Бодано къевлина малхбузе
Малхбузе боданца къевлина Iаьржачу мархаша,
ДегI шелдеш, схьахьерча гуьйренан мох…
Ойланаш къехкайеш, тесначара хедайеш архаш,
Кайетта иза белира, ца Iебаш, сох…
Сайн болар лахдина, гуонаха хьежа со велира,
«Вуй-техьа со бехке, вахарехь зуламаш дина?» –
Айса-сайга хаьттира… Амма махо, дуьхьал элира:
«Хьан дахар, тоххара, чеккхадаьлла… велахь а дийна!»
«Суна-м и хаьара, цуьнан ойла-м ас хьалххехьа йинера,
ХIоьттина йаьлла и кхел ас къобал йинера…
ХIара некъ, хIинццалц, ца ваьлла бинера,
Вахарехь, тIаьхьенна оьшуш дерг, ма-хуьллу динера…
Даим Нохчийн къам сан дагчохь хиллера,
Ваш-Йиша, доттагIий безаш хиллера...
Даймахках, хаддаза, дог а лезнера...
Вуон-дика, вахарехь, дукха гинера»
Малхбузе боданца къевлина Iаьржачу мархаша,
Ойланаш къехкайеш, тесначара хедаеш архаш…
Махо – шен ницкъаца – уьш хьийзайо чучча…
Некъаха ца вухуш, кхидIа а йоккху ас гIулч.
Свидетельство о публикации №226072802048