Нохчо вай со-м

Дайн махкахь вахахь а,
Цул арахь вахахь а- Нохчо ву со.
Аганахь техкаш а,
Ченала керчаш а- Нохчо ву со.

Куй мухха белахь а,
И боцуш велахь а- Нохчо ву со.
Човсалла доссахь а,
Динара воссахь а- Нохчо ву со.

Хьолана такхахь а,
Чуо меца хабахь а- Нохчо ву со.
Лула ладог1а а,
Г1атта а орцанна- Нохчо ву со.

Схьатоьхча, д1атоха,
Б1оэшча сатоха- Нохчо ву со.
Кес тосуш валлахь а,
Барз т1е бай баьллехь а- Нохчо ву со.

Аганан иллешца
Ненан мотт ц1ийх ийна- Нохчо ву со.
Ц1ергахь ца даьгначу
Г1иллакхан хьаьттара- Нохчо ву со.

Раг1 уг1е тевжича,
Лар берзан т1еоьху- Нохчо ву со.
Дартано бердашкахь
Т1ам- верта т1е лоьцу- Нохчо ву со.

Б1ешерийн г1атташкахь
Замано аьгначу- б1аьвнийн вай со-м.
Нохчаллин чир йотта
Ден косто ирвина- Нохчо вай со-м.


Рецензии