Со тешнера хьоьх. юкъара кийсак
Шо хьалха соьца буьйсана юкъехь з1ене велира иза.
- Вижна – м вац хьо,Сосойа?
Цо даима сан и ц1е йоккхура ша тиллина йолу дела тхо жиммало хьоьстучу хенашкахь.
- Вац дера. Х1ун хилла вайна? – аьлла дуьхьал хаттар дира ас.
Наггахь бен тхан дистхилар доцу дела кхерам иккхира дагчу. Мила велла те?
- Вонаг ю боху суна. Хьан кечвина лор вуй хаа суна. Со т1елаца алахь цуьнга.
Лоьро шолг1ачу дийнах хаам бира суна.
- Диагноз нийса х1оттина хьан доттаг1чунна. Вайша х1ун до?
- Цунна луург.
Доттаг1а сацам бира.
- Цкъа сан лоьраш бохург дийра ду ас. Нагахь санна цунах г1уллакх ца хилахь, хьан орцахвала дезар ду.
Ас кхин х1умма а ца элира. Сой кийча вуйла- м хаийтира эшахь.
Дехха шерахь кхийсам латтийра цо луьра цамгарца доьнналех ца вухуш. Забарций бен вист цахуьлуш.
Со чоьхьа ваьлча веларца вистхилира.
- Лоьраш бохучунга хьаьжча со мел дика ву хаий хьуна, - аьлла соьгара маршал схьаийцира цо. Велар- м даггара дара цуьнна.
- Хила веза. Б1аьсте ю вайна. Мархийн бутт д1абаьлча футболца 1адика еш шу дерриге вовшахтоха дагахь ву со.
- Со вуьтий ахь хьайн тобана юкъе?- духьал вистхилар и жимма ойлане а вахана.
- Сан тобан лардархочун аьрру аг1о хьан ю.
- Дакъаза ма вала со. Цкъа а т1елатархочун дакъа ца кхечий – кха суна.Т1аьххьаре вовшехкхеташ хилча мукъане цхьана таймехь мегар дац сан?
- Вай кегийрахошца ловза дезаш ду. Уьш аьрхо а бу. Хьо бен ларалур вац цаьрца вайн ков лардан.
Доттаг1 юха а ойлане вуьйжура.
- 1имран ма эшара вайна х1инца.
Дага веанарг ши шо хьалха д1аваьхьера кхечу къиза цамгаро.
- Дера эшара. Доьзална эшна ца1аш вайна а ма эшар и.
Ойланаш хьовзийра со. Бераллехь дуьйна цхьана хьала кхиъна доттаг1ий замано вовшех хийра дехира. Политика бахьанехь къийсаман тобанашка декъаделира. Балхан хьокъехь юьртах вала дезна суна наггахь бен ца нислора уьш ган. Т1ом болабелча херо кхин ч1аг1елира. Вовшна вас а еш. Ас – м чот ца йора. Пит1ане зама яра. Нахйоцу наха даржош эладиттанаш, деш долу даккхийн къамелаш, царех 1ехьа белла т1амехь леш болу к1ентий а.
- 1имранна ша д1авоьдий хаа. Д1авахале хьо шена къинт1ера ваккха а лаьа. Ч1ога балехь ву и ша хьуна динчу халхетарна. Волахь юьрта, - аьлла дехар дира доттаг1а цхьана сарахь.
- Ванах, маца х1ун халахетар дина те цо суна? – дуьхьал хаьттира ас цец а волуш…
- Хьалхара т1ом болалуш. Бехк боцуш наха дуьйцучух а тешна хьога вон дош аьлла ша боху цо нахана юкъехь.
- Дела тешна ву суна дага- м ца дог1у и.
- Ахь баккъал бохий? Хьан дегабаам бац – кха цуьнна?
- Дукха наха олу соьга тахана къинт1ера вала шайна. Делаца ч1аг1о ма йо ас, цхьана дена дегабаам ма ца бина ас.
- Волахьа сихха. Дукха хан яц цунна йисинарг.
Со шолг1ачу дийнахь юрта вахара. 1имран г1ала вигна карийра лоьрашна т1е.
- Со юха схьакхетар ву буьйса а йоккхуш, - аьлла 1имранин хусамнене вист а хилла доттаг1 волчу вахара.
- Ма боккха мел баьккхи ахь веана. Ч1ог1а балехь вара и со цуьнга хьогара вист хиллалц. Ахь дегабаам кийрахь ца латтийна хиъча маситтаза ч1аг1о яйтира соьга и бакъ ду аьлла. Цунна юхьт1аьхь х1оттина самукъан бос хьайна гинехь ма цецвера вара хьо. Дела реза хила хьуна.
- Со юха вог1ур ву цхьа кхоъ де даьлча буьйса а йоккхуш.
- Волахь. Мел ч1ог1а хьо ган лууш ву и.
Со юьрта шолг1ачу дийнахь веара. Тезета. Вовше гар цанисделира тхан…
Ткъа воьжнарг ойланашкара юха вирзира.
- Дага дог1ий хьуна Якъубас ластийна чхьар хьан коьртах кхетта? – хаттаро сама ваьккхира со а.
- Х1ора 1уьйрана юьхьюьлуш х1ара бахьанехь, - жоп делира ас хье т1ира сайн муо а гойтуш..
- И даьлла таттано кхерийнера со. Ахь дика лайра и эсех ца вухуш.
- Хаац ахь х1ун эс дуьйцу. Латта ишал санна когаш к1елахь лестара суна.
- Къар лур волуш ца хиллера хьо. Кхоалагчу дийнахь хьайн бихкина коьртаца ахь динарг дагар-м ца долу суна. 4 гол туьйхира ахь лулахошна, даиман вайца къийсамехь болу. Т1аьхарлеринарг коьртаца а тухуш, бинташ к1елар ц1ийн татол охьа доуьйтуш.
- Дарвинера со Хьамидас. Шен тобане со 1адвите, кхинаш ларбе кхайкхира цо шийла маьхьарца. Ас Курбане т1акхха элира ницкъ ца кхоош яийтахь буьрка. Курбанас ас бохург дира.
- И бен дацара бахьана?
- Дара дера. Ахь тоьхна бурка ша схьа а лаьцна забар йечух Хьамидас п1елгашца цавашар гайтира хьуна. И дита йиш ярий вай?
Доттаг1а там хилла велавелира.
- Суна и диц ца ло цкъаа. Сан дуьхьал муьшка я бахьана делира Хьамидан сайн дог а 1абош…
Ц1а дог1уш новкъахь х1окхуо хаьттира.
- Г1оле хир юьй Дика к1антана? Ма теша лаьа цунна лоьраша шен керла яздинчу дарбанех.
Ас корта ластийра, сингаттамца корех а хьожуш.
- Хьайна и д1авоьдий хууш хилча дуьнена къамел х1унда ца дора ахь? Дог х1унда ца айдира ахь цуьнна? – бехкбаьккхира соьгара.
- Х1ун дийца лаара хьуна ас кху деношкахь эхарт гурдолуш волчунга? – дуьхьал хаьттира ас сайн тунбелла б1аьргаш гайта ца х1уттуш…
…Стомара буьйсана юкъехь ваша з1ене велира.
Со кхийтира сан доттаг1а д1аваханий. Цкъа а суна, йа нахана ямарта цахилла, тешнабехк цабина сан доттаг1.
Ткъа со- м ирча кхаъ беанчул т1аьхьа вехха 1ийра раг1у к1ел хиъна дог1ане ладоьг1уш. Эс сама а даьлла доьхьал х1уьттуш тхойшан бералла, жималла.
Доттаг1а – м къанвала а ца кхии…
Свидетельство о публикации №226081000884