Нагахь шу къинт1ера девллехь
****
НАГАХЬ ШУ КЪИНТ1ЕРА ДЕВЛЛЕХЬ
****
Даймохк - къинт1ера балалахь суна
Весет а хуьлу ша тайпа
Довзале кхачало дуьне а
Къинт1ера балалахь суна...
****
Махкахой - со виц ма велаш
Мел ч1ог1а дог1а-дарц даларх
Дерриг а 1алам галдаларх
Юьртахой - со виц ма велаш
Къинт1ера довлалаш суна...
***
Йиша-ваша - со виц ма велаш
Со ца гуш хан-зама яларх
Дог дилла бахьана даларх
Т1аккха а, со виц ма велаш
Къинт1ера довлалаш суна...
****
Д1а г1ахь а, со кхи ца ван аьлла
Д1а г1ур вац со гуттаренна
Сан амат шун дагчохь мел ду
Вехар ву даиман шоьца
Нагахь шу къинт1ера доьвллехь!!!
****
АЛХЬАМДУ ЛИЛЛАХ1
ХАСТАМ БУ ДАЛЛА,
МОХЬАММАД УММАТЕХЬ
ВАЙ ДАЛА КХОЛЛАРНА
БУСАЛБА ДИН-ЧОХЬ
ДЕЛА КХИЭЛ ЛЕЛАРНА!
Ц1онтройн Насруди.
14 синтембар2026шо.
©Н.И.
Свидетельство о публикации №226091500033