Вайнехан Аьрруо аг1о
Нохчийн, Г1алг1айн ц1ераш йооха
Барта иэшо хабар дуьйцу
Барам боцуш харцо йуьйцу
Кийра буьззин д1овша ду
Вирах таръйел амал йу
Мостаг1 луъар кхочаш деш
Йейъа г1ерта къоман-кхерч
Доьйние-хьера хьийзаш йу
Къаьхьа д1овша туьйсуш ду
ФАБА- завод болх беш йу
Къоман биезам херлуш бу
Маржа йа1 хьан - харца зама
Аьттуо баьккхи ахьа ФАБА-н
Парг1ат боьйла, мот д1абаьстан
Интернет-чохь дуйцу къаьсстан:
«Нохчий, Г1алг1ай – цхьа къам дац
Уьшша вовшиен гергар бац
Луьра мостаг1 Нохчо ву
Г1алг1ай - Нохчойн хиеро йу»
«Аьрруо» аг1онц лаьтта тоба
Вай цабезарш – ашша кхоба
Чоьйне туьйсуш дуьра туьха
Хадуо г1ерташ къоман буха
Баккъа ма дац! Баккъ ма дац
Бохуш дериг - «Вай цхьаъ дац»
Цхьана Нанас, Дена бина
Аган чохь а цхьан техкийна
Амал, амат цхьаъ а йолуш
Г1иллакх-г1уллакх йукъар долуш
Буьйцу мот а, цхьаъ ма бу
Нохчий-Г1алг1ай цхьа Къам ду
Примечание: "Левый сектор Чеченцев и Ингушей. Абривиатура "компании" ФАБА (Фиктивное Агентство Больших Антагонистов), сформированное из первых букв фамилий "великих историков- этнографов современности" и основателей картеля,
Хамзата Фаргиева, Идриса Абадиева, Руслана Бузуртанова и Анаконды Амазонковой
Свидетельство о публикации №226062200647