Хам боцчохь риц1къ ца дебба
Хам хуаш геналлехь лаьтта
Халонаш син-дегчохь 1аьт1начун
Халонна доьхьло йан хаъа
Качвина доьзаллехь кхиъвинарг
Цецваьлла халоне хьоьжу
Марвуьхкуш хеназа хьистинарг
Воккха хил д1аваха ца туьгу
Дай-Нена хьиесапе ладуьйг1уш
Дика ду хьоменаш - баьхнариг
Вехар ву доьзалло эйбина
Цагойтуш сиркъонан къаьхьалла
Х1у боха тиеша – ашш олуш
Де-Нене доьхьло йеш лаьттаниг
Къоналло вожавин хьийзавеш
Воьрзар ву къизалца лахьтане
Ц1къа мацца а туьха ца кхаьлланчун
Накхар-мез ца хаъа чам
Иштанехь дуьнен риц1къ хьийшанчо
Бийра бац адаман хам
Свидетельство о публикации №226031800829