Даха дисна

ДАХА ДИСНА
(Илли)

Бода хIуттуш йеар зама,
Харцо йахьаш йеар зама,
Бала, къизал цхьанакхетта,
ХIинццалца лайнарг кIезга хетта.

Орцах вала накъост воцуш,
Дан а, дита а амал доцуш,
Латта дохош, стигал этIош,
Молхан цIарца дахар дагош.

Дижар-гIаттарх са къахкийна,
ЦIаьрмат-гома нах бахкийна,
Хьуьнан экха бенах даьккхина,
ГIийла адам Махках даьккхина.

Доьналла-йахь йерг билгалвоккхуш,
Майралла-иман гучудоккхуш,
Даймохк безар Сийлахь лаьрра,
Кийрара дегнаш кескашца даьрра.
 
Йерриг хало къомо лайра,
Ца моьттинарг – хIетахь дайра.
Далла лиъна, даха дисна,
ТIеман эрчо иэсехь йисна!


Рецензии