Г1иллакх доцчу х1усам-нанна
цакарйина шоллаг1 Нана
Йовзаза йеларкха дависарг
Сан б1аьр-са ма г1ийла хилла
Мостаг1чуьн керта махьийзарг
Дакъаза со ваккха кхиъна
Хезна йац наха хьо йуйцуш
Сан лергаш къора ма хилла
Дош а ца хийтира дуьйцург
Сайн дог ас хийла д1а къийла
Дависа-кх экаме биезам
Анане воссий ахь со
Къор-б1аьрзе хилла сан тиешам
Де керта йоссий ас хьо
Къинт1иера йалалахь Нана
Хьоьга ла ца дуьйхи асс
Сох дели къоршаман г1алат
Хьан дег-чу йуьллуша вас
Ва марша ма йа хьо сан керта
И шийла 1адика хиларг
Дакъаза со ваккха ма г1ерта
Тиешам-бехк хилла ахь бинарг
Доьху хьоьг йерзахьа духне
Порталлан ца бостуш шед
Цахьоьжуш сан х1усме йуха
Йерзахьа хьо йинчу керт
Свидетельство о публикации №226061401680
