Туьйра Биндолаг

Цхьана бецан майданахь, дехаш 1аш дара жима биндолаг. Дукха хан яцар иза дуьненчу даьлла. Цуьнан да-нана дара, майданахь бехачарна, оьшучунна дакъа лоцуш, дика ши накъост. Нанас, сих-сиха, ша деш долу мекха баьпкаш доькъура лулахь дехаш долу сагалматашна юкъахь. Церан к1орнешца ловзуш, хьала кхуьуш дара биндолаг. Дас, жимма т1ам ч1аг1баллац бохуш, лардеш, т1ома долуьтуш дацара иза, х1унда аьлчи, гонахь хьун а яра, жимма дехьа охьа дог1уш шовда а, дара. Шайн доьзалхочунна боккха кхерам хеташ дара да-нана, буса а, дийнахь а, 1адда екаш хезаш йолу шовданан чуьра пхьидарчий а, т1ома даьлла лелаш долу хьуьнхара бес-бесара олхазарш а.
Хан-зама д1а йодуш хилари терра, жима биндолаг кхиъна даьлла, д1а хоьттира.  Шен, 1аьржачу т1едарчеш к1арздина долу, ц1ен т1емаш д1а-схьа доьлли, т1ома доли, майданахь х1ун ду хьажа г1ора иза. Нана-биндолаг хилара цуьнна сагаттадеш:
- Гена маг1олахь, сан хьомениг! Жимма д1а-схьа б1аьрг тохи, юха дерзалахь, - бохуш.
Дуьнене б1аьрг тоха даг1начу цхьана дийнахь, цунна евзира баьццира цаьпцалг. 1аламат гена кхослора иза, хазачу мукъамца аьхкенан йиш а, локхура цуо! Цуьнан пох1маллех цецдаьлла биндолаг,  ловза даьлла, суьйренга дахнера. Арахь бода булуш бара. Сагатделла, да-нана, йоккхачу майданахь мохь аьлла, карзах даьлчи, б1аьра нег1ар тухучу заманчохь, схьа гулделира доккха орца: серлонца аре къагийна схьакхечира бумбари, аьнгалхи йеира бага ира шиъ урс диллина, зингатийн б1о д1ах1оьттира, кара серий эцна, кхосбелла схьакхечира сагал.
Майданан цхьацца маь11е д1а-схьа даьржира сагалматийн сур. Зингатийн б1онан хьалха яьлла, шен гайн чохь йолчу серланца некъ гойтуш, бумбари а йолуш, йоьдура суьран цхьа б1аьрг1а. Кхечу  б1аьрг1ана хьалха баьлла сагал бара, лакха хьала кхослой, дерг-доцург дуьйцуш.
Орца айбина, ара даьлла сур хьуьнан йисте кхечира. Оцу меттехь, кхосбелчу сагална, бумбарийн серло т1е нисйелчу маь1аргонехь гира, поп диттахь летта 1аш долу биндолаг а, цунна уллехь йолу цаьпцалг а. Х1ара шиъ дахна хиллера, поп диттанах, акха накхарийн, хара хаъаелла, моз даъа дагахь! Амма, моз диъна даьлчи, когаш д1алетта, юкъара схьа цадалалуш дисна хиллера. Аьнгалхоно шен арсаш хьоькхуш, оцу йисарах хьалха даьккхира и шиъ.
 Оцу сарахь, сагалматийн суьро, ма-дахьло моз даьхьира шайн баннашка. Биндолаган нанас, шайга а кхайкхина, баркаллийца, хьуьн ц1азамийн мутт мийлош, хьошалла дира массарна.
Х1етахь кхийтира сагалматаш, кхерам схьа гуш берг хилла 1аш цахиларх. Хьо йисар веш болу кхерам, моз санна мерза бан тарлуш буйла хиъира царна.


Рецензии