ДАДА - ОТЕЦ

Со вина сан Нана, кхолларан ага
Хьихи ахь суна   дуьнент1аьхь ваха
Дуьйцара дайшкара схьадеъна г1иллакх
Денна а хьоьхара  нийсонца хила

Жимачуьнц -жима а, вокхачуьнц-воккха
Оьшачахь сиха а, ишта а  токкха
Майралийц  корт эйба,  г1иллакхехь - олла
Аматан билгаллонш, гайтира кхолла

Амма ма дарра бакъ дериг дийцича
Аьхь-бехкех ца волуш хьаккъ дериг  вийцича
Дахаран г1иллаккхаш   цамагдеш кхада
Со ваха  1амийнарг, вара сан   Дада


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →