Тийналла

ТИЙНАЛЛА

Ма дукха хезна и махбоцу хабараш,
Цкъа дуьжу уьш, тIаккха гIовтту йуха а…
БIарзвина, … барзаха уггIула,
Гуонаха гIетточу гIовгIанаш…

Iаьткъина, синна а кIордош,
Хабарчийн бухбоцу дийцарш…
Мекарлон цIура а хьийзош,
Эхь дайна, питане къийсамаш…

И мАса, догкIезга, нах беха
Той дина мотттаргIийн кхачанах,
Шаьш тилла, хьо а гIерташ Iехо,
Йахь йоьхкина, йилбазчу ахчанах.

КIадвелла, синтемза висинарг,
Йуй-тIехьа ша-виса къайле,
ДIатедан, шен хезнарг, гинарг,
Цхьаалла йиллина гIойле…(?)

Суо-сайца, вита со хIинца(!),
Леррина, ладегIа тийналле…
Сайн доьхначу дегIаца, синца
Тийналла а сабIаьрза хилале…


Рецензии