Къаналлийн-къоналла
Наь1ар нуьйра кийча йу
Датон варкха-х дуьрста йу
Топ а х1оъац йуьйлан йу
Болат шаьлта ирйин йу
Хаьнт1и оьллин тур а ду
Таьллашк йиллин мажар йу
Белшах тесна верта ду
Майраллийца дог а ду
Х1ейта аьлла дег1 а ду
Доьнал долуш гуо ма бу
Даймохк ларбан кийча ду
Буолар ма-ду жималиехь
Ойла ма-йу исбаьхьлехь
Маж-мекх ма-ду хьийзана
Нохчийн йаьхьах дуьззина
Маржа йа1 хьо жималла
Сиха йелла къаналла
Дино йадйин воккхалла
Сан х1усамие йоссийна
Свидетельство о публикации №226042900675