву, журнал а кегош. Совдат чу кхочу.

Совдат
Маршалла ду хьоьга, Махаш Бердиевич. – Вукхо маршалла схьаоьцу. 1ийна журнал д1акъовлу, йо1ана т1евоьрзу. Ойла ч1ог1а йеша а ву х1ара.
Махаш
Совдат, хьоьга къайлах долу х1ума дийца ваьхьар вуй со?
Совдат
Суна ца хаа хьуна цунах дерг, аьлча а, х1ун ду хьежжана…
Махаш
Дог ц1ена стаг йу-кх Совдат, пуьтш биттача а йолуш йара хьо…
Совдат
Ч1ог1а къайле йерг ма хьахаде соьга, со 1алур йуй ца хаа суна, иза ца дуьйцуш… Вуьштта, суна хаза хийта ахь сох лецна хаза дош аларна… 
Махаш
Хьуна а хаьа моьтту суна, сан х1усам йеса йуьйла, дика зудчуьнан куьг доцуш. Ойла йинера ас, кху т1аьхьарчу бетнашкахь…
Совдат
Хьо х1ун дийца воллу, Махаш Бердиевич?
Махаш
Со, веха вахлур вац, х1ара г1уллакх суна девзуш дац, цунна аса доцца эр ду. Суна ахьа сайх «хезий хьуна» ала лаар-кха, хьо реза йелахь, ц1ей, ден ц1ей а ца йохуш?
Совдат
Иза-м хала доцург ду: хезий хьуна…
Матащ
Х1ай, кхузахь ца боху ас, вайн ц1ахь, вайн чохь боху ас?
Совдат
И ма ц1еххьана долий ахь, захало дуьйцу ас?
Билал
Ас баха ма боху, кху т1аххьарчу заманчохь… Захало дийцар, эрна хан йайъар ду аьлла хета. Реза йуй хьо? Къинт1ера йала, х1инцца, цхьа а воцчуьра ас иза ца хаттахь, сан кхин майралла тоьур йац хьоьга иза хатта.
Совдат
Со кийчам йац хьоьга х1ан-х1ан ала а, йа, х1ара дешар чекхдаьлча…
Махаш
Аса хьо заочно дехьа йолуьйтур йу, дешар соцур дац. Вуьштта, ахь дийнахь д1адешча а мега суна.
Совдат
Кара х1ума ло-м эр дац ахь?
Махаш
И стенна луш йу? Иза мичара дела х1инца?
Совдат
Иштта д1а хан йахйеш йара со-м, хьуна жоп дала кхиа.
Махаш
Дика ду, кхана алахь соьга айхьа х1ун сацам бо. Хьуна ма хаъара со кхузахь даржехь а ву, нахарташ ас оьшуьйтур дац. Хьо а йу дешарца дика ларош, т1аккха аспирантура а йу лаахь.
Совдат
Кхечу божарех къаьсташ вац хьо а.
Махаш
Х1унда боху ахь иза?
Совдат
Массо а жима стага олу лекха лаьмнаш, деши, дети. Ткъа захало кхочуш хилла даьлча, лаьмнашех пхьехаш хуьлу бохь баьккхина, дешех - ков-кертий хуьлу хаддаза ц1ена латто дезаш, детех – марзхой хуьлу хала лелон безаш.
Махаш
Царех цхьа а нит1ит1 хир дац-кха.
Совдат
Иза а олу цара. Йуха цунах зудчунна нит1ит1 хуьлу, ткъа мар, кхечу кегийрачу мехкаршка б1аьрг бетташ, дог дохуш лела. Массанхьа а цхьа сценари йу.
Махаш
Махаш цхьаъ бен ма вац. Со кхечарца ма тарве, неха мачи к1елара ваьлла вац со. Хьо реза йелахь…
                ЭПИЗОД-28

Не1арха Зара чу йог1у. Цунна т1аьххье Т1ах1ир а. Х1орш охьаховшарцани горгали бека.

Махаш
Зара, цхьа хаттар ду сан хоьга. Вайн хууш ма хиллара, дин паччахьалкхах д1акъастийна ду. Иштта 1едало сацам х1унда бина аьлла хета хьуна?
Зара
Иза компартин лидерша х1етахь бина сацам бу, церан съездан таьптарш хьала айбича хуур ду иза-м. Ас и таллам бина бац. Вуьштта, зама цхьа тера ца лаьтта. Вайна арахь сих-сиха митингаш го, церан лозунгаш а, кхайкхамаш а. Оцу балхо а гойту, хьалха санна хир доцийла, иштта гуш дац историн ч1ург муьлхачу аг1ора керчар а. Массо а х1уманна кийча хила веза х1ора а.
Махаш
Т1ах1ир, ахь х1ун эр дара цу хьокъехь?
Т1ах1ир
Хаттарх ца кхетта со.
Махаш
Паччахьалкхана дин оьший?
Т1ах1ир
Паччахьалкхана ца эша а мега, ткъа адамна-м оьшу дин. Ца хилча йиш а йоцуш. Амма и чурха йоккха йу, и йийцаре йан шортта хан оьшу.
Зара
Ца хилча йиш йац бохучух со ма ца кхийтар?
Т1ах1ир
Таханлера паччахьаллин кеп (модель) т1еэцна дукха хан йац, тарихьан аг1оне диллача. Демократи, либерализм. И кепаш цхьана наха дагайаийтина кеп йу урхаллин.
Зара
Ткъа ахь муьлха кеп къобал йо?
Т1ах1ир
Вай коммунистин системан кепаца даьхна а, дехаш а нах ду. Х1инца иза йохна лара мегар ду, амма цуьнан ачо кхин а йехха лаьттар йу.
Зара
Кхетайе…
Т1ах1ир
Ойлайар дуьсур ду, вайна 1амийна долу. Мышление. Иза хийцайаллалца вайн 1ер-дахарехь дикчу аг1ора х1умма а нислур дац. Революцино а, эволюцино а адам серлоне доккхур дац, мелхо а бода кхин а ч1аг1лур бу, батто малх лаьцча санна. Йунус пайхамарна къовлабелла кхоъ бода санна бода бу цу кепашца бохьуриг а.
Махаш
Хьан х1ун идея йу к1елхьара довла цу боданах?
Т1ах1ир
Б1ешаршкахь зийна йолу кеп схьаэцар. Цкъа хьалха, 1амар, т1аккха поэтапно т1елацар. Амма цкъа хьалха нах кхето беза, 1амо.
Махаш
Дин паччахьалкха керта йухадалор?
Т1ах1ир
Цкъа хьалха 1амо деза муьлха а х1ума, иза т1елацале.
Махаш
Цу т1ехь-м ч1ог1а нийса ву хьо.
Совдат
Д1адаханчу б1ешаршка духа дерзар – и йу хьан идея?
Т1ах1ир
Тахана, цхьа а дин доцуш йолчу паччахьалкхехь йехаш йу хьо, хьайна хетарг а хилла йехаш йуй хьо, Совдат? Тахана хьо лахь, хьуна цхьаммо герз тоьхна ц1а йоьдуш; йан авари хилла? Хьайх х1ун хир ду хаий хьуна?
Совдат
Иза-м ца хууш хир йу со, амма сан дас суна т1аьхьара саг1ийна аьлла, боккха йетт эцна, йуха цунна урс хьекхна, цуьнан жижг д1аса-м доькъур ду, со цигахь к1елхьара йалийта.
Махаш
Вай 1илман заманахь деха, ткъа хьан проект деккъа дин хуьулу?
Т1ах1ир
Цхьана хаттарна жоп ло-хьа суна, Махаш Бердиевич, хьуна чохь долу са мичара даьлла хаий оцу 1илмана?
Махаш
Суна-м ца хаъа.
Т1ах1ир
Хьуна чуьра и са арадаьлча иза мича г1ур ду мичара хаъа, деккъа 1илмана т1аккха? И са чу а дог1у цхьанхьара, йуха, ара а долу, шен хан кхаьчча. Мила ву цунна т1ехь урхалла деш а, куьйгалла деш а, цхьаннийн а йаккха ц1е йуй хьан?
Махаш
1илмангахь цунна дала жоп дац тахана.
Т1ах1ир
Ткъа дино жоп делла цунна. Цуьнгахь ду и жоп. 1илманга жоп далалуш доцу хаттаршна, муьлхха а хаттаршна жоп далалуш долу дин лакхахь дац т1аккха, оцу 1илмал а? Ду дера. Ас цхьа масал далур ду. Хьажал, ахьа тхох цхьаъ уьн т1е кхойкху, йа ша 1аччохь, х1инца санна, х1ума дийцаре кхойкху. Ахь ма ца олу: «Дагахь хьа 1амийна таханлера дарсан болх?» Ахь х1ун до? Ахьа тхоьга ойла йойту-кх, тхо ойла йаре кхойкху. Иштта дуй иза, иштта йуй хьан хьехаран метод?
Махаш
Иштта ду, иштта бен хуьлийла а дац. Шу ойла йеш ца хилча, шух х1ун говзанчаш хир ду, аша х1ун д1ахьоьхур ду кхечарна йуха?
Т1ах1ир
Хьажалаш х1ета: Западни кеп, цо, и ойлайар боху кеп хуьйцур йу, царна оьшуш бац ойлайеш болу нах, царна манкуртш оьшу, цара цкъа хьалха х1ора а стаг д1акъастор ву вовшех, хьо личность йу, ахь хьайна луург дан деза, - олуш. Хьо - и хьан доза ду, цу дозанна цхьаннийн а бакъо йац йуххе ван. Иштта х1ора стаг ша а ваьккхина, т1аккха цунна т1е1аткъам бийр бу цара. Уьш муьлш хир бу? Иза ду шуна уггаре а синк1оме х1ума. Уьш динна тоба хир йу, йоккха тоба, ша болу сацам шайн кхеташонехь а кечбеш. Ткъа кхечарга массарга а цара айхьа бе сацам бохуш, хьо цхьалха воккхур ву цара. Хьуна хьайна дуьсур ду х1ара доккха дуьне, шен баланашца. Ткъа уьш даиман а цхьана хир бу. Хьо хьо хир ву, хьо ша цхьаъ вуьсур ву. 
Совдат
Хьан х1ун жоп ду цунна дала?
Т1ах1ир
Ислам дино аьлла иза 1400 б1е шо хьалха.
Зара
Суна а лаьа хаъа хьо муха кхета динах, т1аккхий бен соьга нийса сацам балур бац ахь далош долчуьнан.
Т1ах1ир
Дала а боху-кх ойла йеш хила. Динна Къуръано а кхойкху ойла йаре. Дуьххьара Дала охьадоссийна айат а ду-кх иштта «Икъроъ» аьлла, дешаре кхойкхуш, шен коьрта маь1на ойла йеш хиларе кхайкхар а долуш. Вай олу-кх «дешалахь», цуьнан маь1ан: 1амалахь, х1ума хууш хир ву хьо. Ойла йеш хилалахь, б1аьрзе хир вац. Мила ву б1аьрзе – ойла ца йеш верг ву-кх.
Совдат
Кхиъ дийца хьайна хуъчух.
Т1ах1ир
Сайн ницкъ кхачахь аса барх1 айатца, барх1 Къуръанан мог1анца сурт х1оттор ду. Уьш дуьххьара охьадиссийнарш ду «1алакъ» сури чохь дерш. 1алакъ бохург – ц1ийн улх - дукъаделла ц1ий маь1ан долуш ду.
Хьалхара айат: «Д1адеша хьо Кхиош-Кхобуш волчуьнан ц1арах, массо а жил-1алам кхоьллина волчуьнан ц1арах». Шадолу х1ума кхоьллина верг ду маь1на. Шолг1а айат: «адам а кхоьллина ц1ийн улхах» дукъаделлачу ц1ийх кхоьллина адам. Кхозлаг1ниг: «Д1адеша! Хьо Кхиош-Кхобуш верг ву уггар комаьрша а». Муха комаьрша, стен т1ехь? Доьалг1аниг: «Цуо 1амийна адам массо а х1уманна, къоламан йозанна а, 1илмана а». Пхоьалг1аниг: Цуо 1амийра адам цунна хууш доцчунна». Йалхалг1аниг: «Х1ан-х1а! Х1етте а, адам соцуш дац т1ех ца дуьйлуш Дала магийначул а». Ворх1алг1аниг: «шегахь бахам-таро гуш, ницкъ гуш». Барх1алг1аниг: «амма, бакъ ма ду, шун массеран а шу Кхиош-Кхобучуьнга йуха дерзар хир-м ду». Т1аккха х1ун дийра ду вай?
Тийналла лаьтта.
Махаш
Ахьа мел далинчунна дуьхьала аргументаш йалун 1илманан боккха г1ирс бу. Амма со цхьана х1уманца реза ву, ойла йар – иза коьрта г1ирс бу 1илманан, иза дацахь цу стеган 1илманан ц1а чохь дан х1умма а дац. Ахьа гайтанчу суьртехь а, - ткъа хьан ницкъ кхеча и сурт х1отто, - бусалба дино а кхойкху ойла йеш хиларе. Суна иштта тавсир хезна дацара. Делахь а, иза цхьа т1адам бен бац 1илманан кха т1ехь, 1илма доккха ду.
Т1ах1ир
Западни ценносташа хьан доза ларде боху соьга, амма Аллах1ан дозанаш хьайна ма тов хедо мага до. Х1унда ду иштта? Иблисо дош делла Аллах1ан, ша адам Хьуна т1ера д1адерзор ду аьлла, Хьан дозанаш хедадойтуш. И система йу-кх адамна марзош йерг цу Западо. Х1аъ, цара законаш дуьйцу, бакъонаш йуьйцу, независимость йуьйцу, амма шаьш билгалйинчу системехь, ца боху Дала билгалдинчу низамехь. Царна ца лаьа хьо а, со а, даккхийрачу х1умнашан ойла йеш хила. Иза вайга ца йайта цара масс.культура йукъа йаьккхина. Х1оранна а шатайпаналла д1адаккха, иэдан, сий дайъа, сийсаз хилийта. Зударшка боьршачера духар духийту, боьршачарга зудрийн духар духийта. Хьой, сой зудри коч йог1а аьлча муха хир ву? Амма церан ницкъ т1****ахь, вайн бераш, йа церан бераш царна луъург деш хир бу. Ткъа зудари муха хир бу? Шортикш йоьхна, ах-берзана. Пайхамара (соллаллох1у 1алайх1и ва саллама) боху иза шен цхьана хьадисехь. Олуш ма хиллара: мел къегаш йерг а деши дац шуна. Со вела аьлла. 
Совдат
Хьажал цуьнга, х1инцалца хьоьгара дош озийна даккха дезаш хуьлура, х1инца-м ма д1ахецавелла, мел шарвелла. Хьо хьалхе ваг1ийта везаш хилла оцу нехан кара. Цара дикка бишка оьзначух тера ду хьуна.
Горгали бека.
Совдат (Зарига)
Доттаг1, хьоза ду хеттарг-м аьрзу ма хилла. Суна ч1ог1а синк1оме дара цуьнга ладог1а.


СЦЕНА-9

ЭПИЗОД-29

Дарг1ехь. Идрис чу вог1у Билал волчу.

Идрис
Билал, вела тхойша.
Билал
Х1ун олу ахь, тоьур ду аьлла хетий хьуна?
Идрис
Хьуна дикхо ма хаьа шадерг, со 1емаш бен ма вац.
Билал
Шадерг суна хаа йиш ма йац. Х1оранна а ша хаддаза деш дерг кара ма доьрзу. Ахь олург суна ладаме ду.
Идрис
Кхин д1а Къуръан т1е деша оьшу аьлла ца хета суна, гуш ву иза, дикка г1олехь ву. Вуьштта, боккъала а цуьнга цхьа кхечарга ца далун дерг далур ду аьлла, ойла х1инца а йу хьан?
Билал
Иза тийна-таь11ана хилар хьесаб дац. Мелхо а, беркате ду. Иза амбийциш йолуш велхьара имам вала г1ертара вара. Альхьамду-лилЛахь, иза царех вац. Х1окхуьнан хье болх беш бу.
Идрис
Аса баха ма бохий – хьуна дика хаа. Со ца кхетачух хьахаде ас цулле а. Мел кхетам бу цуьнан политикех, социалогех, паччахьалкхан д1ах1оттарах? Вайна арахь хуьлуш лаьтта хийцамаш?
Билал
Дика ду. Ахь и хаьттарш цуьнга шега де-хьа. Цхьа бег1ийла долчу дийнахь вовштохахь вай. Кхин а йозанчашка а хаийталахь. Царна а гича дика хир ду, церан диттат1ера стом ма байца и къонах.
Идрис
Ахь ма аллара дийра ду ас т1аккха. Нагахь санна ахь магадахь кхин а политикаш а кхойкхур бу, цхьа масех, царга Т1ах1ирах х1умма а хьахор дац, церан къамелан Т1ах1ир ша йукъаг1уртур ву. Х1ун аьлла хета хьуна?
Билал
Жимма хьалхе ду аьлла-м хета… делахь а, иза мила ву а ца дуьйцуш, х1ун нисло цунах хьажар беркате хила-м мега. Кхайкха т1аккха, нагахь санна вай реза доцуш меттиг хилахь, д1адерзор ду вай.


ЭПИЗОД-30
 
Идрис д1а араволу. Коридорчохь Т1ах1ир го кхунна.


Идрис
Т1ах1ир, х1ун аьлла хета хьуна: тоьур дуй Къуръан т1едешар?
Т1ах1ир (Ла а дуг1уш, Билал волчу наь1аре хьожу, ойла хуьлуш, Идрис цу чуьра араваьлла хилча, цу чохь хилла къамел дуйла а хууш.)
Къуръан мел дешарх новкъа хир дац, делахь а барам кхочуш хилча, т1ех вийла хьашт ду аьлла ца хета. Ас кхечу х1умдар т1ехь болх бийр бу.
Идрис
Ч1ог1а аьхна ву хьо, Т1ах1ир.
Т1ах1ир
Муха, ца кхийтар со?
Идрис
Х1ума сиха схьалоцу ахь, хьо бахьанехь цхьаннийна а хало йан лууш а ца хуьлу хьо.
Т1ах1ир
Хьуна хаа ма хаа, Абубакра (Дела реза хуьлийла цунна) шен шад охьайожча, ша эмкал т1ехь 1аш а волуш, иза шега схьа ца кховдайайтана-кх. Ша охьа а воьссина схьаэцна, йуха хьала т1ехиъна-кх иза шен эмкална.
Идрис
И х1ума а дика ду хьоьгахь, - ца элча ца волу со, - масалш цигара даладар, асхьабийн дахарера.
Т1ах1ира
Массана а х1ума ц1енчера ма деза. Шовда а ша схьадолучу коьртехь ма хуьлу къегана, чу хьаьжча цу чуьра бух ма барра схьа а гуш.
Идрис
Хьо кхин хьеван х1уттур вац со. Хьан дан дезарш дукха ду. Дала товфикъ лойла хьуна. Ма ч1ог1а оьшур ду-кх хьуна иза, кху к1ура йуккъехь: шадерг кегаделла, атаделла, эккха кийча долчу дахарехь. Дала дикнаг дойла-кх вайна.
Т1ах1ир
Амин, Идрис. Вайн массарна а, г1о дойла-кх Аллах1а. Г1ийла синош ду-кх вай.
Идрисе йуха а хьожуш д1авоьду Т1ах1ир, цхьана х1умнах шек волуш.



СЦЕНА-10

ЭПИЗОД-31

Нах вовшах тоьхна Идриса. Кху чохь башх - башха нах бу. Цхьаъ дуьйцуш ву.


Хизар
Ельцина маршо схьаэца аьлла, шайга эцалуччул. Вай пайда схьаэца беза цуьнан къамелах. Вайна маьрша довла некъ бу иза. Иза карара йалийтахь, вайна истори къинт1ера йера йац. Х1инца цхьа а новкъарло йац вайна, вешан варий дайшкахь дуйна сатийсина маршо д1акхайкхо.
Авхьад
Иза кийчча ц1ий 1анор ду, кхин х1умма а дац. Вай нах ц1ийла карчо некъ бу иза. Вайна т1аьххье кхин долу къаьмнаш а. Йуха цунах дуьненайуккъера кхозлаг1а боккха т1ом а хуьлуш.
Казбек
Хизар, боккъала а шу тешна цу Ельцина дуьйцучух? Ма ала, тешна хир дац. Дуьхьал д1а цхьаъ ца дийцача 1а ца луш боху хир ма ду ахьа иза?
Хизар
Когда дует ветер перемен, ставь не стены, а паруса. – аьлла японцаша. Кхин а ду: сатийсаманний, 1алашонний йуккъехь лаьтташ - х1ума дар ду. Хьайн сатийсамах 1алашо а йина, т1аккха иза кхочуш дан хьажа веза.
Ахьмад
Вайна Западан кеп зулме хир йу аьлла ца хета шуна?
Авхьад
Зулме хир йу зулмаш дахь-м, хир йац культура хилахь-м.
Хизар
Авхьад бакъ ву цу т1ехь-м. Б1ешарахь сов дин доцчу 1едална к1елахь 1ийна вайн кхин кеп магийна а йац. Хьо муьлха кеп лууш вар Ахьмад?
Ахьмад
Вай бусалбанаш хилча, кхеташ дац вай муха даха деза?
Казбек
Цхьана хенахь хилла бусалбанаш бохий ахьа?
Ахьмад
Хьаьнга хьежан тарделла хьуна иштта сурт Казбек? Хьо вуьйцу ахь?
Казбек
Дера дуьйцу вай. Мел дин дисна вайгахь? Эзар дакъа хилла, кегаделла шайн-шайн партишка декъа а делла 1аш дац вай? Т1е х1ара йуьхьиг бен а йац.
Хизар
Вай бусулба паччахьалкх хьаха йахь вайна г1о хир дац Западера. Ткъа Востокера иза вайна цкъа а ца хилла. Царна а вай шайн кога к1елахь дезна даиман а. Вай х1инца шанс йу Западца барт хила.
Ахьмад
Боккъала а Западо вайн г1о дийр ду аьлла тешна шу, йа шаьш 1едале даьхкичхьана тоийтуш дуьйцу аша иза?
Авхьад
Ма-дарра дийцача-м къайле хир а йац. Т1аккха-м шуна а луъур ду цигахь хила.
Казбек
Вайн кхин ницкъ бац. Цкъа 1едалехь ч1аг1делла, т1аккха ойла йан а мегар ду кхечу кепан.
Ахьмад
Делахь ма хала дара аша шаьш 1едале даьхкича и г1ант д1ахеца. Иза ца деш ц1ий 1анор дара аша а.
Хизар
Бусалба дин девзуш ца хилча бусалба паччахьалкх муха кхуллур йара вай? Цу молнашех тешний?
Казбек
Вай бен вист хуьлуш цхьа а ма вац. Кхечарга а кхачийта вай дош. Демократи йуй гайти вай? (Воьлу.)
Ахьмад
Со-м дуьхьала вац, милла а вист хилийта. Хилал шайн.
Т1ах1ир
Шу массо а сол даккхийра ду, жимма томехь-м ца хетар суна шуна хьалха дош эца.
Хизар
Жима волуш дика ду, 1емар ву политика йовза.
Т1ах1ир
Бусалба динехь цхьа бакъо йу, муьлхха а хала х1ума аттаче а даьккхина довзийтар. Кхин цхьа бакъо а йу, цхьа зулам дожо г1оьртича цул а доккха зулам хир делахь, и бухарниг хьа ца деш дитар, цхьа бег1ийла хан т1е х1отталца. Шуьга, даккхийрачаьрга ладоьг1уш, тхайн хенарчера а, тхол т1аьхьа бохучу неха а ойла йора ас. Тхуна хуур дуй техьа, иштта шуна санна политик йовза а, иза д1акхехьа а, тхуна и кхаж баьлла меттиг хилахь. Муьлхха а цхьа х1ума цхьа ценностны коффициэнт барам лоцуш ца хилчахь, цунах изза коммунистийн чалахь кхиънарш санна хуьлу. Цигара ойла схьайича, вайнарш ценносташ: доьзал, тайпа, тукхам бохуш хилла йу. Т1аккха уьш йан ца йайта х1ун кеп дика хир йара вай хьевсича, - эццехь билгала долу и х1ума аттачарех доцийла. Вала да воцуш болу нах а, шайн к1оргера ламасташ долу къаьмнаш а, дуьхь-дуьхьал нисло.
Ахьмад
Ч1ог1а говза боху, дика боху, дийцал ахьа-м.
Т1ах1ир
Бусалба шаьш бу бохучу нахана хьалха, деза (тяжелый) хаттар х1утту. Делан шари1атца даха дезар. Х1унда? Ахьа хьо бусалба ву бохуш делахь, т1аккха ахьа Аллах1 хилар тоьшалла до, Иза къобал а во. Дала боху, х1ара сан шари1ат ду, кхуьнца дехар ду шу, урхаллина а иза ду шуна, массо а г1уллакхашна т1ехь а куьйгаллина а из ду шуна. Т1аккха хьан кхин кеп лехар – хьо Дала бохург дийр долуш ца хилар гойтуш хуьлу. Теша а боху ахь, амма Цуьнан закон лелор дац а боху ахь. Йуха, кху дуьненчуьра Цу Дала хьайна йаккхайелла хан чекхйаьлча, Цунна дуьхьала ваг1а везаш а ву хьо, хьан 1ер-дахарах жоп дала а дезаш.
Казбек
Хьо молла ма хир вац, дукха жима ву хьо моллина дешна хила. Бакъдерг дийцича, х1инца кооперативни молнаша-м бу вайна бержаш.   
Ахьмад
Чекхвалийтахь иза. Иштта йукъах вехча иза маца вера ву дийцина?
Казбек
Аса-м кхин х1умма а ца боху.
Т1ах1ир
Шуьга ладоьг1уш волуш, х1орангара а, - сан кхетамехь, - нийса далош дешнаш хезара. Цкъа цхьаммо ма аллара: «Бусалба паччахьалкха-м кхуллур йара вай, ткъа бусулба нах мичара хир бу вайна?» - аьлла. Уггаре а хьалха бусулба хила оцу стагана ша иштта хета веза, халкъ делахь халкъана а. Цул т1ахьа дог1у и дин 1амор. Вай Ислам динан тарихье хьевсича, и схьадаьлла меттиге, вайна цигахь гуш долу сурт муха ду? Цкъа хьалха, кхойтта шарахь бусалба динан акъида 1амош бехира уьш, цхьа а паччахьалкх кхоллале. Йа иза кхуллур йуй хууш а дацар. Вукху аг1ора: Къурайшин элаша власть ло шаьш хьуна, тхайшлахь коьрта Эла а хуьлуьйту оха хьо, - аьлла шега дехар дича, Делан Аьлчано (саллаллох1у 1алайх1и ва саллам) аьттехьа а ца дитар Къурайшин элаша шега кховдийна паччахьалла. Цуо ца элара: дика ду, т1елоцу аса, со паччахь хир ву шун, т1аккха омра а дина шуьга бусалба дин т1еоьцуьйтур ду ас, - аьлла. Хьо муьлхха а аг1ора цу г1улкхана т1е ваг1арх однозначно цхьа кеп карош йац. Иштта чолхе ду х1ара г1уллакх. Цуьнан шен бахьана а ду. Оцу хаттарна т1е боьдуш кхин а некъ хила тарло, амма цунна кийча хила йеза вайн йукъаралла.
Хизар
Уггар а синк1оме долчохь сеца хьо, дийцал хьайна гуш дерг.
Т1ах1ир
Кхузахь шиъ б1ог1ам бу, шен т1ехь г1ала йог1а меган дерг. Хьалхара – иза массо а х1уман т1ехь ша бусалба ву бохучу къонахчо а, стечо а, шен куьйгаллина йуьхьар лаца дезарг Къуръан ду, цхьа а оговоркаш а ца йеш. Шолг1а: оццу наха шаьш д1акъасто ца деза динна умматах а, доллучу адамах а. Х1унда? Дала а ца къаьстийна. Адам Ша кхоьллина ду боху Цо шадерг а, т1аккха шайгара дика болх лехахь – иза массарна а лахар т1е дуьллу Дала бусалбашна. Иштта къаьста бусалбанаш массо а кхи болчарех, бусалба боцучарех. Бусалба нахана т1ехь ду Шари1атца ч1аг1дина а долуш дуьнент1ехь лолла мел йу, и лолла латточарна дуьхьала беш болу къийсам саца ца бар, дерриге а дуьнент1ехь Аллах1ан Нийсо д1ах1отталца.
Авхьад
Иза-м хаара тхуна а, ахьа ца дийцача а. Шишша-кхоккха классаш йахна ма даций тхо, шаверг а лакхар дешар дешна нах ду тхо. Хьайн конкретни гайта х1ум делахь дийц, дацахь, эрна тхан хан ма йайъа.
Ахьмад
Хьоьга ладоьг1ш йаккхинарг йу-кх кху чохь, Авхьад, эрна йайна хан. Шайл а кхетам болуш стаг гучувалахь, шайгара г1ант схьадаьккхина даьлла мотталой, вир санна дуьхьал довла-кх хьуна шу. Иза йу-кх шу демократи. Шу тилкхаз девла а 1едалан куьйгалле даг1ахь, коммунистел а боьха хир ду-кх шу. Чо1га г1илкхаца, лерамца шен гуш долу беркате х1ума дийца г1ерта х1ара жима къонах. Шун йеккъа цхьа 1алашо йу: власть. Кхин х1уманна бала болуш дац шу!
Хизар
Оцу къонахчо цхьа бух болуш х1ума дуьйцур, вайна ладог1а а ца хаьа. Доцца алалур дарий хьоьга, хьуна ма гарра кху чохь атмосфера йага йолайелла?
Т1ах1ир
Х1ораммо а ша хадабо шен мах. Доцца муха эр дара б1ешарашкахь базбеллачу моххьах? Тезисна аьлча, иштта хила мега: Бусалба наха х1ора шаьш д1а мел боккху ког Къуръанца дустуш баккха беза. Цу т1ехь сурнаш ду политикех лецна, социалогех лецна, философех лецна, т1ом буьйцуш а, машар буьйцуш а, къаьмнийнйукъар т1екерех а. Къуръанал дика куьйгалла а мичахь хир ду? Шадерг цхьана дийнахь а, итта шарахь а нислур дац. Амма д1анислур ду, цул т1аьхьа ч1аг1о а хир йу цуьнца. 
Хизар
Тахана долчун кхин дуьхьала а ма ца хийтира суна ахь дуьйцург, кхин д1а дикка ойла йе бохург дар-кха иза?
Т1ах1ир
Оцу стага кхийссина дешнаш «берите сколько можете» митингахь хилла х1ума ду. Нагахь санна цо и дешнаш Конституцин т1ехь хийцам беш аьллехь ша дара иза. Уьш дешнаш бен дац, царна т1ехьа лаьтташ закон ца хилча. Х1инца уьш йоккха провокаци йу, Западера схьа а ду иза, шеко йоцуш. «Боже храни Америку!» - бохуш волу, йоккхачу пачхьалкхан куйьгалхо хьенан интересаш ларйийр йолуш ву хаа-м, политик хила а ма ца веза. «Свобода», «право» «независимость» и симвалш бен йац, йеса кана йу иза, говра схьалаца и т1ейоьхуш кховдош йолу йеса кана санна, и 1ехайар санна болх а бу, халкъаш 1ехадеш. Уьш, йа цхьа а дин а, йа цхьа а къам а дахийта дагахь бац. Уьш уратталла «он», «она», бохург а дита лерана бац, ткъа «оно» йукъа даккха кечамаш бу цара бийраш. Х1ара боккха къийсам иблисо Далла дуьхьала болийна, неха дегнаш къуьйсуш т1ом бу х1ара. 
Казбек
Ненан маттана, къоман г1иллакхашна х1ун гечо дуьсу хьоьга ладоьг1ча?
Т1ах1ир
Кхин къоман духар т1е х1унда ца туьйха ахьа? Дера ца хьахий хьайна т1ехь иза ца дисна дера. Т1аккха важа шиъ а ахь кхин царна бала болуш ца боху, ткъа нехан лергаш дуьйцуш къамел хуьлу цунах.
Казбек
Ахь жоп лол сан хаттарна.
Т1ах1ир
Марджани Шигабуттин бохуш цхьа 1илманча ву, ша г1езало а волуш. Цо боху иштта: «Бусалба динехь кхоъ х1ума дац, амма оцу х1умнаша 1алаш до иза. Уьш: къоман мотт, къоман г1иллакхаш, къоман духар.
Хизар
Тхан некъ, кхерчарца цхьана ца бог1у. Тхуна хьо луьйш хеза. Х1ун кхайкхам хир бара хьан, и тхоьга чекх а даккхалур долуш?
Т1ах1ир
Цкъа хьалха: цара дуьйцучух тешанне а ца тешар. Шолг1а: х1илла, нийсса д1а ца хилар. Кхозлаг1а: вайна деза дерг лардар. Доьалг1а: церан т1ом т1ецалацар.
Ахьмад
Х1ун т1ом? Хьаьнца?
Т1ах1ир
Горбачевс ца элара: шега т1ом баккха аьллера, ша иза т1ецалецира, - аьлла. И т1ом т1ецалацар. Кхин д1а собар, собар, къахьегар к1ад цалуш.
Массо а хьалаг1овту д1абаг1а. Йуха тобанашка бекъало.



СЦЕНА-11


ЭПИЗОД-32


Х1орш х1инца туш тоьхначохь бу.


Давуд
Даьдала хьан, Т1ах1ир, хьо-м простой вац.
Асхьаб
Кхерам бир кхуо уьш, бусалба паччахьалкх кхана д1акхайкхор йолуш санна.
Давуд
Иза-м кхеташ ду. Церан исламски дешар дац 1амийна, т1аккха уьш хьовда доцуш буьсу, царна гергахь.
Асхьаб
Ахьмад а хиллера ц1ий сиха-м. Бакъдерга-м хьахийра цо. Церан коьрта цхьа 1алашо йу: 1едал буйна лаца.
Давуд
Суна дагна там беш дерг вай Т1ах1ир вара-кх. Собарца, баххаш а далош, 1алашо а лецна, вуоха а ца вухуш. Со а цец ваьккхи ахьа-м, дикачу аг1ора. Билала дика 1амош ву хьо.
Билал
Билала 1амош вац иза, шу цунах кхета деза. Иза ша ву иштта. Вай кхузахь цунна, кхин терго йу йеш йерг.
Давуд
Билал, х1ун олу ахь, ларавин Т1ах1ир шен декхаршца? Хьо реза вуй? Со иштта кхийтар-кха: иза хьалхара экзамен йар-кха, дешан говзаллин. Т1аьхье ладам болуш а йоцуш?
Билал
Кхунна шен х1ун хета хьажий вай. Х1ан, цулла а, Идрисе хаттий вай? Идрис алал хьайна хетарг.
Идрис
Х1ара дуьххьара нахана хьалха х1оьттина хилар тидаме лецча, Т1ах1ир башха жима стаг ву. Кхуьнгахь хьалхе йу.
Билал
Т1ах1ир, хьуна ду дош.
Т1ах1ир
Боккъала а, цаьргахь массаргахь а бакъдерш дара. Уьш шайн дегнашца цхьа а вон ца хаавелара суна. Массо а Советан 1едалехь дешна а, кхетош кхиъийна а ма дайца вай. Царна оьшург – иза бертахь, г1олехь болу некъ лахар, вовшашна дуьхьал а боцуш.
Асхьаб
Некъ цара хержина дукха хан йу. Гучу суьртехь, уьш цу т1ера баха а лур бац. 
Билал
Вай 1едал даккха а, 1едале х1итта а йукъа г1ертар дац, Т1ах1ира а ма даллора. Вайн дукха меттиг йу къахьега Делан дуьхьа. Аллах1 вайна реза ван г1ертар ду-кх вай. Т1ах1ир, хьалхарчу зерах дика чекхвели хьо. 
Асхьаб
Иштта-м кхуо универехь а йелла экзамен. Иза х1инца студенташна а, хьехархошна а йуккъехь шуьйра дуьйцуш ду.



ЭПИЗОД-33

Х1инца х1ара шиъ шаьшшиъ ву.


Идрис
Т1аккха, Т1ах1ир, х1инца х1ун олу ахь? Ларор вуй хьо нахаца? Хьайна а гир-кха хьуна, политикш дешнаш ца хоьржийла. Иза а хьо дуьххьара гуш волун дера дара. Цигахь хьуна бай мох бен ца хьакха белара. Кхийтарий хьо, шайна новкъа хьо хилахь цара вен а тарлой? 
Т1ах1ир
Идрис, со витахь, хьо х1ун лууш ву, и дийцахь цкъа суна?
Идрис
Суна вай эрна хан йойъуш хета. Вайга кхеталур бац уьш. Шайна дезачух уьш кхетта дикка хан йу.
Т1ах1ир
Хьо хьан нуьцкъара хьийзош ву? Маьрша вац хьо хьайна луъче ваг1а?
Идрис
Хьуна Билал ца войзу. Иза реза воцуш х1ума дахь, цуьнан ницкъ боккха бу. Иза хьуна т1ехьежча а тоьур ду, хьо 1адаван, цхьа цамгарца виса а. Хьуна, хьуо иштта маьрша, хьайн хьуьнарца лелаш ву моьтту хир ду? Билала хьо 1алаш веш вацахьара, оцу къайлах лелачара тоххара лецна хир вара хьо. Цуьнгахь доккха дакъа ду.
Т1ах1ир
Т1аккха, со-м ца кхета хьох. Иза ч1ог1а ву а боху ахь, йуха цуьнан некъах тешаш а вац хьо. Ахь со т1аьхьакхиавахь хьайна лууш долчунна, ас г1о дийр ду хьуна, хьан г1уллакх цхьалха даккха.
Идрис
Ахь ала цулле а, хьо х1ун дагахь ву? Аса-м цхьаъ дийра дара. 
Т1ах1ир
Со а цкъа ца кхеттера цунах, х1инца-м суна синк1оме ду х1ара г1уллакх. 1едале ца г1иртичхьана мегаш ду суна.
Идрис
Дика ду, хьан харжам бу ихза. Х1орш хьан тоьлла денош ду, хьуна т1оьхула марханаш 1аьржнаш гуллур йу, гена хьежа а дезар дац. Хьо цкъа лецна хилларш 1ад 1ийра бу моьтту хьуна?
Т1ах1ир
Марханаш 1аьржа мел хила а дог1а ч1ог1а дог1у, ткъа иза Делан беркат ду. 
Идрис разочарован.


СЦЕНА-12

ЭПИЗОД-34


Зара коре х1оьттина, ойлане йаьлла лаьтта шен чохь. Нана чу йог1у не1 тухий. Зара цкъа не1аре д1а а хьожий йуха а шен ойланашка д1айоьрзу. Лариса сиха ца ло х1умма а хатта а, йа дийца а. Кхо йо1 тергал йо (оценивает ситуацию). Х1ара охьа хуу. Чохь ц1ена а ду, порядок а йу. Стоьла т1ехь киншкаш йу пхи-йалх, тетрадаш а. Ручкий, къолам чохь лаьтташ цхьа пхьег1а а йу. Стоьлт1е х1оттош болу жима стогар а. Г1ант а. Цхьа магнитафон а, пластинкаш хьовзош йерг а, лаьтта шен меттиг белчохь. Иштта пластинкаш ирахь, 1оьхкуш кассеташ а, шайн полки т1ехь. Камеро иштта обзор йо. Йо1анна а, нанна а т1ехь метта доккху духар ду, амма ч1ог1а хаза дизайн а, тегар а долуш.
Лариса
Нагахь санна, ахьа со арайоккхуш ца хилча, жимма хабарш дийца вашимма, Зара?
Зара
Хьан дийца дог даг1ахь дийцахь мама.
Лариса
Сан даиман а дог1ур ду сайн зезагца къамел дан дог. Хьо сан дог ма ду.
Зара
Хьуна соьгара цхьа хаам оьшу-кх, тешна а? Сан хьуна хаийта керла х1умам дац.
Лариса
Цхьа а хаам оьшуш йац со-м. Хьо ган а, хьан аз хаза а, чу йеана, хьо кху чохь ч1аг1йелла, со йолчу чу а ца йог1у. Со жима хилла хенаш а дага йоху, хьох а дика кхета т1аккха.
Зара схьайоьрзу, меллаша йог1ий кхунна герга охьа хуъу.
Зара
Цхьа сингаттаме ду, цхьа шадерг а эрна долуш санна… Х1ара г1ала а, нах а ч1ог1а хийцабелла… Синк1оме х1умма а ца дисна… И дешар…
Стоьла т1ера киншкшна т1оьхула куьг шаршадо.
- Ас сайга д1айийцийта ца аьлча, цхьана а хьехархочо соьга дарс хатта а ца хотту…
Лариса
Х1ун ойла хилла хьан, х1ун да лаьара хьуна?
Зара
Суна сайна а-м ца хаа мама, сайна х1умма лаьий а, йа ца лаьий а.
Лариса
Меттиг хийцача? Израиле деша йахча? Сан йиша йу цигахь 1аш, хьуна хаъа ма хаъа иза?
Зара
Хьо тешар йац мама, суна лууш цхьа а х1ума дац. Мегар ду, тховса буьйса д1айер йу, кхана со сайн дешар т1е д1аг1ур йу, настрой схьайог1ур йу. Д1адуьйшур ду вай.
Лариса
Хьуна луъург дер вайшимма. Со сайн йишица з1ене йер йу. Сан зезаг, д1адижа хьайна.
Зара
Х1аъ, мама, хатта лууш йара со, Дада соьца ийг1ана ву, йа цунна йо1 ца йезар, божабер дезара?
Лариса
Вац дера, хьан да-м ийг1ина, х1ума дагадеана хьуна. Дена, к1антал а йо1 дукха йеза, - олуш ду-кх. Хьуна х1ума ца эшийта, шен ницкъ кхочург дийра долуш ву-кх и хьан да. Массо а х1ума хьуна латтош ду, амма хьан синна, дагна цхьаннийн а да х1ума дац. Иза адамна шен зил хьекхна аре йу.
Зара
Совдат, цуьнан шортта вежарий, йижарий, шичой, шортта гергара нах бу, цуьнан даимна а йийца историш хуьлу шайца хуьлуш долчу х1умнийн. Со суо йу, цхьаъ.
Лариса
Сан йиши йу ши йо1 а, цхьа к1ант а. Хьол цхьа ши шо воккха.  Йуристана доьшуш ву иза. Хьо а ма йара ишколехь йолуш дедектив хила ойла йолуш.
Зара
Хьо-м со цига д1ахьажош ма йу. Ас ца аьлла хьуна хоьга, сайна цига йаг1а лаьа.
Лариса
Хьо х1инца к1адйелла йу. Садо1а деза.
Зара
Со мичхьа йаг1ча а, иштта суо цхьаъ хир йу-кх со.
Лариса
Собаре хила, хьо новкъа йолуш бен йац. Х1инца цхьа хорма схьаоьцуш йу хьо, хьайх хинйерг сурт х1оттош. Хьо ойла йеш хилар дика ду. Ойла йар доцуш атта йаха г1ерташ хьо йелхьара, хала хир дара хьуна. 
Зара
Ойла йеш, ойла йеш… цо а-м дера дуьйцура изза…
Лариса
Мила вуьйцу ахь?
Зара
Тхан курсера цхьа студент.
Лариса
Ц1е йуй цуьнан аша йоккхуш?
Зара
Ванах х1ун йара цуьнан ц1е? Ахь хетча йицйела-кх суна… х1аъ, х1аъ: Т1ах1ир.
Лариса
Иза дага х1унда веа хьуна, цхьа ладаме х1ума дуьйцуш вара иза? Хьоьга бохура цо иза?
Зара
Хьайчунна т1е йоьдуш йу. Хьехархочун дуьйцуш вара, ткъа тхо ладуг1уш дара, парехь ма дарийца тхо. Т1ейог1у заманахь, Западни системехь, ойла йеш болу нах хьашт хир бац, - дуьйцура цо. Царна беккъа цхьа хьадал-вадал нах бен оьшур бац, иштта тезисаш йара цуьнан.
Лариса
Суна х1инца х1ун го хаий хьуна?
Зара
Ца кхийтар со?
Лариса
Суна хьан б1аьргаш чохь и Т1ах1ир го-кх. Сан хаттар иштта хир ду хьоьга. Суна бакъдерг дуьйцур ду ахьа, дуй?
Зара
Ма хаа суна хьо х1ун ала йоллу: «Уьш кхечу уровнера бу, хьо царца охьа ма йийла, хьо лакхахь йу…»
Лариса
Сан хаттар иштта ду: мел меттиг д1алецна цо хьан дагчохь?
Зара
Совдата дуьйцург дагадеа хьуна а. Цо деш дерг цхьаъ ду – цо парехь наб кхеттарг сама воккху, кхин ойланаш йеш иза а вац, со х1ете а гена йу хьуна моттаделчунна. Иза ч1ог1а сингатме ву. Теориш, идейш… Иза ша цхьаъ ву, цкъа а цхьа а ца хуьлу цуьнца т1екаре йеш. Горгали бекарцани «т1офф» олий д1аэккха иза.
Лариса
Иштта и велахь а, хьан б1аьрса серла-м дела иза хьахошехь.
Зара
Х1ан, тоьур ду…
Лариса
И боху-кх аса хьоьгаъ: тоьур ду, сама йала, хьо мила йу хаа…
Зара
Снатворни ца оьшуш наб йеа-кх суна, мама?
Лариса
Х1ара къамел чекх ца дела хьуна вайшинни, иза хаалахь. Схьадоьлла нани зезаг, цхьа барт алийтал соьга хьайна.


ЭПИЗОД-35


Лариса арайолу, х1ара метта хьала йолу. Г1айби т1е корта а буьллий наб кхетийта дагахь хуьлу, амма к1егара ***й, куьйгаш голаш т1е, корта царна т1е буьллий ойлане йолу. Елар а ийзош 1а.
- Т1аккха, Т1ах1ир, йуха а хьо туьйла моьтту суна, со хьан ойла йеш 1аш йу-кх, буьйсанца хьо къуьйсуш. Хьо-м тоххара д1акхетта 1уьллуш хир ву, г1енийн сериале а хьоьжуш. Бакъду, хьуна цкъа а хуура-м дац айхьа сан мел ойла д1алецна. Ахь ма йаздара, цхьана кедара ирс мала доьг1на дац вайна. Иза хаа а хууш сан коьртера  айда… (д1айуьжу.)


4 - АКТ 


СЦЕНА-13


ЭПИЗОД-36

Коридор. Зара йог1у. Цунна т1аьхьа кхиъна Т1ах1ир а вог1у. Цо мохь туху кхуьнга.


Т1ах1ир
Зара, ва Зара, собардехь.
Зара резко соцу, йухайоьрзу, дукха буьрса цуьнан б1аьргаш чу а хьожуш:
- И х1ун мохь бу ахь беттарг, хьо базарахь-м вац? Йа хьайн ломахь ду моттаделла хьуна? Хьуна со Зара йац, ткъа Зара Султановна йу.
Т1ах1ир воьхна ч1ог1а, вагийча санна. Ч1ог1а цецваьлла лаьтта, кхин вист хилар а доцуш. Иштта иза латта а вуьтий х1ара аудитори чу йоьду.
- Ас х1ун дина? Х1ун иштта дац сан? Дика ду, хьайн мара хьайна ма-товв ирах бахийта.



ЭПИЗОД-37

Парехь бу х1орш. Махаш ша даиман а ма хьажжара сахьта т1е а хьожий х1ума до.


Махаш
Т1ах1ир, х1окху сан хаттарна жоп лохьа…
Т1ах1ира (мохь а хьокхуш)
Х1ун жоп дезара хьуна, Махаш?! Адамаш х1ун йу дийций аса хьуна, адамаш манкурташ йу-кх, амма моьтту, шаьш шина кога т1ехь хилча…
Иза а олий, шен т1оьрмиг оьций, меллаша волалой араволу, бакъо а йоцуш. Чохь берш инзаре бойла. Зара-м хьере хилла, ша х1ун дича нийса хир ду ца хууш. Совдат заре хьоьжу, бага а г1аьттийна, Махаш кху шинге а хьоьжу 1ада а вина. Кхин са а ца тохалой Зара а араэккха кху чуьра. Махаш х1инца хаттарца Совдатана т1е вог1авелла.
Махаш
Хьуна ца хууш хила йиш йац иза, дийцал суна цу шинна йукъахь иккханарг? Кхечу аг1ора цуьнан ц1е йан а йац.
Совдат
И-м ц1ена хьераваьлла! Соьга ахьа хеттарх хьо воьдучига д1акхочур вац, суна и некъ ца бойзу…
Махаш
Х1ун некъ, мила мича воьдуш ву? Со а талхош лаьтта аша-м, шаьш телхина а ца 1аш?
Махаш ву кабинет чохь, телефончухула къамел деш.
- Х1аъ, Лариса Лазаревна, ас х1инца хьоьга ма дийцара ду-кх, т1етоьхна а дац, т1ера д1адаькхна а дац. Х1аъ, х1аъ, дика ду. И студент кхин гучувлаза диъ де а ду, йукъар1ойлехь а вац иза. Кхана а иза ца ваг1ахь, милицига хаам бина лаха везар ву иза. Дика ду, шадерг а аса хьуна хоуьйтур ду. Иштта а ву со терго цуьнан йеш, сайга Султана ма аллара. 1о дика йойла. «Х1у» - доккха са доккху. - Г1алат далийта ахь хьайгар.

 
 
СЦЕНА-14


ЭПИЗОД-38


Скверехь. Совдат а, Зара а 1а скамейки т1ехь.


Совдат
Мега, х1инца со д1а ца йодахь, сан йехха список йу ц1ерачара х1оттийна, сан кхочуш йан йезаш…
Зара
Хьо а д1айоьду. Ирс йа1 хьан, ц1ернаш байца хьан ц1а йаг1а. Хама белахь церан, Совдат. Со санна цхьалха ца йисан…
Совдат
Ва Дела! Хьо иштта а йолуш…
Зара
Х1ум дац, х1ум дац, со а ца 1а кхузахь кхин.

                ЭПИЗОД-39


Совдат д1айоьду. Зара жимма сацалой д1айаг1а хьаланислушехь, йуххехула т1ехволуш Т1ах1ир хуьлу. Зара цкъа ца теша, т1аккха иза сацаван хьожу.


Зара
Х1ай воьдург, собар дел цкъа!
Т1ах1ир шега бохуш хир ма дац олий йуха хьожу. Йуха сацар доцуш д1авоьду. Зарас йуха а мохь туху.
Зара
Т1ах1ир, собар де ца боху аса хьоьга?
Т1ах1ир цеце йуха а хьожуш, Зара йевзий т1е а вог1ий, цхьа вуон б1аьргашна чу а хьоьжуш:
- Я тебе там не тут. Мукъа йу хьо… (д1авоьрзу)
Зара
Со кхузара д1айаг1а йоллу, хьайн дешар чекхдаккха ахь.
Т1ах1ир (берте т1е а воьдий, шабарца)
Стенга а хьо йадарха, к1охцалгаш хьоьца ду. Хьо ле ма йайта цаьрга. Сан дешнаш ца тоа там бу хьан синан чевнаш йерзон. Бустам харц а хилла мачаш къуьйлуш йелахь, бехке мачаш йинарг ма лара.
 
Дехьа, гена доцуш, цхьа зуда йу дитт т1ехьара схьа, х1ара шиъ тергал деш. Йуьхь т1ера гуш йац. 
Зара
Суна дезаш дешар дацара х1ара, ша долу бахьана и ду.
Т1ах1ир
Мачаш а хьан йу, бустам а.
Иза олий х1ара д1авоьду, кхин йуха ца хьожуш. Зара т1аьхьа хьоьжу. Т1ах1ир цкъа йуха хьожу, сацало, д1авоьду. Зара а шен аг1ора д1айолало. Зуда а къайлайолу, иза мила йу гуш дац.
Зара
Иза бакъ луьйш велахь? Кхузахь муха нисвела иза? Хьо накъостаца дукха нислуш ду-кх: х1ара лармаза нислуш дерш. Йа цхьаммо нисдеш ду-те х1орш?



СЦЕНА-15


ЭПИЗОД-40

Султан волчохь 1аш бу Казбек а, Авхьад а, кхин Лариса а. Авхьад дуьйцуш ву.


Авхьад
Ма дарра дийцача, церан т1ахьало йолуш кхин цхьа а программа а йац, лозунгаш бен. Церан йерг а кхечера кехаташна т1ера схьайазйина йу. Иза а уьш чекхйаккха лерина а бац. Популизм.
Казбек
Х1етте а нахана уьш йуххера-м хета шайн.
Авхьад
Ас ма боху церан лозунгаш йу. Нахана хаза луург ду церан метте буьххьехь дерг.
Казбек
Уьш чекхбовлахь а дукха бах-м лур бац уьш 1едалехь, царна болх бан хуур дац. Йуха шайн йукъахь а барт эг1ар бу церан.
Султан
Шуьга ладоьг1ча а, суна вуьштта хуьлуш болчу хаамашца а сурт иштта ду. Нахана уьш ган лаьа коьртехь, нах меца бу, политически мацалла йуйцу ас. Цара иттанаш шерашкахь сатийсинарг х1инца г1ан доцуш самах ду - тера моьттина царна. Царна йоккха политика ца йевзу. Махкара бакъдолу хьал а ца девзу.
Казбек
Охьаховшийта безаш уьш цкъа, нахана марах бовлийта, т1аккха вайн программица, вайна хало хир йац ша йолу позициш д1алийца.
Авхьад
Иштта нислуш-м ду иза, г1олехь некъ хила а мега иза, тактически а, стратегически а.
Султан
Иштта нийса хир ду, нах кхето г1ерташ эрна хан а, харжаш а ца йеш х1ума дича. Центрехь болчарна а кисана тапча кхетар йу дика, ставка нийса а ца йина. Иза вайгахьа хир ду. Кхин х1умма а дуй?
Казбек
Сан сагатдеш цхьа жима къонах ву. Иза вист хилар цигахь аьлча, х1умма а ца аьлча санна хир дара. Цуо генара хьекъал гайтира, кхетам а.
Авхьад
Иза-м деса къамелаш дара, эцца киншкаш йешна, дагахь 1амийна дарс санна.
Султан
Хьан са х1унда гаттадо цо, Казбек?
Казбек
Суна-м цо дуьцург бух болуш хийтар. Цхьа массо а аг1ора хаарш долуш вар-кха иза. Цхьаммо кечвеш волуш санна, цхьана балхана. Иза мичара ву а ца хиира, со т1аьхьа кхиа г1ортарх. Вайн дуьхьал болчара иза шайна т1еозавахь? Вайна дика хир вара иза аьлла бохура аса-м, иштта кегий чхьор вайца хилча.
Султан
Иштта инкогнито ву иза, мила ву ца хаъал?
Лариса
Вайна х1инца хуур ду иза мила ву-м. Жимма собар дел.

Лариса дехьачу йолу. Шеца Махаш а валош схьа чу йог1у. Вовзал шайна, х1ара…
Султан
Махаш! Хьо муха кхечна кхуза?
Лариса
Аса кхайкхина валийна. Кхунна хаа аш вуьйцу жима стаг мила ву.
Султан
Дийцал т1аккха, Махаш. Х1ара, шуна ца вовзахь, завкафедрой ву Университетехь. Кху чуьра йо1 йу цигахь доьшуш. Махаш, тхо ладуг1уш ду-кх.
Махаш
Схьахетарехь шуна вовза лууш верг иза, тхо долчуьра студент ву. Т1ах1ир йу цуьнан ц1е. Алма-Ата-ра схьа веана а ву иза. Цигахь бу цуьнан нах 1аш. Ша ч1ог1а к1оргера кхетам болуш а, хаарш долуш а, къахьоьгуш а ву и студент. Йозанча хила дагахьа а ву иза. Цхьа кегийре дийцарш а ду цуьнан йаздина. Уьш т1ех дика а ду цуьнан. Доцца и ду-кх цунах, Султан Халидович.
Казбек
Дика ду, Махаш, ткъа цу политклубе муха кхаьчнера иза, цунах х1ун эр ду ахь?
Махаш
Цунна бевзуш цхьацца йаздархой, поэташ а бу, цара магийна хир ву аьлла хета суна иза. Кхин т1ахьало йолуш болха-м ца хета суна иза.
Султан
Иза дика ду-кх т1аккха. Казбек, х1окху Махаша дакъа лоцур ду хьуна, хьайн т1екаре йалой хьажий х1ума де.
Махаш
Со сайн декхаршна т1е д1авоьду т1аккха, Султан Халидович.
Султан
Мегар ду.



ЭПИЗОД-41


Махаш а, Лариса а дехьа чу доьду.


Лариса
Махаш, кхин х1умма а ца дуьйцу ахь цу студентах лецна. Суна хаа ма деза, сан йо1 ма йу цигахь, аса са гатдо.
Махаш
Ас аьлла-кх, цхьа а х1ума дац сагатдан. Цкъа делахь: со - сема ву, шолг1а делахь: Зара а йац б1аьрзе. 
Лариса
Милицига хаам бан ца оьшу хьуна. Ша гучувер ву. Т1аккха ахьа иза кхуза валаве-хь. Со йист хир йу цуьнга.
Махаш
Дика ду.


ЭПИЗОД-42

 
Х1ара араволуш, Зара дуьхьал кхета кхунна.

 
Махаш Бердиевич? Хьо лаа вуй, х1умма а хиллий?
Махаш
Зара, сагатдан оьшуш х1умма а дац. Со ч1ог1а сиха ву. Цхьа кхечу г1улкхана веанера со, вайн Универан халонаш хьахо. Марша 1ойла. Гур ду вай дешар т1ехь.
Зара сихха чу тасало. Хаа лаь кхунна иза вар бахьана.


СЦЕНА-16


ЭПИЗОД-43


Т1ах1ир вог1у коридорчухула. Махашан го х1ара.


Махаш
Т1ах1ир! Сацалол цкъа. Вайшиъ цхьана метте ваг1а везар ву.
Т1ах1ир
Со д1а-м ца ваьккхина кхузара?
Махаш
Цкъачунна-м, ас хьо могуш воцуш ву аьлла, ван а ву хьо жимма иштта.
Т1ах1ир
Х1инца х1ун дагадеана хьуна?
Махаш
Паре чу ваг1а ца оьшу, ас д1адерзор ду. Вайшиъ воьдушехь Зари нана йолчу воьду. Цо шена хьоьга йистхила лаьа аьлла.
Т1ах1ир
Иза а т1е кхийта х1инца допрос йан?
Махаш
Иштта синк1оме ву-кх хьо массарна а.
Т1ах1ир
Кхин мила ву…
Махаш
Депутаташ, ахь дискусехь дакъа лецна.
Т1ах1ир
Кхеташ ду.
Махаш
Х1умма а дац хьуна кхеташ, хьуна моьтту хир ду, вайн парехь санна, хьо атта чекхвер ву. Х1инца хьо чухчаре к1елахь нисвелла. Дикка нека дан хаа дезар ду хьуна цу к1елара схьавала.



ЭПИЗОД-44


Лариса а, Т1ах1ир а ду церан чохь. Дехха 1а дист а аца хуьлуш. Лариса х1ара толлуш йу б1аьргашца. Т1ах1ирна дика дац кхунна йуххехь. Корта лазабийла болабеллла кхуьнан.


Лариса
Суна ма-дарра дийца деза ахь хьо х1ун лууш ву?
Т1ах1ир
Суна сайн дешар чекхдаккха лаьа-кх.
Лариса
Политклубехь х1ун деш вара хьо? Муха кхечча хьо цига?
Т1ах1ир
Хьуна х1ун ду цунах?
Лариса
Ас хьуна луучига деша дехьа воккхуьйту хьо. Масала: хьо схьавеанчу Алма-Ата. Лаахь Москва а? Х1ун олу ахь?
Т1ах1ир
Суна схьахетарехь хьуна лууш дерг кхин ду. Амма ахьа суна иза хоуьйтур дац. 
Лариса
Ала ас хьоьга, йа ма хаийта ас хьуна бохуш, хьо толлуш йара со-м. Суна хьох теша лаьа. Зара хьуна тешам х1унда ц ало-м ца кхета со. Ас хьо хьахийча ч1ог1а суна реза йоцуш хуьлу иза.
Т1ах1ир
Х1ун ду иза.
Лариса (х1инца кхунах масмалик хуьлу)
Ладог1алахь, Т1ах1ир. Дуьнент1ехь кхуллуш керала хаамийн г1ирс бу. Интернет эр ду цунах. Телевидени а, кхин болу хаамийн г1ирс бицбеш синк1оме х1ума хир ду цунах. Хьан белха стоьла т1ехь 1ашехь, дуьненан муьлхачу маь11ехь хир ву хьо.
Т1ах1ир
Муха?
Лариса
Масала, хьайн деца, ненаца, гергарчарца хьайн дага ма деана вистхила а, уьш ган а аьтто хир бу хьан. Цу интернет чохь миллионаш, миллиардаш хаамаш, суьрташ, кинош, муьлхха а говзаллех программаш хир йу. Хьоьга хьайга а далур изза. Иштта, мобильни з1е хир йу. Хьо 1аччера хьаьнга а з1ене ваьлла къамел далуш хир ву: из Японехь велахь а, йа Канадехь хилахь а.
Т1ах1ир
Дагадеа суна, Пайхамара (соллаллох1у 1алайх1и ва саллама) эзар диъ б1е шо хьалха дийцина ду иза. Адамаш шаьшша шайга дечуха хабарш дуьйцуш хир ду аьлла. Иштта кхин а х1умнаш хьехийна.
Лариса
Делахь х1ета и зама х1инца вайна гун йерг йу-кх.
Т1ах1ир
Т1аккха, соьга х1унда хьахош йу хьо иза?
Лариса
Хьоьга дакъа лацийта. Израилехь кечбеш программисташ бу, Лонданехь а, Америкехь а. Хьуна луур дарий цу дуьненан йукъарчу проектехь дакъа лаца?
Т1ах1ир
Ца хаа суна-м. Суна дуьххьара хезаш ду цунах лецна. Вуьштта, техникаца гергарло-м дац сан. Со кхолларалллин белхашна ох1ла бен вац.
Лариса
Ма ала иштта, ахьа, цхьана х1уман хьо говза велахь, хьоьга дукха х1уман говзалла 1амалур йу.
Т1ах1ир
Суна-м ца хаа хьоьга х1ун эр ду а. Къуръан 1амо лууш вара со, кхечу х1уман ас ойла а ца йина.
Лариса
Ва иза готтар дика ду-кх. Ахь и программа 1амайахь, и Къуръан а хир ду-кх цу чу даккха йиш йолуш. Муха хета хьуна масштаб?
Т1ах1ир
Дика-м хир дара.
Лариса
Хаза йу-кх со йа-м, хьоьга х1ума йоий а ала дицделла. Ас сихха кхача хьалха буьллу хьуна.
Т1ах1ир
Данне а хьашт дац. Со кху хенах сискалех кхеташ вац.
Лариса
Хьуна луург дир ду ас. Т1ах1ир, алахь, цхьа а вуй хьуна Къураъан хьоьхуш, йа хьоьхур ду аьлла, цхьаьнций а къамел хиллий хьан? И хилча дика хеташ боху хьуна ас.
Т1ах1ир
Кхузахь суна цхьа а вовза-м ца вевзу. Эцце йозанчаш бевзина суна, цара ахьа хьахинчу клубе а кхайкхинера со. Амма молланаш ца бевза суна, хила-м хир бу уьш а.
Лариса
Молланаш дукха бу кхузахь. Лаахь аса бовзуьйтур бу уьш хьуна?
Т1ах1ир
Цкъачунна-м ца лаьа. Сайн дешар т1е ойла йаг1ийта лууш ву со.
Лариса
Хьажахь, хьахийначигар, х1ара цхьа кехат карийна суна кху чохь, Зарас деана хир ду иза. Чог1а х1уман т1аьхьа кхиа лууш ма хуьлийца иза. – Дехьа чу а йоьдий, буйнахь т1е а хоьжуш, балдаш а хьедеш схьайог1у. – Х1ара ду-кх иза. Х1окхунах х1умма а хаий хьуна, Зара чу йеача-м хоттур ду ас цуьнга, х1инца, хьо чувале карийна суна х1ара кху чохь.
Т1ах1ир т1е хьожу, йуха шен иза мичахь гина дагадаийта г1ерташ, кхунна вон хуьлу. Б1агор хьийзаш. Эццехь чу кхочу Зара а.


ЭПИЗОД-45


Зара
Т1ах1ир? Х1ара муха кхечча кхуза? Мам?
Иза кухничуьра схьа мохь бетташ йу.
Лариса
Зара, хьо чу йеан? Ма дика ду иза. Оцу к1антана воун хилла, цунна молха дуй хьожуш йу со.
Зарина кехат го. Т1аккха кхета х1ара Т1ах1иран хилчух.
Зара
Хьо муха ву кхузахь? Х1ара кехат а?
Т1ах1ир
Зара, со д1авигахь кхузара, вуон ду суна, и кехат ду бехке, и жайна ду, х1айкал… Хьан нана йу…
Лариса схьа чу йог1у стакан чохь хи а дахьаш.
Лариса
Х1ара молха малийтахь цуьнга, х1ан, х1ара хи а ду хьуна.
Зара
Ца оьшу цунна молха. Цигахь а хилара кхунна иштта вуон. Мохе ваьлча г1оле хилира кхунна. Аса аравоккху х1ара, мохе, цигара д1а г1ур ву ша. Со сихха арайолу хьуна мама, сайн т1ера коч хийцана.
Шен чу а йоьдий кхо нахарташ схьаоьцу. Шегара т1оьрмаг охьа а буьллий, кхинаг схьаоьцу. Цу чу хьожу, ладухург-м йац техьа олий.
Лариса
Схьахетарехь, хьуна хьо мича кхаьчча ца хаьа, жима къонах. Дукха жима ву хьо айхьа т1елецнарг х1ун ду хаа. Ас хьайга хьахинчу х1уманна реза хилча г1оле ду хьуна. Корта-м д1атолор бу хьан.
Т1ах1ир
Ойла йийр йу аса, сайна г1оле хилчхьана.
Зара схьайеа.
Зара
Хьо когаш т1ехь д1авалур ма ву хьо?
Т1ах1ир
Ву.
Зара
Валу, арахь г1оле хир ду хьуна.
Лариса
Зара, хьо хье малолахь. Сан г1уллакх ду хьоьца хьахон дезаш.
Зара
Дика ду, мама. Хьелур йац со.

Х1ара шиъ меллаша ара долу.
Зара
Хьо, муха? Х1ун деш ву кхузахь? Х1ун ду х1ара шадерг а?
Т1ах1ир
Суна ца хаьа, хьан нанас кхайкхана аьлла, валийнера со Махаша кхуза. И жайна гича ца мега со…
Зара
Х1ун бохура хьоьга мамас?
Т1ах1ир
Цхьа глобальни проект йуьйцура… суна хьоьга дийца лаьара, амма…
Зара
Амма соьх ца теша хьо… Суна хаа иза. Асхьаба къадийнера соьга, кхин гучу а ца вела иза суна.
Т1ах1ир
Хьан нанас и жайна ахь деана бохура, шена х1инца гина иза?
Зара
Аса? Бакъ дац иза. Суна гина а ма дац… Хьо Махаша валира бохурий ахьа? Цигара бу-кх цу жайнин когаш. Уьш цхьаъ кегош-м бу. Амма х1ун ду иза?
Т1ах1ир
Кхана хьалххе схьайолахь, пара йолайале дист хир ду вайша. Х1инца чу г1о, хьайна х1умма а ца хууш санна. Цо хьайга х1ун олу хьожур йу хьо.
Зара
Хьо муха ву т1аккха?
Т1ах1ир
Х1инца д1аваг1алур ву со, г1олехь хета. Кхана! Йиц ма лолахь.
Зарас кхуьнан кисана нахартш йохку.
Т1ах1ир
Х1ун йу иза?
Зара
Х1орш д1аэца, хьуна оьшур ду, нахартш ду.
Т1ах1ир
Ца оьшу, ма…
Зара
Суна ч1огг1а вас йа хьан ца лаахь, дуьхьала ма вала. Хьох мировой йаздархо хилчхьана суна г1о дийр ду ахьа а.
Т1ах1ир
Цу хене со валахь… Чу г1о…



СЦЕНА-17


ЭПИЗОД-46


Х1арашиъ д1асадолу. Кхана 1уьйрана. Зара йог1у коридорчухула. Цхьана чоьнан наь1 йаллалой Т1ах1ир гучуволу. Х1ара цига чу кхойкху цо. Зара д1аса а хьожий цу чу йоьду сихлой.

Зара
Стенна оьшуш йу х1ара къайленаш? Схьадийцал суна…
Т1ах1ир
Хьо ма сиха йу, цхьажимма са даккха, собаре хила.
Зара
Хьуна муха хета, метта веаний хьо?
Т1ах1ир
АлхьамдулилЛах1! Дика ву со-м. Хьуна баркаллах1 ала лаьа суна, хьо сох кхетарна селхана.
Зара
Сан кхин дан х1ума дацара.
Т1ах1ир
Хьох теша мегар дуй со, дохко-м ца йаьлла хьо?
Зара
Тамашийна болха-м бу х1ара. Ши де хьалха со кхехка а йина йуур йолуш вара хьо, суна оьг1аз ваг1ана. Селхана хьо к1елхьара ваккха х1уъу а дийр долуш йара со. Х1инца соьга тешам боьхуш ву хьо.
Т1ах1ир
Хьан нана, х1ун элара цо?
Зара
Иза-м хьох б1аьрг буьзан йу. Хьо политикашна а бага ваг1ана бохура. Х1ан, дицдалале. Царах цхьаъ хьо ган ва везаш ву хьуна, Казбек элар моьтту суна.
Т1ах1ир
Зара, ахьа хьайха теша мегар ду бохуш хилча…
Зара
Тешам мегар ду, амма со хьуна реза-м йац. Со кхузара боккъал а д1айаг1а йоллу… Бакъдерг дийцача, сан нана йу-кх со кхузара д1ахьажон г1ерташ.
Т1ах1ир
Х1унда? Мича?
Зара
Хьох буй суна тешам?
Т1ах1ир
Тешам бу сох, амма хьайна дийца ца луург ма дийца, суна мегаш ду хьуна иза.
 
Зара
Иштта дог дат1а до-кх ахь сан, нахах тера вац хьо. Изарилехь йехаш сан ненан йиша йу. Цигахь дешийта бахьан а х1оттийна, амма суна хаа цо х1ун леладо.
Т1ах1ир
Хьо реза йац т1аккха?
Зара
Соьга ца хоьтту, амма хаза дуьйцу, со дуьхьала хилахь нуьцкъала йог1уйтур йу. Цигахь цуьнан йиши к1ант ву, йуридически доьшуш, соьга цуьнга мари дайта лууш йу иза.
Т1ах1ир
Вай 1адат ма дац шичица захало деш?
Зара
Вай-м дац, цера-м ду. Сан нана муьлхачу къомах йу ца хаьа хьуна?
Т1ах1ир
Х1ан, х1инца долчух а кхийта хьуна со, моьтту-кх со кхетта.
Зара
Ма мотталахь, хьуна ца хууш дукха х1умнаш ду кхузахь. Шадерг суна а ца хаа. Вайша кху чохь х1ун деш ду?
Т1ах1ир
Хабар дуьйцуш дац вайша? Цхьаннийна а ца гуччохь. Къаьсттана – Махашан. Х1ан, Совдат гуш ма йац?
Зара
Ца хаа суна-м. Цкъацкъа иштта йов иза, ц1ерачеран г1уллакхаш деш. Мамас х1ун бохура хьоьга, дийца лууш вар-кха хьо?
Т1ах1ир
Программистан деша воьдий бохура цо Израиле, йа Лондоне. Цхьа йоккха проект йуйцура цо, дуьненан йукъара барамехь.
Зара
Хьо реза ца хилар?
Т1ах1ир
Сайна ойла йа хан йаьхна ас.
Зара
Соьга цхьаъ дуьйцу, кхечуьнга кхин дуьйцу, х1ара х1ун ду дан мукъне а, со кхеташ йац-кха?
Т1ах1ир
Хьо реза йелахь, вашиммо цхьацца х1ума талла деза, кхара х1ун леладо т1ахьа кхиа.
Зара
Хьоьца цхьана ца дича, суо ца мега суна?
Т1ах1ир
Мега, х1унда ца мега. Дика ду, х1ора а ша шега ху1н дало хьожур ду вайша. Д1а ара йала, со жимма сацавелла д1аг1ур ву.
Зара паре йоьду. Коридорчухула ша схьайог1у х1ара.
Зара
Йуха а хьайн ца луург ди-кх ахь. Х1унда къехка во ахь иза? Хьох тешнера хьуна иза. Ма адам дац со да-м. Х1инца иза кхин маца гур ву ала а ца хаа. Йуха а йерзий дагар дийца цуьнца. Мел парг1ат дара цуьнца дарий? Иза мостаг1 ма вац хьуна? Ва Дела, х1ун де аса? Иза а ву-кх со санна ша цхьаъ.


ЭПИЗОД-47


Х1ара аудитори д1а чу йоьду. Цу чохь хуьлу: Махаш а, Казбек а, Асхьаб а, Ахьмад а.


Махаш
Зара, марша йог1ийла.
Зара
Маршалла хуьлийла…
Махаш
Зара, Т1ах1ир хаавелла хир вац хьуна? Х1орш цуьнца г1уллакх долуш бара. Деша схьа ца вог1у те иза бохуш 1ара тхо?
Зара
Суна хаа йиш ма йац иза…

Наь1 йаьллало, Т1ах1ир чоьхьа волу. Зара ч1ог1а цецйаьлла.

Казбек
Т1ах1ир, ма дика ду хьо схьакхаьчча. Х1окху Махаша бакъо йелла тхуна хьоьца т1екаре йе кху чохь. Хьо дуьхьала-м хир вац?
Т1ах1ир
Дагахь а доцурга-м ду х1ара. Х1ун лууш дара шу соьгара? Со аша аьлче т1е вог1ур ма вара, хаийтанехь?
Махаш
Х1умма а дац, кхузахь парг1ат хир ду. Вайна массарна а иштта пайде хир ду х1ара цхьанакхетар.
Совдат а чу йог1у.
Махаш
Малх а хьежа, марханашна йуккъехула. Хьуна муха хиа х1ара болх, вуьштта-м хьо гучу йер а ма йацара?
Совдат
Шу цхьана балхана гулделла, со д1айаг1а мегий т1аккха, Махаш Бердиевич?
Махаш
Хьайн дешаран меттиг д1алаца-м мега. Охьа хаа, чоьхьа а йалий.
Казбек
Махаш, шун пурбанца. Т1ах1ир, хьо кхузахь доьшуш вуй а хиъна, х1окху Асхьабе а аьлла дехкана тхо, кхин цкъа а хьоьга дист хила. Цу дийнахь кхин формат йара, тахана кхин йу. Х1инца хьо мила ву а хиана, вай мелла а йуххера ду х1инца. Суна ч1ог1а тайнера хьан г1иллакх а, къамел а, х1орш а сайца реза хир бу аьлла тешна а ву со. Тхо, хьоьга, хаттаза, алаза чу-м лилхина кхуза.
Т1ах1ир
Цхьа ц1еххьана-м ду х1ара, амма Махаш Бердиевича могуйтуш хилча, дист хир ду-кх вай.
Казбек
Дика ду т1аккха. Оха, тхайшлахь а хьахийнера х1ара, х1инца хьоьга а дуьйцур ду-кх. Ахь элар Къуръан, иза куьйгаллина ду аьлла. Ткъа иза хууш ца хилча х1ун дан деза? Хьалхара хаттар. Шолг1а хаттар: ахьа айхьа 1амийний иза? Хьо вуй иза хууш кхечарга цунах да1ват далла?
Т1ах1ир
Вац. Ца 1амийна. Йоза девза суна. Мотт 1арбийниг ца хаа.
Казбек
Т1аккха цхьа х1ума дича?
Т1ах1ир
Х1ун дича?
Казбек
Тхан парти йу, цу йуккъе волахь, кегийрхошца болх бийра бу ахь.
Т1ах1ир
Аса а да мегий хьоьга масех хаттар, Казбек?
Казбек
Дича суна хазахетар ду-кх. Со ладуг1уш ву хьоьга.
Т1ах1ир
Шун партин идейаш муха йу? Шу 1алашо а муха йу?
Казбек
Дика боху. Тхо 1едале дахка лерана ду. Иза тактически. Тхан 1алашо демократи д1ах1оттор йу.
Т1ах1ир
Иза дика хир дуй муха шуна, шаьш цкъа а 1едалехь хилла а ца хилча? Шун зеделларг ма дац иза?
Казбек
Дукха паччахьалкхаш йу иза йолуш, дика 1аш а бу.
Т1ах1ир
Цхьанний ц1е йаккха?
Казбек
США, Англия, Германия. Кхин а иттанаш.
Т1ах1ир
Хьо моссаза хилла цигахь? Мел 1ийна хьо цигахь?
Казбек
Цигахь хилла вац со, 1ийна а вац. Амма гинчара, 1ийначара дуьйцуш хаа-кх.
Т1ах1ир
Хьайна цигар хьал хууш ца хилча, гина а ца хилча, суна йуххе д1ах1отта, ас цул а г1олехь болу некъ хьоьхур бу хьуна.
Казбек
Муьлхаг хьеха воллу хьо суна?
Т1ах1ир
Х1ун аьлла хета хьуна, Аллах1а, Шен адам кхолла лиъча, масс шарахь къахьийгара, масс тонн поппар байъира, и нис ца луш? Т1аккха, миллионаш шерашкахь и адам кхетош-кхобуш 1а1ийра? Демократи а йоцуш, либералаш а боцуш, коммунисташ а, капиталисташ а? Кхин а: малх, иза миллиарда шерашкахь мискъазазараталла дехьа сехьа ца болуьйтуш, иштта бутт а, кхин йолу сайранаш а, масс тросс эшна хир бу цунна, масс демократ а, партократ а эшна хир ву Цунна, уьш шайн хоршехь латтайан?
Казбек
Иза религиозни хаттарш ду, со партийни ву.
Т1ах1ир
Хьо маймалах схьаваьлла ала-м ца г1ерта хьо?
Казбек
Со кхета, и популизм… Хьо жима ву х1инца а дахар довза…
Т1ах1ир
Хьуна дахар довзахь, алахь, хьо нийсса кхин ши сахьт даьлча стенгахь хир ву?
Казбек
Цхьа х1ума де вай? Х1ара цхьа 1арбийн маттахь цхьа кехат ду соьгахь, иза хьайна д1адеша хаий хьажахьа? Цул т1аьхьа кхин д1а дуьйцур ду вайшимма.
Х1окхо шегахь долу х1айкал д1ало Т1ах1ире. Т1ах1ир цу т1е хьожушехь вуон хуьлу. Холчу х1утта ч1ог1а, б1агор хьийза болало.
Казбек
Сан кхин хатта х1ума а ца дисна. Кхин ши сахьт даьлча со, сайн чохь кофе молуш 1аш хир ву. Тхо 1едале дог1ург хилар санна бакъду иза.
Иза а олий Казбек д1авоьду. Асхьаб шек воцуш лаьтта, амма Т1ах1ирна т1е ца г1урту. Махаш а лаьтта х1ун хуьлу техьа бохуш санна. Цхьа Совдат йу г1о лаца г1ерташ кхунна. Зара а ийна ойланашкахь йу.
Ахьмад
Вай, к1айвелла д1авела х1ара-м, бехк а бац, йууш хир вац, витаминаш ца тоьу. Цкъа к1ела ма вуьсийца эххар а. Лоьрашка кхайкхича?
Т1ах1ир
Хьашт дац, х1инца г1оле хир йу суна.
Махаш жайна схьаэца дагахь т1екхевду, амма Зарас ца оьцийту, шегахь дуьту, цхьа вуон Махаше а хьожуш.
Т1ах1ирна хьаж т1е хьацар тоьхна, киснара йовлакх схьаэца г1ерташ а волуш, нахарш охьа эга киснара. Ахьмадан ши б1аьрг хьет1а баьлла. Зарас хичаш йо Совдате.
Ахьмад
Нахарш-м шортта ма кхуьнгахь?
Совдат
Цуьнан йац уьш. Тхан факультетехь гулдеш ду иза, цхьа мероприяти д1айахь. Т1ах1ир уггаре а тешаме ву аьлла, массара а бохча кхуьнгахь дита барт а хилла, иштта ду уьш.
Махаш
Список йуй шу?
Совдат
Соьгахь йу.
Махаш
Хьажа мегар дарий, завкафедрой хилча суна а хууш хилча…
Совдат
Ц1ахь йу, соьгахь йац.
Махаш
Вай и…
Зара
Иза студенташна шайна йукъахь г1уллакх ду, Махаш Бердиевич. 
Совдата нахарш шега схьаоьцу.
Совдат
Кхана схьадахьар ду ас, тахана хьуна новкъа хилахь а. Хьо аравала веза кху чуьра, х1аваъе. Хьуо валалур вуй хьуо, Т1ах1ир?
Т1ах1ир
Ву, х1инца г1олехь ву со.
Арахь аварий хилла г1овг1а хеза. Йуха х1орш ара бовлале, цхьа студент чу вог1у.
Судент
Махаш Бердиевич, кху чуьра араваьлла и стаг машен к1ела ваг1а, ч1ог1а лазви моьтту суна иза. Хаийта аса аьлла веанера со, иза кестта шуьца хилла волун дера.
Х1орш массо а вовшашка хьовсу, т1аккха Т1ах1ире.
Т1ах1ир
Кхин т1ахьало йолуш йац демократи а, вай ваьш а, амма самадовла ца туьгу-кх.
               
    
ЭПИЗОД-48


Х1орш шаберш а ара бовлу. Амма, Махаш сихха йуха вог1у. Уьн т1ехьара цхьаъ д1а тоттий, къамеле волу. Цигахь мухар долу зуда йу.
Зуда
Дийцал, х1ун ду шун цигахь? Ас аьлларг дирий аш Т1ах1ирца?
Махаш
Да-м дира. Цунна ч1ог1а вуон а хилира.
Зуда
Кхин х1ун ду ахь сагатдеш т1аккха?
Махаш
Казбек, кху чуьра араваларцаний машен к1ела ваг1на, лазийна ч1ог1а. Иза ара валале, Т1ах1ира хаьттира цуьнга: кхин ши сахьт даьлча хьо мичахь хир ву хаий хьуна аьлла. Казбека ша шен чохь кофе молш 1аш хир ву элара.
Зуда
Суна хаа луург Т1ах1ир ву. Нагахь санна цунна и х1айкал хьалха оьхьича вуон хуьлуш делахь… И х1ун ду хаий хьуна?
Махаш
Иза т1екхочехь ву-кх сихьрана…
Зуда
Цул а сов, иза цу хьехамчана т1е ца кхаьчча, йа церан барт ца хилла вовшийн. Иза вайн каравеана-кх. Амма и стаг мичахь ву х1инца а хууш дац. Цундера, хьох дикнаг а хилла, ахь Т1ах1ире иза схьавийцийта веза, цунна иза гинехь. Хьо кхеттий, Махаш?
Махаш
Кхетта, ойла йир йу аса, иза айса муха левийр ву.

Кху шинни з1е д1айолу. Х1ара къамел хезаш наь1арехь лаьтташ Совдат а хуьлу. Х1ара кхетта х1инца Махаша х1ун леладо. Сихха д1айоьду х1ара цигара.

 
ЭПИЗОД-49


Цу хенахь арахь. Асхьаба Заре кехат д1ало къайлаха.


Ахьмад
Со саций, ас х1ун накъосталла де хьуна, Т1ах1ир?
Т1ах1ир
Баркаллах1, Ахьмад.
Ахьмад
Нехан дерг ца хаа суна, со ч1ог1а реза ву ахьа делчу жоьпана а, ахь динчу хаттаршна а. Сан кхин цкъа а б1аьрг буьза хьох. Ткъа кхин д1адерш рицкъан белхаш бу. Дала хьуна а маршалла дойла, цу Казбекана а. Воьду со т1аккха. Асхьаб, ахь х1ун до?
Асхьаб
Со а дехьа волу хьоьцани. Т1ах1ир, хьо ледар вац хьуна, хьо лакхахь вара. 
Уьш д1абахча Зарас кехат доьшу.
- Зара, йиснарг дукха хан йац хьуна. Ларло, гучу ма йала. Т1ах1ир ледар вац хьуна. Тешаме ву. И жайна дагадан деза, хьайца лела ма делахь иза.


ЭПИЗОД-50


Х1оккхузахь цхьа жима стаг т1евог1у кхарна. Жимма дехьо соцу. Совдат а арайолу. Совдатан ца го и к1ант.
Совдат
Зара, х1ара х1ун ду дан мукъне а? Цхьаннах а тешам бац.
Зар
Совдат, х1ун хилла кхин? Хьо-м йу хьуна и тешам хьайх болуш а, дика накъост а.
Оццу хенахь жима стаг т1евеана лаьтташ караво.
Хьамза
Совдат, шу лаа дуй? Х1умма а хиллий?
Совдат
Хьамза, хьо муха нисвелла кхуза? Ахь х1ун леладо?
Хьамза
Иштта нисвелла-кх. Хьо ц1а-м ца йог1у?
Совдат
Йог1ур йу, цкъа х1орш д1а а баг1ийтана.
Хьамза
Дика ду т1аккха, со эцца дехьа ваьлла соцу, хьуна собар до ас. Цхьаний ц1а г1ура ду вай.
Совдат
Х1ан, Хьамза, х1ара Зара йу, хьуна йевзу хьуна х1ара, ткъа и лаьттарг Т1ах1ир ву. Цхьажимма могуш воцуш хилла х1ара.
Хьамза
Суна ч1ог1а хазахета шу сайна девзина. Совдата шу дийцар бен кхин болх бац тхан ц1ахь. Дика адамаш ду шу бохуш.
Зара
Хазахета хьо вевзина а. Совдатан ша дика хилча, иштта массо а ву моьтту дика. Тхо йуххера ца довзар бен дарба а дац.
Хьамза
Т1ах1ир, хьуна х1ун хилла, г1оле хетий хьуна? Больнице вигий хьо? Элп алале вай д1а-м кхачор ву хьо цига.
Зара дика тидам беш йу. Шен дагахь хазахетта кхунна, цхьаъ мукъне а Т1ах1ире даггара вистхуьулш.
Т1ах1ир
Ца, Дела реза хуьлийла хьуна. Со цхьа ши дош аьлла кхаьрга, д1авоьду. Совдат, ахь ч1ог1а накъосталла дира, Дела реза хуьлийла хьуна.
Зари машен схьакхочу.
Т1ах1ир
Зара, и кехат схьалохьа соьга, иза д1адаккха деза.
Зара
Ца лора аса х1ара хьоьга-м, айса дийр ду аса кхунна дандезарга-м. Х1инца массо а машенна чуховшал, соьга шозза ца олуьйтуш.
Хьамза
Зара, хьо д1аг1о хьо. Т1ах1ир а аса ша вуьтур вац кхузахь, сайца д1авуьгуш ву х1ара. Тховса х1ете а, со волчохь буьйса йоккхуш хир ву. Самагатде ахь кхунна.
Зара ша х1ун да деза а, ала деза а ца хууш йиса. Совдат а цецйаьлла, шен вешех дозалла а деш.
Совдат
Хьамзас аьллий, Хьамзас иза дийр ду. Кхана, парг1атехь дийца дезаш ч1ог1а х1ума ду, жимма хьалхе хьо схьайар хилахь дика а долуш.
Зара
Аша иштта бохуш хилча. – Совдатана лерехь. – Дика хьовсалаш цуьнга…
Д1асакъаьста.
Хьамза
Валол сан даттаг1, вай такса лецна д1атаь1ар ду.
Т1ах1ир
Шу д1аг1о шу, сан г1уллакх ду кхузахь. Со цхьана художниках кхета везаш ву. Аса вог1ур ву аьлла дош делла цуьнга.
Совдат
Т1ах1ир, хьуна Хьамза ца вевзу.
Хьамза
Вай хьан дош эрна хуьлуьйтар хьаха дац. Цкъа хьалха, х1ара йиша ц1а а кхетийна, вайша ахьа аьлчига г1ура ву. Кхин цхьа а х1ума со хаза лууш а вац.
Т1ах1ир белш саттайой реза хуьлу.



СЦЕНА-18


ЭПИЗОД-51


Пхьалг1а йу. Абу а, 1ела а ву чохь. Х1ара шиъ салам а лой чоьхьа волу. Цара т1елоцу.


Т1ах1ир
Х1ара сан накъост ву. Хьамза. Тешаме а ву. Абу, 1ела.
Абу
Хьо тешахь, тхо а теша кхунах. Чай, кофе?
Хьамза
Ас кофе мер йу.
Т1ах1ир
Сурт х1оттадай вай, чай мегар ду суна.
Абу
Мегар ду. Т1ах1ир, суна х1ун хета хаий хьуна, суна х1ара г1ала декъех йуьзна го-кх.
1ела
И жима къонах кхерор ву ахьа, хьо баккъал луьйш ву моттаделла.
Хьамза
Шайна дийца бага дог1ург дийца аша. Вай лерагаша мохь ловр болуш ду шуна.
Абу
Хьажал цуьнга, дукха ала ца хууш вуй, йа ала доцуш а.
Абус схьаэцца кехат а къолам а.
Т1ах1ир
Абу, суна иза г1енаха муха го хьуна аьлча, цхьа мухар а ду иза, йуха цхьа зорг а хуьлу иза. Цхьа ватикански зоргах терра. Таь11ана ц1ен-алла. Цу т1ехь 1аьржа сурт а. Ма1ш эр дара ас царех.
Абус наброскаш йо, Т1ах1ира т1е а хьоьжуш болх бо. Иштта сурт х1оттадо кхара.
Т1ах1ир
Х1аъ, х1инца суна ма-гарра ду-кх иза.
Абу
1елина дика хуур ду х1ара хьенан а, х1ун зорг а - маь1ан муха ду.
1ела хьоьжу.
1ела
Ахь а ма аллара, ватиканера зоргах тера йу.
Т1ах1ир
Х1инца х1окху тайпана мухар карон деза-кх. Мичахь лохур ду-м ца хаа суна.
1ела
Суна цкъа а хезна а дац х1окхунах, вайна кхузахь хир ду ала а.


СЦЕНА-19


ЭПИЗОД-52


Совдатера ц1ахь.


Хьамза
Кхана, вайшимма хьан йолуш йолу х1ума кхуза схьайахьар йу, ахьа аьллачу хенахь ваг1на. Хьан ц1а х1ара ду, тхо к1орда а дина хьуна тхо бале довлалца. Т1аккха а хьо кхузахь вуьсур ву, оха тхайна кхин амал бийра бу, цхьанхьа кхечанхьа. Суна дуьхьала дош ала пурба а дац хьуна.
Т1ах1ир
Суна ч1ог1а бег1ийла-м дац, амма ахь аьллехь, иза иштта хир ду, со кхетта.



ЭПИЗОД-53


Зара шен метта хьалайаьлла 1аш йу, наб ца йог1уш, шен ойланашца.


- Х1ара х1ун ду-у? Цхьана масех дийнахь, сан динна дахарехь а ца хилла хиламаш хила-кх т1екк1ал. Цхьана аг1ора хьо дика хета суна, вукха аг1ора, хьуна беш болу ницкъ ги суна. Кхозлаг1а: хьуна гена йала лууш йара со… Х1инца ма ца лаьа-кх суна хьо воцчига цхьанхьа а йаг1а. Делахь а, иза хьуна хаийта а-м ца лаьа суна. Муха хоуьйтур ду, масех де хьалха хьоьца вуон а хилла...


ЭПИЗОД-54


Т1ах1ир ву ша цхьаъ, керлачу х1усмехь. Халла хезаш до1а деш ву х1ара.
- Йа Аллах1… Йа Роббии… Сийлахь волу сан Дела. Со г1ийла карий суна, г1аддайна… Г1елвелла со… Хьуна луьйш вац хьуна со, йа Роббии, сайн арз деш ву хьуна со… Йа Аллах1, ч1ог1а халонга даьлла суна х1ара г1уллакх… Со Йусуф ма вацара, х1ара г1у ч1ог1а к1орга карий суна… Ибрах1им а ма ца хилла со, х1окху ц1аро морцу со… Йакъуб а ма вац со, х1окху сагатдаларо дог дут1 до сан… Йунус а ма хир вац сох, х1окху бодано садукъдеш лаьтта сан… Йа Аллах1, Хьан г1ийла лай бен ма вац со… г1елвелла со, г1аддайна, дан амал доцуш висна… Хьоьга цхьанге г1о доьху ас сан Дела, сайх теший ма витлахь со, б1аьрг нехар тухучу йукъана а…



СЦЕНА-20


ЭПИЗОД-55


1уьйрана. Т1ах1ир вог1у коридорчухула. Цигахь лаьтта ши йо1 а. Т1ах1ира кху шинги Абус диллина сурт д1ало. Зара т1оьрмаг боцуш йу.


Т1ах1ир
Зара хьан т1оьрмаг? – Зарас куьйга эшара аудитори чохь бу аьлла гойту. - Совдат, х1ара кехат даржо дезаш дар-кха, хьоьга х1ун далур дара?
Совдат
Хала дац. Дийра ду. Стен ду х1ара, къайле йацахь?
Суьрте хьовса.
Зара
Мухар ма ду иза? Сайна иза цхьанхьа гича санна ма хета суна.
Т1ах1ир
Х1ан, Зара, ахь и жайна дагийрий?
Зара
Меттиг ца белира, тахана дагор ду аса.
Т1ах1ир
Схьалол и соьга, ас дагор ду иза къулхьозаш а доьшуш. Схьа а ца достуш, йоза а ца гойтуш.
Зарас кхуо ма аллара схьакховдадо.
Т1ах1ир
Хьамза а, со а сийсара Казбекехь муха хьал ду хьажа ваг1ара. Лийр вац, кхин а вехар ву. Аша сагатдахь а аьлла хоуьйту ас шуна иза. И мухар, Совдат, цхьаннийна а ма гайталахь, къаьсттана Махашан.
Совдат
Йийцал т1аккха кхуьнан къайле, хьо шек ву Махашах?
Т1ах1ир
Доцца аьлча: ву. И мухар суна г1енах гуш ду, сайна и жайна гучу хенахь. Оцу жайница и доьзна ду аьлла тешна ву со. Х1инца и мухар лелош верг каравахь, т1аккха…
Совдат
Т1аккха корта гучуболу ала воллий хьо? Со а йу шуьга цхьа х1ума хьахо дезаш. Доцца аьлча, селхана Махаш оцу шен компьютер чохь къамел деш вара цхьаьнца, зудчуьнца вара аьлла тешна а йу со. Жам1 дича, иза ша хьоьца ву ша а моттийтана цхьа хьехамча, хьоьга схьавийцийта воллу.
Зара
Х1ара-м кхин а хазче долуш лаьтта.
Совдат
Кхин а кхерамче долуш ду бохий ахьа?
Т1ах1ир
Иштта делахь аса а тешор ву-кх иза, со цунах тешна аьлла. Цхьа боккха кегаре хила кхунах, схьалаца т1ам боцуш, т1е х1отто бух а боцуш.
Зара
Хьуна дукха т1етт1а ницкъ хилла, Т1ах1ир, иштта д1аг1ахь хьо вага а сахьт дац. Цхьаний ойла а йина болх бан беза вай. Цхьанни хала ду, хьуна дуьхьал боккха ницкъ хилча.
Т1ах1ир
Суна ч1ог1а лаара иштта, амма суна шу кху йукъа хьекхо ца лаьа кхин, цкъа оцуьнан копиш йаха, кхин д1а со ларор ву. Хьамза а ву суна г1о дийр долуш, цунна дуьхьала сан ницкъ а бац.
Зара
Ахь хьекхош дац тхо цу йуккъе, тхо тхаьш а ду цу йуккъехь. Суна Израиле билет оьцур долуш йу мама, шен йишица къамел дина цо, со ша цига д1айоуьйту аьлла. Совдатига ас дийцана иза.
Т1ах1ир
Вай, дика ду-кх т1аккха, хьо гена йера йу-кх кху балина. Хьо хьуо а ма йара кхузара д1айаг1а лууш.
Совдат
Цхьа хаттар ца дахь, со лоппаг санна эккхар йу-кх х1инца. Т1ах1ир, Аллах1ана гена валар, Цунах хервалар муха х1ум ду?
Т1ах1ир
Со кхетачу аг1ора алий ас. Хьо деша д1ах1оьттина универе, амма цкъа гучу а йолий ц1ахь соцу хьо. К1ира а долу, бутт а болу, ах шо а. Делахь а, куьйгалла сих ца ло хьо доьшучера д1айаккха. Хьан цхьа бахьана хир ду бохуш, цкъа гучу йер йу бохуш, 1аш бу уьш. Иштта херло хьо дешарах а, хьайн 1алашонах а. Х1инца ахь лохьа суна жоп: иза ларт1ахь болх буй? Хьо деша йеана хилча, з1е хила ца йеза хьан цаьрца? Дала хьо кхоьллина шен 1ибадат дайта, амма хьо х1умма а деш йац. Хьо деша а ца йоьдуш ц1ахь 1ар санна ду-кх и, Делаца йолу з1е д1ахадар. Уггар к1езга.
Совдат
Ткъа и духар ахь дийцина? Йовлакх лело дезий т1аккха?
Т1ах1ир
Хьуна деша схьайеача къолам, тептар ма эшара оьшуш-м ду иза. Хьайн лаахь, уьш ц1ахь дуьтуш схьэхахь деша, г1ентахь хиъна 1ийна д1а ц1а г1ур йу хьо. 
Совдат
И йовлакх сел деза, ладаме х1унда ду техьа?
Т1ах1ир
Зудчуьнан месаш (физико боху иза) ч1ог1а энерги йолуш йу, ткъа корта берзана хилча и энерги эрна йов, цкъа делахь. Шолг1а: джинша цу энергех энерги йуу боху, т1аккха и зуда массо а аг1ора г1ора доцуш а, эхь довш а хуьулу боху. Динехь а хьахийна и болх. Эхартахь, адам Йалсамане а, Жоьжахате а д1асабаькънчул т1аьхьа, бусалба нахана уггар доккха совг1ат – иза Аллах1 Ша гайтар хир ду боху. Иза ган массо а бусалба нах цхьана метте д1агуллур болуш бу боху. Беккъа цхьа зудрий боцурш. Уьш муьлхарш хир бу? Делан дуьхьа д1акъовлабелларш хир бу. Церан сий деш, уьш лоруш Аллах1 Ша царна т1евог1ур ву боху, Ша царна гайта, уьш меттах баьхна царна и хало а ца хилийта. Оццул сийлахь бу зудри Аллах1ан гергахь.
Зара
Бусалбачарна бен, кхин долчу адмана Аллах1 гур волуш вац-кха т1аккха? Хьена а(мозгана) синна а, дагна а, кху лаьттат1ехь а, цу эхартахь цул синк1оме х1ума хир а дац-кха.
Т1ах1ир
Дика би ахьа и тидам. Массо а х1уман бохь иза бу.   
Совдат
Кхузара д1а а далий шаьшшинни дист хилийша, со копеш йаха йоьду. (Д1айоьду.)
Т1ах1ир
Х1ара г1уллакх чолхе долуш лаьтта. Хьо а сацийна ас, д1а г1охьа хьо а, кхузара дехьа йала лууш ма йара хьо, кхечу универе?
Зара
Со йара, х1инца йац. Цкъа хьох х1ун хуьлу ца хиъча.
Т1ах1ир
Сох хирг иштта а хир ду, з1енехь хуур ду-кх хьуна, Совдата а ма дуьйцур ду хьоьга.
Зара
Хьо ца кхета, Т1ах1ир, суна ца лаьа цхьанхьа а д1айаг1а. Суна хьуна г1о дан лаьа. Селхана, Хьамзас х1оттийна г1иллакх сайн гича, шун ирс хийтара суна. Со суо цхьаъ йу, иштта йуххехь сан цхьа а вац.
Т1ах1ир
Хьо кхин йац хьо цхьаъ, Зара. Тхо хьуна йуххехь ду, ахь йуххе дуьтучул йуххехь.
Зара
Суна 1оттар йеш вуй хьо?
Т1ах1ир
Дага а-м ца деана иштта х1ума хьоьга ала. Со а ма ву, - цхьан аг1ора, - со суо. Ца хета хьуна иштта?
Горгали бека.
Зара
Дешар д1адаьлча, цига бешахь дист хилийтахь вайша.
Т1ах1ир
Хьайн т1оьрмаган х1ун до ахь?
Зара
Бицбина, кхузахь буьтур бу. Х1инца хан к1езга йу, сихха цхьа г1улчаш ца йахахь.


ЭПИЗОД-56


Совдатана т1аьхьа кхуьу Махаш.


Махаш
Совдат, ахь суна кхин жоп ма ца делара, х1ун дагахь йу хьо?
Совдат
Хьо кхехка а вина саг1ийна д1авекъа дагахь йу-кх.
Махаш
Оццул ч1ог1а хьо суна оьг1аз йаг1а, соьгара х1ун доьжна?
Совдат
Соьга ахь алахь: хьоьца дика х1ун ду?
Махаш
Ахь ма-дарра дийцича вайшиммо шадерг а бертахь къастор дара, хан ч1ог1а к1езга йу.
Совдат
Хьайх тешам байина ахь сан.
Махаш
Муха, маца, стен т1ехь?
Совдат
Со теш хилар, лармаза, ахь Т1ах1ир хьайх тешавина болх бийр бу олуш.
Махаш
Хьуна иштта ч1ог1а веза Т1ах1ир?
Совдат
Веза, сайн бусалба ваша санна. Сан ваша ван а ву иза х1инца.
Махаш
Ондда ницкъ болуш нах бу, царна адам дер, моза берал башха хало а ца хеташ. Хьуна иза хиънийла хаахь, хьо а дийна йуьтур йац цу наха. Хьайгахь латтаделахь иза. Суна а гуш ву Т1ах1ир, ц1ена дог долуш ву иза. Иштта нах к1езга го т1аьхь-т1аьхьа. Иза цу неха нийсса новкъахь нисвелла, иза ч1ог1а дика дац, Совдат.
Совдат
Ахь г1о де цунна т1аккха, дой ахьа?
Махаш
Муха де аса иза. Цунна г1о дан ницкъ болуш цхьа шайх ву, кхин цхьа а да вац. Иза б1ов чохь д1алечкъача а, иза кхечу материк т1е д1авахча а. Бозбуанчалла ч1ог1а ду церан.
Совдат
Иштта и делахь, цу стага х1унда ца до цунна г1о?
Махаш
Иза суна а ду синк1оме: х1унда ца до? Йа уьшиъ вовшийн т1е ца кхаьчча, йа цунна Т1ах1ир шен оьшург вац аьлла, д1атесна витна. Цунна цуо г1одеш делхьара, оцу жайнаша цунна х1умма а дийр дацара. Цул ч1ог1аниг а ду цаьргахь. Ц1ен-алла мухар долуш цунна т1енислахь, т1аккха Т1ах1ир церан шаверг а кара г1ура ву.
Совдат
Мухар, ц1ен-алла мухар? Х1ара дуьйций ахьа? – Шегара кехат д1агойту.
Махаш
Хьуна мичара даьлла иза? Хьоьгахь х1ун деш ду иза? Хьо дийна йолушехь йелла лара мегар ду х1инца, и хьуна гиний царна хаахь.
Совдат
Со йалитахь, иштта а цкъай бен вехаш а вац кху харца дуьненахь, амма Т1ах1ир а, Зара а дахийтахь. Царех доккха беркат хир ду нахана.
Махаш
Хьуна х1ун хаа цунах? Х1ара эцна стенга йоьдуш йу хьо?
Содат
Ас хьашт доцуш гайта хьуна иза, со хьох ца теша, хьо цхьа тешнабехк бан г1ерта тхуна массарна а?
Махаш
Цу т1ехь-м бакълоьра хьо, амма селханалц иштта дара иза.
Совдат
Къера а ву хьо-м? Селхана х1ун хийцаделла, ц1ен ло деана?
Махаш
Ц1ен ло хира-м ду, шу дукха гена девлла. Селхана, Т1ах1ире ладоьг1уш со кхийтара иза мел ц1ена са ду. Мел лакхара кхетам болуш а. Иза дийна вуьтур воцийла а. Казбеки куралла кагйира цо, цуьнан 1есалла а йохош. Кофе мала ваг1нарг, валарний-висарний йуккъехь ву. Х1ей, вайша ч1ог1а парг1ат даьлла. Хан йац йанне а. Иза стенга хьош ду ахь? Т1ах1ира делла хьоьга иза, шеко йац сан. Цунна бен хуур долуш дацара иза.
Совдат
Суна кхуьнан копи йеза, масех. Йоккхий ахь?
Махаш
Иза со вейта куьг йаздар ду. Мегар ду, схьало. Амма ас хьоьга йуха лур йац, йала йезачуьнга айса д1алур йу.
Совдат
Цунах ца ловзу вай.
Махаш
Иза диллана сурт ду, Т1ах1ирехь бухахь а хир ду цунах дерг. Т1ах1ир 1овдал вац, цхьа копи эцна виса.
Кхуо куьг д1акховдадо, Совдата эххар а д1ало.
Совдат
Хьаьнга д1адала деза цо соьга ца аьлла.
Махаш
Сайна хаа моьтту суна иза-м. Т1ах1ир хьайна гахь, аса цхьа копи Асхьабе д1алур йу ала ахь, иза кхетар ву хьуна.



СЦЕНА-21


ЭПИЗОД-57


Асхьаб чоьхьа волу Билал волчига.


Асхьаб
Билал, х1ара сурт даийтина Т1ах1ира.
Билал
Х1инца вай болх д1аболор бу. Кхин вуьтур вац вай Т1ах1ир цхьалха.
Асхьаб
Х1инцалца витар х1ун маь1ан дара?
Билал
Царна моттадалийта, вайца цуьнан з1е йац аьлла. Ткъа, Т1ах1ирна хаийта, мел боккха кхерам бу царгара. Цуьнга шен дарс схьаэцийта. Иза ши а некъ кхочуш хила. Х1инца уьш ч1ог1а сихлур бу.
Асхьаб
Хьо кху махкара д1авахча?
Билал
Со ида веана ма вац. Мелхо а со гучу вера ву царна. Х1инца ч1огг1а тасадалар хир ду кхунах, вайгахь меттахдовлар ду, ткъа толам Делехь бу.
Асхьаб
Х1ара соьга схьаделларг Махаш ву. Керта т1е хиъна 1аш ву моьтту суна иза.
Билал
Вац, х1инца вац. Иза сехьа лаьтта х1инца. Х1инца вай цхьацца кечам бина х1ум дийра ду. Валол соьца.



СЦЕНА-22


ЭПИЗОД-58


Бешахь.


Зара
Кхин д1а х1ун хир ду т1аккха? Коьртехь лаьтташ мила ву хууш дац?
Т1ах1ир
Билал волчу ваг1ча хаа там бу. Хьуна билет эцний?
Зара
Эцна хир ду хьа-х. Хьуна байташ йезий?
Т1ах1ир
Йеша-м йоьшу ас сайна. Вуьштта, цхьанни хьалха йеша-м хуур дац. Слух йац сан, музыкальни.
Зара
Цхьа а ца йоьшу ахь?
Т1ах1ир
Кхерам белахь а, цхьа мог1анаш дагар дийр ду ас, байта-м хир йац кхунах.

Кхунна 1а дезар, иза б1аьстенца эвхьаза дацахь.
Ткъа йо1а дов дора, д1ауьдура, д1айовра, - 1индаг1.
Кхуо лоьхур йист йоцу безам, эзара чаккхам генахь.   
Ткъа цо-м иза чехавора, хуушехь воций - мостаг1.

Кхуо шен кийрахь 1а1ора цунна лерина цхьа дешнаш.
Ткъа йо1а буьйсане йуьйцура шен къайле, - меллаша.
Хьо вогура х1ораза, ца туьгур самдовла г1енаш.
Ткъа йо1 тешнера, ца йага шена г1о до - до1наша.

Зара
Муха хиъна, кхетта хьо ас буьйсане… Хьо шек хилча, цкъа а хьаха а ма ца дир ахьа захало? Х1унда? Со йара иза, хьалха, к1анте хьахо дезарг?
Т1ах1ир
Мехкаршна шайна везарг бен ца оьшу, к1антана иза мел йезча а. Аса сайн дагар хаийтича а пайда ца гора суна, хьуна а изза лууш дацахь. Со хьоьжуш вара хьоьга, хьан дог маца долалур ду суна деттадала бохуш, сайнаг хьуна ма деттадалара.
Зара
Х1инца хаийтахь ахь хьайн дагара. Ма т1аьхьа кхийта-кх хьо, Т1ах1ир, сан дог хьо дуьххьара гичхьана а дара карзахе. Цунна ма йара со хьох йада лууш. Ахь ала-м элар, йадарх к1елхьара йер йац аьлла.
Т1ах1ир
Хьо реза хуьлу т1аккха соьца хьайн дахар доза? Иза атта хир доцийла хьуна хьайна а гуш ду.
Зара
Х1ан, иштта боху ахь: цкъа хьалха хьайга йола, т1аккха, хьо йаг1ахь а, суна оьшуш-м йац хьо, сан дахар чолхе ду?
Т1ах1ир
Хьо кхоьллин волчу Аллах1а, ч1ог1а хаза адам кхоьллина-кх. Хьо соьца хиллал сан ирс ду а моьттий техьа суна?
Зара
Т1аккха хьо со д1атоттуш ву, йа т1еийзош хуьлу? Къесташ цхьаъ ала, Т1ах1ир!
Т1ах1ир
Суна хьо иштта кегайелла ч1ог1а хазахета.
Зара
Дика ду, со йоьдучига д1акхаьчча ойла йира йу аса, ахь сайга ца аьллачуьнан. Со сацо хьо дагахь а ца хилча. Т1аьхьа ма хилахьара-кх, ой, т1аьхьа ма висахьара-кх хьо. Ма вуьсур ву-кх.
Т1ах1ир
Хьан дас, нанас, хьо соьга ца йаийта Марси т1е хьажор йу-кх.
Зара
Уьш битахь, хьо вийцахь, хьо! Хьо х1ун лууш ву? Ас ма хала доккхаш ду хьоьгара и ши дош?
Т1ах1ир
Зара, Аллах1ан дуьхьа, Вай Пайхамаран, Делан Аьлчан (соллаллох1у 1алайх1и ва саллам) суннат кхочуш деш: йолахь соьга, къагаде-хьа сан дахар, малхал а сирла къагий, баттал а ц1ена ц1анлой. Седарчий хилий хьайх, муьлхачу а аг1ора со хьажарх, хьой бен суна кхин х1ума гура доцуш.
Зара
Со реза йу, Т1ах1ир, со чо1га реза йу хьоьга йан, хьо сайх вада ца ведчхьана, сан да-нана бехке а дина.



5-ый АКТ

 

ЭПИЗОД-59


Хьамза схьакхочу.


Т1ах1ир
Хьамза? Х1ун хилла?
Хьамза
Совдат…
Зара
Х1ун хилла Совдатна?! – мохь болу.
Хьамза
Совдат йен далийтан герз Махашан кхетта. Иза ч1огг1а лазийна. Совдат аса ц1айигна. Х1инца шуьшиъ д1адига а веана со.
Т1ах1ир
Д1адоладела х1ара. Зара, хьо къайла йала кхуьнца. Со Билал волчу кхача хьожур ву.
Зара
Со ц1а г1ур йу т1аккха…
Хьамза
Х1окху минотехь дуьйна хьо, сан ч1аг1о йина йиша йу, хьо тесна а йитна со 1ийра вац. Хьох хьакхалуш дерг иза сох а хьакхало кхул т1аьхьа.
Т1ах1ир
Кхин д1а вай г1улчаш нийса ца йаг1ахь, вай оьшуш доьрзур ду. Х1ара, Хьамза, шайн ц1а ма йига, цига кхочур бу уьш. Кхин йуххера гергара нах белахь, цига йигахь х1ара хьайн йиша. Суна а синтеме хир дара.
Хьамза
Ишттам со суо вац. Сайца накъостий балийна аса. Мансур, схьа т1е хилал шиа. Х1ара шиъ т1аккха хьоьца хир ву, Т1ах1ир. Кхаьргахь герз ду, эшахь аьлла. Аса Зара д1акхетор йу, сайна тешаме хетачу гергарчу нахе.
Зара
Суна ца лаьа иштта, ши б1аьрг хьаббийч санна хир йу со, б1аьрзе. Сан са туьйр дац.
Т1ах1ир
Цхьана шина сохьтан мукъне г1охьа, цул т1аьхьа… Х1ан, Хьамза, шу эшча муха карор ду суна?
Хьамза
Сан де йиша Насу йу, Совдатан хуур ду хьуна т1аккха. Иштта-м, аса сайн шича воуьйтур ву цигар хьал-де хаа. З1е латтор йу вай. 
Т1ах1ир
Зара, х1уу а хилахь а, хьуна х1инца хаа-кх бакъдерг. Суна къинт1ера йаьллехь.



СЦЕНА-23


ЭПИЗОД-60


Зуда лаьтта букъ берзийна, Артур чу вог1у.


Зуда
Т1аккха, х1умма а хиан хьуна?
Артур
Хиа. Хьехамча кхузахь ву. Асхьабца гина иза.
Зуда
Биллгала иза вуй муха хиъна?
Артур
Иза ларвеш нах бу, шайгахь герзаш а долуш.
Зуда
Х1ун леладо цо?
Артур
Иза Т1ах1ир лоьхуш волчух тера ду. Махаш лазийначул т1аьхьа гучу ваьлла иза. 1алашо ца хаа цуьнан.
Схьайоьрзу. Х1ара Лариса хуьлу. Кхуьнгахь мухар а ду х1инца.
Лариса
Вайна Т1ах1ир цунчул а хьалха каро веза. Далур дуй иза?
Артур
Ницкъ кхочург дийра ду. Хьан йо1ца универ чуьра араволуш га-м гина иза. Х1инца стенгахь ву хиъчхьана.
Лариса
Совдатана хуур ду йо1 мичахь йу. Сан ц1арах цхьаъ ваг1ийта, да-нана сагатдеш ду цунна алий. Сихо йе. З1е д1а ма хадийта. Хан кхечна-кх т1аккха шайх? Мичахь лела хьо, схьагучувалал цкъа, гайтал хьо.
Артур
Т1ах1ир каравахь х1ун деш ду? - Тийналла лаьтта.
Лариса
Иза вайна верзор ву вай. Цуьнга дойтур ду вай диснарг. Боьха болх цунна т1е буьллур бу вай.
Артур
Цо аьлларг деш ца хилахь, йа цхьа дагахь доцург нислахь?
Лариса
Иза волу меттиг цкъа схьакарайе, со цига т1ейог1ур йу. Циггахь цуьнца дерг аса чекхдоккхур ду. Кхин цхьаъ хаттар. И киллер кийча вуй шун?
Артур
Хьан омре хьоьжуш 1аш ву иза.
Лариса
Цуьнан болх ч1ог1а ладаме бу хьуна, иза тилкхазвалахь мегар дац хьуна. Маца - ас хоуьйтур ду хьуна. Массо а х1ума шен-шен полки т1е охьадилла деза, хан т1екхаьчча.
Артур
Вицлора хьуна. Ломара кегий нах а, кхузара а вовшах бетталуш хаабелла. Царгахь герзаш ду а бохура, хаам бечо. Схьахетарехь уьш оцу молло гулбеш болчух тера а ду.
Лариса
Иза ма дика хир дара. Т1аккха-м вай программа к1еззиг хийцалур йу. Цкъа аса хьайга аьлларг чекх даккхий х1ума де. Йуха суна т1екхача сихха. Кхин д1а вай дендерг аса т1аккха, дуьйцур ду хьоьга. Х1орш хьа бу вай, вовшийн дуьхьдуьхьал х1иттийна, кхарга вовшашна герзаш доьттуьйтур. Иштта д1аболалур бу, вайга бен сацалур боцу тайп-тукхамийн т1ом.



СЦЕНА-24


ЭПИЗОД-61


Билал, Асхьаб а ву Даьрхехь. Т1ах1ир схьакхочу.


Т1ах1ир
Билал, х1ун ду хуьлуш лаьттарг? Дукха доккха меттах хьар ма хили кхунах.
Билал
Вай Къуръано де бохург деш ду. Нагахь санна хьайна машар хилийта лаахь, ницкъ гулбе, вовшах тоха, д1агайта боху вайга. Вай иза деш ду. Ницкъан дуьхьала ницкъ баккхар бен дуьсуш, йа дитна х1ума ца хилча.
Т1ах1ир
Т1ом хилахь?
Билал
Бийр бу-кх. Амма ахь самагатде. Царна х1инцале а д1ахиъна хир ду х1ара х1ума. Ницкъ гича уьш х1уьттур бац г1улчаш йаг1а.
Т1ах1ир
Хьаьнца ду х1ара, муьлш бу уьш? Т1аккха, д1аса а муха къестар ду?
Билал
Цара, шаьш лернаг хуьйцур ду х1инца. Царна х1ун дуьсу т1аккха? Х1илла. Цхьа талор дар. Х1ара зеран сахьт ду.
Т1ах1ир
Аса х1ун дан деза, иштта лаьттана вер вуй со? Кху денна кийча хила везаш вацара со?
Билал
Хьо царна каравалца, цара цхьа а г1улч йоккхур йац. Х1инца царна хьо кхин а ч1ог1а оьшу. Вай х1ун дийр ду аьлча, вай сихлур дац. Цхьа хьаша ву схьакхача везаш. Вай кхана хьо гучу воккхур ву царна, вайн кечам а бина. Кхана хьан доккха зер хир ду. Йо1 къайлайаьккхина йу ахьа, иза царна мел лиъча а тахана карор йац. Иштта, наь1аран дог1а вайгахь ду, цкъачунна. Вай иза схьайаьллалца цу чу цхьа а вог1ур вац. Валур вац.
Т1ах1ир
Иза-м йац цигахь сацалур, шина-кхаа сохьтехь бен.
Билал
Хаа суна иза. Цундера ахьа, Хьамзана т1е хьайца схьавеана ши къонах ваг1ийта, и йо1 йалуш кхуза схьавола алий. Цо а буьйса кхузахь йоккхур йу. Цунна иштта цхьа а кхерам хир бац.


СЦЕНА-25


ЭПИЗОД-62

Лариса йу ц1ахь.


Минкаил!
- Х1ун лууш йара хьо?
Лариса
Х1ара стаг чу ма ца веана, стенгахь ву иза?
Минкаил
Мин-Воде Аэропорте ваг1на, цхьа хьаша схьавало.
Лариса
Х1ун хьаша, кху йуккъехула чу?
Минкаил
Иза-м ца хаа суна, цуо ца дийцар.
Лариса
Артур з1ене ваьллий?
Минкаил
Х1аъ. Кхин цкъа а иза вистхиллалца бохуш 1ара со. Зара, цкъачунна карийна йац, йа Т1ах1ир а. И молла лома хьала воьдуш гина.
Лариса
Х1ета-м шадерг а кхеташ ду, цо шеца д1адигна иза шиъ.
Минкаил
Цуьнца цхьа стаг бен вацар, - бохура.
Лариса
Х1ун кегош ву хьо, ван ткъа? Х1ара кху деношкахь къаьстара-м ду хьуна. Дагахь а доцург динца ахь. Суна ца моьттура хьо гучувера ву.



СЦЕНА-26


ЭПИЗОД-63


Даьрхахь. Т1ах1ир а, Хьамза, Зара. Кхин берш а. Зара а, Т1ах1ир а йустахо 1аш ду.

 
Зара
Х1ара х1ун меттиг йу, Т1ах1ир? Вайн г1алахь мукъна а дуй вай?
Т1ах1ир
Х1ара хьалха, советан 1едал т1едале туька хилла г1ишло йу. Тишйелла т1оьхлура. Бухахь хьуна ма гарра ц1анйина, кечйина йу кхара. Х1ара кхеран туш ала мегар ду. Г1алана чохь йу, амма йуьстаг1о лаьтта. Кху аг1ора адам лелаш а дац. Кхеран цхьа кооператив йу кхузахь. Х1орш бен кхуза дог1уш адам дац.
Зара
Мама хьерайаьлла хир йу, эцна билет а долуш, со карара йаьлла. Да а хир ву массанхьа а орца деккхина хьийзаш, со кара а ца йина.
Т1ах1ир
Хьо к1адйеллехь, хьуна садо1а лаахь, хьуна кечйина чоь йу хьуна?
Зара
Кхин а цхьа жимма хьоьцана 1а лаьа суна. Кхане х1ун дахьаш йог1у а ца хаа.
Т1ах1ир
Иза бакъ ду.
Зара
Хьо цхьа хийцавелча санна ма хета суна, цхьа сингаттаме? Х1ун ду хьан сагатдийраг, суна хууш доцуш?
Т1ах1ир
Тахана уггар а сан самукъа даьлла де дара, х1ара муха хийцадела хьуна гуш ду. Иштта ду-кх х1ара дуьне а, дуьненан белхаш а. Пайхамара (соллаллох1у 1алайх1и ва саллама) аьлла, дахар цхьаъ бен дац, иза а эхартахь дерг ду аьлла. Иза ч1ог1а бакълуьйш а ву.
Зара
Т1ах1ир, х1инца со кхера ма йел! Хьан дуьхьа сецна йу со кхузахь, шуьца. Сайн ц1ерчарна айса мел сингаттам а, цатам а бахьий хуушехь. Со сацар нийсса доцийла а кхеташехь. Шадерг а хьоьга х1ара г1уллакх хьалха-т1аьхьа даккхийта, хьан ка алссам хилийта.
Т1ах1ир
Зара, вайшиъ вовшийн реза хиллачул т1аьхьа, хьох дуьззина жоп луш верг со ву хьуна, массарна а ахьалха. Уггар а хьалха Далла хьалха. Хьо аса аьлларг дина сецна йу, вайн динехь ниса доцуш х1умма а дац вай деш. Вайн 1алашо иштта йацара, амма вайн кхолламехь иштта хилла х1ара.
Зара
Иштта иза сайна гергахь тидна сацам бир-кха аса а. Со х1инца, хьалха Делах тешна, цул т1ехьа хьох йоьзна йу аьлла. Иза аса бина къастам бу. Х1ета суна ч1ог1а лазаме ду, хьоьца цхьа дагахь доцург нислахь. Цунах кхоьруш йу со.
Т1ах1ир
Дала йаздинарг бен цхьа а х1ума хир дац. Хьо кийча хила йеза, вай Дала зуьйчунна. Х1уъу а хилахь а, хьуна д1ахоийла, Зара, сан хьоьца бен де1а са дацара хьуна. Хьоьца бен цхьана кедара мала ирс а дацара хьуна. Б1аьргана дукха го, амма даго цхьаъ къастадо. Сан б1аьргаш гина а девла хьуна, сан дог къастийна а даьлла хьуна. Хьой бен кхин амал а дац хьуна сан.
Зара
Т1ах1и-ир, хьо сан 1одика йеш хир ма вац? Хьо со тесна йита воллуш хир ма вац, суна хьо схьакарийначу хенахь? Т1ахи-ир?
Т1ах1ир
Вац, мичара, цкъа чорпано вагинчо хина х1уп баьг1на боху. Иштта со а ву-кх. Хьо садо1а дехьайалале, мелла а алссам сайх лецна хьоьга ойлайайта кхиа г1ерташ ву со-м. Цхьа а х1ума хьоьга дийца кхиъна а ма вац со.
Зара
Кхуьъур ву, Дала мукълахь. Х1ара хьалхара г1улч бен а ма йац вайн.
Т1ах1ир
Зара, дехьа чу а йале, садо1а хьайна, вайна кхана чолхе де хила мегаш ду. 
Зара
Дика ду, т1аккха, ахь аьлларг дийра ду аса. Дала г1о дойла вайна.
Зара дехьа йолу. Т1ах1ира Хьамзе вист хуьлу.
Т1ах1ир
Хьамза, сан весет ду хьоьга. Нагахь санна, дагахь доцург хилла болх хилахь, Зара хьан йиша йу хьуна, ахьа т1е ма лаццара. Цуьнан дика дола делаш. Совдатига иштта алалахь. Сан да-нана а кхетаделахь хиллачух ма-дарра. Хьо цец а ма вала, массо а бусалба стеган весет хила дезаш ду.



СЦЕНА-27


ЭПИЗОД-64


Кхана дийнахь. Бешахь.


Билал
Х1ара беш йолу меттиг г1оле хир йу цхьанакхета. Вай кхузахь дуйла хаийтина царна, уьш т1ебахка беза. Шу шиъ т1етт1а дог1ур ду, ша-ша а долуш, дуьхь-дуьхьал. Вай нах массанхьа а д1ах1иттийна бу, куьг кхочехь. Церан ка ца йалийта вайл т1ехбойла. Церан а хир бу шайн цхьа кечамаш. Вай массо а х1уманна кийча хила деза. Вай т1етевжинарг Аллах1 ву. ХьасбуналЛах1у ва ни1мал вакил! Х1уъу а хилахь а вай олу: Родзийту билЛах1и Роббан ва биль Ислами динан ва би Мухьаммадин набийан (соллаллох1у 1алайх1и ва саллам). Т1ах1ир, до1а деш вуй хьо?
Т1ах1ир
Дера ву.
Бисмиллах1! Д1асадовла х1ора шен-шен меттиге.



СЦЕНА-28


ЭПИЗОД-65


Лариса. Ц1ахь.


Артур
Иза ахь вейт везаш ма вара, цигахь санна иза вен атта меттиг бер а ма бац.
Лариса
Кхин а бу некъ.
Артур
Делахь х1ета, хьуна цулла а г1олехь дерг дагадеана-кх?
Лариса
Мел чо1га г1олехь дерг. Цхьаъ хилла ца 1а, шиъ-м ду. Цхьаъ вукхул а ч1ога. Гур ду хьуна.
Артур
Куш оьцур йу-кх.
Лариса
И шайх, Т1ах1ира гола вог1ийтур ву, массарна а хьалха. Хьайгахь дикнаг герз карахь хилийта, цуьнан бен т1ехь отпечаткаш а хир йоцуш.
Артур
Боккъала а и ницкъ кхечча хьан?! Ма ч1ог1а болх хир бу цунах ба-м х1ай. Шен мутъ1еламо вуьйр ву иза. Ма сурт ду иза да-м х1ай. Ас сурташ дог1ург а кийча хилийта олу.
Лариса
Иза-м суна а дага ца деана х1ума ду. (Йоьлу даггара.)
Артур
Зара, иза ма йу церан карахь?
Лариса
Хилийтахь. Ас аьлларг ца дича хуьлу и санна дерг а. Цара цунах п1елг а 1уттур бац, иза дуьненна а хаьа. Кхара зудчуьнан сий ч1ог1а лардо. Цунна сагатдан ца оьшу. Цуо а шен роль дика ловзош йу. Коьрта дерг, и к1ант йо1ана т1е ойла йаг1ана хилчхьана.
Артур
Султан схьакхачаза ву х1инца а. Мин-Воде ваг1ана ма хилла иза-м?
Лариса
Схьакхочур ву иза. З1ене йаьлла.
Телфон йека.  Артура схьаоьцу.
- Кхийтар. Тхо а цига д1адог1у. Меттиг ц1анйе, кийча хила. Зара а, и к1ант а бешахь гина х1инцца.
Лариса
Так, и х1ун ду? Цигахь х1ун хила тарло? Ткъа и стаг?
Артур
Иза вац. Шаьшшиъ ду.
Лариса
Х1уман чам хуъур бац, ахьа иза кхаллалца. Цига вай а, сихха д1а т1едоьлху.



СЦЕНА-29


ЭПИЗОД-66


Бешахь.


Кадрехь т1ах1ир а, Зара а ду. Х1ара шиъ геннара схьа т1едог1у вовшийн герга хиллалца, цигахь лаьтта, цигара д1асадоьду. Йуха а т1етт1а дог1у, соцу. Дист хила долуш санна т1ехуьлу вовшийн. Кхузахь меллаша йаьккхина съйоьмка хир йу.

Т1ах1ир
Зара, ас хьан дега хьо йеха нах бохкийтур бу. Хьо реза хир ма йу?
Зара
Хир йу, муха хир йац?
Т1ах1ир
Т1аккха вайша, каникулашкахь цкъа Алма-Ата а даг1ана цигар д1а -Макка г1ур ду. Цигара д1а…
Лариса
Дукха сиха-м ца велла техьа хьо, жима къонах?
Зара
Мама, хьо муха йу кхузахь? Х1ун деш?
Лариса
Хьуна х1ун моьттура, хьо ас нахе лохуьйтур йу моьттуш йара хьо? Кхара корта 1ехийна хьан, шайн боьха тешнабехк а беш. Хьо сийсаз йина кхара. Амма хьан дас кхарна и дуьтур дац. Цуо кхуьнан дега ч1ир д1ахьейина. Х1орш шай бозбуанчаллица г1ара бойла х1инца. Бакъду, ша болу бехк х1окху к1ента бац, х1ара оцу шайх ву ша бохуш ведда лелаш волчу мошеннико тилийна. Вай х1инца шадерг а д1анис дийр ду. Дуй, Т1ах1ирчик?
Т1ах1ир
Х1ун ду иза, Лариса Лазаревна?
(Т1ах1ир цхьа хийцавала волало. Зара а цецйаьлла кхунах.)
Лариса
Красавчик! Иштта метта вог1ур ву хьо.
Ларисас шен куьйгаш т1етесна бедар д1айоккху, Артуре д1ало, йуххе д1ах1оьттина волчу. Цу куьйгахь и ц1ен-алла мухар хуьлу, стогар леттача санна къегаш. Т1ах1ир шен багахь цхьа къесташ а доцуш г1ам-г1им дан волало.
Лариса
Т1ах1ир, тхо дац хьан мостаг1ий, ткъа хьо 1ехийна, тилийна волу и Билал ву. Иза ву хьан уггар а луьра мостаг1. Хьуна х1айкал даьккхина цо. Амма оха хьуна г1о дийра ду, дарба а дийр ду. Амма цхьа х1ума ду ахь ца дича ца долуш, хьо к1елхьара ваккха хьайн лаахь. Зара, хьо гена йалал, машен чу хаал. Артур, д1ахьажайаьл х1ара цига.
Зара
Со цхьанхьа а г1ур йац, кхузахь хуьлуш дерг х1ун ду хаъалца. (Артуре) Суна аьттехьа ма воьллахь, ас могуьйтур дац хьуна.
Оццу хенахь кхарна т1ейог1уш масех йо1 хуьлу. Лариса цецйаьлла царех.
Царех цхьаммо.
Йо1
Шу стенна гулделла кхузахь? Оцу йо1е а х1ун де боху аша?
Артур
Кхин д1а когаш бетта шайн, нагахь шаьш д1адахьийта ца лаахь.
Йо1
Ма къонах ву. Мехкаршка до иштта оьзада доцу къамел? Х1ара зуда а х1ун колдавать деш йу кхузахь? Лариса шабарш деш йу кху йукъана а.
Артур
Х1ун йу ахь йуьйцург, аса цхьа т1ара тоьхна ц1ийш д1атуьйсийтар ма дара хьоьга.
Йо1
И боху-кх аса. Хьажал хьайн иза муха нислур дара чаг1алкх?
Шайгара шаьлтанаш схьайог1у маьхкарша, ц1ог1а а тухуш.
Йо1
Т1ах1ир! Хьо тхоьца вуй?!
Кхузахь Лариса йоьхна. Т1ах1иран ц1е йаькхча цхьаъ гал долу кхуьнан.
Лариса
Т1ах1ир, х1орш хьан мостаг1шна г1о деш бу хьуна. Кхаьрга ла ма дог1алахь.
Эццехь Билал схьат1е вог1у. Т1аккха Ларисас омра до.
Лариса
Т1ах1ир, иза ву хьан луьра мостаг1, ве иза!
Артура тапча д1ало бехчалга йуккъера т1ам д1а а кховдош. Т1ах1ира иза схьа а оьций Билална т1ехьажайо. Т1ах1иран куьйгаш т1ехь цхьа дуткъа килонка санна х1ума хуьлу.


ЭПИЗОД-67


Кхузахь т1екхочу Султан, шеца нах а болуш: Авхьад а, кхин цхьа стаг-хьаша а.


Султан
Х1ара бу-кх шун болх: бозбуанчалла, х1инца герз даьккхина… Билал йуй хьан ц1е? Хьо ву х1ара нах карзахбохуш талорш дан араваьлларг? Ахь кхин х1ун дийра дара, х1айкалш дохуш, джини белхаш беш лелаш волу? Х1инца-м хьан мутъ1елам ма ву хьуна т1е герз а лецна лаьтташ, жайна харца даьлла хьан? 1ийса, хьайна гуш ду-кх хьуна хьайн к1анта лелориг!
Цунна т1ехьара 1ийса сехьа волу, Т1ах1иран да.
1ийса
Аса хьо деша аьлла ваийтана ма вара, хьо х1ун лелош ву? Ма йуьхь1аьржа х1оттави ахьа со. Аса иштта кхиъийна ма вацара хьо. Охьадилла хьайгара герз. Меллаша охьадилла. Со хьан да ву хьуна, Т1ах1ир. Ас хьайга аьлларг де, долчун т1е ч1ир а ма хьарчайе вайх…
Лариса
Иза дан ницкъ кхочур бац хьан х1инца. Хьо дукха т1аьхьа висан. Хьайн к1ант тесна а ца вуьтуш, дола дан дезаш хиллера ахь. Дукха зуламаш дина оцу стага, хьан к1антана х1айкал а даьккхина, х1инца цуьнан стом бууш ву хьо а, тхо массо а. Т1ах1ир йуха вер вац. Ша вуьйр ву иза аьлла герз каралаьцна кхуо.
Т1ах1ира тапча йулу. Массо а кхера ло.
Зара
Т1ах1ир! Ма тохалахь! Ма тохалахь! Хьо левеш ву хьуна! И стаг хьуна мостаг1 вац хьуна! Охьадилла герз!
Лариса
Д1асацайе и хьайн муц1ар, пис-пис!
Т1ах1ира тапча охьайохуьйту.
Лариса
Стаг вац хьо, Т1ах1ир, зудбере ла стенна доьг1у ахь? Иза-х хьо шел а лахара хеташ йара. Ма сиха вицвелла хьо?! Х1ан?!
Т1ах1ира т1аккха тапча хьала ойбу, иштта лаьтта. Йуха ц1еххьана тапча вовшах йоккху. Патармаш чуьра охьаэга.
Лариса
Пис хилла хьо а!
Кхузахь цхьа жима стаг мохьа хьокху.
Шайхан омра кхочуш деш ас вуьйра ву Султан!
Шегара тапча йула кхуьу, йуха кхосса а. Дукха сиха иза хилла, цхьа а кхеташ а вац хуьлучух. Амма, Т1ах1ир кхуьу Султан хьалха д1ах1отта. И х1оъ кхунах чекхболу. Х1ара вужу. И тапча тоьхнарг Билалица болчара д1алоцу.
Хьамзас лаьттара схьаоьций, Т1ах1ир машен т1е вуьгу.
Хьамза
Х1ара сихха лоьрашна т1екхачо веза! Нацкъара хила, некъ бита!
Султан а г1еххьа воьхна, 1ийса а, цхьа Билал воцург.
Зара Хьамзана т1аьххье д1ахьоду. Цунна йуххера д1ацайолуш больнице йоьду. 1ийса а царна т1аьхьа воьду.
Билал
Султан гуш вуй хьо, х1ара болх хьан кечбина бара? Иза хьан кертара зуда йу. Мичахь йу иза?
Д1асахьожу. Лариса кху кегарна йуккъера а йаьлла д1атилла.

---
Султан
Иза толлур ду, т1аккха хуур ду бакъдерг.
Билал
Бакъдерг йуьхьдуьххьал ду. Хьан йо1 а йу цунна теш.
Билал дехьа волу.
Султан
Х1ара х1ун спектакль йара?
Авхьад
Дера ву со, и стаг бакъ ву моьттуш, массо а абзацана. Лариса йедда хиларо а гойту иза.
Ларисин т1оьрмиг схьабахьа. Цуьнан охьабоьжна бисна болу.
Авхьад
Х1ара т1оьрмиг бевзий хьуна, Султан?
Султан
Бевзу. Х1ун ду т1аккха?
Авхьад
Чохь долчуьнга хьовсий вай, йа 1едал нахе д1ало?
Султан
Схьабаста.
Авхьада схьабосту. Цу чохь х1айкалш хуьлу. Ладуг1урш а хуьлу. Тапча а.
Авхьад
Х1ара кхин цхьа тоьшалла ду Ларисина дуьхьала.
Султан
Авхьад, шадерг а талла деза, вайна хаа деза иза хьан болх беш хилла а, иза стенга йаг1на а. Ц1а иза г1ура йац. Со больнице воьду, оцу к1антана оьшучунна. Цо тахана со к1елхьара ваьккхи воьчура.
Авхьад
Вайн ницкъочучу барамехь толлар ду. Следовательшка а …
Султан
Уьш бита, цара шайн болх шаьш бийра бу, вай новкъа г1ертар дац царна. Хьо кхийтан аса бохучух?
Авхьад
Х1инца кхийта.



СЦЕНА-30


ЭПИЗОД-68


Больницехь бу х1орш. Кхузахь Совдат а йу. Д1акъовлайелла йу х1ара х1инца.


Лорйиша
Т1ах1ир эт1ийна бохкуш бу. Х1инцца бевла.
Лор араволу.
Лор
Цуьнан йуххера мила ву кхузахь?
1ийса
Со ву цуьнан да, йуххера х1орш массо а бу цуьнан. Тхоьга схьа ала ахь х1ума ма-дарра.
Лор
Х1оъ оха схьабаьккхира, даган йуххехула баьлла хиллера. Амма, цхьа ц1еххьана дог сеца-кх цуьнан.
Зара (мохь болу)
Ма ала, дог сецна! Велла ма ала! Х1унда валийта аша иза? Х1унда…
Зара а дог г1еллой охьайоьду, Совдата схьалоцу. Йуха палати чу йуьгу, лор ша хьожу, кхин а лор зуда а схьат1ейог1у.


ЭПИЗОД-69


Совдат йу Зарана йуххехь йелхар къурдаш деш 1аш. Зара х1инца а меттайаьана йац. Султан чу вог1у.


Султан
Совдат, кхин сама ца йаьлла Зара?
Кхуо корта лестабо.
Султан
Совдат, хьо иштта гахь, Зара метта йеача йуха а вон хир ду цунна. Хьо ч1ог1а гайта йеза ахь. Хилларг хилла даьлла.



ЭПИЗОД-70


Т1ах1ир араваккхаре хьоьжуш бу биснарш, иза ларвеш. Амма цу чуьра цхьа а ара волуш вац. Лор а д1авайна цу чохь. Билал ву х1инца кхузахь гуш. Ши б1аьрг а хьаббина до1а деш ву. Лор ара волу.


Лор
1ийса?
1ийса
Со кхузахь ву.
Лор
1ийса, тхуна ца хаьа иза муха эр ду а, амма Т1ах1ир - садоь1уш ву.
Массо а Билал волчу д1абоьрзу. Важа х1инца а 1аш ву до1анца.


ЭПИЗОД-71


Хьамза
Ас Совдате хоуьйту, Зара самайаьлча… - Д1ахьоду цу аг1ора. Султан араволуш го кхунна цигара, Хьамзас цуьнга х1умма а ца олу. Иза жимма дехьа а волийтий, х1ара д1а чу воьду цига. Х1инца меттах хьеш йу Зара а. Совдат иза хазахетта, шен б1аьргаш хих д1ац1андеш го. Зарас ши б1аьрг схьабоьллу. Кху шинге хьожу, йуха йелха йолало. Совдата цунна г1о до йоьлхуш, шиа ах1и деш йоьлхуш йу. Хьамза хьоьжуш лаьтташ ву.
Хьамза
Шуьшиъ хазахетта йоьлхуш йу, йа халхетта?
Совдат
Х1ун дуьйцу ахь, Хьамза?
Хьамза
Т1ах1ир саде1а волавелла, ас и дуьйцу-кх…
Тийналла х1утту.
Хьамза
Сиха ма ло, Т1ах1ир метта веана, лоьро дика ву бохура. Со шуна иза хаийта веанера шуна хазахетар ду моьттуш, шуьшиъ-м йоьлхучуьра соцуш а йац. Суна кхаъана х1умма а йала…
Зара хьалатасало шен меттара.
Хьамза
Зара собарде! Цигахь хьан да а ву, Т1ах1иран да а ву, хаза хир дац хьо иштта, йеана цигахь гича. Коьртнаг, хьуна х1инца хаьа, иза дийна вуйла а, сихха товелла кхузара вай ц1аг1ура дуйла а. Меллаша, меллаша.
Зара
Дика ду т1аккха, со 1ад 1ийра йу.
Совдата Зара маракъовла.



ЭПИЗОД-72


Т1ах1ир 1уьллу шен палати чохь. Цунна т1ех1оьттина араволуш ву Билал. Зара а йеа кхуза, Совдат а йу кхуьнца. Зарин коьртахь а ду х1инца йовлакх.


Билал
Зара, хьо дика ма йу? Дала 1алаш йе шу шиа. Совдат, хьо а йуй ларош? Дика накъост йу хьо, дика адам а ду. Аллах1ана гуш ду шу. Цу чу ма г1о, кхузахь, корехь хьажа. Кестта аравоккхур ву кху чуьра, хьелур вац, Дала мукълахь.
Зара
Ваши, суна хьуна хаийта лаьара, со… и мама а…
Билал
Зара, самагатде хьайн, суна хаа иза хьан десте йуйла.
Зара
Маца… ткъа, Т1ах1ирна?
Билал
Ахь айхьа хоуьйтур ду цунна, иза хьалаг1аьттича. Х1инца собаре хила.


ЭПИЗОД-73


Х1ара коре йоьдий хьожу. Т1ах1иран а б1аьрг кхета кхунах. Иштта дуккха а лаьтта х1ара, б1аьргара хиш а ледаш. Цигахь Хьамза а т1евог1у кхарна.


Хьамза
Сан йиша, хьо муха йу?
Зара
Чу садог1уш ду. Кхана арайер йу-м бохура лоьро. (Йоьлху.)
Хьамза
Йелха хьо, г1оле хуьлу олу иштта.



ЭПИЗОД-74


1ийса а т1евог1у.


1ийса
Берш муха ду шу? Дала дика хуьлуьйтила. Хьо йарий Зара? Муха хета хьуна?
Зара хьала а ца хьожуш корта лестабо.
1ийса
И х1ун ду, хьала бахийтал цкъа и хьайна дашо корта. Кхин ма гайталахь суна хьо иштта. Ас дозалла до хьан дех, хьо санна йо1 кхиах йеллий цуьнга. Совдат а йу иштта оьзда йо1. Шу тхан доккха дозалла ду. Тхан дегнашка лалур дац шу иштта г1ийла гахь. 
Хьамза
Ма нийса боху ахьа ваша.
Х1инца схьа алал соьга, аша массара а шайна оьшург. Со жима стагал а дика ларор ву шун г1уллакхе хьажа.
Хьамза
Цхьа а х1ума оьшуш дац. Дела реза хуьлийла хьуна. Тхо дехьа довлу, Т1ах1ире вист хила хьайна.
1ийса
Цхьа а меттах вер вац шух. Цкъа ладог1ал соьга, сайн хезначух эр ду ас: «лозуш берг букъ бац шун, ткъа мохь бу, ахь хьуш болу. Къийлалуш дерг лаг дац шун, ткъа дешнаш ду, ахь алаза дисна долу, йа аьлларш, оьг1аз вагг1анчохь. Дог дац лозуш дерг, ткъа цуьнца йолу адамалла йу, цо лазвахь а, цуьнца доккха дарба а ду». (… точка) Цуьнан дарба соьгахь дац, иза шуьгахь ду, цунна шу оьшу. (Д1авоьду.)


ЭПИЗОД-75


Зара
Цхьана шина дашца ша мила ву дийца-кх цо. Цхьаволчунна, суна а санна, динна дахар оьшу ша мила ву шена хаан а, нахана хаийта а.
Совдат
Вайна керла завкафедрой х1оттийна. 
Х1орш коре т1ех1уьтту. Т1ах1ира шегара трафарет гойту. Цу т1ехь х1ара йоза ду:
ЦКЪАЦКЪА  УЬШ  ТУЛУ,  ЦКЪАЦКЪА  ВАЙ  ТУЛУ…

1ийса ара ваьлча, цигахь шаберш а хуьулу лазархошка хьовса бехкина. 1ийсас чу ца бохкийтий д1абоьлху.


                КОНЕЦ


Рецензии