Къона Нана Зураъ
******************
Лиэпалахь даиман
тхан ирсе седа,
Доьзалий г;уо ца гуш
хьайн б;аьр-са тиш ца луш.
Масална массарна
йезачийн б;аьрг хьоьстуш,
Ма лолда вайн Дала
вай вовшех къастар.
Лаар-кх даггара, хьаста хьан дог.
***
Дика дешнаш даггара
дуккха ду хьох ала,
Кхи х;умма ца хилчи
Нана хьо ю.
Цхьа Дени тоьар вара
йалсамане хьо йига,
Ненан мотт - Нохчийн мотт
хьайн сица ахьа белла.
Осаллех цинц боцаш
махкана пайденна,
Оца тайпа к;ант кхиор -
Сийлаллийн беркат ду,
Т;аьхьечу-т;аьхьенна.
ша деза совг;ат.
***
Декъала хуьлда -
Хьан ;уьйренаш-суьйренаш,
Декъал хуьлда -
Хьан до;анаш-саг;анаш,
Декъал хуьлда -
Хьо лиэла некъаш...
Декъал хуьлда хьо!!!
©Н.И.
Свидетельство о публикации №226091401745