Афоризмаш
Цхьанна цхьаъ ала г1ертарг – цо ала хьийзочуьнан меха верг ву.
***
Т1адамех х1уттуш бу 1ам а, цхьацца кибирчиг д1айуьллуш д1ах1утту ц1а а, иштта жим - жима дечух хуьлу доккха г1уллакх а.
***
Хьере хьаьжжина бен хуьлийла йац дама а, хьекъале хьаьжжина бен хуьлийла йац къамел а.
***
Ахь аьлларг, ца аьлла, - алар г1олий ду, ахь цааьлларг, аьлла, - олучул а.
***
Х1ара дац шен, важа дац шен,- бохуш, леткъамаш беш верг – хьоьга и доьхушверг ву йа ахь и шегара деханна кхоьрушверг ву.
***
Адам довза дезар – и шен шен меттехь лардан хаа дезар дуьхьа ду.
***
Нехан шеца йолу юкъаметтигаш цайовзар – шен доттаг1, шен мостаг1 цавовзар ду.
***
Вевзича ца везачул а, ца вевзаш висар тоьлу.
***
Ахь аьлларг хала цахетар – хьуна и ала хаарал совнаха, ахь и муха аьлла хаар ду.
***
Ирс – х1оранна хеттарг ду.
Свидетельство о публикации №226091101347