Чеченская-шуточная
Нанас бохург къахь-дал доьлча
Дадас бохург тер-мер хезча
Воккха хилли хиар суна
Ненац хабар доцца хилча
Дадех 1аьхь-бехк совнах баьлча
Царна оьг1аз эха воьлча
Зуда йало лиар суна
Зуда керта йоссайича
Цуьна эсал буолар гича
Дуьйцу хабар цхьанние деъча
Кура вала лиъар суна
Чайна стака шийла хилча
Хьокхам кийсак йутт1а хилча
Чорпан кад а чаьмза хилча
Нана дага йеар суна
Свидетельство о публикации №226061500908
