Керла зама
йаханчу заманах со хьиега веш
Сан ойла 1адийна, ч1аналлие йирзина
бертаза сан дахар-х йесар а деш
Сан мот а сецна бу, дош ала ца туьгуш
аьхь-бехках, хийраллех, со лара веш
Дахаран амат ду, б1аьргаш д1а къуйлуш
сох дуьйлу г1алаташ хьелла а деш
Сан доьзал т1еманна «ловзарехь» кхиъна бу
сан воккха хилара къизаллиехь ду
«Хьай Нана лойла хьан» - хьоминаг бохуш
виначу Нанаса ларвина ву
Маржа йа1-кх х1ей зама, ма къиза хили хьо
массийта оьмаршкахь та1зарал деш
Сан оьзда миска къам ма готта хьовзи ахь
догмашчу халонна къиз 1атт1ам беш
Свидетельство о публикации №226042900630