Незаконное потребление наркотических средств, психотропных веществ и их аналогов причиняет вред здоровью, их незаконный оборот запрещен и влечет установленную законодательством ответственность.

1умар-Хьажех лаьцна

Абу Исмаилов








Iумар-Хьажех лаьцна
(хилларш-лелларш)


















Дуолор

     Иза бакъдуьненчу дIавахна ткъе  пхиъ шо сов хан йаьлла. Амма цкъан а виц ца ло суна иза. Даима а дуьхьал лаьтта цуьнан шатайпа сибат.
Суо жима  волчу хенахь чIогIа буьрса стаг хетара суна иза. Амма, со воккха мел хили а, цунна йуххехь мел лийли а, цуьнга ла мел дийгIи а со кхетара: иза чIогIа дог кIеда, дог лозуш, наха дуьйцучух кхеташ, цаьрга ладогIа хууш стаг вара.
Ша дуьйцучух, шена хетачух нах ца кхетча, халахиеташ а вара иза, вас хуьлуш а вара.
Суна суо дага мел вогIу, сайн кхо-диъ шо кхаьччахьана цуьнан цIе йоккхуш хезна ву со.
«Iумар-Хьажас аьллера…»
«Iумар-Хьажас, иштта, и динера…», - бохуш кицанаш дохуш, масалш далош, и шайна цкъан а ца гинчара а тIехь вуьйцура иза дийна волуш дуьйна а.
Цунах лаьцна наха дуьйцучарах диканиг бен кхин хIума а ца карийна суна.
Ша-м цо ша лелийнарг башха дийца а ца дуьйцура. Цуьнца цхьана хьалакхиъна а, цуьнца леллачара а, цуьнан нанас Тоитас дийцинарг а, иштта жим-жимма схьагулдеш вовшахтоьхна дагахь лелош дара ас хIара дерриг.
Къуонахех, къуонахчух лаьцна къамелаш хуьлу. Вайн царах лаьцна туьйранаш а, дийцарш а, иллеш а ду. Буьйцуш хийла къонахий а бу. Церан могIара дIахIотто мегар волуш вара, аьлла хиета суна, Iумар-Хьажа а. ХIунда аьлча, цхьана хIуманна тIехь, ша боккхучу когаца, олучу дашца шегара осала хIума ца долуьйтуш, нахаца шена ала вуон хIума ца дуьтуш, кху лаьтта тIехь ша йоккху хан а йаьккхина бакъ дуьненчу дIавахна иза.
«Къуонах хила-м хала дацара, - олура цо, - къуонахалла дIакхехьа ду-кх хала». Кхин а олура цо: «Стаг стигланах кур туьйсуш велахь а, цо лелориг дош дац, нахана цо лелориг дош ца хетахь».
Цунах лаьцна йаздан лууш, иза хьахон лууш, иза ца вевзинчарна а вовзийта лууш, вайзаманхошна а, тIаьхьа тIебогIу болчарна цунах лаьцна бакъдолу, нийса долу дош дита лууш, долийнера хIара хIума. ХIунда аьлча, шайгара хIума тIедеттарш а хир бу, тIера дIадоккхуш берш а хир бу, луъ-луучу агIора туьдуш берш а нислур бу.
Сайна  хезнарг, и вевзаш, везаш хиллачу цуьнца хьалакхиъначу нехан тоьшалаш ду ас кху тIехь далош дерш.
Стаг дуьненчуьра дIавахарх цуьнан лар йуьсу лаьтта тIехь: цуьнан доьзал буьсу, цо йоьттинехь, гIишло йуьсу, цо йоьгIнехь, беш йуьсу, цо динехь дика гIуллакхаш дуьсу, иштта динехь вуон гIуллакхаш а дуьсу.
Изий, важий  вуьззина къуонах ву, олий хIума хеза, къаьсттина кху тIаьхьарчу шерашкахь. ХIуьнехдина хьенех чIогIа къуонах ву, доьналла долуш ву, майра стаг ву, халкъан бала эцна лелаш ву, олий доладо.
Иза-м иштта хила а тарло. Делахь а , суна-м башха къуонах а ца хиэта, тахана массо зIар дуьхьалара дIа а  даьккхина, зIенаш, буржалш, догIанаш а дIа а даьхна, паргIатбаьхна, шайна луъург лела а де, шайна луъург ала а ала, аьлла, схьахецна болчу наха, карзах а бевлла шайна хетарг аларх, шайна луъург лелорах, башха тамаш а ца бо ас-м.
Тохара, Советан Iедал долчу хенахь, Сталинан заманчохь, Iедал уггаре а чIагIделлачу муьрехь, шена нийса хетарг, шена луург дан а, лелон а ваьхьаш стаг кIезиг хилла. Цу хенахь шена хетарг деш, нийсо лелош стаг хиллехь, иза вуьззина къуонах хилла, аьлла хиэта суна…
Бокъалла а аьлча, къуонахалла бохург, цхьаьнгера а пурба а даьккхина, лелош а дац. Шен орамера, шен хIусамера дуьйна дIа хила виеза къуонах. Iумар-Хьажас олура: «Шен хIусамехь лай хила виеза, арахь эла хила виеза хIора стаг а».
Iедалца гергарло лелийна а, цуьнан тIома кIел гIиртина вацара иза. Пачхьалкхе йуьллур йу ша, йа пачхьалкхе йохор йу ша бохуш даккхий хабарш дуьйцуш араваьлла лелла а вацара иза.
Тийна-таьIIана, ша Делан лай вуйла а хууш, тIехь Дела вуйла а  хууш, кху дуьненчохь шена йаккха леррина хан хьанал чекх а йаьккхина, дIавахна стаг ву иза.
Цундела, цунах долу дийцарш доьшучара тидамехь латто деза: и хIун зама йара, хIун дахар дара и, хIун адамаш дара уьш, хIун гIиллакхаш дара цу нехан? Таккха и дIайахна зама дагалаца а, таханлерчу денца йуста а атта хир дара.
Теша лаьа, вайн нохчийн къам вешан бакъ болу кIентий муьлш бу хаа а, къасто а Iемарг хиларх а, церан сий дан Iемарг хиларх а.
ХIара тептар Iумар-Хьажех лаьцна йаздинехь а, кхузахь билгалдаккха деза: и санна болу къуонахий вайн Нохчийчохь хIора кIотарахь а, эвлахь а, шахьарахь хила а хилла, хIинца а бан бу. Уьш эзарнаш бу.

МоттаргIанаш а ца лелаеш, совнаха хабарш а доцуш, тийна-таьIIана Далла гIуллакх а деш, нехан гIуллакх а деш, хьанал баха а бехаш, Iаш нах бу уьш.

Оцу нехан гIиллакхо, церан оьздангалло, цара шайн доьзалшна гойтучу масалша, царна лучу хьекъало, цаьргахь кхиочу дикачу амалша латтош а, дебош а ду нохчийн къоман гIиллакхаш а, оьздангалла а.




Якъуб тIаме воьду.

       Элдархин Дика шеначулла дуьне диъна, хан тоьхна-а стаг вара. Цуьнан аьрха жималла а, къуоналла а луьрачу Шемалан заманахь йиснера. КIиллой карзахбевллачу, харцонаша а, герзо а доьналла а, къуонахалла а холчу хIоттийначу оцу къизачу муьрах нохчолла а, сий а лардеш, чекхвала аьтто хиллера цуьнан. Йуккъерчу дегIахь а волуш, доцца дитна  кIайн маж-мекх а долуш, ханна кхузткъей итт шо хир долуш стаг вара Дика вай йуьйцучу заманчохь. Ткъа иза I9I4 шо дара. . .
     …Дикас шовзткъей  итт шо хьалха эцна йолу, «шипсаран» топ хIинца пенах тоьхначу истанга тIехула кхозура. Наггахь, шарахь цхьа-шозза схьаоьций цIанйой, даьтта хьокхий, йуха  а пенах хьалауллура цо и топ.
     Цуьнан цхьаъ бен воцчу кIанта Шахьбис лелорг  а башха хIара резаволуш хIумаъ дацара. Къинхьегамца а, дохнаца гIуллакх кIезиг хуьлура Шахьбин. Иза даима кечвала лууш, цIенаниг духуш, мерзаниг дууш, кестта-кеста зударий а балош, цаьрга кертара белхаш а бойтуш, ша, обарг ву бохуш, эцца хIотешкахула, ша  санна болчу берешца вола велла а лелаш , дуьне дууш вара.
        Дикина ца гинера и паргIатонаш. Иза даима къахьегна а, къахьега хууш а вара. Бежнаш, гомашаш, жа, говраш а дукха лелайора цо. Мангал хьакха меттиг  а шорта йара. Дикин дендас Мусас даьккхинчу ирзехь бехаш бара уьш, цу тIаьхьарчу шерашкахь.
     Ирзо шина декъах дара, йукъех жима хьуьнан аса а йолуш. Лакхахь, шовдан коьртехь шен хIусамехь Iаш Дика вара. Ткъа лаха чохь Шахьби а цуьнан доьзалш а бара. Шахьбин дуьххьарлера зуда Тоита цуьнца ехаш Iан ткъех шо сов хан йара. Виъ кIант вара церан: Якъуб, Дота, Iумар-Хьажа, Iела-Хьажа. Цхьа ламаз ца дуьтуш, суьпа йара иза, гIеххьачул Iаьрбин йоза-дешар хууш а йолуш. Шахьбис лелориг жималла а, аьрхалла йу бохуш, ша дан дезарг:кхерч ларбар,марзхой а, хьаша-да ларар а, доьзал иманчохь кхиор а ду, бохуш, йоллура иза, мал ца луш, йахь дIа ца луш, къахьоьгуш. Дика реза вара шен несана.
      Оцу муьрехь воккхах волу Якъуб берхIийта шо кхаьчна тIахъйаьлла бере вара. Ден-дас шена цIе тоьхначу бокъах бора дин ша кхиийнера цо, шен амале берзош. Детица кхелина дуьрста, хаза кечйина нуьйр а йара. Ша лелош йолу пхоьаза йолу топ а, тур а, шаьлтий, доьхкий, сира гIовтал а, оба а йухий, башлакх а йоьхкий, месала куй а туьллий и говра хиъча, цуьнга хьаьжинчохь буьсура кIотаршкара мехкарий а, кегийнах а.
       Ткъа, пхи шо кхаьчна волу цуьнан жимах волу ваша Iумар-Хьаьжа Якъубах дозалла деш а, цунах хьоьгуш а хуьлура. Беречо аьлларг деш, цIеххьана дIаэккхаш, йуха соцуш, тIехьарчу когаш тIехIуттуш, охьайуьжуш, йуха хьалагIоттуш, дика Iемина йара Якъубан Бора.
  …Хьалха-МартантIера шен цхьана гIулакхе ваханчура цIавеара Шахьби цхьана сарахь.
-Гирман паччахьца тIом болабелла. Цига тIаме йазбеш бу. Суо а йазвайтина ас,- элира Шахьбис, Тоитас шена хьалха йиллина хьолтIамашший, тIобераммий биъна а ваьлла, шура тоьхна чорпа а молуш, ша Iаш.
     Тоита йист ца хилира.
 - Шахьби! –элира Якъуба (ден-ненан цIераш йаха Iамийнера оцу доьзалера бераш),-хьо къона а вац тIаме ваха, хьуна хьайна чул дуьне а гинера. Со вахийтахьа цига хьайн меттана.
 - Ца хаьа, хьовсур ду вай, -ойлане велира Шахьби. Иза хIинца-м, ша цIеххьана нахаца йохье а ваьлла, даккхий къамелаш деш, гIалара баьхкинчу наха дийцинчо мелла а карзахваькхина, оцу Добрарме йазваларх гIеххьа шеконаш кхолаелла а вара. Делахь а, йуха валар а нийса а, тамехь а ца хетара нахана гергахь а.
    «Делахь а, хIинцаъ меркIело Iаржайаланза волу, дуьне а дахар а хIун йу ца хуу хIара бер сайн меттана луьрачу тIаме муха хьажор ду ас?» - бохучу ойланаша холчухIоттийнера Шахьби.
     Амма и дерриг а къонахчун дагчохь а, коьртехь а хьийзарх, чуьрчу доьзалшна а, нахана-м муххале а хаа йиш йолуш хIума дацара…
     Цул совнаха кхуьнан йиша Зайнап йахана волу Ота а вара дIайазвелла, дехьара  Iуспа а вара, масане бар уьш, обаргаш бу бохуш аренаш идийнарш а, идонза берш а. Цхьаберш  керла дуьненаш довза лууш бар а, вукхуьнан дагахь хила  тарлуш йолу хIонс йара.
Амма царна цхьаннийн а ца хаьара и болабелла Европан а, Россин а аренашкахь кхерста тIом, шел луьраниг цул хьалха хилла боцуш буьйла а, керла герзаш, керла хIилланаш йукъадаьхна щайтIанан тIом буьйла а.
     Царна иза муха хуур дара, йаххьий, оьздангаллий, гIиллакхаш лардан Iаминний бен, шалхонаш, тешнабехкаш, шайна девзаш ца хилча? Берийн санна цIена йара церан ойланаш а.
     ХIокху доккхачу, царна ца моьттучу кепара инзаречу дуьненчохь шен болатан болар сихдеш лаьттара ткъолгIа бIешо, цо массо ахалкъашна, царна йуккъехь къаьсттина нохчашна, кечдина Iазап а, халонаш а хIинцаъ гуш йацара.
…Арахь кхехкаш аьхке йара. Адамаш мелла а паргIатдевлла, чу са деана, синтеме зама йара иза, йочанаш, мархаш гучуйовлаза а йолуш…

* * *

     Цхьа кIира даьлча Мемат тогIичохь Мартанан йистехь дуккха адам гулделлера. ЦIераш а латийна дIаоьхкина даккхий еш дара. Дехьо гулбелла Iара баккхий нах, царна йуккъехь Дика а  вара. Шахьбис динчунна реза вацара иза а, амма хилларг хилла даьлла. Якъуб шен могIарерачу а, жимма шел баккхийрчу а нахаца тIаме вахар магийнера кхара шайн кхеташонехь, йуххехь   дIавоьдуш Тоитин ваша Дауд а, ден йиша йахана  Ота а хилча, синтеме хетара. 
…Къеггина малх хьаьжна, хаза де дара. Цхьана  маьIIехь пондаран аз доладелира, вотанан тата делира.ТIараш туьйхира.
—ХIорс тоъ , йукъа вакха БайIела!—аьлла, маьхьарш девлира…
 Лаьтта тесначу истангахь тIехь хьоьхан текхаш чохь жижиггий, кхийра кедаш чохь чорпеш лаьттара. Уьш йаа тIегулбеллера цхьаберш. Маьхьарий детташ, йиш маьIаш еш, вовшийн дIасатуьтуш, уьдура бераша. Наггахь зударийн белхар а эккхара
 - Ва, нанас йинарг йала хьан!
 - Ва, нана йала хьан!
 - Ма йе гIарош! Некъ дика, хуьйлда! Диканиг ала!
 - Вайна дуьхьала вала мила хир ву кху дуьненахь!
 - Iайт! ЙаI! Гора кIант йаI! Тоха тIараш! ХIорс-тIох!
     ДIанехьо багара дуьрстанаш а йаьхна ежаш говраш йара. Шен нийсархошца цхьаъ дуьйцуш лаьттачу ЙАкъубна тIе а вахана цуьнан гIовталан тIам озош, хьала а хьаьжна
 - Ябба!(иштта йоккхура цо Якъубан цIе)-Со жимма говра тIе хаавай волавалийтахьа,—элира Iумар-Хьажас. Пхи шо кхачанза вара иза цу хенахь
 - Дера хаор ву! Схьавоьл!—аьлла, куьйг лаьцна, шен Бора йолчу, тIе а вигна, шина куьйга айина, нуьйра чу хаийра вашас Iумар-Хьажа, - ХIоъ чIогIа схьа лацалахь,—аьлла.
      ХIинцалц Iумар-Хьажина оццул лекха хетта волу Якъуб а, массо а нах а, говраш а вуно гена даьлча санна хетара. ГIеххьа дог тохаделира кIентан. Делахь а,шина куьйгаца малх санна къегаш болу йоьзан хIоъ а лаьцна вулавелла Iаш вара иза, нийсса говран кхесе а хьоьжуш. Иштта жимма говр йола а йалийтина, ша цхьана куьйга кIант а лоцуш, цул тIаьхьа жима бере охьавоссийра Якъуба…
   …Цкъан цкъа а дицлур дац Iумар-Хьажина и де. ТIаьхьа боьлхуш зударий а болуш,  баккхийчара тIаьххьара косташ а деш, кхин йуха ца хьовсуш йоргIа боларца, мохо лестош башлакхийн тIемаш а долуш, КъочIин шовда  долчухула басах хьала а бевлла къайлабевлира дошлой…






Жима бIаьхо



       ГIийла узам а беш, беснеш тIехула охьауьдуш мела бIаьрхиш а долуш бод хьакхош йоллура Тоита, шолгIачу Iуьйранна Iумар-Хьажа самаваьлча.
       Якъуб а, Дота а чохь шена ца гича, гIеххьа дог дуьйхира кIентан. Селхана тIаме боьлху чаьрца шен воккхах волу ваша дIавахар дага а деъна, иза кхийтира шен нанас бечу узамах. Шена цхьа чIогIа вас хила меттиг нисъелча, йахь дIа ца йала гIерташ, узам беш, цхьацца гIуллакхах тасаелла йоллуш хаалора цунна шен нана. Цундела, мелла а цуьнан догъэца дагахь, цуьнан сапаргIат долу агIо муха карор йара техьа, шена аьлла, нана йолчу агIора волавелира иза.
 - Тоита, хьо хIунда йоьлху? –йуххе дIахIоьттира кIант цуьнан кучан йух схьа а озош.
 - Со-м йац, йоьлхуш, кIант, - цхьацца ойланашка йаьллера-кх.—Шен бIаьрхиш лачкъош дIайирзира нана.
 - Яббина сагатлуш-м со а ву, хьуна. Иза кестта-цIавогIур ма ву, и гирман эша а вина. Вуй?
-Ву, -элира нанас.
-Гирман боьха таг ву. Саьрмик бу иза. Суна гIенах гина и сийсара,- элира кIанта
-Бу-те, боьха саьрмик бу, - тIетайра нана.— Вало охьаа хьайн, тIобераммий, мижарггий баа, тIе етташура а молуш.
 - Дота тенга вахна?—хаьттира кIанта, шен иттех шо воккхах волу Дота чохь ца гича.
 - Иза даьхни дIалалла вахна—элира нанас.
     Iумар-Хьажил жима волу Iела-Хьажа хIинца а набъеш вара.
      Кхаъкогарчу гIанта а хиъна, Iуьранна баьккхинчу тIайх бинчу берам чу Iуттуш мижарг а биъна, тIе етташурин кад а мелла, хьалагIаьттира жима къонах.
     Поднара тIехь сонехь лаьтта шен чIижаргIа коча а тесна, дечиган тур хаьнтIе а оьллина, кечвелира иза.
 - Арахь малх бу коьрта бIегIаган куй тиллалахь, малх бовха бу, - элира нанас.
 - Дика ду! - кIайн куй тиллина кечвелира кIант.
 - Со Дада волчу лакха ирзе воьду, Тоита,- аьлла аравелира иза.
      Арахь пенаца хьалахIоттийна лаьтташ беха бIаьллинган сара бара. Иза Iаш йуккъе а нисбина, «но-о-о!-аьлла шен «говр» дIаоьккхуьйтуш лекхачу баца йуккъехула халла хаалучу некъан лорах хьалатилира кIант шен дерзина кIажош а къегош.
     Лакха ирзу тIехь айаеллачу меттехь динера Дикас шен ши цIай, учей. ДIанехьо гуш ханнийн божалаш а, дохнакерт а йара. Iумар-Хьажина схьахезира шовда долчу агIора цхьамма аьчках жIов етташ ден тата. Цига дIаерзийра цо шен «бекъа», наггахь, шен буйнара «тур» тухий, баI йа йар   а  йожош.
    Хьуьнан хотехь йекаш аттйокх хезара, гондахьа хьийзачу чуьркийн, мозийн, горийн, кхийолу сагалматийн гIовгIано кхуллуш цхьа шатайпа зевне мукъам бара лерехь бекаш. КIантаца хьалха йаларехь къуьйсуш санна дIакхийссалуш баьццара а, ал-можа басахь а цаьпцалгаш йара. Зезага тIера зезаг тIе хуьйшуш, шайн башха хелхарш деш, хьийзара бес-бесара полларчий. Цхьацца йолчу бацана тIехь хаалора цIечу букъа тIехь кIайн тIедарчий долу дадолагаш. Йехачу бецан патар тIехула хьала а йодий, буьххье кхаьчча, тIемаш даржа а дой, хIаваэ долура   дадолаг. Иштта, хаалора хIаваэхула хьийзаш шайтIанговраш.
     Бес-бесарчу зезагашца иэелла, йукъа лаьттачу бецан хьожано а, башломан баххьашкара даима а охьахьоькхучу шийлачу мохо а цхьа шатайпа ницкъ лора, цIена ойла кхуллура.
     Шовдан коьртана гена доццуш шуьйра IиндагI а даржийна лаьттара доккха бIар. Цуьнан букъ а тоьхна, жимочу нуьйжан тIехь мангалш тусуш Iара Дика. Хьакха езаш хьийкъинера цана.
     ГIаш йуккъехь сара а  болуш хаьхкина тIекхечира Iумар-Хьажа.
 - Ирс долуш, хуьлда хьан, Дада!
 - Далла воьзийла.
 - ХIара сан тур ирлур дарий хьоьга?- хаьттира кIанта дендега, шен дечиган тур дIа а кховдош, кочах кхозуш тIе бахтар а тесна чIижаргIа а йара цуьнан.—ХIара мажар-м йуьйлинера ас.
 - ХIун дан волу хьо кху герзах?—хаьттира Дикас.
 - Дера воллу Гирманца тIом бан. ЙАббина гIо дан гIур ву со.
Шен сирачу мекхаш йуккъех кIента кIантах воккхавер лачкъо а гIерташ, Дикас элира:
 - ХIара тур тоьур долуш ира ду. Новкъа маца волу хьо?
 - Со-м, Дада, кхана а дIагIур вара, Тоитас суна керла хеча тегча. ХIара сайниг жимъелла а, тиша а йу, хIара а йуьйхина муха гIур ву со нахана йуккъе? Маьхьсеш а йац сан. ХIокху говрана цIена нуьйр а дика хир йара.
 - ХIете, хIете—бохуш вела ца вела гIерташ Iара Дика.—Схьавоьл цкъа и хьайн дин дIа а хеций. КIентан ши белш схьа а лаьцна жима ластийра цо ша Iаччохь. Белшаш а, пхьаьрсаш а онда дара. БIаьрганегIар ца тухуш, схьахьоьжучу сийначу бIаьргаш чохь доьналла а, къарцавалар а хаалора.
     «Кхунах-м цхьа хIума хила а мега, МоIгин некъийн цIе дIакхоьхьур йолуш, цхьа лоьман кIеза ду хIара-м» - аьлла ойла кхоллаелира воккхачу стеган дагчохь.— Иштта ца хилча, эхь дер дара кхунна, - ша шена чIагIдира Дикас.
      Къонах хила хала ду. Стагах берахь дуьйна шех хила гIиртинарг хуьлу. Хин долу хьоза бенахь дека… Кхана Iуьйккъехь мангал хьакха боло беза. Кхин йитча, буц йижарна кхерам бу. Далла бу хастам, дика докъар хир ду кхушара,- бохуш ойланаш йора Дикас, бацалахь маIа йолу йоккха чхьаьвриг а карийна и ловзош воллучу кIентан кIанте а хьоьжуш.
      
* * *

Ткъа цу заманчохь шен бераллин шовкъехь волчу Iумар-Хьаьжина шен дендех а, дех а лаьцна кIезиг хаьара. Дика хIуманан хьесапдан хууш куьйган а, дешан а говзалла йолуш вара. Цо билгал йоккхуш хиллера Мартанан йисттехь хьер йан мегар йолу меттиг. Цигахь хьеран корта а боккхий и меттиг хьер йан луучунна йухкуш хилла цо. Хьалха-МартантIера, Сери тогIийчуьра, Мартанчуьра, орцал тIехьа шина Мартанна йуккъе хьалакхачалц йолу хьераш цо билгалъйахначу меттигашкахь лаьттина а, хIинца а лаьтташ а йу, бIе шо даьллачул тIаьхьа а.
   
* * *

 - Вало, - элира цо кIентакIанте.
…Ша туьйсина ши мангал бIоран генах хьала а оьллина,
 - Тоитин йуург йаьллийла хьожур ву вайша. Денден тIаьхьа а хIоьттина «йоглуьйту-уш» шен «бекъа» а йалош лаха ирзонгахьа охьаволавелира Iумар-Хьажа. Го баьккхина лаьтташ йара хьун. Дукхах ерш пхона дечкаш йара. Наггахь хьуьнан кхор а нислора, чайбал а хуьлура, йистехьо бIаьллингаш, хьаьмцаш, стеш хуьлура. Кхораш ношбеллера. Стеш а цIен бос эцна дара. Ткъа хьаьмцашший, элхьаьмцашший-м хIинца а вуно аьрга бара.
 - Дада суна хи деза, - элира  кIанта.
—Дезахь, вайша мер ду-кх,-аьлла, шовданан коьрте вирзира Дика. Доккха, шуьйра машхьокхурган патар схьа а даьккхина, цунах чами а бина, хих хьала буьзира цо. Дукха шийла долуш, цхьа-ши къурд бешшехь, цергаш лахайора хино.
    Башломара охьа хьоькхуш наггахь хаалора мох. Диттийн баххьаш лестадора цо. Аьхкенан чилла йара арахь.
     «Кхунах-м цхьа къонах хир ву Дала мукълахь,-йуха а ша-шега шабарш дора Дикас.










Ирча кхаьънаш


     Хьалхалера дахар дIаделира. Хийцаделла схьагуш хIуммаъ а дацара. Тохара санна лаьтташ Башлам а бара, иштта охьаоьхуш Марта дара, хьаннийн бахьашкахь олхазарш декара, варшашкахь аккхарой лелара.
     Амма адамийн йаххьаш хийцаеллера, кIезиг хезара мехкарийн беларш, алсам хезара нанойн белхарш. Къонахий вовшах кхеттачохь, пхоьханахь дуьцура тIамах лаьцна, тIам тIе баханарш а, цара лелийнарг а, аьлларг карладохура.
     Наггахь хаам кхочура генарчу тIеман арахь цхьаъ вийна йа лазийна олий. Шина-кхаа дийнахь баккхийчара а, кегийчара а, кара-кара оьцуш, наггахь волчо шегара тIетухуш дуьйцура оцу хаамех дерг. Таккха йуха а шайн дахаран сингаттамашна, дезаршна йукъабулура нах.


* * *


 Массо а вижинчул тIаьхьа а ламазаш деш, доIанаш деш, Деле Якъуб воьхуш, могуш-маьрша и цIаваре сатуьйсуш, шен гIийла бIаьрхиш йовлакхан тIомаца беснеш тIера дIадохуш, йоьлхуш Iара Тоита. Мел чIогIа ойла йарх, цуьнун кхетамехь сурт ца хIуттура оцу геначу мехкан. Муха ву техьа, хIун леладо техьа, лазийна техьа, дийна вуй техьа? Оцу хаттарийн тулгIенаша корта лазабоккхий, даго ов детташ, шен кIантана дан доцчу амалан гIайгIано ницкъ бой, хIуорам а хуьлий, гIеллой ша Iаччу ламазан тесначу кхакхантIехь хаба а хебий набаран тар тосий, Iуьллура иза сайбодий къосту хан хиллалц.
   
* * *

     Жима волуш дуьйна, кIанта мел лелийнарг, цо аьлларг, динарг  дагаоьхура: кога воьдуш и охьаветтавалар, мотт Iемаш цо олуш хилларг, цуьнан велхар, велавалар. Кхано тIаьхьа, пхийттара ваьлча, вокхахила воьлча, къонахех тарвала гIерташ забар йуьтий, ловзарш дуьтий, хаьттинчух лаьцна доцца жоп луш, аьлларг деш, хьаша-да тIеоьцучу хенахь нуьйран луьйта лоцуш, гIиллакхах, оьздангаллех, стогаллех вуьззина къонах хилла дIахIоьтина волу кIант хIинца мичахь ву, цунах хIун хилла ца хаар,боккха дегалазам, дегаIовжам а бара дена, ша бакъдуьненчу дIаваххалц кийрара дIабала йиш йоцуш.

* * *

 Ахшо даьлча цIакхечира, тIаме вахна волу, Тоитин жимах волу ваша Дауд. ТIамехь чевнаш йина заьIапхо хиллера цунах.
     Хьалха-МартантIера шен доьзалца цхьа буьйса а йаьккхина шолгIачу дийнахь кIотара хьала веара иза.
 - Тоита…, - йиша шен цхьаъ бен боцчу пхьарсаца тIеозийра цо, - шек ма йала. ЙАкъуб а ца вогIур ву. Со эцца хIара пайда боцу чевнаш а хилла цIа ваийтира. ТIом а кестта дIабер бу бохуш дуьйцу массара. Ма елхал! Мегар дац!
 - Дауд, муха лийли хьо, нанас йинарг йала хьан, делаI, - шен цхьаъ бен воцу декъаза ваша маракъевлира йишас.
 - Тоьур ду, тоьур ду, ма елха, -  шен деса пхьош долу аьрру агIо йишех идош санна дIахьийзара Дауд, - йуург кечъел, со хIинца Дика волчу хьала а вахна, йуха вогIу. Шахьби?
 - Иза а цигахь хила веза, - цхьаъ хатта лууш, эхь хиэташ, ийзалуш сецира Тоита. Дауд хьалха санна йуьхь-дуьхьал ца хьожуш, бIаьргаш идош хиларна а реза йацара иза. Дог а дассаделлера. Кийрахь цхьа ша болуш санна хиэтара.
 - Валол кIант, хьала а гIой цара хIун дуьйцу ла а догIий схьавола.
Чу бIегIаг а йуьллуш йохйина неIармачаш кога а йуьйхина, арахь бIаьстенан йуьхь елахь, кху ламанийн басешца шийло йара, шен кетар а йуьйхина, месала кIайн куй коьртах а боьллина аравелира Iумар-Хьажа. Пена йуххехь лаьтташ йара Дикас кхунна пхона серех йина йолу ког-салазаш. Лакхара охьавогIуш дика хир йу шена аьлла, и ши салаз белшех а тесна, жимма макхделла, Iаьржа бос а эцна, йукъ-йукъех Iуьргаш лилхина а Iуьллучу лайлахула хьала йоьдучу некъан лорах хьалаволавелира иза. Стигал сийна йара наггахь кIайн марха а хаалуш. Шуьйра тIемаш даржийна аьрзу цхьанна меттехь лаьтташ санна хетара. Некъан шина а агIорхьа лай тIехь хаалора акхарой а, олхазарийн лараш. Цхьаерш тай тоьхча санна нийса дIайоьлхура, вуьйш дIасхьа хьийзара, гуонаш дохуш санна.
Цаьххьана кхунна йуххерчу коканан кулла кIелхьара дIаиккхира лергдеханиг. Пхонан дечигаш тIехь Iачу хьаргIанийн маьхьарий девлира.
Шел жимма хьалха араваьлла хьалавоьдучу Даудна тIаьхьакхиира Iумар-Хьажа. Ненавешин буолар сиха дацара. Цо шен аьрру ког а кхоош санна хийтира кIантана.
 - Хьо ву и, Iумар-Хьажа?-аьлла йуха хьаьжира Дауд, шена тIехьа хьуьхавоьлла вогIу кIант туосавелча.
ХIара шиъ цхьаьний Дикин уьйта кхечира. РагIу кIелахь гIомат тоеш воллура Дика. Шахьби цунна гIо деш вара.
 - Ирс долуш хуьйла хIан, Дика!—элира Дауда.
 - Далла воьзийла! Ой, Дауд хьо вац хIара? Хьо мичара вели? - Дика леррина хьаьжира хьеше.
 - ЦIа веа-кх со а, - шен десачу пхьуйшах чохь боцу пхьарс схьалаца гIерташ санна аьтту куьг хьаькхира Дауда.
 - Дика ду-кх цIа веъна. Эзар балех ваьлла хуьйла. Хьуо вуй хьо?
 - ХIаъ…
 - Дика, доIа дехьа боьршачу стагна тIера, - аьлла бIаьргех хиш охьа а хьовдуш шен аьтту куьг хьала лецира Дауда.
Дикас доIа дира. Фатихьат дешначул тIаьхьа Дауда элира доьхначу озаца:
 - Дала гечдойла Якъубна. Шу марша, кхалхар нисделира цуьнан, -  шен кучан хьалхарчу киснара схьадаьккхина кехат Шахьбига дIакховдийра цо.
 - Тоитига хIума ца аладелла, схьавогIу со. ХIара кехат а шаьш дешначул тIаьхьа дагаде. Тоитин карадодахь даиманна а дегаIийжам хир бу цунна. Якъуб дIаваьллийла-м ца хаийтича а, тезет ца хIоттийча ма ца йолий, - элира Дауда.
 - ХIун ду цу тIехь?—хаьттира Дикас.
 - Ахь дIадешахь, - аьлла Дауде йуха кховдира Шахьбис и кехат.
Дауда эгочу куьйгаца схьадаржийра кехат. Иштта дегочу озаца дIадийшира цо и йоза:
      «Маршалла ду шуьга Дада, Шахьби, Тоита, Дота, Iумар-Хьажа, Iела-Хьажа. ХIара йоза аш доьшучу хенахь со бакъдуьненчохь хир ву. Сан йиснарг кIезиг хан йолу дела, шекъа а ца хиларна, куршки чохь охьа ихна долу сайн цIий а гулдина йазйо хIара, цундела цIен бос болуш ду хIара хьаьркаш.
Йоккхачу тоьпан гериг кхетта гIогI даьккхина сан, кху чевнех кIелхьарвала а, дийна виса аьтто бац. Делахь а Делан карахь дуйла-м хаьа суна дерриге. Сайна цуьнгара къинхетам а, гечдар а доьху.
Шуьга а доьху ас сайна массо а къинтIера валар.
Со шуна массарна къинтIера ваьлла…ХIара кехат ас Дауде дIа ло…Марша Iойла шу…Тоитина ма гайталаш хIара кехат…Якъуб….»
      Даудера кехат схьа а эцна леррина цуьнга хьажа а хьаьжна, Дикас элира:
 - ХIара кехат даго деза. Валол чуьрчу товхичуьра хаьштиг схьадал. Шахьбис хаьштиг а деъна кехат дагийра.
 - ХIун дийр ду ткъа! Иштта йазделла хилла-кх. Тезет хIотто йиеза. Же хаам бе массаьрга а, хьуьлла доханкертахь лаьтта сту а бе, сагIа а даккха. Сиха лела!-Шен вас а, цатам а, лазам а кхарах лачкъо гIерташ чу вахара Дика.
Хьалхалера дахар дIаделира.
Хьийцаделла схьагуш хIума дацахь а, ткъолгIачу бIешаро нохчашна бан леринчу Iаткъаман, бохаман, зуламан хьалхара цинц Дикин керта кхечира.
Дикин кертахь а тезет хIоьттира. Цхьа-ши бутт баьлча чевнаш йухахьа а евлла, цомгуш хилла кхелхира Дауд а.
Цхьаъ бен воцу ваша а, уггаре а хьоме волу дуьххьалера кIант а воцуш йисира Тоита.    



«Шипсаран» топ



 
Iедалца а, Iедалан векалшца а цхьаьна а кепара уьйр йацара Дикин. Iедалан векал ву ша, аьлла къорза барзакъ а дуьйхина шена хаавелларг башха тергал а ца вора цо. Иза царах ваша ца вешара
 - Ша къуонах верг лелар вац, Iедалан белхало ву ша бохуш, мискачу нахана ницкъ беш, гIийланиг хьийзош, - олура цо.
 - Массо а ма вац иштта ледара, цхьаберш мискачарна гIо деш, нийсо лело гIерташ а ма хир бу, - шега аьлча;
 - Хила а мега, хьанна хаьа, амма сан шовкъ йац-кх цаьрца, - олура Дикас.
Хьанал къахьоьгуш, нехан хIуманна тIе бIаьрг ца кхарстош, куьг ца кховдош, ваьхна а, иштта баха шен доьзалш Iамо лиъна а вара иза. Цундела цхьанна а хьалха, Дела ша воцчунна, ша декхарийлахь ца хетара цунна. Кху тIаьхьарчу хьенахь налог йогIу шуьгара, бохуш, схьахIуьттучу пурстоьпаша а дог этIадора.
ХIун налог йу? Йа хIун йу и?—аьлча.
 - Хьайн тароне хьаьжна лаьттан тIера, дохнна тIера, гIишлош тIера йал йала еза пачхьалкхана, - олий, хIара кхето гIуртура баьхкинарш.
 - Пачхьалкхо, суна хIун дина, хIун деъна?—хIоттура Дикас.-
 - Шаьш суна схьадеънарг, схьаделларг ша дерриг кху кертара дIадахьа мегар ду шуна. Схьагайтал шаьш а, шун пачхьалкхо а суна бина дика болх а, шаьш кху керта деъна напха а, дуьненан рицкъа а, - олий тIечевхира Дика баьхкинчарна.
Кхуьнга ала а дийцаа хIумаъ ца карадой, дIабоьлхура уьш.
Къаьсттина дог этIадора цуьнан оцу цIуьхIаршна хьалхайаьлла лелачу мичара хьенан йу а ца хууш йолчу Махьма бохучу канцIоло. Вийца да а волуш, цхьана оьздачу цIентIера схьаваьлларг-м царна йуккъехь нис а ца лора.
ХIора беттан коьртехь гучубовла безаш бара уьш. Сийсара бутт цIинбеллера. Тахана хьалакхача мега и чангIалкхаш, бохуш ойланаш а еш, пенах тоьхначу истанга тIехула кхозу шен «Шипсаран топ, шен жималлин накъост, схьа а эцна, уча а ваьлла даьтта а, бехчалг а цIула серах бина буьххьехь и бехчалг чекхъйаккха даьккхина Iуьрг долу чIу схьа а эцна, топ цIанъйан охьахиира Дика. Шена йуххе истанга тIе охьа биллира цо оцу тоьпаца ша цхьана хенахь эцна хиллачу ткъе итт патармехь бисна болу тIаьххьара кхо патарма а. Важа патармаш цо наггахь Iаьнан муьрех керла диллинчу лай тIехула лар талла воьдий, экханна кхуссуш хIаллакдинера, кхин экха дийна аьлла а дозалла дан йиш йолуш а вацара иза. Экханна ша кхуссург кхетарна кхоьруш санна йожайора цо топ. Делахь а, герз хIусамехь хила а деза, товш а ду. Цунах пайда эца и кхосса ма дезийла вай веччуна цхьанна а…   
 
* * *

…Аьхкенан йукъ йара. Шахьби хIинца Лечан хьехара чу кхаьчна воллура. Лечан хьехахь буьйсанаш а йохуш, шайн дохнах бIаьрг тухуш цигахь Iаш вара Ота. Иза кхин нахаца чIир йолуш лурвоьлла лелаш-м вацара. Делахь а МартантIера пурстоп волу Махьма, шена тIаьхьа хIиттийна пхи-йалх хьадалча а волуш кетIа оьхуш, хьо дизартир ву, бохуш, ша хьо Iедале дIалур тIаккха цара хьуна тоьпаш тухур йу, бохуш, кIордийнера. Цкъа-шозза цхьацца уьстагI а белла дIа вахийтинера. Кхин тоха са дацара. ЙА и Махьма, йа цунна тIаьхьа хIиттина лела дийца тайпа а доцчу и цIуьхьарех цхьаъ вен веза. ЙА церан ка йаьлла кхарах цхьаъ вала тарлора. Эца чIир а йоцуш къен велла стаг хьулура церан карах велларг. Шаьш Iедалан белхалой ду, паччахьан векалш ду бохуш, даккхий хабарш а дуьйцуш, шайн ворхIе а ден ца хилла говраш а, герз а каракхаьчна, гIадбахна хьийзара, уьш мацах ирх охка кечбинчу нохчашна кIелхьара гIант дIадохуш леллачу Хьамзин кIантанан Махьмина тIаьхьа а хIиттина.
     Луьрачу тIеман кIуьрах чекх а ваьлла, шеначулла дуьне а гина волчу Отина-м уьш хIун йу а, мел йу а хаьара. Царах диканна а, вонна а хьакхавелла бех ца вала дагахь Лечан-Хьехе хьала вахнера иза. Наггахь шен доьзалш, гергара нах болчу охьа а вогIуш. Башха гена меттиг а йацара иза. ХIорш Iачу Гилхан-Ирзина Къилбехьа долчу дукъал тIехьа дара и хьех.
     Иштта Ота волчохь луьйш-олуш жимма хан а йаьккхина, Мартана сехьа ваьллера Шахьби. Iумар-Хьажа уьйтарчу кхура кIелахь шен секаIад тодеш воллура. Тоита лакхарчу ирзера охьадугIучу Iина йисттехь хIуманаш хи чу хьакхош йара. Кхеран цIийна йуххехула а болуш хьалабоьдура Дика волчу агIора готто ворданан некъ. Лахара хьала цхьа гIугI догIура.
     ЖIаьлла гIалх дан доладелира. Уьйтахь ежаш лела цIен-къорза, бероза а котамаш дIаса а лохкуш, дур эцна басахь хьала тиллира пхи-йалх бере. Царна тIехь кIайн духар дара, цIен погонаш йара белшаш тIехь, галпеш йолчу хечин тIехь цIен асанаш йара.
 - Деллахь ма хьашт доцург леладо-кх аш.—аьлла ара иккхира Шахьби, коьрта куй а туьллуш, шен ворхIаза йолучу тапчан чохь патармаш мел ду хьожуш, тапчин бера а хьовзош.
     Дика волчу агIорхьа лакха ирзе хьала ведира Шахьби.
 - Ма гIолахь цига. Схьавоьл Iумар-Хьажа, сун гIо дел.—бохуш Тоитас тIаьхьа мохь бетташехь, шен сера-дина хиъна, дечкан тур а даьккхина Шахьбина тIаьахаьхкира кIанта.
      ХIара шиъ лакхарчу ирзе хьала кхачанза вара, цигара Дикин буьрса аз схьахезча.
 - МогIа нисбе, заддаш! МогIа нисбе! Шипсаран тоьпан патармаш атта карош бац! Цхьаъ бен патарма байа ца лаьа суна! МогIа нисбе!
      Хьалха вогIуш Махьма а волуш, кира баса бирзина йорт эцна богIура Дикин кхайкхаза баьхкина хьеший. Шахьбих бIаьрг кхетча, жимма оха озийна шайн говрийн болар лагI а деш, Махьмас элира.
 - Шахьби, дIасацавехьа и хьераваьлла стаг.
 - И-м дIа сецна хьаха вара, аша витахьара ша волчохь. Шун хIунда доьлху и волчу?
 - Налог схьа ца ло цо.
 - Цо лур а йац шуна налог. Цуьнца долу шайн гIуллакх соьца дийца, - элира Шахьбис.
     Налог-м Шахьбис а ца елира царна, делахь чу а кхайкхина шун хIоттийна жимма хьошалла а лелийна дIа бахийтира.
   











Миклайн заманан чаккхе.

 – Ота бакълуьйш хиллачух тера ду, - элира бIаьстенан йуьххьерчу цхьана дийнахь МартантIера цIа веанчу Шахьбис.
 - ХIун бохура цо? –цецйелира Тоита
 - Дера бохура, Миклайн Iедал дукха лаьттар дац?
 - Таккха?
 - ДIадели, боху, Миклайн зама дIаели, боху.
 - Хьан боху иза?
 - Массара а боху. Шен дарж дуьту ша, аьлла, дIакхайкхина.
 - Ткъа наха хIун дийр ду?
 - Муха хIун дийр? ПаргIатбевла-кх нах. ХIинца пурстоьпаш а хир бац. Iедал дац.
 - Iедал  доцуш муха мегар ду, ва стаг?—Цецъелира Тоита. Иза-м гIеххьа кхера а елира, шен бераш а, церан а, массо нехан а хиндергдуьхьал тесча. Цхьа Iедал, цхьа низам ца хилча муха мегар ду халкъ? Оццул чIогIа ницкъ болуш Iедал долчу, хенахь а харцахьа лелаш хилларш ма карзах бевр бу…
 Шахьбина-м боккха кхаъ хилар гуш дара
 - ХIинца массо а обарг маьрша ву, нагахь цунах нехан пхьа бацахь. Iедалца
ийгIина хилларг тахана дуьйна паргIат ву. Керла Iедал хIоттийна, боху цара. Цхьаъ ца хилса мегар доцийла-м массарна а ма хаьа. Са магатдехьа,Тоита, цхьа Iу воцуш дуьсур дац ваййу
 - Кху берех къахета-кх.
 - И Миклай мила ву?—хаьттира кхаьрга ладоьгIуш, шен тептар а, шекъанан къолам а охьа биллина Iаш волчу Iумар-Хьажас. Тоита йара цунна Iаьрбин йоза Iамош. ЙУха шарахь Мартанчуьра хьуьжаре Молла-Исраил волчу деша дIагIур ву, аьлла а дара.
 - Миклай Петарбухера ерриге а Россин паччахь вара.—элира Шахьбис.
 - Паччахь иза дожал ву.
 - Ву.
 - И дIаваьлла?
 - ДIаваьлла! Хьайн йоза Iамаде, дукха а ца луьйш!
 - Ба-би-бу! Да-ди-ду! Са-си-су! - бохуш мохь бетта волавелира Iумар-Хьажа, элпаш тIехула пIелг а шаршош.
   Цуьнга а хьаьжна вела ца вела гIерташ, корта а ластийна, аравелира Шахьби. Шен невцана Отина а, кхин болчу накъосташна а и шена хазна хаза кхаъ бовзийта аьлла, сихвелла вахара иза. Бокъалла а цхьа дика хуьлуш, тIом дIаболуш, хьалхалера беркате зама йухайогIуш хIума хиларе сатуьйсура Шахьбис а, дукхах болчу нохчаша а. Йоккхачу Россехь бехаш болу массо а миска нах а хир бар-кх, Миклай дIаваьлча, цуьнан метте дика паччахь хIоттаре сатуьйсуш…

* * *

Амма нахана моьттург ца хиллера дукха хьолахь. Замано ха хорцучу, Iедал хийцалучу муьрехь оьзда нах а, Iеламнах а ладоьгIуш Iашшехь, мичараевлла ца хууш йолу цхьа чангIалкхаш гучуйовлура. Царах цхьан а вийца да волуш а ца хуьлура. ХаьнтIе дечиган хумпIарш а ухкий, даккхий хабарш а дуьйцуш, кегий нах йохье а бохуш цхьана къийсамна, цхьана нохчашна оьшуш доцчу, цхьана а къомана,  мискачу халкъана а оьшуш доцчу нехан девнна йукъе а озабой, и нах хIаллак бора.
     ГIазкхийн Iалхан-Йььртахь а, Соьлжа-ГIалахь а тIемаш бу. Ерриге а Росси а тIом беш йу. Ленин бохуш цхьа керла паччахь ву боху хIинца. Иза дуьненан шайх ву, дика стаг ву, кериста велахь а бохуш дуьйцу цхьаболчара. Кхечара иза Делан мостагI ву боху. Селхана хаза бертахь бехаш хилла доьзалш барт боьхна шина декъе бекъабелла, йуьртахой а иштта шина ойланехь бу…
     Нахана йуккъехь эвхьазло йаьржаш лаьтта. Нах боцу нах хьаькмаш хуьттуш бу.
    Зама сихйелла йоьду. Iумар-Хьажин деша вахар дуьсу. Кхин диеша меттиг а йац
    
* * *


 ТкъолгIачу бIешеран ондда болатан болар хаалора нохчийн йаьрташкахь а. Йаккхийчу гIаланашкара, тIеман аренашкара кхузарчу хотешка а, ирзошка а схьакхаьчнера  «револйуци», «кIайнаш», «цIенаш», «Ленин» боху дешнаш. Церан маьIна хIун ду хуурш кIезиг бара. Царна уьш кхераме дешнаш дуйла, нохчашна цара дика болх бахьар боцийла а хаьара оцу дешнийн маьIна а ца девзаш, кхана шайна хилла тарло бохам а ца гуш, «сходка», «митинг», «машар», «барт», «нийсо», - бохуш маьхьарий а детташ цIечу бехчалгех байракхаш а йина буьйлабелла хьийзаш цхьа берш хаалора. Царна къаьстина чIогIа марш баьттIера. «Революцин цIарах» олий  дора цара шайн рогIера зулам. ЧангIалкхийн арданг санна тIелетара уьш шайн ворхIе а дайшкара дуьйна хьанал къахоьгуш закат деш, маьрша бехаш болчарна. Наггахь санна оцу кертара шайна дуьхьало йан таро йоцийла хиъча. Амма цу кертахь шайга забарш лелайойтур йоцийла а, керт эвхьаза йоккхуьйтур йоцийла а хиъча, ишттачу меттигна геннахула гуо боккхий тIехбовлуш а хилла уьш.
    
* * *

Иштта, комиссар ву ша, бохуш, цу хенахь лелаш хилла цхьа стаг. Ушаев Мазлакъ хилла цуьнан цIе. Кхин болу большевикаш, а делан мостагIий а санна, нохчашкара нохчолла а, къонахалла а дIадоккхур ма ду ша аьлла, араваьлла хиллачу тера ду иза. Ца хилча шен ма-хуьллу, нохчий  осалбаха гIертар вацара иза.
ХаьнтIахь кхозуш дечиган ботт а йолуш, цу чуьра схьайаьккхина буйнахь ловзаш ткъе пхоьаза йолу «маузер» а йолуш, Ведана гIопе хьала боьдучу новкъахь лаьтташ хилла бохура иза цхьана дийнахь…
Оцу муьрехь ерриге а нохчийчохь вуьйцуш вара иза. Баккхийчара хьехош, Iумар-Хьажина а хезнера хIара хилам…
…Наггахь и «маузер» ирхъерзайой кхосса а кхуссуш: «Же, же сиха лела!» - бохуш мохь а бетташ хьийзаш Мазлакъ хилла. Лахара хьала йоьду ворда а саца йой, цу тIехь болчаьрга тIулгаш кхоьхьуьйтуш и некъ то бойтуш белхаш бойтуш хилла цо дийнахь сарралц. ГIаш вогIуш верг, говрара бере а иштта сацавой тIе тапча лоций вацош хилла.
Иштта ша шех а, шега цу муьрехь кхаьчначу даржах а, оцу даржо еллачу таронех а гIадъоьхуш, гуттар кач а велла и воллучу заманчохь ламчуьра охьа вогIуш цхьа бере хилла,
 - Же, же! Сихха охьа воссал! Жимма болх бан безар бу, - аьлла салам-Iалам а доцуш, вахна беречунна дуьхьал ваьлла Мазлакъ, говран урх схьа а лоцуш.
     ТIекхоьллина Iаьржа верта а долуш, бIаьргаш тIе теттина месала кхакханан куй а болуш, аьрзунан зIок санна чухьаьвзинчу боккхачу мер кIелахь бIоржамаш санна долу ши мекх а долуш волу бере шек а ца ваьлла.
 - Хьуна хезий, къора-м вац хьо? Же  сиха восса хIокху алаши тIера!
 - Ахь хIун боху соьга?—хаьттина дошлочо.
 - Болх бан беза боху. Гой хьуна-м хьуьлла бохкурш. Массаьрга а болх бойтуш ву со. ХIара паччахьан некъ тобан безаш бу.
 - Соьга-м бойтург хир бац ахь и болх!—аьлла говрахь волчо аз а ца хуьйцуш.
 - Бойтур бу!—цIогIа даьлла. Мазлакъе –со  бен мила ву бохучаьрга бойтуш лаьтташ вай со-м кхузахь. Чехка восса!
 - Соьга-м бойтург хир бац ахь и болх, - аьлла шен вертанан тIемаш йуккъера арайаийтина пхоьазза йолучу тоьпан шийла биргIа Мазлакъан некха тIе гIортийна беречо.
     Оцу болатан чIижаргIе а, куйнан месаш йуккъехула схьакъерзачу некъахочун буьрсачу бIаьргашка а, хьаьжна,  шен «маузер» карахь йолу куьг охьа а дохуьйтуш, говран урх дIахецна комиссара.
 - Собар! Собар! ДIавало! ДIагIолахь хьайн гIуллакхе! Некъ дика хуьлда хьан! Аса сецош берш хьо саннарш бац, - аьлла йуьстах ваьллера, минот хьалха хIара дерриге а дуьне шен когаш кIелахь хилла ца Iаш, шен лаамна кIелахь а ду моьттуш, гIадвахна хьийзина Мазлакъ…
 
* * *

…Доьхна а, даьржина а хилла адамаш цу заманчохь. Делахь дуьненан ловзарех а, карчамех а, адамаш  карзахдовларх а, хьере хиларх а боха а ца бухуш. Цхьа де барзехь  а ца  лаьтта, хийцамаш хиларх нах баха безаш а бу, доьзалш кхио беза, хьаша-да лара веза, загIа лело деза, бохуш  шайн хьанал сискал а йоккхуш къахьоьгуш болчара латтиана а, лардина ду а дуьненчохь долу массо а диканиг.
     Шайн цIинан тхов тIе а а ваьлла, хьалхарчу дийнахь баьллачу мохо геригаш йохийна , чукхиссина а йолу меттигаш тоеш, ладарш чу эхийта, Iаьнна кечам беш воллуш хиллера МартантIера Саьлмирза. Цуьнан вокхах волу кIант Ахьмад дена улла а хIоьттина оьшург схьакховдош, накъосталла деш хилла.
     Урам новкъахула схьайогIуш цхьа тоба хилла. Хьалха ваьлла кхо-диъ шо хьалха, паччахь заманчохь пурстоп хиллачу Махьмин кIант МутIелап а волуш. МутIелап  хIинца большевикийн комиссар вара. Ткъа цуьнан да Махьма луларчу суьйлийн махкахь комиссар хIоьттийна бохуш а дуьйцура.
     МутIелапна тIаьхьахIоьттина кхо-виъ нохчийн жимха вара. Массаьргахь а тоьпаш йара. Ши говр йоьжна ворда а йара. Цхьа бIаьхо ворданахь вара. Ворданан цIа чохь Iохкуш хьаьжкIаш а, ахьар а чохь галеш дара. ХIоаш чохь тускар а, бакъийна дума а, когаш бихкина чукхиссина кхо-йиъ котам а, ворданна тIаьхьа тесна далош цхьа шинара а дара.
     Царна тIаьхьахIиттина  схьадогIуш пхеа-йалх шарера, пхийтта-йалхийтта шаре кхаччалц хир долуш иттех бер а дара. Лакхара тхов тIера чухьаьжча оцу берашна йуккъехь шен кхойтта шо долу кIант Мохьмад а хаавелла, чу мохь туьйхира Саьлмирзас
 - ХIей воьдург, ахь хIун до? Йухаверза!
 - Дада, со хIинца схьа вогIу хьуна.
 - Стенга воьду хьо? ХIун леладо аш лела мукъане?
 - ХIорш хьал долчу нахера натурпалаташ йоккхуш бу. Тхо хьовсуш ду.
 - ХIун палаш?
 - Натурпалат! Натурпалат йу.
 - Йитахьа и натурпалаш, важа палаш а. Схьавол тхов тобан беза, божал дохдан деза. Iа ду вайна тIе догIуш. Болх бан беза! Схьавола йита и палаш а, и шайтIанан базар а.
     Натуроплата олуш йолу большевикаша тоьхна налог хьалдолчаьргара йаьккхина ца Iаш, мискачаьргара йоккхуш хиллера цу халчу хенахь.
    
* * *

ГIалара а, районера а агитаторш а баьхкина йуьртахой а гулбина къамелаш деш хиллера. Цхьана балшевика аьллера боху:
 - Советан Iедал шун Iедал ду шуна. Боданера, Iазапера массо а миска стаг серлонга воккхуш , малхе воккхуш, шун дахар то деш, хаздеш ду советан Iедал.
 - Дера бакъ луьйш ма ву хьо!—аьлла хьала гIаьттинчу цхьа мискано.—ЦIена бакъдерг ду-кх ахьа бохург. Со эцца эвла йистехь цхьана лаппагIи чохь Iаш ву сайн доьзалшца. Аьнгали ца карош  мох чу ца хьекхийта, аьлла, коре тесна цхьа тишачу палсан кийсиг йара тхан. Селхана хIокху советан Iедалан векалша натурпалат йогIу шуьгара аьлла, схьаэца тамехь тхан беа пена йуккъехь кхи хIума ца карийна, и корехь кхозу палсан кийсаг дIайаьхьна. Тахана Iуьранна схьакхетта болу малх а тхан чохь бу. Мох а хьавза бо наггахь чухула. ХIаваъ а цIена ду. Гуттара чIогIа малхе девлла, бода дIа а баьлла серлонге кхаьчна, гIаддахна Iаш ду тхо-м. Дела реза хьуьлда шуна. ХIара советан Iедал а, шу а дацахьара йиш йацар-кх тхан…
   
* * *

 Иштта муха йолу а ца хууш дIаелира Миклайн зама. Цхьаболчарна иза ирча гIан ду моьттура: «кхана лама, хIара массо а болшавик а, комиссар а дийнахь стогарш а летош лохур бу, ирх ухкур бу, хIаллакбийр бу. Зама йухьахийцалур йу» - олура цара.
     Амма бехк барий-техьа заманан? Ма атта ду-кх зама бехкен йан, нах бехке  бан, дерриге а дуьне бехке дан. Цхьамма ша бехке ца во. Ша цхьа воккха, декъаза миска хета хIоранна а.
      Шен хIун бехк бу хьажа веза массо а. Ша хIун дира хIара зама дика хилийтархьама, кхин долу адамаш дика хилийтархьама?—боху хаттар хIотто деза хIораммо а ша шена хьалха. Зулам боху мокха саьрмик  хIоранан а кийрахь бижна хуьлу. И сама баккха мегар дац. Иза йамартло а, мекара а, зуламе а экха ду. Кху дуьненчохь йолчу массо а садолчу хIуманал дастаме хIума йу адаман кийрахь боллу саьрмик.
      И саьрмик хIораммо ша-шен кийрахь, шен даг чохь, шен кхетамехь хIаллак бан беза.
      Гондахьара Iалам хийцаделча шен бос хуьйцуш болу  хамелеон олу моьлкъа санна, басца хийцалуш, амалца, гIиллакхца, маттаца, леларца хийцалуш лела цхьаболчу адамийн саьрмикаш. Уьш дукхаъ ца хуьлу дерриге халкъ а, къам а схьаэцча. Делахь а оцу кIеззигчара дохадо массеран а маьрша, ирсе дахар. Цара эрчайоккху муьлхха а зама. Цундела ас бехке ца йо цхьа а зама. Бехк адамийн бу. Шайн Iосалах, шайн ледарлонех, шайн къинойх жоп ло цара массара а бехке болчара, бехк боцучара а.хIинцалца цхьа иштта схьадеъна дуьненах дахар. Кхана-лама, йа гергарчу бIешерашкахь и хьал хийца лур ду ала а хала ду.
     Делахь а, саьрмик тоьлла хан кIезиг йахло. Диканиг алсам ду дуьненчохь. Диканиг тIаьххьара тоьлур а ду. Заманаш а хийцалур йу, хIинца дIайахна Миклайн зама санна…













«Хьуо дакъа делахь, Iилла!»

      ХIораннах а ша хила гIиртинарг хуьлу…Дера хуьлу…Стагана дахарехь гуш дуккха а диканиг а ду, вониг а ду. Диканиг лохуш, диканиг деш хила веза хIора а. Уггаре а нахехь Iумар-Хьажийна ца дезарг—осалалла йара.
Шалха къамелаш а, нун догIу хIуманаш а, даккхий хабарш а хIуьцIа-пуьцIалгаш а шена хьалхахь а, йа шеца лелайойтур йоцуш нигат дара цуьнан, жима волуш дуьйна йуьхьарлаьцна. Забар ца хууш йа ца евзаш а вацара иза. Амма цунна ца езара хьаьнц-хьаьнца а йолу эвхьазло, дашца елахь а, йа хичашца елахь.
     Шен дендас Дикас, мацах хIара жима волуш, аьлла долу цхьа хIума даимана а дагахь лаьттара цунна.
     Дикас аьллера:
 - Хьайл воккханиг лоруш а хилла, хьайл жимчуьнца эвхьаза а ма вийла, хьайн нийсархочунна йахь дIа а ма ло—тIаккха цкъан цкъа а йуьхьIаьржачу хIуттур вац хьо.
     Цкъа дагца чIагIо а йина, тIе а лаьцна дIа кхехьча, хала а бацара къонахчунна къонах хиларе боьду и некъ.
     Кхо бакъо йу-кх уьш:
     Хьалхьара бакъо: Воккханиг лара! ШолгIа бакъо: Жиманиг лара! КхоалгIа бакъо: Нийсархо лара!
     Ткъа, дIа ладоьгIча, ерриге а вовшахтоьхча, йуха а цхьа бакъо хуьлу-кх цунах: Хьо санна долу, дала дуьненчу кхоьллина, адам лара деза.
      Дера деза, олура Iумар-Хьажас ша шега, нагахь иза адам делахь, нагахь цуьнан хьоьца ларам белахь. Ткъа хIун аьлла лорур ву хьуна тIехьашхула шабарш а деш, хьох ваша а ца вешаш, хьоьгара цхьа ледарло йаккха гIерташ, нагахь и ледарло хьоьгара йалахь, хьох кхаьрдаш, воьлуш лела кийча верг. Цуьнца йа ишттачуьнца ларам хила беза техьа? Иштта хеттарш хуьттура жимчу стагна хьалха даимана. Ша санна массо а стаг ву моьттуш, шен нахаца ца хилча, церан а шеца хьагI-гамо хила гIуллакх дац-кх бохуш, догцIена адам дара Iумар-Хьажа.
     Берахь дуьйна тидамца хьежнера иза баккхийчеран гIиллакхашка, лерина ладегIнера цо нохчийн ширачу иллешка, дийцаршка. Таймин Биболат, Мадин Жаьммирза, Зайтан Шихмирза, Харачойн Зеламха—и цIераш дозаллица йохура цо даима. Къаьсттина дика вуьйцура цо МартантIера Исмайлан Дуда. Вуьззина къонах стаг хилла иза, олура цо. Къонах хила-м хала а дацара олура, Iумар-Хьажас, къонахалла дIакхехьа ду хала.
     Жима волуш дуьйна шел ханна мелла а баккхийчарна йуххе теIаш, царна шена хууш долу жимхалла лелош, цара дуьйцучуьнга леррина ладуьгIуш хуьлура иза.
     ХIара иштта лелаш ца лалуш, баккхийчаьрца кхуьнан йолу йукъаметтигаш ца товш, сингаттам болуш цхьа нийсархойн тоба хиллера. Цхьана хIуманна тIехь хIара гал ца волуш, кхуьнгара цхьан а ледарло ца йолуш, холчохь болчу, цара барт бинера, шаьш цхьанхьа буьйсанна сакъера гулбелчохь
 - ХIан-хIан, - аьллера царна йуккъех къаьсттина чIогIа шех лаьцна олуш долу дадатIарг дезаш волчу Нажмуддис.—И Iумар-Хьажа дукха чIогIа доьналла долу, Дела ша воцчух озавелла, бIокъажор боцуш майра стаг ву бохуш долийна цхьаболчара. И бакъ ду йа дац хьовса деза вай.
 - Муха?
 - Вайх цхьаъ велла цIеххьана аьлла, кеп хIоттор йу. ТIе верта а тесна хIара Салман докъанна метта охьа а виллина, цунна, ЙАсин доьшуш буьйса йаккхахьара аьлла доьхур ду вай Iумар-Хьажига.
 - Сох ма делаш дакъа, - аьлла йухахьаваьллера Салман.
 - Ткъа хьанах до вай?—ирхкхоссавелла Нажмудди.
 - Докъан метта хьо вижа веза, - аьлла дIанехьо тийна Iачу Ахьмада.
 - ХIунда?—цецвелира Нажмудди.
 - ХIара гIуллакх дагадеънарг а хьо ву, хьовсур ду-кх вай шуьшиннах къонах мила ву. Бакълоьй со?
 - Бакъ лоь! Нийса боху, -  тIетайра массо.
 - Дика ду делахь, - гIеххьа аз малделла резахилира Нажмудди, - со тIе верта а тесна Iуьллур ву. Аш Iумар-Хььжа ЙАсин деша хааве. Шаьш дIа гIо,Iуьйранна схьадогIур ду алий. Буьйса йуккъал тIаьхьа котам деккашехь со меттаххьовр ву, таккха хьовсур ду-кх вай Iумар-Хьаьжа мел къонах ву, хьаьхь-хьаьхь-хьаьхь!—аьлла ца догIучу дагца велавала гIоьртира иза. Вукхарна-м башха беламе а ца хийтира цо хIоттийна сурт.
 - Амма, шу гена ма довлалаш. Эцца кора кIелахь, наьIарна тIехьа а хилалаш. Хьанна хаьа, масане хуьлу дагахь доцург. ЦIеххьана цуьнан дог вон хилахь.
 - Дика ду са магатде ахь. Оха шуьшиъ ларвийр ву хьуна.—аьлла, шел жимах волу Мохьмад дIахьажийра Ахмада.
     Лаьтта цIенкъа йуккъе цхьа истанг а тесна, цу тIе гIайба а биллина Нажмуддина Iилла меттиг кечйира цара. Арахь аьзнаш а, жаьла леташ а хезна. «Же-же».—Нажмудди охьа а вижийна, тIехула цуьнан корта кIайла а боккхуш, верта тесира накъосташа цунна гонах дIа а хIиттина тIехьа куьйга лаьцна хIорш лаьтташ чоьхьа велира Iумар-Хьажий, Мохьмаддий
 - Ассалам Iалайкум! ДоIа де!—аьлла дIахIоьттира хIорш. ДоIа динчул тIаьхьа—Дала гечдойла кхунна! ХIун хилла? Муха хилла?—хаьттира цо.
 - ЦIеххьана охьа а кхетта дIавели-кх хIара Нажмудди
 - Таккха?
 - Тховса кхин хIума лелочахь а дац. Дакъа лийчош волу РаIса а кхана бен хьалакхочур вац, вайн молла СоIдулла а Таьнги-чу вахана цIахь вац. Тховса кхунна ЙАсин а, кхин долу деза айаташ доьшуш кхуьнца йуххехь буьйса йаккхалур йацар техьа хьоьга аьлла, кхайкхинера охьа.
 - ЙАккхалур йу дера соьга-м буьйса.  Схьадан  Къоран  а охьадилла. Чиркха чу даьтта а дотта ламаз карла а даьккхина, со сихха схьа вогIу шуна, - аьлла араваьллера цу хенахь ханна берхIийтта шо хир долуш волу Iумар-Хьаьжа. Иза йуха веъча, кхуьнан буьйса декъал а йина, кегирхой арабевлира.
     Лохачу гуьйриг тIе охьа а хиъна чиркх жимма хьала а оьзна, «БисмиллахIирохьманиррохьими», - аьлла КъурIан  кара ийцира Iумар-Хьаьжас. «Йасин» дешначул тIаьхьа кхин долу айаташ доьшуш иза Iаш, буьйса йукъал тIехъйаьлча дека котамаш дека доладелира.
     ХIетталца тапъаьлла, шен садеIар лахдина, малвелла Iиллина волу, Нажмудди жимма меттахь велира.
     КъурIан доьшуш Iачу Iумар-Хьаьжина ца хааделира иза.
     ЙУхаъ меттахъхьайра Нажмудди. Иза тосаделира Iумар-Хьажийна. Меллаша КъурIан охьа а диллина ша Iачуьра ира хIоьттира иза. Корах чу хьоьжуш болчарна дика гора ша дерриг а. Цхьа дагахь доцург хиллахь, чоьхьалелха кийча бара уьш.
     Iумар-Хьажа вахана «докъана» тIехIоьттира. «Шшах», - аьлла баттара схьаэккхийтара цо шен деха тур. Цуьнан йуьхьиг вертана бухахь Iуьллучунна некха тIе а таIош Iумар-Хьажас аьллера, жимма толкха а эккхаш (иза цуьнан дог датIаран билгало йара):
 - Хьо дакъа делахь, меттах а ца хьеш Iилла, д-д-дацахь, ас дийр ду хьох дакъа!
     Эцца чоьхьалилхинчу кегийрхоша дехнера:
 - Делахь, Iумар-Хьажа, къинтIера валахьара хьо, тхаьш цхьа забар йо моьттуш динера оха хIара хIума.
 - Шун забар ца забар-м ца хаьа, и йуха меттахъ хьайшнехь, кхунах дакъа-м хир дара шуна. Соьца кхин ма елаш и тайпа забарш, шайна йуккъехь лелае аш и забарш.
     ТIера верта схьаэцча докъа баса а вахна, хьалагIатта а, вистхила а де доцуш гIеххьа Iиллинера Нажмудди. Цул тIаьхьа цхьана урамехула Iумар-Хьаьжа вогIу аьлла берашкара хезча, кхечу урамехула дIавоьдура иза.
Иштта, Iумар-Хьажех пе бетташ, лиэла дийзира цуьнан шен бехкенна.
Шех хила гIиртинарг хуьлу хIораннах.




 
Буьйсанан гIаларт


 - Кхана сарахь Анса-ирзехь Солонгира волччохь синкъерам хир бу, аьлла, хаам хилла хьуна. Хье ца луш охьакхачалахь, - элира СаьIин Бауддис, Iумар-Хьажа, нуьйран доьхкарш а къевлина, луьйтанчу ког биллинчул тIаьхьа, цхьаьна меттехь ца соцуш урх къуонахчун буйнахь хиларна цунна го туьйсуш йоллучу Iаьржачу дина хуучу заманчохь. Нуьйран хIоъ аьрру куьйга а лоцуш лаьттах дIакъаьстина говра хиира бере, цул тIаьхьа а аьрру агIорхьа хьовзош цуьнга ша лаьттачохь цхьа-ши го а боккхуьйтуш.
 - Со хьиэлахь а, синкъерам дIабохале охьакхочур ву хьуна.
Бух кечбай Iиэлахь, - аьлла Бауддин Iодика а йина, Мартанан чIожахула боьдучу новкъа а ваьлла шен лаамехь битира цо карзахе дин.
И буьйса а, шолгIа де а чекхдаьллачул тIаьхьа, сарахь охьа ван новкъа велира иза, ша даьхьна гIуллакх кхочуш хиларх воккха а веш. Кхин башха нахал даьккхина дийццал  доккха гIуллакх а дацара иза. Кхунна цхьа кIира хьалха евзинера ТIерлара шен ненаваша Зовг Ахьмад волчу хьошалгIа еъна йолу Джовбетаран ЙогIалбин йоI Бака.
Наха иштта хуьлу аьлча а, хIара ца вешаш хилла йолу цхьацца билгалонаш а хааелира кхунна хIинца шеца. Цкъа делахь, оцу йоIах бIаьрг ма кхийттинехь цIеххьана кхунан кийрахь цхьа цIе кхерстира. ЙУха йовхачу тулгIенашца кхуьнан коьрте а хьаьдда, цул тIаьхьа дерриге а дегIаца йаьржира и ша-тайпа алу, цхьана кхечу дуьненчу ваьлча санна, хоьтуьйтуш, дегIана а сина а там беш  мокхазан тарх санна долу цуьнан дог, даьтта хьаькхча санна кIад а деш вуоха а воьхна, хIума ца алалуш, ша оцу меттехь висарна а чIогIа холчохь а вара хIара. Амма шегара и хьал цхьанна а накъосташна ца гина хазахетара. Цундела йоIе хан йиллийта, аьлла, ша даьхьна гIуллакх Бауддига а ца хаийтинера цо.
Бакас, ша хьошалгIа еанчохь ишттачу хаттаршна жоп лур дац, шеца боккъала гергарло а дезахь, шех хьуна накъост хир йу аьлла а хиэтахь, Михалске шен да-нана а, йиш-ваша а долчу дIаван а, цигахь и къасто а деза, элира, цкъачунна дуьненан синкъерамца, синкъерамехь, ловзаргехь кхуьнан йуьхь йан дош а луш. Кхин цуьнга ала хIума а ца карийна, шен хьаша Саламбек волчохь де-буьйса а даьккхина цIехьа вирзира Iумар-Хьажа, маьркIажа хан хиллачул тIаьхьа.
* * *
     …Кхузахь билгалдаккха лаьа: дукха хан йукъа ца йулуьйтуш, оцу гурахь Бака схьайалийра Iумар-Хьажас. Доккха ловзар а дина, тоьллачунна ка а биллина говраш хохкуьйтуш сакъийрира цигахь Iумар-Хьажин накъосташа. Шовзткъе ворхI шарахь Iумар-Хьажа дIакхалххалц, цуьнан кертахь йахна Бака…

* * *

….Аьхкенан буьйса екхна а, бутт йуккъе бахна а хиларна, сирла дара беттаса. Ча такхийна тача а, чухчахьер а дика къаьстара стигларчу чот йоцчу седарчашлахь. Йоккха можа сискал санна кхозура царна йуккъехь беттан экъа а. Тийна дара гондахьарчу хьаннашкахь а, наггахь йогуш къуьра хаалучу ирзошкарчу кIотаршкахьа а. Шен гIийла шабарш деш, охьа догIура  Марта. Наггахь хотехь чIоб декаш а хезара, йуххехула мох тухуш тIелелхара, долу, бирдолагаш.
     Шен Iаьржа дин йуха а изош, йайчу йоргIаца охьавогIура дошло, цкъа жагIан новкъа волуш, йуха гечо долчохь Марта хадош. Наггахь йуьхьахь хьакхалора некъаца лаьттачу къаштуйн, моънийн маргIала генаш. Хи шорделла, даьржина, тийна догIучу метте кхаьчча цу чохь наггахь кхоссалучу чIеран тата а хезара.
     Кхечу меттигашкахь а, йарташкахь а санна кху Мемат тогIехь а хIора шарахь гуьйренга лестича, керташкахь стоьмаш а, хасстоьмаш а хила болабелча долош хабарш хуьлура: хуьлла цхьана хьенехеран йа минехеран цхьа йоI-йиша хьеръйалла, джинашца тайна, бохуш. Стаг хьераваьлла олий а дуьйцура. Вихкинчуьра хецавелла йа хецаелла и цомгуш нах хьуьнан хотешкахула, варшашкахула лелаш бу, гIотанашкахь а, хьехнашлахь а дийнахь набарш а еш, буса нах дIатийча йарташка а оьхуш шайна нехан керташкахь йуург лоьхуш.
     Харцахьа лелаш долу бераш кхеро, уьш шайн бошмашка а хесашка а ца кхийдийта, олий доладора а тайпа хабарш зударша, йуха кар-кара а оьцуш, шег-шегара тIедетташ деста а дой даржадора. Цул тIаьхьа шаьш даржийначу оцу туьйранах теша а теший, буьйсана йуххехь накъост воцуш арабовла а ца баьхьаш хуьлура и долийнарш.
     Ткъа берашна-м хаьара и бакъ доцийла. Делахь а, хьанна хаьа боккъала а иштаниг хила а ма тарлора. Кхой , Бауддиссий жима волчу хьенахь забарш еш хилла волу Довлтмирза а, нахана хIинца дика дагавогIура. Иза воцург а, хийла коьртаца эшна волу делан миска масане хир ву гондахьарчу йарташкахь дуьне токхуш лелаш.
     Цул сов жима волуш дуьйна Iумар-Хьажина дуьйцуш хезна хийла хабарш дара джинийн пхьоханех а, алмасех а, иэшапех а лаьцна.
    * * *
      Масане дуьйцура уьш цу заманчохь. Мацах цкъа иштта екхна еанчу цхьана буса кIайчу Iинчуьра ша цхьаъ охьа вогIуш хиллера Джебар бохуш волу жима стаг. Жима аьлчаъ, ханна ткъей пхиъ шо хир долуш хилла иза. Мухха хIоьттинехь а, сурт хIоьттина хилла цунна, цхьана йоццачу ханна иблисан кара а иоьдуш.
     Некъан йисттехь бай тIехь йогуш йоккха цIе хилла, лоькхуш пондар а, етташ вота хила. Оцу цIара гондахьа хьийзаш цунна девзаш долу а, цунна дуьххьара гуш долу адамаш хилла, шайна йуккъехь кегийнах а, мехкарий а болуш. Хелха буьйлуш, тIараш детташ гуттара чIогIа гIадбахна, самукъадаьлла болчу, цара Джебар а шайна йукъаозийна, уггаре безамехьйолу жеро йукъа а йаьккхина, хелхаран бал а баккхийтина цара цуьнга. Цул тIаьхьа хелхар дан йукъаваьлла хьаша ву аьлла цхьаъ. Цо ден хелхар чIогIа тайна, шовкъе а вахна, «Iойт! Гора кIант йаI! Хьовзае нанас ца йинарг!» - аьлла мохь а тухуш  Джебара хIумпар чуьра хьалаэккхийтина шен тапча.
    Цуьнан карахь тапча гича оцу тобанна йуккъера йиш-маIашйеш
 - Ма кхосса! Ма кхоссалахь! -  Бохуш тIехьаьвдда кегийрхой.
Цаьрга ла ца дугIуш Джебара йожийна тапча, хелха волучуьнна когаш йуккъе, лаьтта а хьажош.
И тапча йаларца цхьаьна тапъаьлла тийналла хIоьттинера гондахьа. Оцу йогуш хиллачу цIеран тIаьххьара суйнаш дIадовш, шена гондахьа хьийзинчу жухаргийн  когаш тIехьа бирзина гира шена, бохуш, дуьйцу бахара Джебара. Гондахьа цхьан а адм а, йа гIаларт ца карийнера цунна, амма иза ша, некъа йисттера цхьана кхура кIелахь, дийнахь руьйта даьхкинчу бежнийн кхон оьлана тIехь Iаш хиллера.
Ша буьйсанан кийрахь хиларх цец йа ца волуш, шена дагахь хууш долу кIурIанан айаташ а доьшуш, Дела а, Делера салам хуьлда цунна, Делан Элча Мохьамад пайхамар а, шен устаз а дагахь латтош, некъ беш и хиллехь, и сурт цунна ган йиш йацара.
* * *
     ГIаларташ гуш, сарташ хуьттуш меттигаш хьалха заманчохь дукха хилла. Адам ша дисинчохь, буьйсанан кийрахь,кешнашка йуххехь, уьшалш йолчохь иза нисделча, цхьацца бIарлагIа тарлуш хилла ша лаьтташ йолчу куллах а, боккхачу тIулгах а, керта йоьгIначу мунданах а. Адамашна йуккъе  а догIий кошара хьаладевлла убарш лела бохуш дийцарш а хилла. Вист ца хуьлуш Iачу стагах хIинца а олу: «убар санна Iаш  ву  и».
Цхьа сина осала верг Iадош, кхерош меттигаш а хилла иштачохь, къаьсттина оццу хенахь олхазаран йа экханан мохь-цIогIа хезча-м муххале а.
Iумар-Хьажигара хIун ледарло ер йара техьа, бохуш, сингаттамехь болчара цхьацца бахьанаш лелочух тера дара. Амма, церан и хIуьмалгаш цунна хаа а ца лора…
Кхин болар ца хуьйцуш, йоргIа эцна йогIура цуьнан говр, хьалха санна. Мартанан чIожан малхбузе агIора басахь Iуьллучу Анса-ирзехь тховса цхьа синкъераман кеп хила мега бохуш, кхуьнан доттагIчо СаьIин Бауддис селхана шега хьахийнарг дага а тесна, цига некъ хьала хьаьвзачу метте нислучу хенахь говр аьрру агIорхьа дIаерзиIра цо.
Наггахь ша лаьтташ хьуьнан кхор а болуш хьаьмцийн, элхьамцийн кондарш а йолуш бажа а, жа а дежаш йолу хин йистехула охьа йогIу  бай болу готта даьттан аса а хадош, йукъачу хьуьна йуккъе боьдура ворданийн чкъургаша а, дохнан бергаша а хьешна чIагIбелла некъ. И некъ  дукха готта хиларна, шина а агIора лаьттачу пхонан, бIаьллингийн генаша ма-хетта корта хьала нисбан ца вуьттуш, говран вортанна тIе а таьIна Iан везаш хуьлура. Тохара тогIичухула дечгаш нилха йолчухула охьавогIучу хенахь беттасо серладаьккхина дуьне дийнахь бохург санна гуш хиллехь, хIинца, олуш ма-хиллара, бIаьрг Iоьттина пIелг а гур боцуш йуьй-те аьлла, Iаьржа йара.
Делахь оцу боданехь сихха вуьйлира иза, хьалхара некъан лар а, гондохьарчу хьуьнхара дечигаш а, наггахь йолу  кол а хаалуш. Стиглара бутт а, седарчий а, йа ша стигал а ца гойтура дуькъачу генаша а, гIаш а.
Иштта бан безарг бешха гена некъ а бацара. Цхьа чакхарма ца кхочуш-м хила а мегара.
ЦIеххьана говро, гIеххьа йула а луш, мерах шок тухуш санна хетаделира цунна. Цхьа тамашийна аз а хезира хьалхахьара схьа. Меллаша урх йуха а озош говр сацийра Iумар-Хьажас. Леррина боданечу новкъа хьаьжна халхахьа ткъех гIулч генахь цхьа кIайн шаршу хьарчийна адаман кепехь гIаларт хааделира цунна. Корта хила безачохь бIаьргийн меттана къегаш ши тIеда бара, кIайн къегаш цергаш йара. Хелха йуйлу кеп хиттош, хьийза а хьийзаш, цхьа гIам-гIим а деш, хичаш еш, куьйгаш хьалха а туьйсуш тIегIертачу оцу хIуманах гIеххьа кхераеллера хIара тIехь Iаш йолу говр.
Кхунна дагадеара, дехьа Дами-дукъара хецаелла лелаш тиларчу йахна зуда йу бохуш дуьйцуш хилла хабарш. «Милла а йелахь кхуззахь цуьнца дерг къасто ма дезийца», - аьлла шен дагахь сацам а бина, даима а хаьнтIехь лелош долу деха тур баттара даьккхира Iумар-Хьажас. «Везан Дела, соьга кхуьнан цIий ца Iанадойтуш, новкъара дIайалийталахь хIара хIуъу а йелахь», - аьлла йолайалийтара цо шен йуха гIерташ йолу говр, жимма човха а йеш.
ХIара хецца шена тIевогIий а хиъна, кхуьнан буйнах тур а гина, и гIаларт цIаьххьана ша долчохь сецира.
 - Ма вуола! Саца! Ирдина хьокхий охьадогIур ду стиглара! IадъIе!—мохь белира гIаларте.
Аз хийца гIерташ, и долуш санна хетаделира кхунна. И боккъала а чохь са долуш адам дуйла хиира кхунна.
 - Хьан ир-бир ца хаьа. Ахь кхин иъ-миъ алахь ас тур тоьхна и корта дIабохуьйтар бу-кх хьан! Са ду хьо—цIий ду хьо?—тур айира Iумар-Хьажас.
 - Ма тохалахь! Адам ду со!—мохь белира гIаларте.
Къегаш хилла бIаьргаш а, цергаш цIаьхьанна дIайайра. Корта а берзина, тIехьарчийна кIайн шаршу а йолуш лаьттара, сирник латийна МартантIера кхуза сакъера оьхучу тобанна йуккъера ЖаIпар хиллера. Иза сихха хьуьнан йуккъехьа дIаволавелира.
 - Собар дел! Меттах ма ваьллахь!
 - Сайн хIуманаш тIейуха воллу со.
 - Мичахь йу хьан барзакъ?
 - Хьуьлла йуьхка тIехь Iохку.
 - Кара лаца уьш. ХIинца волало.
 - ТIейухийтахьа соьга бедарш.
 - Со мила ву хаьий хьуна?
 - Хаьа.
 - Бегаш беш вара со, хьи-хиъ.
 - Бегаш бийр бу-кх вайша тIаккха.
Лакха синкъераме хьала а вахна цигахь хьо схьаваре хьоьжуш накъостий а хир ма бу хьан . йорт эца!—тIечевхира Iумар-Хьажа, оьгIазла хIинца йуьссуш лаьттара цуьнан дагчу. Оцу маьхьаро берриге а бегаш а, забар а йицйалийтина, дегIе цхьа шийла зуз а деъна, хьалхахьа йом йира кхерамаш тийса а, самукъадаккха дагахь араваьллачо.
Хьуьна йуккъера ара а ваьлла шуьйра ирзу тIе велира и шиъ. ХIинца йуха а серлаелира аре. Масех боккха хьуьнан кхор бара ирзун маьI-маьIIехь лаьтташ. Гена доцуш гуш чиркхаш дара. Цигара схьахезара аьзнаш. Цхьаъ хелхавоккхуш тIараш детташ, маьхьарий тухуш кегирхой а бара.
Наггахь йуха а хьожуш, шах-ших бохуш шаршу а йолуш дIавоьдура ЖаIпар.
 - И боданехь къегашъерг хIун йара хьан?—хаьттира Iумар-Хьажас, шен тур батта а дуьллуш.
 - ХIара гIабакхах йина туьтмIаьжг йара, бIаьргаш а, бат а йолчохь мурйоьлла дечкаш йоьхкинера аса.
 - Вай, бер йа зуда дуьхьал кхеттехь, Iадор ма дара ахь. Эхь ца хета хьуна, иммансиз?
 - Со хьо ларвеш вара.
Хьан говран болар а девзир суна, хьо кхуза тховса вогIур вуйла хььара тхуна.
 - ТIаккха-м ша ду. Ахь лелорг цхьа некъ хилла. Волало!
 - Iумар-Хьажа ма вигахь со царна йуккъе. Хьийзор ву-кх со цара даима а.
 - Вуьгур вара хьан а, сан а десара хIинца-м. ЙАхийтта чехка, - аьлла шен говр тIе гIортийра беречо.
Ша ца вовзийта гIерташ, коьртах а тIехь шаршу хьарчийна, цу шаршуна бухахула кара лаьцна шен шарбал а, коч а йолуш вахана рагIу кIелахь лаьттачу синкъераме дIакхечира ЖаIпар.
 - Ассалам Iалайкум! Дика мел дерш кху чу. Хьеший оьций аш?—аьлла мохь тухуш тIехIоьттира Iумар-Хьажа. ЛадугIу йиш локхуш йолчу Бахус пондар сацийра.
 - Ва Iалайкум салам, - аьлла салам дIаийцира, - баьрччехь тхьамдин меттехь Iачу Мамлос—Дера оьуцу. Марша догIийла шу, хьеший!
Динара а воьссина, урх цхьаьна жимхига дIа а кховдийна, шаршух хьарчийна лаьтта ЖаIпар, кегирхой могIарехь массо а санна хьалагIаьттина лаьтташ волчу шен накъостан Баудина улла дIахIоттийра Iумар-Хьажас.
Массо а охьахиъча нускал санна лаьтташ дара «гIаларт». Могуш-паргIат а хаьттинчул тIаьхьа, мехкарий тхьамдас Залпаа элира:
 - Хьара мила йу ахь йалийнарг, ва, Iумар-Хьажа. Нускал далош-м вац хьо, тховса?
 - Дера вац. ХIара эцца сох хIун доллу хьажа дагахь, со кхеро араваьлла цхьа жимха ву. Кхуьнан цIе-м аса шуна йуьйцур йац. Амма кху йуккъахь йачу цхьаболчу кхуьнан накъосташна- хIара вевзина хир ву.
Вевзий шуна хIара?—хаьттира Iумар-Хьажас духе хевшина Iачу, цхьа ира зIокарш а, раз техкина хурашкаш ацарна кIелхьара схьагуш, кога йуьйхина лак хьаькхна шиблеташ алахь а, йа тухленаш алахь а мачаш а йолуш йолчу цхьана кIентийн гIеране.
 - Вевза!—гIийло жоп делира царахь хьалхе лелош волчу Баймарзас.
 - Вовзах, дIавига шайн накъост!—кIентийн кхин къамелаш ца деш дIабахара.
 - ДIаозаел и левси!—тийналла хадош, мохь туьйхира Мамлос.





Эмгар





…Декъазчунна денцIера еъна…
…Эмгар, миччара еъна елахь а, башха бухарчу зудчун дог доккхаддеш хир йац цхьана а заманчохь…
…Шахьбис тIе зударш кхийла Iамийна йолу, Тоита цец а ца йолура, рогIера «Нускал» схьакхаьчча. Мелхо а йоккхах йолчу йишас санна Iуналла деш, дола дора цо керлачу эмгаран. Церан бер хилча, шенчарал а хьоме хеташ, леладора уьш. Иштта Човка кхеран кертара рицкъа кхачийна, дIайахийтинчул тIаьхьа, цо вина волу Iиса, шен берел а хьоме хеташ Iалашвора цо, меца ца вуьтуш, тIехь-когахь ца оьшуьйтуш.
Массаьрца а елаелла, екхаелла хуьлура иза. Шен деган лазамаш хьулбора цо, нахана а, доьзална а ца гойтуш. Цуьнан дагчуьра дIа ца волура I9I5 шарахь тIамехь вийна волу шен дуьххьарлера кIант ЙАкъуб. Оцу тIамехь хилла чевнаш бахьана долуш кхуьнан цхьаъ бен воцу ваша Дауд дIакхелхинчул тIаьхьа дIабайра Тоитин денцIера кIур а. ТIаьхье йоцуш, жимо ши йоI а йуьсуш, дIавелира иза.
Иштта, денцIера гIо-накъосталла доцуш ша хиларна корта охьатеIош йацара иза. Цуьнан кхин виъ кIант а вара, бархI шо кхаьчна, массара а кхунах тера йу бохуш, йоI а йара. Уггаре коьртаниг кхо шегара къа-бала балхо а, доIа дан а, кхайкха а сийлахь волу АллахI вара цуьнан, (Делера салам хуьлда цунна) элча Мохьаммад Пайхамар а. Иштта хьокхо хьахавора Дала къайле цIинйойла цуьнан, Кунта-хьажа а.
Цундела синтеме дара Тоитин дахар, муьлхха а хало, бала лан де а дара цуьнан. ХIора де ламазца доладора цо, ламазца чекх а доккхура.


* * *


…Эззарнаш шерашкахь Мартано аьхкинчу шуьйрачу чIожа чохь дуккха а ирзош дара. ХIора ирзу тIехь кIотарш ехкина бехаш ахархой а, даьхнилелархой а бара. Церан Iер-дахар башха къегина а, хьолах дукъделла а дацахь а, хIетте а цхьанна а хамталлаш ца еш, Далла хастам а беш Iара уьш.
ХIораннахь йацахь а, дукхах болчеран гурахь лахьа дан таро а йара. Хьоьхан хари чохь ахьар а хуьлура, дуо буьзинчул тIаьхьа йисначу хьаьжкIех дой. Цхьаъ-шиъ гиба хьелийн даьтта а, шелиг дуьззина кIалд, кхаби чохь нехча а, тIо а хуьлура…
ЙУург биэн-берса йаккха, кхоьш, хохаш, саьрмсекх, гIабакхаш Iалашйора Iаьнна. Саьрмсекхаш а, хохаш а тIехь сийна патарш долчу хенахь схьа бохий, и патарш дуцуш кочарш а деш, васхал дохий хьалаухкура. Иштта Iалашйора бIаьстенца дIаен езаш йолу, хIуна къастийна хьаьжкIаш а. Боккха буьртиг болуш, ондданиг хоржуш къаста а йой, гурахь хьаьжкIаш тилочу хенахь, лоьдгаш вовшех а йуцуш, шишша кан цхьана а нисбеш, и хьаьжкIаш, васхал йохий, хьалаухкура рагIун дукъош тIехь, йа тхов кIелахь.
ХIуманан тIалам бан хууш, Дала деллачу беркатан сий деш, Далла хастам беш бехара и нах.






* * *



Дика хIусамнана а, берийн нана а хилла ца Iаш, куьйга говзалла йолуш йара Тоита. Муьлхха а гIуллакх карадоьрзура цунна.
Истангаш, бIегIаган куйнаш, бIоржамаш бора цо. ЙУргIанаш охура, бедарш тоьгура.
Ша дийриг цхьа атта деш санна хоьтуьйтуш, леткъам боцуш, хамталла йоцуш, елалой, екхалой, дора цо даима а.
Хьаьрччина дегI долуш, Iаьржачу аматахь стаг йара иза. Йовлакхна а, корталина а бухахула, мас къайла йоккхуш, йихкина Iаьржа чухта лелайора цо даима а. КIажийн пхенаш къайла дохуш еха хуьлура цуьнан деха пхьош долу кучамаш. Чохь-арахь гIуллакх дечу хенахь, новкъа ца хилийта, и коч жимма халаузуш гIода йуккъе хуьнжар доьхкура.
Цо йина йуург, массарна коьртах а йаьлла, дика хуьлу бохуш, йуьйцуш йара. Чохь боолчу гIирсах, сурсатах хIуъу кечйой а, цхьа мерза кхача хIоттабора цо хьешашна а, доьзалшна а хьалха. Жижиг-галий, хингал-чIепалгий, хIунда хьехадора, воьтанан даьттагIа, хIоъ тоьхна кIалд-даьттий, мохь тоьхна мижаргаш, далнаш… массане йара уьш, могуш-паргIат хоттучу йукъана цо кийча хуьлуьйтуш. Уггаре а ледара хьал кхолладелча а, иттех хьаьжкIа дай чуьра схьа а оьций, тIера а йоккхий, боккха чуьйна йай дIауллура Тоитас. Дукха хьолах IаьнтIехь кхаари дийнахь Iуьйранна дора цо иза, еари дийнахь Iуьйранна оцу кхехкаш йолчу хьаашна тIехула цхьа кад кхоьш чутосура. Малхбуза хан хуьлуш кхихкина йолура и йуург. Цунах хьункх олура. Кхо-биъ кад лула-кула сагIийна бохьуйтура цо, ткъа йиснарг доьзаллина хьалха йуьллура.
Аьхкен тIехь, йовхачу хенахь, рагIу кIелахь даьккхинчу ор чохь даима а, лаьтташ кхо-диъ чийлик чугIур долу гиба хуьлура. Кеста-кестта цу чу кечдой мохса дуттура цо. Довхачу дийнахь цхьа пиела мохса мелча хьогалла йовр. Даима а лаьттах йоллучу, гиби чохь шийла а хуьлура иза массо а хенахь.


* * *


– Кхин цхьа пиела а йоттахь, – аьлла мохса доттийта дIакховдийра  Шахьбис шен карара пхьегIа. Кхийра гуьмалга чуьра йуха а мохса доьттира Тоитас.
Малхбузан ламазаш а дина, вирд а даьккхина, луьйш-олуш Iара и шиъ.
– ХIун ду арахь, пхоьханахь? – хаьттира Тоитас.
– Кхин, хIара ду аьлла, хIума дац.
Амма Шахьбин ойланаш генахь йуьйла хаьара зудчунна. Хьалхачул гIайгIане а, синтем байна хийтира цунна шен берийн да.
– Дийцахь ма-дарра, – элира цо. – цхьаъ галдаьлча санна ма ву хьо.
– ЙАлол оцу берашка чукхайкхал цкъа. – элира Шахьбис эххара, доккха са, а даьккхина мерах шок а тухуш.
Тоитас уьйтIа а йаьлла стерчийн дукъ тодеш воллу Дотий, Абуй чувийхира, дас кхойкху аьлла. УьйтIахь хIоз хоькхуш лела иттех шо долу Iиса, эвлайуккъе ваьлла шен нийсархошна луьйш-олуш лаьтта Iумар-Хьажа схьавалаве аьлла, вахийтира.
– Массо а чувеанчул тIаьхьа, Шахьбис элира: неIарехь, тIехьа куьйгаш лаьцна, лаьттачу шен кIентех бIаьрг а кхарстош.
– Оцу лахахьа йуккъера йисна Iачу Келиматан йора Асмаа хан йиллинера суна, тIедогIучу оршот буса араер йу аьлла. Йиснарг кхо буьйса йу… Ткъа тахана хабар хезна суна, иза Миназе оццу сарахь маре йоьду аьлла, дийцина бохуш.– Иза, нагахь иштта нислахь, муха хир ду суна-м ца хаьа. Шуна шайна дика хуур ду-кх цунах дерг.
– Мичахь араер йу аьлла цо? – хаьттира Дотас.
– Хьулла ши къашту долчу гIуна йуххехь хир йу ша, аьлла, маьркIажан хан чекхъйаьлча…
Шахьби корехьа дIавирзира къамел чекхдаьллийла хоуьйтуш.
КIентий меллаша арабевлира. Дотас Iумар-хьаже цхьаъ дуьйцуш а хааделла, рагIу кIела елира Тоита.
Дотий, Абу шаьшшинан болх бан хIоьттира.
Ша Iамош, кхиош йолу ши шо кхаьчна Iаьржа бекъа хьаьж йуккъехь кIайн сет долу дела «ЧIама» аьлла цIе тиллинера цунна, ара а йаьккхина, йайдакх цу тIе а хиъна, Iумар-хьажа кех иккхира.
Шена йуххехь хьийзаш йолчу Селахьате элира нанас:
– Же йоI, йадий хи йисте а гIой Iумар-хьажас цигахь хьаьнца, хIун дуьйцу ладогIал. ЙУха соьга схьадийца хуур дуй хьуна?
– Хуур ду, нана, – аьлла. ког лаьттах ца кхеташ, дIаиккхира йоI тIехьарчу керташкахула.
Шен вешел а хьалха дIа а кхаьчна, дитта йуххе дIахIоьттира иза. Хи дахьа богIуш мехкарий бара. Цаьрца цхьаъ марехь жимма хан йаьккхина йолу Асмаъ а йара. Оцу мехкаршна а, жерошна а йукъахь къаьсттина безамехь а, куц долуша йара иза.
Цуьнца къамел дан дагахь веъна лаьтташ кечвелла Миназ а вара шен накъосташца.
Хаьхкина йогIу говр, цIеххьана йуха озош хи йуккъехь саца а йина, хин цIинцаш дIаса а кхуьйсуш.
– Ассалам Iалайкум! Барт цхьаъ хуьйла шун! – элира Iумар-Хьажас.
– Ва Iалайкум салам! Дела реза хуьлда хьуна, Iумар-Хьажа, – жоп делира Миназа.
– Миназ! – элира Iумар-Хьажас, – и латташ йолу Асмаъ ахь ца йигахь, хьо стаг хетар вац     суна, йигахь хьуна доккха совгIат а хир ду-кх.                Шайн шаьлтанийн макъарш а къуьйлуш Миназан го беш дIахIиттира цуьнан накъостий.
– Дела дуьхьа, Iумар-хьажа, иштта ма алахь, – вистхила гIоьртира важа.
– Къамел чекхдаьлла! – аьлла шен говр дIаэккхийтира беречо.



* * *


Едда чу а еъна нене шена хезна къамел ма-дарра дIадийцира йоIа. ЙУх-йуха хоьттуш хи йистехь хилла сурт шена а дуьхьал тесира нанна. Цунна дика вевзара шен мар а, кIентий а. ГIуллакх эрча долуш лаьттачух тера дара. Дов дIахьединера Iумар-хьажас. И дов марса ца долуьйтуш хIун дича дуьжур дар техьа? – бохуш ойланаш йора цо. Ша дера деза оцу йоьIан гергара нах болчу а йахна, орца даьккхина, сихонца и зуда схьайало, аьлла божаршна ша хIун леладо ца хоуьйтуш, тIехьарчу керташкахула Асмаан денвешин зуда Маржан йолчу йахара иза, Селахьат шена тIаьхьа а хIоттийна.
Хилларг а, хила тарлуш дерг а шена ма-хуъу дIадийцира цо зуьдчуьнга.
– Дакъаза ма йала хIара шиъ дуьненах Iебар йолуш ца хилла-кх хIара наний, йоIIий, Дала хIара шиъ Iабайарг! – аьлла куьйгаш ластийра Маржана. – Ма дика ду, Тоита, хьо схъаеъна а, и ма-дарра хаийтина а. Ас хIинцца кху чуьрачуьнга а кхуьнан жимах волу вешига хоуьйтур ду.
– Же, Маржан, сиха хьовзалахь дов-тIом ца оьшур-кх вайна. ХIара гена далахь, хIун хир ду, хьанна хаьа? ХIуъу а дай, катоххий и зуда тхан керта схьакхачийта хьажахь, – аьлла Тоита чехкачу болара цIехьа йуха йирзира, хIетале маьркIажа хан хуьлуш а йоллура, пхьор кечдан а дезара. Луларчу жамаIатан маьждигехь молла кхайкха волавелира. Наггахь Iеха а Iоьхуш цIа оьхуш тIаьхьадисна бежнаш а, уьйстагIий а, гезарий йара. Урамашкахь ловзучу берийн маьхьарий а, наггахь лиэтачу жIаьлийн гIалх а хезара. Керла хьаькхначу бецан а, арахь цIераш йагош кечъечу йуурган а тайп-тайпана хьожанаш иэеллера суьйренан хIаваэхь.
Эханга баьлла бутт а бара орцан дакъаш тIехула кхозуш. Тховса дуьххьара шена хIара дуьне гича санна цецбаьлла хьоьжура и зингатийн барз санна сийсаш лаьттачу кху адамийн дахаре. Ардашкахь маьлхан де а текхна цIаоьхучу ахархойн ворданийн йакхъелла чкъургаш а цIийзара ша-тайпанчу мукъамца.
– Чхьоча! Ва чхьоча! Иммансиз! Со хьаьнга луьйш йу! Схьавол чехка! – бохуш мохь беттара луларчу Жарадата шен аьрхачу кIанте.
– Сан устазор, хIинца дIа ма вогIу со, дIайалахь мохь ца хьоькхуш, – дуьхьала луьйра кIант.
– Со дIа ма йаийта! Ас сара бетташ вуон валор ву хьо, Иммансиз!…
…Тоита йоIе сихха рагIу кIеларчу товхи чохь цIе а латтайай хичу а доттий йай дIаолалахь, аьлла, чийлик а эцна, хьелий оза дохнакерта йахара. Цигахь схьаеъна ПетIамат карийра цунна.
– Делахь, ахь чекхдаккха айхьа долийнарг. Оцу цхьа маIа охьахьаьвзинчу атто шура Iанайо хьуна, хьожуш хилалахь, – элира Тоитас.
– И-м оьзна йаьллера со. ДIачу гIо хьо, нана. Со сихха ер йу, – элира ПетIамата.
ХIорш пхьор диъна а, пхьуьйра ламазаш дина а бевллачу хенахь кетIахь мохь туьйхира цхьамма:
– Во Шахьби! Чохь дуй шу?
– Дера ду! Схьавола! Мила ву хьо? – дуьхьала вистхилира Шахьби.
РагIу кIеларчу дечиган маьнги тIехь миндарна тIетевжина Iуьллура иза. Дота а шен чу вахаза кху кертахь вара. Iумар-Хьажа эвлайуккъера чукхачанза вара.
– Ассалам Iалайкум! Дика мел дерш кху керта! – аьлла кех чоьхьа велира лаккхахьарчу куьпара Саьлмирзий, Болатбий.
– Ва Iалайкум салам! Диканца дехийла шу а, – аьлла дуьхьал велира хIусамда – Марша а догIийла, схьанехьа довла, охьаховша.
– ХIан-хIан, Шахьби. Тхо кхин охьахевшина Iийра дац. Оцу лахахьарчу куьпарчу ДжамболатгIара ваийтина тхойшиъ. Иштта цара схьадийцарехь церан вешин йоIа Асмаа хан а йиллина цхьа хIума ду. Тховссехь и йоI дIайигахьара аш аьлла ваийтина тхойшиъ?
– Ой, – аьлла цецвелира Шахьби, – Дера ца хаьа суна-м…
– Дада, – элира ладоьгIуш лаьттачу Дотас. – Ас ала мегар дарий?
– Алал ахьа а, – куьг ластийра Шахьбис.
– Саьлмирза, шуна Дела реза хуьлда, ашшиммо беънарг хаза а, оьзда а некъ бу. Цкъа делахь, шаьшшинга ала аьлларг ду аш дуьйцург, шолгIа, иштта хила а тарлора иза. Делахь а, тхуна нийса ца хета йиллина хан а йолуш йолу йоI хенал хьалха девлла схьайалор. Тхо сиха а дац. Сиха делахь а кхаа дийнахь собар далур ду тхоьга. Ша йиллинчу хенахь, ша диллинчу дийнахь, ша йиллинчу меттахь хуьйлийла лаьа тхуна тхешан нускал.
ЙУха а, Дела реза хуьйла шушшинна. Иштта дIаалийша цаьрга, – аьлла дерзийра Дотас къамел.
– ХIун дийр ду. Шайна дика хуур ду-кх шуна, – элира Саьлмирзас.
– ХIан и дIадели, – элира Шахьбис, – ХIинца схьа хила охьахиъна йуучух а кхетта, чай а мелла гIур ву шуьшиъ.
– ГIоза йуийла! ДIагIур ву тхойша, Iодика йойла шу, – аьлла, кех велира ши хьаша.
Уьш новкъа а баьхна чувеанчу Дотас элира:
– Са ма гатде. Дала мукълахь шен хорша доьрзуш лаьтта хIара гIуллакх. Дика хьаха ду хIара шен хеннахь вайна хиъна. Ца хиънехь, галдер дара хIара… Чувахна, жимма садаIа воллу со…


* * *


ШолгIачу дийнан делкъал тIаьхье йара Iай лело тIергIан пазаташ йан кечам беш, урчакх хьийзош йоллура Тоита мукъ хан йаьллачура.
– Тоита! Чохь йуй хьо? – мохь туьйхира кIетIахь.
– Дера йу! Чу йола. Хьо мила йара? – аьлла, шен карара урчакх а, уьйриг а охьа биллина дуьхьала елира хIусамнана.
– Со, йара иза-м – зIаран тIехьара гучуелира лахахьарчу куьпара йисна Iаш йолу Залпаъ. – Де дика хуьйла хьан.
– Далла йоьзийла. Хьо йара ма тамаша бу? – цецъелира Тоита.
– Хьо лаа лелий?
– ХIуманаш йуьттуш йара со. ТIеда дечиг дагийча йисна овкъарш елахь, хIокху кхаби чохь йукъ лохьа суна.
– Йолуш йу и тайпа йукъ, ас даима цхьана меттехь Iалашйо иза, – аьлла Залпаъна йукъ елира Тоитас .
– Хьажахь. Цхьа хIума а хезна чIогIа цецйаьллера со, – аьлла йухайирзира зуда шена цIеххьана цхьа хIума дагадеъча санна.
Амма, цуьнга ма-хьаьжжинехь гуш дара, шена чохь дерг, шена хезнарг цхьанна хазийта лууш, са къамделла иза хилар. КIежъйаьккха болалуш болчу йай чохь хьийза хи санна, карзах хьийзара Залпаъ ойланаш. ХIинца и ша деъна хабар Тоитина дIа ца хазийча, кIеж а тесна тIехъйарна кхерам болуш а йара иза.
– Цхьаъ хир ду-кх, – аьлла шен эладитанашца, гIийбаташца а бала ца хилар хаийтира хIусамнанас.
– Иза-м жимма хьан майрачух хьакхалуш а ду хьуна, – элира хьешо.
– Цхьаъ хир ду-кх, – шек ца елира Тоита, – Масане ду уьш.
– Хуьлла тхан марден шича кIентан зудчо боху-кх и тхан лулара Асмаъ тIейогIучу оршот буса Миназе йоьдуш йу.
– ЙАхча хIун ду иза маре. Дуьххьара йоьдуш а йац, – элира Тоитас.
– Вай сан нана йаI! Хьуна хууш а дац хIуммаъ? – цецъелира Залпаъ.
– ХIун хаа дезара суна?
– Ой хьан майрачунна а хан йиллина ма йу иза, оццу оршот буса араер йу ша аьлла. Схьахетарехь Шахьбин куьйгаш дила дезар ду моьтту суна, – аьлла, цул тIаьхьа Тоитига хьожуш жимма соцунгIа а хилла тIетуьйхира цо:
– Башха и воха оьшуш хIуммаъ дац кхузахь. Асмаъ йоцурш масане бу жерой, Шахьбис йола аларе а ца тешаш цуьнга богIур болуш. ХIан, со сиха йу. Iодика йойла хьан, Тоита, – аьлла керта йогIуш хиллачул чIогIа болар а саттийна кех елира хьаша…
«Ирс йаI, хьан! Кхин сингаттам а, бала а боцуш хIара дуьне дууш лела-кх, – аьлла, мелла а оцу дIайаханчу зудчу къа а хетта, йуха а шен дезаршна йукъа йахар Тоита. Бан безаш дуккха кечамаш бара.


* * *


КIирандийнахь Iуьйранна шолгIа шо долу старгIа йихкина охьа а йиллина, цунна урс хьаькхира Дотас. Хьеший дукха хир буйла хаьара цунна. Цхьан а кхайкхина вало везаш вацара. Зуда йалош меттиг хилча воккха а, жима а, зударий а, бераш а схьагуллора. Массо а йуучух кхетийта везаш вара.
Цундела кегийрхоша старгIа тилошшехь, еш кхехко гIайгIабеш бара , цхьаберш Тоитас Iуналла а деш, шайн зударийн дезарш деш бара кхеран кертара а, лулара чу баьхкина а зударий.
МаьркIажа хан тIекхочуш шайца Шахьбин шичин йоI Аружа а эцна хене вахара Дотий, Iумар-хьажий, Баудий, Паший. Гондахьа бевла кегийнах а, зударш а болуш, оцу ша йиллинчу метте схьакхечира гIабали йуьйхина йолу Асмаъ.
– ХIара тахана тховса дуьйна тхан нус йу, – аьлла – Асмаан пхьарс схьалецира хьалха ваьллачу Пашас. Елха а ийзош и схьа ца хоьцуш йолучу зудчуьнга пхи туьма кховдийна, нускалца схьаволавелира иза.
– Дала барт цхьаъ бойла!, тIаьхье беркате хуьйла! – аьлла маьхьарий девлира.
– Дела реза хуьйла шуна а! Ши говр йоьжначу шарабан чу нускал а, Аружа а хаийна, шаьш шайн говрашка а хевшина, кхуьссуш тоьпаш а йолуш, наггахь мохь цIогIа а тухуш тIаьхьа уьдуш, хьалха лелхаш некъ лоьцуш бераша долуш цIехьа бирзира замой, Iаржъеллачул тIаьхьа кхечира уьш шайн керта. Йоккха IалагIожа хIоьттира оцу сохьттехь кхеран уьйтIахь. Берийн, зударийн гIовгIанаша а, кхуьйсучу тоьпийн, тапчанийн татанаша а дуьйцург а, бохург а ца хозуьйтуш гIеххьа хан елира.
Дукха кхийссинчу тоьпийн биргIанаш цIийъелла гора Iаьржачу буса.
Кхано тIаьхьа и къап-къарс жимма лагIделча, хьеший дIасабахча, Тоита пхуьйре ламаз дан чуйахара. ХIокху тIаьхьарчу деношка сагатдина, йулаелла лаьттина шена хIун хуьлу а ца хууш хIоьттина хиллера иза. ХIинца дерриге чекхдаьлча жимма сапаргIат а даьлла ша малъелча хааделира цунна ша мел чIогIа гIелъелла, шена мел чIогIа ницкъ хилла.
ЦIий ца Iанош дов-тIом боцуш и гIуллакх нисдаларна, Далла хастам беш, мел а кхайкхийна рагIу кIелахь йуьстах долчу шен цIа чохь ламазна тесначу кхакхан тIехь Iара Тоита.
Шен хIусамна тIе гIоьртина сингаттаман Iаьржа бода йухатоьхна хиларх а йоккхаера иза. Нехан луур ца долуш, шен хIусамдена а, доьзалшна а нехан ала хIума ца дуьтуш, боккхачу йуьхькIамца шена тIе эмгар йалорах и йоккхаеш санна хетара кIенташна а, Селахьатна а. Шайн а, массо а хьешийн а санна Тоитин а самукъа долу моьттура царна, иза гуттара санна екхна хилча.
Тоита кхин цкъа а суьлхьанаш хьийзош Iаш, чоьхьавелира Дота. Доьзалехь воккханиг ша хиларе терра, массо хIуманна ша жоьпаллехь хетара цунна шен нана ца гуш хьеелча, хIун деш йу техьа, аьлла чоьхьавелира иза. Жимма лаьттина, цо элира.
– Тоита, хьо а гIелйелла хир йу садаIа ахь.
– Со-м ца гIелйеллера, Дота. Со-м йоьллера хIокху тайпанчу суьртех, – элира Тоитас.
– Дика дIадирзи хIара! – воккхаверца элира кIанта.
– Дера дирзи. Кхечу агIора доьрзийла ма йацара… Дота, – элира нанас жимма соцунгIа а хилла.—Оцу герзаша ваша а, кIант а вийна Iаш йу со… И тоьпаш тховса ма чIогIа кхийси-кх аш… оцу тоьпан тата ловш дац-кх сан лергаш… ма кхийсахьара аш и тоьпаш.
 Дота цIийвелира…
– Тоита, – элира цо доьхначу озаца.– Эцца хIара гIуллакх иштта вайна ма-хеттара нисделла хазахетта жимма карзахдевлла хилла тхо. Ас… ас дош ло-кх хьуна кху кертахь кхин тоьпийн тата хьуна ца хазийта…
Тоита хьала ца хьожуш, хьалха куьйгаш а лаьцна доIа деш йара. Цунна хьалха, кхакхан тIехь аркъал а дижна когашца цуьнан карара охьакхозучу суьлхьанийн кIуж ловзош доллура мокха цициг. Товхин туьнгалган белша тIехь лаьттачу къуьданан серлоно чуьрчу хIуманийн а, адамийн а IиндагIаш дахдина дехьарчу пенаца хьаладохуьйтура.
Кхин цкъа а шен нене а хьаьжна меллаша аравелира Дота…
…Декъазчунна ден цIера йогIуш хилла эмгар…
Тоитас-м ша шена йалийра иза цу буса.







ТIехь йоцу йасакх


– Чехкка лаллал, Жебар – бохуш, вордана тIе а хиъна, архаш лелош волчу шайн накъосте мохь а бетташ, чабол эцна вогIура пурстоьпан гIоьнча волу Межид.
Ворданна тIаьхьа хIиттина богIура церан накъостий Шерпий, Iуспий. Кхарна сардамаш духкуш, неIалташ кхайкхийна болу зударий геннахь биснера. Церан аьзнаш хIинца хезаш а дацара.
Мемат тогIийчу нахера йасакх а, гIуда а гулдан йахийтинера и тоба, коьртехь Межид а волуш,. Цигахь бехаш болчу мисканашкара схьайаккха кхин хIума а ца карийна, ахча-м цаьргахь хIета-вета а доцуш дара, шайн карайогIург чуьрчу сал-палх кадетташ, цхьаьнахьара цIеста кIудал оьцуш, вукхунхьара чуьна йай, кхечанхьара йиэзан тас, тиша палсан тIелхиг а, цхьа-ши гIайба, когаш а бихкина тIекхоьссина газа а – иштта и хIонс йахьаш  Хьалха-МартантIе охьа хахкаелла йогIура и кIентийн гIера. Мартанчуьрчу лакха эвла йисттерчу Ламазан тIулгана тIекхочуш царна дуьхьал кхийтира, цIа вогIуш волу, Iумар-Хьажа.
– Ассалам Iалайкум! – аьлла, салам делира цо.
– Ва Iалайкум салам! – вистхилира Межид.
– Межид?
– Iумар-Хьажа!
– Шу лаа леларий?
– Делахь.. Тхо эцца… и налог гулйе, аьлла дахкийтинера.
– Гулйелан шуна хIуммаъ?
– ХIара хьуна ма-гарра, цхьацца пайда боцу хIума вовшахкхийти-кх. Цигарниш реза хуьлий а ца хаьа…
– Уьш а реза ца хилахь, дIадаьлла гIуллакх ду хьуна, – элира Iумар-Хьажас. – ТIаккха цара шу чехор ду. Аш лелийнарг а, динарг а дойуш. Цундела, шуна и йуьхьIаьржо тIе ца йоуьйтуш, хIума дича бакъахьа хета суна.
– Муха?
– ХIара шаьш гулбина пал йуха хьала бахьа беза.
– И мегар дац, Iумар-Хьажа. Ахь хIун дуьйцу?
– Хьалаерзае боху ас шайн ворда, – инкарло йан меттиг ца буьтуш, дийкира беречун аз.
– Делахь, Iумар-Хьажа, дIадахийтахь тхо, некъан хьовзам а ца беш. Тхо Iедалан балхахь а дара. Тхаьшка аьлларг деш лела тхо. Тхан карахь хIуммъ дацара.
– Сан йиш йац хьан таьжгенашка ладегIа. Сан докъан тIехула а девллий бен шун охьадаха меттиг а бац. Хьалаерзае ворда, – аьлла вон бIаьргаш къарзийна, шен туьран мукъ схьалецира Iумар-хьажас.
– Но-о! – олуш урх цхьана агIора схьа а озош говрворда йухаерзийра Жебара. Цунна тIаьххье хьала бирзира МежидагIар а.
– Шу охьа даха мегар ду, – элира Iумар-хьажас. – ХIара аса сихха охьа хьажор ву шуна.
 Сих-сиха тIаьхьа вогучуьнга йуха хьожуш ворда лаьллина воьдура Жебар. Мемат тогIи чу хьала кхаьчча, жамIатан маьждиган хьалха сацайайтира Iумар-Хьажас ворда.
– Охьайассаел и хIуманаш, – элира цо.
Вист ца хуьлуш ворда йассийра вукхо.
– ДIаваха мегар ду, – элира Iумар-Хьажас.
Жебара шед йетташ доккхачу татанца охьа хаьхкира шен йеса ворда.
– Схьадуьйла кхуза, – аьлла, мохь тоьхна, дIанехьа гал-гIожмех ловзуш долу ,бераш тIе кхайкхира Iумар-Хьажас.

– ХIун боху ахь, ваша? – хаьттира вокхах волчу кIанта.

– Дуьло шайн наношка схьакхайкха.
ХIара хIуманаш шен-шен йолчо цIа хьо, ала. Неханиг, шен йоцург дIайахьа мегар дац шуна. Кхийтирий шу?

– Кхийтира! – хазахетаран маьхьарца дIасадевдира бераш.

Зударий гулбалале дIавахара бере, оцу хIуманашна бIаьрган Iуналла де, аьлла, цхьа кIант царна йуххехь а сацийна.










Бердах эккхар





– Эхь ца хета шуна? Шу нах а йоцу хIуманаш! Къийгаш йу-кх шу. И погонаш стенна лелайо аш? И герз хIунда делла шуьга? – НКВД-н районан хьаькам волу Шахбулатов оьгIаз чIогIа вахнера. – Эхь ду-кх иза. Пхи стаг, герзах воьттина волу пхи милцанер карахь тур бен доцуш волчу цхьана стагах кхера а велла, цо аьлларг а дина, цунна къурд а аьлла, схьавар.
Кортош охкийна, лаьттан бIаьра а хьоьжуш лаьттара налог гулъйан бахна хилларш. Шайн хьаькамо етта йаппарш башха дагах а ца хьакхалора царна. Шена цкъан а гина воцу стаг иштта атта хабарца цо хIаллакварх, и гича цо хIун дер а ца хаьара…
– Ас айса схьа а лаьцна вехка а вихкина схьавалор ву-кх иза кху чу. Ас лагерехь вахкор ву-кх иза, – бохуш шена гуш воцчу стагана боба йоуьйтуш вара Шахбулатов. «Хьовсур вай ахь хIун до», – бохуш шайн дагахь, лаьттара бехкала бахнарш.
Гоьзанах йихкина лаьтта шен кIайн говр а йаьстина, нуьйра чу хаа гIоьртира дегI дазделла волу хьаькам. ТIеведдачу Межида вукху агIорхьа луьйта охьа озийра, ткъа Iуспас хьала а тоттуш говра хаийра районан коьрта милцанер.
– Со хIинца Мартанчу хьала воьду, – элира цо. – Шу... шу суна тIаьххье бIаьрго ма-лоццу, со тергалвеш хила, ас куьг ластийча сихха тIекхиа кийча а хила. Кхетий шу?
– Дика кхетта, накъост комиссар!

***

Мартанчу эвла йуккъе кхаьчча, туькана уллохь жимо пхьоьха а хааелла, царна тIевахара Шахбулатов.
– Ассалам Iалайкум! – аьлла салам делира цо, говрахь Iашшехь.
– Ва Iалайкум салам! – салам схьаийцира бухарчара, шайн тIулгаш тIера хьала а гIовттуш.
Могуш-паргIат хаьттинчул тIаьхьа, къамел хаьдда жимма тийналла хоьттира. Оцу хьещаца дийца а, къасто шайн хIума доцуш болчу йуьртахошна, ша веъна а, гина а мел хазахетта гуш вара бере. ДIанехьо татолан йисттерчу гIундалгIаш йуккъехь хьулбелла лаьттара цуьнан жимо бIо, кхо цхьа хаам бича чухьалхьа кийчча а болуш.
– ТIаккха, муха Iа шу? Керла хIун ду? – хаьттира хьакамо.
– Далла бу хастам! Тоьур ду! - жоп делира Мохьмада. – Шу лаа леларий?
– Тхо, цхьацца харцахьа нах бу, аьлла, хезна даьхкина.
 - Харцахьарниш тхуна-м ца хаабелла. Хилча а оха совцор бара.. Баккхийчаьрга ладугIуш бу тхан кегийрхой.
– Iумар-Хьажех хIун эр дара аш?
– Цунах ала а хIума дац, – дуьхьал вистхилира Мохьмад. Важаберш ладугIуш Iара, шайн карарчу Iасанашца лаьттах сизаш хьоькхуш. – Эцца шен тур а текхош лелаш ву. Цхьанна а новкъа а вац, ша хье ца веш Iадда витчахьана.
– Дукха-м текхор дац хьуна цо и тур! – ойла ца еш эккхийтира шен багара и дешнаш Шахбулатовс…
– ХIете, хIете… Дала динарг хир ду, -  корта таIийра Iачех цхьамма.
Йуха а тийналла хоьттира.
***

Мартан йистера схьабогIучу новкъахь таьллаш тIехьара гучувелира цхьа бере. Цуьнан хьаьж тIехь кIайн сет долу Iаьржа говр йевзира царна, генахь йоллушшехь. Баккхийчу нахана тIекхачале шен динара воьссина, гIаш тIевогIуш вара и стаг.
Иза вевзина болу йуьртахойн дегнашкахь «чхам» аьлла ойланаш кхоллаелира. Шайна хьалхахь, шаьш тешаш а долуш, цхьа боккха сингаттам экхарна кхерабеллера уьш.
– Ассалам Iалайкум! Де дика хуьлда шун, Iада! – аьлла воккхачуьнан цIе йаьккхира цо.
– Дала воьзийла, Iумар-Хьажа! Марша лоьлийла! ХIун ду цIахь? Шахьби а, Тоита а ирахь дуй? – хаьттира Iадас.
– Дика Iаш бу уьш.
– Со хьажа а, ас дан оьшуш хIума делахь хаийталаш, – аьлла, шена ца вевзачу хьешах бIаьрг а кхетта. – Хьаша марша а вогIийла! – элира цо.
– Маршалла хуьйла! – сихха жоп делира, – Шахбулатовс.
– Кхара хьо вон лелор ву-м ца боху ас, делахь а со волчу дIавагIахь Iан меттиг шорта йу, – элира Iумар-Хьажас.
– ХIан-хIан, баркалла! – элира хьешо.
– Шун Iодика йойла, – аьлла, гIеххьа гена а ваьлла, йуха а шен дина хиира бере. Иза цхьана урамехь къайла ваьлча, ша деъна гIуллакх а дицделла, акъваьлла лаьттачу Шахбулатовс йуьстахо лаьттачу Iабдурашиде хаьттира, лере а таьIна:
– И мила вара, хIинца кхузахула говрахь дIавахнарг?
– Суначул шера хаьа-кх хьуна и мила ву. Ахь хIинцца тхоьга хIиттина волу Iумар-Хьажа и ву-кх. Схьа хIунда ца лоцу ахь иза?
– Цхьаьнге а хьаха ма делахь хIара, – элира Шахбулатовс, шен бете пIелг а лоцуш. – Со сиха ву, Iодика йойла, – аьлла, шен говр охьахаьхкира цо.
Шен накъосташна и сурт гина ца хиларх а воккхавер иза. ГIундалгIаниш йуккъера ара а  лилхина, хьакамна тIаьххье йум ира вукхара а.
***

ХIинца башха шен белхалой бехке беш, уьш чехош а вацара иза. Цунна и стаг гинера. ЙУххехь гинера. Цуьнан сийна ши бIаьрг, цуьнан Дала ца кхоош ницкъ белла онда белшаш, зоьртала дегI. Цуьнан хIора дош къастош, декаш хилла аз, цуьнан ша шех бIобулуш хилар, – и дерриге а дуьхьал лаьттара Шахбулатовна. Амма цунна диц ца лора оцу пхьоьханахь мел хиллачу стеган шех дог кхардар. Iумар-Хьажина-м хIара мила ву а ца хаьара, дуьххьара бен гуш а вацара. Ткъа вукхарна ма хаьара, хIара ший а мила ву. Ша беъна некъ кхо дIакъадийна ма хила белара. «Тур текхор дац!» – эхI, ма элира цо иза. Ма текхадайта делахь. Муха? Ала-м атта ма дуй.
Iумар-Хьажа Далла гергахь а, нахана хьалхахь бехке ван, сийсазван хIума кара ца догIура цунна. Ойла йича, цо дина цхьа а зулам а вон болх а ца карабора…
***

…Нахана зулам дан а, сингаттам баккха а зени хилла вацара Iумар-Хьажа цкъа а. Мелхо а шега далучу агIора мискачуна гIо деш хуьлура иза. Амма мискачун гIо лоцучу хенахь, и мисканиг хьийзош, цунна ницкъ беш волу Iедалан векал човхо везаш хуьлура. ТIаккха цунах дов хуьлуш меттиг а нислора.
Луьра а,кхераме а зама йара иза. Iедалан каравахна волу стаг тIепаза вайна меттигаш дукха йара.
Да-нана а, массо кхочар а тIаьхьаваьлла тIекера вилларх, вахана меттиг, гина меттиг боцуш, ларйоцуш, къайлабевлла нах дукха бара.
Цундела, шайн ма-хуьллу, ницкъболчеран кара ца воьдуш, царах а, церан мекарлонах а, церан йамартлонах а ларлуш лела дезара дийнахь а, буса а.
***
     Iумар-Хьажас хIора боккху ког ларбе, цо хIун леладо хьажа, аьтто балахь схьа а лаца, аьлла, омра динера Шахбулатовс шен хьадалчашка. Зуламхо йа халкъан мостагI ву аьлла цIе тилла-м ца хIуттура иза цунна, хIунда аьлча, дукха нахана вевзаш а, везаш а стаг и волу дела. ХIуъу а дина а, карзах а ваьккхина кхуьнгара цхьаъ даккха гIертар иза. Цунах а гIуллакх ца хуьлура. Цкъа цхьана сарахь, бIаьстенан йуьххьехь хиллера иза Мусин ирзехь гIотанехь буьйса йокхуш хIара ву, аьлла, хаам а хилла, тебаш богIу милцанераш жIаьлина тоса а белла, цо гIовгIа йаьккхича, сихха цу чуьра ара эккхаш, шен кетар гIоти чохь йитна хиллера Iумар-Хьажас.
Шена хIара кара ца веъча, оцу кетарх шен «маузер» чуьра массо а патарма бассийна хиллера Шахбулатовс, боьха маьттаза мохь а бетташ, декъазчу бедарх цаца а беш.
***

Цул тIаьхьа дукха хан йалале, гIа-патар даьржина, стоьмаша заза доккхучу муьрехь, эххар а Iумар-Хьажа лаца аьтто белира Iедалан векалийн. Сай-бодий къаьстале, зударий а, бераш а Iадош, йоккха гIовгIа эккхийтина, меттара гIатта кхиале, гIода-йукъ дIаехкале масех стаг тIекхетта, вукхара тIе тоьпаш а лаьцна, куьйгаш тIехьа дихкира кхуьнан. Цу кертахь кхин гIовгIанаш ца еш, хирг гур ду-кх, аьлла, шен болх Далла тIе а биллина, кара вахара иза царна. Шайн нахера гIуданаш гулдеш йолчу, аннех дина цIа долчу, ворданна чу охьавиллира цара шаьш схьалаьцнарг.
– ХIун даьлла кхуьнгара? ХIун хилла? – бохуш Шахьбис а, Дотас дечу хаттаршна дуьхьал Шахбулатовс элира:
– Кхо тхо тхешан болх бан ца дуьту. Оха кхунна хоуьйтур ду, Советан Iедал чIогIа дуйла. Хьалха-МартантIехь хуур ду шуна кхунах дерг.
Шайн цIен гонаш долу фурашкаш къегош, новкъа бевлира уьш малх схьаккхетачу хенахь, тIаьхьа йоьлхуш Тоита а, Селхьат а, ПетIамат а, Бака а йолуш.
***

Пхи-йалх дошло хьалха ваьлла вара. Iумар-Хьажа тIехь волу ворда йуккъехь йара. ТIаьхьа хIоьттина вогIуш а вара иттех милцанер, шайна йуккъехь гIадвахна Шахбулатов а волуш. Цуьнан дагна там хиллачух тера дара. Хаза бIаьстенан Iуьйре йара. ГIа дукъделла гондахьарчу хьуьна йуккъехь хIуммаъ ца гора. Наггахь йекаш атйокх а хезара.
Кордон лаьттачу дукъ тIе хьала а бевлла, КъочIин шовда долчохь жимма са а даьIна шайна а, говрашна а хи а малош, йуха орцан басах аренгахьа боьдучу новкъа чубирзира милцанераш.
***
     Дагна гилгаш дохуш, корта бахош йара бIаьстенан зазанийн хьожанаш. Цара цкъа ойла йуткъйора, байттамалла бохуш лаьттахула йаржайора, йуха тIома йоккхий, стигланийн есаллехула седарчийн шийлачу нуьрехь лийчош, йист йоцчу, бух боцчу хIорда чу кхуссура. Къеначарна генара къонала дага йоуьйтура, къоначеран дегнаш сатийсамех дузура. Кхане кхин а дика хир йу, бохура цара къоначаьрга.
Баккхийчарна-м хаьара, шайн уггаре хаза бIаьсте азаллехь йиснийла.
ХIетте а дикане сатуьйсура цара, шайн гондахь кхехкачу дахаре а хьоьжуш. И дахар хьалхачул, шайн жималлехь хиллачул дукха а инзаре а, самукъане хилар а гора царна. Делахь а дIайахна зама хаза-м хетара.
Ткъа, къоначара-м кханенан ойла а ца йора йа таханенан хама а ца бора. Царна моьттура: иштта бIаьсте даима а лаьттар йу, дуьне а, адмаш а иштта хаза хир ду даима. Ткъа Iумар-Хьажин цу хенахь ткъе бархI шо бен дацара. Жима вара-кх иза хенаца а, ойланца а.
Ишттачу хазчу, йекхначу бIаьстенан Iуьйранна, тIехьа дихкина куьйгаш а долуш, гIодайукъ йаьстина а йолуш, шен лаамера ваьлла, ницкъ болчеран кара а вахна, говр-ворданан цIа чу тесначу стохкалерчу элан чамхалгаш йуьхьах а Iитталуш, бохка буьгу коьма Iахар санна мал а велла, дерригенах а дог а диллина ша муха Iуьллур ву, аьлла, карзахе ойла хьаьвзира цуьнан коьртехь.
***
     КъочIин шовданера охьа ах чакхарма хиллал некъ бина хила мегара. «Кхин оццул охьадахча-м, шерачу ара а бевлла, Ламазан тIулг болчу кхочур бу. Цигахь кхеран карара вала хала хир ду. ХIинццехь оцу чIожан бертерчу лекхачу бердах чукхоссавелча, цхьаъ хила а мегара», – бохуш, ойла чIагIйелира Iумар-Хьажин. Цхьадика ши ког бихкина бацара, ткъа тIехьа дихкинчу шен шина куьйган башха ойла а ца йора кхо. Ша Iуьллучохь ши ког меллаша хьала а озийна сахьтан пуржен санна вулавелира иза. Лаккха айабеллачу малхо бохбина а, некъан йистошкарчу кондарийн генаш йухьах детталуш а, чуьркаша шаьш а хьийзош, горанаша говраш а хьийзош, сабIарзделла, малбелла богIура кхунна гондахьара бIо.
ЦIаьххьана шен шина кога тIе ира а хIоьттина вордан тIера чукхоссавелира иза. Хуьлуш долчух милцанераш кхетале гIа дукъделлачу хьаьмцийн коьллашний, бIаьллингашний йукъехула дIатилла воьду и некъана ши-кхо гIулч бен гена боцчу бердах чухецавелира. Пен санна нийсса охьа бацахь а дукха Iункарнехьа а, лекха а берд бу иза. Куьг таса кхуьнан аьтто боцуш бара. Шен ма-хуьллу басахь лаьттачу пхонан, попан, бIаьлланган дечигех цкъа цхьа белшан агIо тухуш, йуха дехьарчу лохо йоллучу дечигех важа белш тасайолуьйтуш, шен ма-хуьллу когийн буьхьигаш хьала а ойуш, кIажица шен чухьош долу болар лагIдан гIерташ къахьоьгуш чухахкавелла воьдучу Iумар-Хьажина шена тIаьхьа хьоькху маьхьарий ца хезара, тоьпийн татанаш дуьйлура лакхара, шакарш йетташ тIехлелхаш, дечигех патташ йохуш, тIулгех суйнаш кхуьйсуш дIаьндаргаш йара.
Шайгахь мел болу патарма оцу чIожа бертехула хи чу а тоьхна, шайга ма-кхайкхалу неIалташ а кхайкхийна, цул сов Шахбулатовс шен бIаьхошна шеггара «баркаллин» неIалташ а кхайкхийна, охьа бахара Iедалан белхалой. Хьалха нийсса дуьхьал нислучу дечигех къаьхкаш цхьана агIор дIа а таьIаш, оцу дечигах белш а хьакхайолуьйтуш, вахана нийса Мартан чу кхоссавелира Iумар-Хьажа.
Лакхара чу йеттачу тоьпийн дIаьндаргаш кхунна дехьа а, сехьа а хи чу йетталуш йара. ХIара царна ган йиш йацара, хьун йуькъа хиларна, цул совнаха, 70-80 метр мел кIезиг а лекха басе а йара хIара чу хецавелларг. Мухха делахь, Делан къинхетам хьалха а баьлла, дегIа тIехь тоьпийн чов йоцуш (дечигех дIа веттавелла аьрташа меженаш лазийна дегI Iарждинера). Иза-м хIуммаъ доцург ма дарий. Сихха кIотарш йолчу агIора Мемат тогIий чу хьала волавелира иза, хи чуьра хьала вала аьтто баьлча бердаца воьдуш, тархана тIекхаьчча, хи чухула воьдуш.
Цу кIелхIара валарх кхин Iедалан кара ца воьдуш хан йаьккхира цо, I944 шо тIекхаччалц.




Дерзор


Цу хенахь бехаш хилла боху дукхах болу нохчийн а санна оьрсийн мотт-йоза хууш вацара Iумар-Хьажа. Жимма Iаьрбийн йоза-дешар хаьара цунна.
I944 шо долалучу муьрехь Мартан-чу салтий а, эпсарш а баьржича, уьш стенна баьхкина хууш стаг вацара. Амма даго хьоьхура, дикачу балхана ца баьхкина бохуш. Герзах боьттина бара салтий. Айаеллачу меттигашкахь дIахIиттийнера йаккхий тоьпаш. Кхобуш лелош андий жIаьлеш дара.
Хьалха гондахьа бехаш а, лелаш а болу нах шайн ворхIе а дайшкара дуьйна бевзаш а болуш, царах доллург а хууш, цаьрца лелон деза гIиллакх а хууш дара.
Ткъа хIинца мичахьара баьлла, беъна ца хууш онда ницкъ баьржинера гондахьа. Уьш цкъа делахь хIара вехаш, Iаш волчу Совета пачхьалкхан эскархой бара. Нохчий а, гIазакхий а бIешерашкахь йуххехь бехаш Iийна хилар а хууш дара. Мухха Iийнехь а, наггахь дов-тIом эккхаш а хилла, виэр-ваккхар нислуш а хилла. И саннарг-м муьлххачу ломан йуьртахь а ма нисло!
Цул сов оьрсашний, нохчашний йуккъехь захалонаш а, гергарлонаш а дукха дара. Иштта Iумар-Хьажин доттагI вара Хьалха-МартантIехь белгIатойн йуккъехь вехаш волу Сайд-Ахьмад. Оцу Сайд-Ахьмадан хIусамнана Нина, I933 шарахь Украинера схьабаьхкинчу нахах йара. Цхьа ламаз, марха ца дуьтуш, цIена бусулба стаг а йара. Ткъа Соьлжа-гIалара наггахь Мартанчу вогIуш хиллачу Чичилов Сергейн зуда нохчо йара. (Чичилов I944 шарахь шен зудчуьнца махках а ваьлла, кхойтта шарахь Казахстанехь а Iийна цIа веъна а хилла). И тайпа масалш дукха дара, хIора нохчийн йуьртахь а бохург санна. Цу хенахь бехаш хиллачу нохчийн дукхах болчара къобал веш а, доьналла долуш ву олуш, хастош а хилла Сталин. Иза кавказхо хилар бахьанехь мелла а цуьнца озабезам а хилла вайнехан. Цундела паччахьо шен къоман ца догIу таIзар дан мега аьлла, дагадогIуш а ца хилла царна.
***

Оцу шийлачу чилланан Iуьйранна цIечу эскаран деза де билгалдаккха гуламе кхойкху, аьлла туркхо мохь тоьхча, колхозан хьаьтта гулбелачарна дагахь а дацара шайн дахар цу кепара цIеххьана хийцалур ду аьлла.
Йуьртахойн текхахь бежаш, кхара шайн цIийнах-цIарах бевлла лелаш цхьа мисканаш бу-кх хIорш, бохуш кху тIаьхьарчу шина-кхаа баттахь лелийна болчу салташа, тоьпийн чаппагIнаш, дIаса а етташ гуо бира, и салтий а, и арми а декъалъйан гулбеллачу адмашна. Къилбехьа хьаьжча гучу Башломера дуьйна дIа охьа хьаьжчу гучу регIан даккъашка кхаччалц, малхбалера малхбузе кхаччалц бIаьрго ма-лоццу йолчу анийисто доза тухуш болу хIара жима нохчийн мохк дерриге а дуьне дара дукхах болчу нохчийн. ХIунда аьлча, царна кхин дуьне ца девзара. Ийдалан йисте кхаьчна цигахь говрана хи мийлийна вацара Iумар-Хьажа, йа чергазийн элашца той диъна а вацара ша, йа Калак гIалахь оьрсийн инарлашца бух сирла къаьркъа мийлина а вацара иза.
Цо хIинцалца диънарг, мийлинарг, цунна гинарг а хIара Дуьне дара. Иза цуьнан Дуьне дара, дика делахь а, вон делахь. Цо цунах тоам а бора, цунна кхин дуьненаш а, кхин мехкаш а ца оьшура.
***

Амма цуьнан Дуьне тахана дохийра. Цхьана ондачу, къизачу, мичхьара бу ца хуучу ницкъо дохийра цуьнан Дуьне.
Оцу ницкъаца къийса а, цуьнца тIом бан а хала дара цунна. Йа муха къийса деза, хIун дан деза а ца хаьара цунна. Хьо а, хьо санна массо а адамаш а, дерриге а халкъ а мостагIчух лардан, бохам йуха тоха, аьлла, кхоьллина йу моьттура цунна паччхьалкхе а, оцу пачхьалкхан эскар а. Ткъа шен дена муьтIахь долчу, дуьхьала хIума ала бакъо йоцчу берана цIеххьана карзах а ваьлла да тIе кхевдича, цо ша маьттаза, кIоршаме човхийча, хIун дийр ду цу беро? Иза Iадор ду-кх, доьхна ша дан а, лело а дезарг ца хууш, дуьсур ду-кх. Муьлхха а, бехк боцуш, гуьнах а доцуш, цIеххьанна стаг таIзаре озийча, иза уггаре а хьалха цецволу, вуху.
Шен бехк буйла а хууш, шена цхьа таIзар дан мегийла а хууш верг-м оцу балхана кийча а хуьлу, иза-м харц-бакъ леладой кIелхьара а волу. Ткъа дийна къам схьа а лаьцна цхьана Iуьйранна къиза чехош хьовзийча, хуьлуш долчун дуьхе ца кхуьуш а, ма йолу хан.
Харцо йуйла, тешнабехк буйла хаьара. Иза лан хала хIума дара. Цо бен Iаткъам къиза бара. ДегIера гIора дIадаьккхинера цо, деган лаам гIелбинера, бIаьрса кхолийнера. Шена гондахьарчу мисканашна гIо-накъосталла дан аьтто боцуш ша висарна а холчохь вара иза. Шен ден, ненан, йишин, вежарийн бIаьра хьежа хала дара. Кхин а чIогIа халонга даьллера шен нийсархойн, йуьртахойн, махкахойн, зударийн, кегийчу берийн бIаьре хьажар.
Мангалца а, дагарца а белхаш бина, берчадевлла шуьйра куьйгаш тIехь а лоьцуш, кортош охьа а охкийна даьхни санна даьхни лелочу вагонаш чу хьала буьйлуш болу махкахой, осал бевллий, къуонахалла  кхачийний бацара. Цаьргахь, оцу нохчашкахь, хIокху дуьненчохь долчу цхьана а къомехь доцу собар а, доьналла а дара.
***

Боьхний, баьржинийний хьийзарш а нислора. Царна а билла бехк бацара цхьаннан. Хийла кIант оцу хьалхарчу дийнахь 23 февралехь а хIалакьхилира.
***

Хьалха-МартантIехь лакха эвла йисттехь гулйина цхьа тоба хиллера. Сахуьлучу хенахь Iуьйранна хилла иза. Царна хьалхахь къамел деш, хуьлуш долчух уьш кхетош эпсар хиллера. «Шегахь долчо герз охьа дилла. Нагахь герз охьа ца диллахь, тIаккха иза гучу а далахь, къамел доцуш, тоьпаш тухур йу, – элира цо. Оцу тобанна йуккъехь хиллера, МартантIе шен шича Абу-Хьасан волчохь буьйса йоккхуш хилла волу СаьIин Баудди, Iумар-Хьаьжин уггаре а тешамечех накъост вара иза. Бауддис шен четара ворхIазза йолу тапча шен ден шичан йоIе дIаеллера. Цхьана салтичунна хааделла и гIуллакх.
ТIе а вахна: «Покажи, что ты спрйатала! – тIечевхина иза йоIана. Важа йоьхна хьаьвзина. Эццахь хьалха иккхина Баудди.
– Схьайа сан тапча, – аьлла.
– ХIара хIунда лачкъайора ахьа, охьайилла бохург хIун ду ца хаьа хьуна? – хаьттина эпсаро.
– Хаа-м хаьара суна, делахь а цхьана нахаца дов долуш вара со цундела ларвалархьама оьшура суна герз, – аьллера Бауддис.
– Кхин оьшур дац, хьуна и герз. Тоьпаш тоха цунна! – омра дина эпсаро.
Оцу минотехь шина салтичо белашца жимо саьнгар а йаьккхина, цу йисте дIахIоттийнера куьйгаш дихкина волу Баудди. Шайна хуучу кепара доIанаш деш, айаташ доьшуш божарий а болуш, боьлхуш зударий а, бераш а долуш, хьалхахьа ча а диллина цунах цIе а тесна, оцу серлонгахь тоьпаш тоьхнера Бауддина. Циггахь тIе латта тасар бен, кхин дан хIума доцуш дIабахнера нах…
***

…I957 шарахь нохчийн цIа бирзича и меттиг кара а йина, цхьацца билгалонаш тидаме эцна хиллера-кх Турпалхан Абухьасана а, ТIуртIуз Бауддис а, кхечара а, Бауддин даьIахкаш Мартанчохь Орцан кешнашкахь дIаерзийнера бусулбан Iедалехь. Цуьнан коьртан туьтанчохь масех даьндарг карийнера олура цара…
***
Сибреха бина некъ цкъан а бицлур бац… Йист йоцу аренашкахула малхбале дIаоьхура цIерпошт. Чкъургийн тата декара коьрта чохь… Наггахь цхьана социйлехь  вагонаш чуьра  шелонна а цамгарна а, мацалла а кхелхинчийн декъий арадаха бакъо лора салташа. ДегIехь жимма гIора долчо гIорийначу лаьттах мелла а саьнгар а йоккхий, цу чу а дуьллий, доIа а дой, дIахуьлдора дакъа. Дукха хьолахь и дан а ца ларош, лайтIехь дакъа дуьсуш меттигаш а нислора.
***

Шайн гIуллаккхна охьабиссина нах (зударий цхьана агIор, божарий вукху агIора) дIасабовлура. ЦIерпоштано кIайн Iа а хоьцуш шок тухура шалон йолалу хан тIекхочуш йуйла хоуьйтуш. Хьалавала ца кхуьуш тIаьхьа виснарг кIелхьара вала меттиг болуш вацара.
Цундела массо а бер а, зуда а, хьалаваьллачул тIаьхьий бен (царна хьалабовлуш гIо а дой) хьала ца волура Iумар-Хьажа.

***
Шийлачу, IаьнтIехь багара дIа кхоьссина долчу туйх лаьтта охьакхачале шан карчолаг хуьлучу Семипалатинске дIакхечира хIорш эххар а, шина кIиранах сов некъ бинчул тIаьхьа. Цигахь лайнарш, гинарш дийцина а вер вац. Кхарах дIа а къаьстина Иртышал дехьарчу цхьана метте кхаьчна хилла волу Дота а, цуьнан хIусамнана ПIетIамат а, ши кIант а кхелхинера. Дотин берех виснарг цхьа Iали вара. (Иза хIинца а Мартанчохь вехаш ву). Дукха хан йалале Шахьби а дIавелира. Цуьнан тIаьххьара йалийна хиллачу зудчо Асмаа вина кIант вара Муса бохуш. Диъ шо кхаьчна волу иза урам-новкъа араваларх кхин ца карош вайнера. Шахьби кхелхинчул тIаьхьа, Асмаъ шен гергара нах болчу дIайахара. (Цул хьалха йалийна хиллачу Човкас вина волу Iиса а чувоьллинчохь I959 шарахь кхелхина)
***
Жимма адамашна чу са а деъна, паргIато хааелча, Чимкент йолчу агIора дIабахара биснарш. Тоита а, Iумар-Хьажа, Абу а, Селахьат а, Бака а, Тйулькубасски районерчу Кильты-Машат олучу шахьте балха вахара Iумар-Хьажий, Абуй. (I949 шарахь охьабоьжначу тоькан серах а хьакхавелла, оцу шахьта чохь кхелхира Абу). Нахана чIогIа дукха везаш, забар йолуш, самукъане стаг хилла Абу. Кхин шен доьзал боло ца кхуьуш, тIаьхье йоцуш дIа а ваьлла иза.
Шахьта чохь кхуьнца болх беш хилла дуккхаъ кегийнах а, мехкарий а Шерипат бохуш ДаьргIара йа Тезакхаьллара хиллехь а цхьа жима зуда хилла. Цунна тIехьийзаш, бегаш беш Абу а хилла. Цуьнца йохье вуьйлуш, къийсалуш Сайпа бохуш кхин цхьа стаг а хилла.
– Шерипатна со веза, ахьа лелориг эрна ду, Абу, – аьлла Сайпас.
– Иза-м хала къасто дезаш хIума дац, – жоп деллера Абус. Шайн белхан хIуманаш тIе а йуьйхина шахьти чу бисса кечлуш хилла белхалой. Божарий а, зударий гулбеллачу хенахь Абус, аьлла:
– Шерипат! Ахь сох, Сайпех цхьаъ къасто веза, хьайн даго къобалвешверг билгал а воккхуш. ЙА тхойшиннах тоьллачуьнга йан еза хьо, – аьлла, Сайпина муьшка тоьхна цо. Вукхо схьа тоьхна. Иштта и шиъ тийсалуш хилла, хьуьха а воьлла. Гондахьа лаьттачара аьлла хилла:
– ЙАлахьа, Шерипат, цхьаъ харжий, цхьанна цIе йаккхахь, и шиъ вовшийн карах валийта гIерташ хьо йацахь.
ТIаккха аьллера боху Шерипата:
– ХIай, Сайпа, витахь и Оба хьийза а ца веш…
– ХIан, дIаэца хьайна, – аьлла шен накъостана белшах куьг тоьхнера Абус, – Хаьий хьуна хIинца?
***

Iумар-Хьажий, Бакий цхьаьна дехаш пхийтта шо даьллера. Доьзалхо вацара. Оццу шахьта чохь болх беш йолу Асмаъ йалийра Iумар-Хьажас I946 чу шарахь. Асмаа вина кхо кIант хьалакхииира. Уьш хIинца а Мартанчохь бехаш болу: Вахий, Тапий, Овханний ву. Церан массеран а доьзалш а бу.
I957 шеран нойабрь баттахь Мартанчу цIа веара Iумар-Хьажа. Тоита  а дуккха ца Iаш дIакхелхира I958 шеран март баттахь.I978 шеран бIаьстенан йуьххьехь дIавелира Iумар-Хьажа а 69 шо бен дацара цуьнан. Амма ша йоккху хан шена а, шен тIаьхьенна а йуьхкIам болчу агIора йаьккхина, шех ала дика дош дитна, бакъ дуьненчу дIавахара и бакъ волу къонах. (Бака Михалске шен ваша Хьамид волчу дIайахара цул тIаьхьа. Асмаъ шен кIенташца Iийра I990 шо тIе кхаччалц. Оцу шарахь кхелхина иза.
***

Иза бакъдуьненчу дIавахна ткъе пхиъ шо сов хан йаьлла. Амма суна цкъан а виц ца ло иза. Даима а дуьхьал лаьтта цуьнан шатайпа сибат. ХIинца а цуьнан аз хезаш санна хета. Цуьнан велавалар, оьгIазвахар… гуш санна хета. Дагахьбаллам лаьтта цуьнга кIезиг ладегIарна, цо дийцинарг, аьлларг дIа ца йаздарна.
Маттана говза вара иза. ХIума хаздина, марздина, суьрташца къагийна дийца хаьара цунна.
Цхьана дийнахь, I962  шеран аьхке йара иза, Соьлжа-гIала дахана цIадеара Iумар-Хьажий, Бакий. Шаьшшимо цигахь лелийнарг, шайна гинарг а дуьйцуш Бака хьийзайора цо.
Велакъажар доцуш дуьйцура Iумар-Хьажас:
–Соьлжа-гIаларчу базаран йуххерчу автостанцехь автобус ларъеш Iаш ду тхойша. Хьуьлла дехьо лаьттачу цхьана зудчунна тIейаха хIара. Мар-мара а кхийти хIара шиъ. Цкъа йоьлуш къамелаш до кхара, йуха цIеххьана елхайолаели хIара шиъ, бIаьргех йовлакхан тIемаш  а хьоькхуш. ЙУххера нах а бу цецбуьйлуш кхаьрга хьоьжуш. Со а ву сабIарзделла, ойла еш: «Боккъала мила йу техьа и зуда, кхунна карийнарг? Суна цкъан а гина а, евзина а ма йац иза. Кхеран гергара елахь, суна а бехкен стаг а ма хир йу иза. ХIун дича бакъахьа дара техьа»?
Цхьана сохьтехь сов къамелаш ди кху шимма. ТIаьххьара а, цхьа Делан къинхетам хъалха а баьлла, оцу зудчун автобус схьа а еъна, (тхойшиннаг-м шиъ автобус дIайахна, хIора ах сахьт моссуза дела ма йогIу МартантIе автобус), и зуда цхьа дика дIа а йахна, гIуллакх хили.
 -  Делан дуьхьа дийца бакъдерг, йан мила йара и хьоьца лаьттина зуда?—хоьтту ас
– Иза-м хьуна евзар йацара. Тхан цхьа гергара стаг йара иза-м – боху шеха-а, йаIна а сеттош.
– Вай! Шун массо а бохург санна йиш-ваша, шича-маьхча суна вевзаш ма ву. Мила йара иза? Дийцахьара ахь, – хоьтту ас.
– Эцца сан дейиша йаханчун вешин зудчун йишин йоI йара иза-м.
– ЦIена йуьхьIаьржо йу-кх хьо зуда.
– ХIунда боху ахь?
– Дера боху, и тайпа чоьхьара, йоцуш ца торру гергара стаг, цу кеппара суна а ца йовзуьйтуш, соьга мелла а цуьнца гIиллакх ца леладойтуш, дIа муха йохуьйту?
– Цунна-м хьо ца вевзара, – боху
– Цунна со вовзале дагIахьара къематшо. ЦIе хIун йара цуьнан?
– Делан дуьхьа суна хIинца дага-м ца йогIу цуьнан цIе.
– Дедиса ахь дуьйцучун… – реза воцуш мерах шок тухура цо…

***
Iумар-Хьажас дина а, аьлла а боху хIуманаш кицанаш а хилла лелаш ду дуккхаъ йолчу нохчийн йарташкахь. Иза вевзаш а, везаш а хилларш дIабевлча а, цуьнан цIе йовр йац. Цунах масал оьцур ду къонахий хилла луучу кегийрхоша. Иштта хирг хиларх теша лаьа.
Даима а лаьттар ду цуьнан бералла дIадахна долу Мусин ирзу. Мемат тогIийчухула эзарнаш шерашкахь санна охьоьху Марта а.
Кхин адамаш, кхин гIиллакхаш ду-кх оцу меттигашкахь тахана дехаш. Царах лаьцна йаздеш а цхьаъ хир ву-кх тIейогIучу хенахь.




Чулацам

I.Долор.
2.ЙАкъуб тIаме воьду
3.Жима бIаьхо
4.Ирча кхаьънаш
6.Миклайн заманан чаккхе
8.«Хьуо дакъа делахь, Iилла!»
9.Буьйсанан гIаларт
I0. Эмгар йалор
I5. ТIехь йоцу йасакх
I6. Бердах эккхар
I7. Дерзор


Рецензии