Дадийн туьйра

Х1ора буса Воккха-Дадас суна туьйра дуьйцуш ду.
Маь1на цуьнан башха ду.
Хьекъалениг а, майра верг а, туьйран чуьра - сан доттаг1 ву.

Б1аьра нег1арш, дашал даздел, бертаз уьйбуш, со а, ву.
Дада виела къежаш ву.
- Воккха-Дада! Дийцахь кхин а! - дег1е т1ом аса кхийдош бу.

Довха куьг сан месехь хьокхуш, Воккха-Дадас со хьоьсту: 
- Дадийн берзан наб т1е еъна… Кхана кхин а, дуьйцур ду.
И мел хаза хира ду!

Ларйо аса йог1у кхане:
-  Кхане сихха кхачахьа!
Дада! Виц ма лолахьа!


Рецензии