Пьеса Къоьжачу лаьмнийн дийцар

Яха Эдилсултанова

Пьесан декъашхой:
1. Марьям – нана.
2. Мовсар – Мареман к1ант.
3. Буолат – Мовсаран накъост.
4. Воккха-Дада – йуьрта имам.
5. Ваша – Воккха стаг
6. Жима Пет1мат – Воккхачу стеган к1ентан йо1.
7. Боулатан йиша.
8. Нускал – йоккха хилла Пет1мат.

Довзийтаран дош:
 Цхьа гена-хьалхлера заманчохь, ширачу Кавказехь, стиглан дукъах г1оьртина 1аш долчу къоьжачу лаьмнех тийсалуш, букурхьийзаш мархниш а, йолуш, ткъа цера баххьашкахь ловзуш йочлу акха гезаршка стиглара охьа ира б1аьрг бетташ, шайна ижо лоьхуш, лаьмнийн тешаме г1аролаш, аьрзонаш а йолуш, лаьмнашца луьра хьийзачу г1ашлойн некъашкахула,т1улгийн чхьарашна юккъехула схьадуьйлучу шийлачу шовдане бог1уш, къона кемсийн таьллинг санна, шайн дог1машца оьзда мехкарий а болуш: жимачохь экима хьажарца, къона дог безамах дуьзна, Делера пурбанца, дахаран некъ  цхьаьна бан барт хилира сий долчу Бойсхаран а, Мареман а.
Мареман з1ойне еларо а, ирсечу б1аргийн сирлачу з1аьнарша а, хетуьйтура Дала х1ара дуьне цу шинна дуьхьа кхоьллина ду аьлла!
 Амма, к1езиг доьг1на хиллера бовхачу малхана шен з1аьнарш ц1енкъана юккъехь ловзуьйтуш, церан х1усаме хьежа… Майра къонах Бойсхар г1азотехь кхелхира… Ялсманийн бошмашкахь парг1ато карийра цунна…
 «Цхьаъ, шиъ, кхоъ» бохуш, багарабора Маремас шен к1ентан Мовсаран дуьххьарлера когаш,  кийрахь худучу сингаттамо шен иэго юткъа белаш куьйгашца сеца а еш, мела б1аьрахиш д1а-схьа а хьоькхуш.
 Дуьне-дахар кхи-д1а а, дахара. Яьссийн бердан йистехь лаьттачу Мареман х1усамо дан тоьшалла долуш, дуккха хиш д1адаьхьира тулг1енаша х1етахь дуьйна. Жимчохь йисина нана шен кхоллам а, сада1ар а, жимачу Мовсаран дуьхьа хеташ яра. Къинхетаме, догц1ена кхуьуш вара иза.
 Д1аоьхура сингаттаме, еха буьйсанаш. Мехкарийн ч1аба юцарах тера дог1уш, оцу буьйсанех дуьйцина дара Мареман дийцарш а, туьйранаш а. Уьзуш дара къоман 1адаташ а, хаза г1илкхаш а, къонахийн майралла а, мехкарийн оьздангалла а, хестош. Мовсар тешна вара иза х1ора къонахчо т1елаца дезаш дукъ хиларх.
Эрна цахилира Маремас тийсина са. К1ант кхуьъуш вара къонахчуьнан коьрта аматаш долуш – майра а, оьзда а.
Кхи-д1а иштта дара…

Сцена 1

Воккха стаг а, Мовсар а.
(Мареман а, Мовсаран а, х1усамехь)

Воккха стаг: Дика мел дерг дог1ийла х1окху х1усаме! Цхьаъа вуй чохь?
Мовсар: Ву. Со ву чохь. Марша вог1ийла Ваша!
Воккха стаг: Цхьаъ стаг чохь хиларо-м  х1ума орамца хуьйцу! Ассаламу 1алайкум, жима къонах! Хьан ц1е х1ун йу?
Мовсар: Ваалейкум Ассалам, Ваша! Мовсар ву со. Схьа чувала.
Воккха стаг: Баркал, къонах. Х1оккхахь охалахлура ву со. Схьавола, суна йуххе. Маса шо ду хьан?
Мовсар: Барх1олг1а шо ду сан.
Воккха стаг: Хьажал хьайна! Хила ваьлла накъост ву-кха!
Мовсар: Аса мала хи лой хьуна? Хьо генара вог1уш волчух тера ду.
Воккха стаг: Шийла шовданан хи мала дика-м хира дара.
Мовсар: Аса дохьу.
(Мовсар хи дохьуш вог1у)
Воккха стаг: Дукха вехийла! Алхьамдулиллах1! Хи дика ду! Хьуна муха хиъира со генара вог1ийла??
Мовсар: Суна дагахь лаьттара вара хьо, вай долчехь гинехь.
Воккха стаг: Х1уманан тидам болуш ву-кха хьо, т1аккха? Иза дика ду. Дахарехь оьшура долуш ду. Ткъа, стенгах ду да-нана а, йиш-ваша а?
Мовсар: Уьш Ялсаманехь бу. Нанас боху иштта.
Воккха стаг: Дала Шен къинхетам бойла д1акхелхинчерах а, т1ег1ондолчу вайх а! Суна хьан да вевзаш хилли-те? Ц1е муха йара цуьнан?
Мовсар: Бойсхар хилла иза. Нанас дуьйцура, иза цхьаннех кхоьруш цахилла бохуш.
Воккха стаг: Нана стенгахь йу?
Мовсар: Иза ч1еш лахьо йахна, со ц1ахь витина. Селхана, хи чохь луьчуш т1улгана т1ехь шершина, ког керчинера сан.
Воккха стаг: Хьан дех-ненах лаьцна, дуккха а, дика х1ума хезна суна, кхузара вацахь а. Бойсхар, шел майраниг хира воцуш,  къонах вара. Тешаме а, оьзда а, доьналла долуш а, вара. Холкъанан эсехь лаьттира ду цунах лаьцна дийцарш а, масалаш а. Х1ара х1усам йу жимма йуьртана нацкъара.
Мовсар: Сан дас дина ду х1ара ц1а. Хьалха тхоьца де-нана йара 1аш.
Воккха стаг: Сан ма-йу, Пет1мат ц1е йолуш, к1ента йо1. Де-нана цуьнан а, яц. Цунна совг1аташ дан дезаш ву со. Соьци марзо алсам йолуш, т1аьхьа йолхуш йиси, Дади бирдуолаг!
Мовсар: Ваша, хьо цхьанха гена вахан ара ваьлла волчух тера ду.
Воккха стаг а: Дера ву со, жима къонах, беха некъ эцна араваьлла.
Мовсар: Стенга воьдуш ву хьо?
Воккха стаг: Хьаьж-ц1а ваха нийят дина воьдуш ву со. Иза герга некъ бац.
Мовсар: Хьой ву хьо цига воьдуш, Ваша? Цхьаъа вац хьоьци?
Воккха стаг: Жимма дехьа ваьлчи, Дег1астан чохь, хила там бу уьш… Амма со ша-цхьаъ вац… Цига вахан нийят кхолла делчхьана, цхьа тамашина г1ан-набарш дара суна дуьхьала туьйсуш. Церан маь1нан т1аьхьа цакхуьуш вара со х1иццалц. Амма, тахана со сама вели.
Мовсар: Х1унда гущ хилла хьуна, Ваша, и г1енаш, т1аккха?
Воккха стаг: Хьалха, дехьара схьагучу ломаца воьдура со оцу шахьара. Ткъа х1инца, кху Яссийн йистехула вог1уш ву. Аса х1ара некъ х1унда хаьржи – иза Далла дика хаьъа. Дика хуъуш вериг Дели Ву… Дера Ву…
Мовсар: Вайна са довш ду… Хьо вайгахь 1ен веза тховса.
Воккха стаг: Йиш йац сан саца. Амма, со воккхавеш ву хьо сайна вовзарна а, х1ара
х1усам гарна а. Х1окхула мехала дарс кхаьчна йац суна, х1окху дуьненчохь айса йоккхучу хенахь. Хастам бу хьуна Везан Дели! Тамашийна ду дахаран некъаш! Делахь а, со воккхавеш ву тахана кху некъа нисваларна! Мовсар, хьуна хьехар дан лаьъа суна. Ладог1а лерина соьги. Дагахь латтаде.
Мовсар: Со ладуг1уш ву, Ваша.
Воккха стаг: Д1аэца х1ара бохча. Чета дилла иза. Нене д1алура ахьа. Кхана, д1огера схьагучу берданан дехьа, даьккхина дечиг карор ду шуна. Оцу раг1онан  къелла схьадохура аша иза. Нана 1алашйелахь.  Диц ма де, Ялсамане ненан когаш къеллахь йу. Даймохко а, нанас а, тешнабехк бийра бац хьуна. Хьан дахарехь уггаре а, дези шиъ х1ума ду уьш. Бахам болчу стагана вохьа ма та1лахь, мискачунна куралла ма елахь – нисонна т1ехь ву аьлла, г1ара вера ву хьо. Хьайн къоман 1адаташ а, г1иллакхаш а, ларделахь – адамийн ларам хира бу хьоьци. Буо берийн а, къанойн а, дола делахь – рицкъана эшам хира бац хьуна. Доттаг1алла ларделахь. Х1ара дуьне деригге дуьхьала делахь а, тешаме накъост хьан велахь, эшор вац хьо. Урс дуй хьан?
Мовсар: Дац. Пхийтта шо кхаччи, сан де доьхка а, урс а, лелора долуш ду аса.
Воккха стаг: Д1аэцал х1ара урс… Даимана хьайгахь дитлахь х1ара. Жима делахь а, ира ду хьуна иза. Эшначохь схьадаккха хира ду хьуна. Ловзош леладан мегаш дац хьуна и. Ткъа х1инци, со д1а вахан веза. Хьан нана йу ц1а йог1уш.  Со малеха ала цуьнга. Бохчанан чохь дерг соьгара саг1а ду ала.
Мовсар: Дика ду.
Воккха стаг: Д1а-1е, жима къонах. Хьошала дарна Дели рези хуьлийла хьуна. Ненан дола делахь. Маьрша 1ойла!
Мовсар: Некъ дика хуьлда, Ваша! Со нанна г1о дан воьду т1аккха.
Воккха стаг: Дуьхьала г1уо хьайна, г1уо дер-ам! Дала 1алашдойла шу!

Сцена 2

Марьям а, Мовсар а.
(Мареман а, Мовсаран а х1усамехь. Марям белашна т1ехь ч1ийшан ц1ов бохьуш йог1у)

Марьям: Мовсар, вохьа кхетара ву хьо, меллаша вола…
Мовсар: Нана, аса г1о дай хьуна?
Марьям: Мегш ду, дехьара маь1иг схьалаца. Х1ун дара вайгахь? Цхьа веанери вайга?
Мовсар: Нана! Вайга Ваши веанера.
Марьям: И мила ву?
 Мовсар: Суна иза гина вацара хьалха. Иза вай долчера вацар.
Марьям: Иза х1ун луъуш вара?
Мовсар: Мала хи дийхира цуо. Кхана оцу берданан дехьа даьккхина дечиг хира ду
бохура. Иза вайшинга схьада бохура. Х1ара бохча делира цуо, хьоьга д1ало аьлла.
Марьям: Х1ун йу иза? Х1ара дашо ахча ма-ду!
Мовсар: Вашис делла. Хьоьга д1ало элира цуо.
Марьям: Стенга вахна иза, Мовсар? Ва, сан Дели, аса х1ун де-те? Мовсар, и Ваша стенга вахара, стенгара схьавеара иза?
Мовсар: Со ара велира, мохь тухуш хезчи. Ваши уьт1ахь латташ вара.  Суна хаъац
иза стенгара веара, йа стенга вахара. Ша малеха элира цуо. Оцу бохчанна чохь дерг, шегара саг1а ду ала бохура..
Марьям: Ваа, сан Дели! Аса х1ун дан деза-те? Схьавола, вайша Воккха-Дада волче дахан деза.  Цунна дика хуъура ду.

Сцена 3

Марям а, Мовсар а, Воккха-Дада а.
(юртара имаман х1усамехь)

Марьям: Де дика хуьлийла хьан, Воккха-Дада!
Воккха-Дада: Марша дог1ийла шуьшиъ, Марям! Дади борз, схьавола, суна юххе! Мовсар, цкъа хьажийтахь со хьайга!
Марям: Воккха-Дада! Могшалла муха йу хьан?
Воккха-Дада: Далла хастам бу. Дика ву со. Шуьшиъ муха ду? Х1ара урс ма-хаза ду хьан! Дада хьажийта.
Мовсар: Суна х1ара Вашас делла.
Марьям: Урс делла цуо хьуна? Воккха-Дада, со йеъана хьоьги цхьа х1ума дийца. Накъостал эшна.
Воккха-Дада: Схьадийца, Марям, со ладуг1уш ву. Вохьа хаъа.
Марьям: Ваши! Со ч1еш лахьо яхнера, к1ант ц1ахь витина. Со чукхочуш, х1окхо соьга х1ара бохча дели, цхьана Вашас делла шега аьлла.
Мовсар: Урс оцу Вашас делла суна.
Воккха-Дада (бохчана чу а хьожи): Делахь, х1ети, х1ара дуккха бахам ма-бу…
Мовсар, дийцахьа Дадина ма-дарра. Муха вара и Ваши? Къу вари-те иза?
Мовсар: Дера вацар! Иза дика стаг волучух тера дара. Мохь тухуш хезчи, ара
велира со. Цигахь лаьтташ Ваша вара. Цуо соьги мала хи дийхира. Да-нана стенгахь ду, кхи дуккха а хаттарш дира
Воккха-Дада: Муха вара иза?
Мансур: Суна хьалха гина вац иза вай долчехь. Къена вацара иза. Суна х1ара хаза урс делира цуо.
Воккха-Дада: Ша стенгара вог1уш ву элири цуо?
Мовсар: Ломара вохьа вог1уш ву элира цуо
Воккха-Дада: Мовсар, кхи х1умма дага дог1и хьуна цуьнанх лаьцна ала?
Мовсар: Аса хи деара цунна мала. Хабарш дуьйцуш 1ийра тхойшиъ уьт1ахь.
Цуо хаьттира вайгахь 1аш мила ву а, нана стенгахь йу а, аьлла. Сан да воьвзара цунна.
Воккха-Дада: Шеха лаьцна х1умма элири-те?
Мансур: Цаэлира. Х1а-а, элира! Цуо шен, жима а йолуш, к1ента йо1 йу элира. Цуьнан де-нана яц бохура. Цунна совгат дан луъуш ву бохура ша. Х1ара бохча шегара саг1а ду ала бохура.
Марьям: Иштта дийцира кхуо суна иза.
Воккха-Дада: Марям! Ахьа са магаттаде. Схьа гарехь, иза комаьрша а, к1инхетаме а, адам хилла. Далла лиъна хилла иза буо беран саг1а дохьуш ваийта.
Марьям: Аса х1инца х1ун дан деза, алахьа Воккха-Дада?
Воккха-Дада: Марям, сайга хоьттуш делахь, кхерамза х1ара бохча со волчехь дитар хира ду. Оьшучунна схьаэца парг1 т йиш хира йу хьан. Дала 1алашдойла вай!
Марьям: Амин!
Воккха-Дада: Чоьхьа довлу вай, Марям.
Марям: Воккха-Дада, чу г1ура ю со.
Воккха-Дада: Мовсар, хьуна д1а ехкина Дади марзалгаш ю. Схьа эци вайшима уьш?

Сцена 4

Воккха стаг а, жима Пет1мат а.
(Хьунха ду. Пет1мат диттана т1ехьа лечкъина)

Воккха стаг: Стенгахь йу-те иза? Цхьогало д1а йигна-те, йа тарсал санна диттана т1е
йаьлла-те?
Пет1мат: Цайигна, Дада… Амма, хьуна со карар йац.
Воккха стаг: Мегш ду. Аса жимма садо1у, делахь. Хьо цигахь 1е хьайна.
Пет1мат (гучу йолуш): Дада, вайшима цхьана сада1и? Со-м к1адйелла хьуна… Хьажахь, ма-дукха зезагаш лехьийна аса!
Воккха стаг: Хьажал хьайна, дера лехьийна-кх! Ма-хаза ду х1оруш! Д1о схьагучу
йуьхкан т1ехь садо1у вайшима. Хьо Дади кара йола. Мацйелли, Дади Пет1мат? 1аж бези хьуна?
Пет1мат: Х1аъ. Дада, хьуна муха хиъира со меци йуй?
Воккха стаг: Дади йо1а лергаш хуьлу-кха жимма меттах дуьлуш, мацйелчи. 
Пет1мат: Дера цахуьлу! Хьажал хьо! Х1инца дуй? Ма-дац!
Воккха стаг: Х1инца-м дац, дера дац…
Пет1мат: Дада, вай 1ежаш уггаре мерза-ма-ду, дуй?
Воккха стаг: Дера ду! Пет1мат! Хьажахь, ма-хаза хьун йу, ма-ц1ена х1аваъ, 1алам ду! Х1ара деригге Дала луш ду хьуна! Лардан деза, кхиъо деза! Т1аккха, баркаллийца совдуьлуш иман-беркат хуьлу лелочунах.
Пет1мат: Дада, ахьа суна тховса муьлха туьйра дуьйцура ду?
Воккха стаг: Хьуна муьлхурнаг хаза лаьъа?
Пет1мат: Нана, дада суна Ялсаманера совг1аташ дохьуш деана туьйра дага дог1и
 хьуна? Иза деза суна!
Воккха стаг: Иза вайшима х1ора буса дуьйцуш ма-ду… Пхьагалех а, ч1егардигах а,
лаьцна дийци аса хьуна?
Пет1мат: Х1а-х1а, иза йуха дуьйцура ахьа. Хьалха суна совгаташ дохьуш дериг
 дийца.
Воккха стаг: Дика ду. Пет1матас аьлларг дийра ду-кха Дадас. Хьалха иза дийцина,
т1аккха наьрта-аьстахойх лаьцна дуьцура ду. Мегира дуй?
Пет1мат: Дада! Мела дог1а ду-кха вайна дог1уш.
Воккха стаг: Ду? Дог1у хуьлу мела?
Пет1мат: Хьо уллехь волуш иштта дог1у вайна, Дада. Хьажал хьо, сан беснеш т1е эгаш ду…  Хьуна дог1и дог1а?
Воккха стаг: Бес-бесара хуьлу-кха дог1а а, Пет1мат…
Пет1мат: Дада! Хьо даимана хира вуй соьци? Хьо д1а г1ура ваци Ялсамане дада а, нана а, санна?
Воккха стаг: Дала мукъ лахь, со даиманна хира ву хьоьци, Дади жима Пет1мат!

Сцена 5

Марям а, Мовсар а.
(15 шо зама яьлла. Мареман а, Молвсаран а х1усамехь. Мовсар керта вог1уш, нене кхойкху. Марям ю къудал чохь хи дохьуш йог1уш)

Мовсар: Нана! Нана!
Марям: Мовсар, со чукхочуш ю хьуна!
Мовсар: Х1инца а, яхнера хьо шовдане?
Марям: Суна хала-м дац Мовсар!
Мовсар: Нана! Аса хьуна сам ма-гаттадо... И г1ашлойн некъ хьийзаш, кхераме
ирхонаш йолш бу. Аса бода къовлабелчулт1аьхьа дохьур дара и шовданан хи.
(Марям вохьа хуъу, хин доьху к1анте)
Марям: Жимма к1адйелла хилла со-м… Вай, Дала дог дика де хьан! Хаьа дера сунна-м иза а... Делахь а, сан и доцург кхин а, г1уллакх дара цигахь…
Мовсар:  Суна хаъа йиш йолш дуй т1акх, х1ун г1уллакх дар хьан шовдана
йистехь?
Марям: Ю дера-м хьан и хаъа йиш! Ц1къа хьайн нанна хелха вала дезар ду-кха, жимчохь санна!
(Мовсарас шен нанна забарен хелхаран бухь буг1у)
Мовсар (Мареман улле вохьа хуъу): Нана! Хьо елалуш гича со мел ирсе хуьлу хаьи хьуна?! Дуьненчохь сайна кхи х1умма ца оьшу аьлла хетта-кх суна!
Марям: Дала 1алаш войла хьо, сан жиманиг! Мовсар, хьо воккха хилла х1инца! Хьайн де куй, доьхки мегш, цуьнан лар хьошуш д1ахоьтти…Зама ма ю д1айоьдуш… Суна дага деара, шовдан йисте яхана б1аьрг тоха вайн кертахь нус хилла хьийза тамехь йо1 гура яри-те аьлла!
Мовсар: Нана!
(Мовсар бехк хете вохьа таь1а)
Марям (йоьлуш): Мовсар, х1ун хилла? Эхь хетта хьуна?! Соьха кхин къайле-ма яц хьан?!
Мовсар: Нана! Хьох къайла дакхлур дари-те и тайпа х1ума?! Яц дера!
Марям: Мовсар! Тахана, шовдана йистехь, сунна гира оьзда  мехкари! Б1аьрг тухуш хилалахь, дик дуй?
Мовсар: Дика ду, ахьа бохург дийр ду аса. Нана!
Марям: Х1ун бох ахь, Мовсар?
Мовсар: Ахьа пурба делча, жимма вола а луш, ломаца хьала вер вара со. Кертахь долу г1уллак д1адерзийна ду, са ма-гаттаделахь.
Марям: Мегш ду хьун, жима сада1и вола хьайна. Дала 1алашвойла хьо!

Сцена 6

Мовсар а, Воккха-стаг а.
(Воккхачу стеган х1усамехь)

Мовсар (Мовсарна Яссийн йистехула воьдуш,  хино бохьуш 1аж го): Ма хаза 1аж бу х1ара!Я Аллах1, ма инзаре хаза хьожа а ю! Ма чомехь хила декхара ду хьо! (цуо иза коллу) Я Аллах1, аса динарг! Х1инца, х1окху охьадог1учу хица, хьала вахан веза со. Т1аккха каро мега суна и 1ожа дитт.
(Мовсар хина йистехула хьала воьду. Иза т1е кхочу 1ожа беш йолчу кертана)
Кертахь цхьа вуй?
Воккха стаг: Мила ву цигахь кхойкхуш верг?
Мовсар: Де дика хуьлийла, Ваша!
Воккха стаг: Марша вог1ийла, жима къонах, хьо а! Схьа чоьхьа вала!
Мовсар: Х1а-х1а, чувеана 1ийра вац со. Ваша, х1ун ду вайгахь, муха ю хьан могшалла?
Воккха стаг: Далла хастам бу, дик 1аш ду! Хьо хьенах ву, муьлхачу тайпана ву т1акх?
Мовсар: Со тайпана бено волчу Бойсхаран к1ант ву. Сан Нана Марям ю. Мовсар ю сан ц1е. Жимма дехьа, лахачохь 1аш ду тхо.
Воккха стаг: Хезза, хезза дера… Хьан да Бойсхар, хила ма-везара къонах вара! Дала г1азот къобал дойла цуьнан! Майраллица а, доьналлийца а, толам боккхура бацара цуьнгара цхьамо! Т1къа, хьан нана Марем оьзда стаг ю олуш хезна ву со. Муха 1аш ю иза, могаш юй-те?
Мовсар: Дели рези хуьлийла, Ваша хьуна. Дика 1аш ю Нана .
Воккха стаг: Дика ду, делахь. Схьадийца, х1ун ду хьо кху ломаца хьалавалийнарг? Хьо лаъа лелари-те?
Мовсар: Ваша! Тахана хьалавог1уш хино бохьуш 1аж гина, иза схьаийцира аса. Цуьнан хьожано 1ехийна, ненан весеташ дицдина, биира аса иза. (Мовсарас гойту ша кхаьллина 1аж) Со веана, сайна иза хьанал бар доьхуш.
Воккха стаг: Жима къонах, аса хьоьга ладуьйг1и. Оцу 1ожа йукъъе хьаьжчи хуъура ду суна и вайн бешара буй, йа бац. Урс дуй хьоьгахь?
Мовсар: Ду.
(Маьхьсенан чуьра жима урс схьадоккхи, Мовсарас 1аж боькъу).
Воккха стаг (ша мацаха жимачу к1антана делла урс девзина): Маржа дуьне йа1… Делера ду-кха массо х1ума. Хастам бу Цунна! Ма вайга хоьттуш, вайх доьзна дац кху дуьненан некъаш а, хьелаш а… Дера, жима къонах, х1ара 1аж вайн бешара ма-бу… Х1инца сайн лаъам бовзуьйту хьуна аса. Оцу чохь къентан йо1 ю. Жимчохь дуьйна буо ду иза. Ворданахь доьдуш, говраш берзах къаьхкина, боьрдах дахна да-нана кхелхира цуьнан. Пхийтта шо ду тхойшиъ цхьалха долу. Амма, и кхи-долу бераш санна яц. Б1аьра а, лера а са дац цуьнан. Мотт хууш яц. Когаш, йа куьйгаш лелаш яц. Нагахь санна, цуьнах шена х1усам-нана ян реза волуш къонах хьуна каравахь, аса къобалдина т1еоьцур ду хьан дехар.
Мовсар: Ваша! Дала декъала бойла уьш! Дала сабур лолда хьуна!
Воккха-стаг: Амин, Амин! Дели рези хуьлийла хьуна а, жима къонах!
Мовсар: Ваша, хьан пурбанца, со ненах дага вера вара, цкъа хьалха.
Воккха-стаг: Эх1! Ахьа иза аларе сатуьйсуш вар-кха со! Мегш хира ду т1аккха. дагавала хьо хьайн ненах.
Мовсар: Маьрша 1ойла, Ваша!
Воккха стаг: Маьрша г1ойла хьо а!

Сцена 7

Марям а, Мовсар а, Буолат а.
(Мареман х1усамехь)

Нана: Мовсар, хьо ц1а кхечи?
Мовсар: Ц1а кхечи со. Нана, хьо х1ун деш ю? Со ц1ера араваьлчулла т1аьхьа вайгахь хилла-лелла х1умма дуй?
Марям: Далла бу хастам, х1ума дац! Са ма-гаттаде ахьа. Вайгахь довха хингалш ду дина. Маса, куьйгех хи кхарзий, охьа хаъа. Шелдалле даъа деза вайшим уьш.
Мовсар: Баракал, Нана, со меца вац.
Марям:  Мовсар, х1ума-м ца хилла?
Мовсар: Х1а-х1а, Нана, х1умма ца хилла…Ахьа пурба делчи, аса чу вахана, жимма са до1ура дара.
Марям:  Нийса боха ахьа. Дера, к1адвелла хира ма ву хьо… Хьо цхьаъ ма ву вайн кертахь долчу г1улакхна д1ахоьттина 1аш. (Марямас ша шега олу). Мовсар, сан жима к1ант, сан къе дакъа! Сан дега йовхо, сан сатийсам! Суна Дала дина совг1ат ду-кха хьо! Мовсар, х1ун ду те хьан жима дог човхинарг? Я Аллах1, доьху аса Хьоьга, уьхь1аьржонах а, харцонах а, ларделахь тхо! Сан жима Мовсар, 1алашвелахь массо вуочунах дуьненахь а, эхартахь а!
Буолат: Де дика хуьлда, Деци!
Марям: Марша вог1ийла, Буолат!
Буолат: Деци, муха ду хьал-де?
Марям: Далла бу хастам, дика 1аш ду тхо. Шоьгахь х1ун ду, да-нана, йижарий х1ун деш бу? Со ледара йолуш 1аш ю-кха хьуна, цигхьа д1а яра цанислуш… Х1инца-т1аккха йог1у бохуш сайн хьоме мехкарий болче, цхьацца совг1ат а, дохьуш!
Буолат: АлхьамдулиЛлах1, Деци! Дала дика кхобу.
 Марям: Буолат, са парг1ат дац сан... Дагт1ехь сингаттам бу… Хьо Мовсарна ваша санна ву, хьуна хуъуш хира ду аьлла хета сунна цуьнца дерг… Алахь соьга, х1ун ду те цуьнан дог дохинарг?
Буолат: Ткъа х1ун хилла?
Марям: Тахана, Яьссийн йистехула жимма хьала воьду ша аьлла, ара велира и. Ткъа, ц1а веъчи, юъчух цакхеташ чу ваха. Цхьа тамашина, парг1ато ейна ду сан са.
Буолат: Деци, са ма гатде! Со тешна ву, вуо х1ума хилла хира дац аьлла! Т1акъа иштта дацахьара суна хуъуш хира дара. Со жимма 1ийна юха вог1ура ву. Вуьтар ву вай иза парг1атехь…
Марям: Дика ду, Буолат. Маршалла д1ало чохь.
Буолат: Iодика йойла, Деци!

Сцена 8
Марям а, Мовсар а.
(Мареман х1усамехь)

Марям: Мовсар, садаь1ин ахьа?
Мовсар: Садаь1и аса, Нана.
Марям: Схьаволахьа, суна уллехь, охьа хаъа. Буолат веанера. Хьо хьецавеш, д1авахар иза.
Мовсар: Нана, ахьа са магатделахь, дика дуй? Со цкъа хьоьга вистхила луъуш ву. Дийцина валлац, парг1ат ладог1алахь!
Марям: Мовсар, со лерина ладуг1уш ю хьуна.
Мовсар: Нана! Тахана, хица хьалавоьдуш, цуо бохьуш 1аж гина, иза схьаийцира аса. Нана, цуьнан мел хаза бос бара, хаьи хьуна?! Сан ойла д1айаьхьнера цуьнан хьожано! Айса иза кхаьллинчулт1ехьа дагадеара суна хьан весеташ…
Марям: Маржа я1, Мовсар… Кхи-д1а х1ун дира ахьа?
Мовсар: Сайна иза хьанала хилийта, иза т1ера боьжна дитт лаха 1алашо йолуш, Яссийн йистехула хьала вахара со. Дикка хьалаваг1чи, ц1хьана бешахь гира суна и 1ожа дитт. Кхайкхича, цхьа воккха стаг ара велира. Аса со воьвзийтира цунна, т1аккха, айса беана некъ бийцира.
Марям: Х1ун элира цуо хьоьга?
Мовсар: Цуо шен к1ента йо1 ю боху жимчохь, боьрдах дахна, да-нана делла йисина. Заь1апа ю боху иза. Са гуш, я мотт хуш яц. Куьг-ког лелаш а яц. Цунах шен х1усам-нана ян рези верг суна каравахь, ша къобал дийра ду боху сан дехар. Нана! Со и некъ кхечуьнга кховдо йиш йолуш вац! Хьо соьх кхети, нана?
Марям: Ва, сан Дели, хьуна гуш ду-кха сан дог! Ма оцу декъе сатуьсуш кхиъийна вацар аса хьо, Мовсар! Я Аллах1, хьуна г1оли хаьа оха лелон дезарг! Ахьа динчунна рези ю-кха со! Мовсар, хьуна ма-гарра, и воккха стаг хира ма ву могуш воцуш. Т1къа заь1апа берана мел накъост оьшу… Со мел ю, аса лелора ю-кха и йо1. Амма со д1аяьллча, хьан лелон дезар ду. Кхин х1умма ца хилчи а, Делера ял хира ю-кх вайна…
Мовсар: Нана! Со ву хьуна ахьа бохчунна т1ехь.
Марям: Мовсар, аса хьайн лаъаман т1ехь вуьту хьо. Хьан Да схьавалахьара, цуьнан лаъам изза хира бара аьлла, тешна ю со. Т1къа х1инца, со вайн ц1ийна хьалхара баккхийчу нахана  т1е г1ура ю. Лелон дезарг, там-мах д1а даьрзийтина, вай и йо1 схьаялора ю. Буолатан нене со йистхира ю. Зудрех тоьхна, цуьнан йиша йохуьтура ю вай. Хьомениг, самагатделахь! Вай Дела карахь ду хьуна! Дала 1алаш войла хьо!
Довзийтаран дош:
Тайпана хьалхара наха, халкъана юкъахь лелаш долу 1адаташ а, г1илкхаш а лардеш, дерзийра захалонца дерг. Амма, Маремас цхьа х1ума хьахонза дитира. Йо1 заь1апа хилар хьулдира цуо. Мовсара шен тешаме накъостана Буолатана хаийтира иза.

Сцена 9
Воккха стаг а, Буолат а, цуьнана йиша а.
(Воккхачу стеган кертахь)

Булат: Де дика хуьлийла, Ваша!
Воккха стаг: Марша дог1ила шу а! Схьагарехь, суна хуъуш ду шу х1ун эцна дог1уш ду. Чоьхьа довла. Шу лардеш ду аьлла хета суна цу чохь.
( Йиша чоьхьа йолу. Буолат, чу а хьожи, юха волу)
Булат: Ваша, цу чохь ма яц йицина йо1!
Воккха стаг: Цу чохь иза бие яц хьуна!
Булат: Я Аллах1, со кхеташ вац… Т1аккха иза муха хуьлу?
Воккха стаг: Жима къонах! Дуккха хан ю со кху дуьненчохь вехаш волу! Сайн б1аьрг хьоьжуш болчуьра, луъуш вара со жима Пет1амат оьздачу х1усаме нисъялан а, цуьнан дахар ирсе хилан а. Аса аьллера иза б1аьра са а, лера са а, доцуш йу. Иза дара цуо цаоьшуче б1аьрг хьежор бац, г1уллакх доцчуьнга ла доьг1ура дац бохург. Иза лелар яц нийса боцчу новкъа, цуо куьг кхийдор дац г1улкх доцчу. Пет1амат суна хьалха, хила ма дезара ийман а долуш, ц1ена дог а долуш, кхиъна ю. Т1къа х1инца-м вала хала дацар! Маьрша дехийла шу! Дала т1аьхье беркате йойла вайн!
(Булат чоьхьа волу. Иза а, цуьнан йиша а, ц1а чуьра ара долу малх санна хаза нускал далош. Мареман х1усамехь Буолатас а, цуьнан йишас а, хелхар до.)
 


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →