З Чеченские пословицы и поговорки

- Зама - дика хьехархо ю.
- Зама куьйгаца сацалуш яц.
 Заманца а къийсаме ца вуьйлуш, бертахь ваха 1ама.
- Зезаг зезагна т1едиллича кхин т1е а хазло.
- Зийна воцу доттаг1 - кагдаза б1ар.
- Зингат кога т1е т1е далийтахь - коьрте кхочур ду.
- Зуда вон елахь , маж хьалхе къежло.
- Зуда нускалара ялале 1амае.
- Зуда не1арехула ара хьоьжучуьнга кхин вон дан эшац.
- Зуда 1индаг1ахь тера ю: цунна т1ехьа вадахь -хьалхара йоду, цунна хьалхара
- Зуда вон хилахь - х1аша д1аг1ур ву, к1ант вон велахь - ирс д1аг1ур ду.
- Зуда вон ю бохуш леллачунна, цуьнан дика аг1онаш хуур ю, иза йоцуш висча.
- Зуда дукха ма хеста е: иза д1аяхана вуьсур ву хьо.
- Зуда ялийна стаг - т1е нег1ар тоьхна тускар.
- Зударийн ницкъ - церан б1аьргашкахь.
- Зуда ялолуучунна буьйсанна наб кхетац.
- Зударша шайна дукхадезнарг шовзткъа шарахь, цадерзнаг - цхьана дийнахь латтадо.
- Зударшна юххе нисвеллехь а, хьо боьрша стаг хилар ма дицделахь.
- Зудчун хьекъал хазаллехь, стеган хазалла - цуьнан хьекъалехь.
- Зудчун, майрачун барт ийг1ича, лулахошна бийлар долу.
- Зудчун сий де, амма архаш карахь латтайе.
- Зудчуна т1ехь куьйгалла дарал атта ду пачхьалкхана т1ехь урхалла дан.
- Зудаберана ма ле.
- Зударий дохкобевлла, мехкарий маре баха кечлуш бу.
- Зударин ницкъ к1езиг хуьлу, х1илла - алсам.
- Зудчун б1е са хуьлу.
- Зудчун да — цIийнда, цуьнан да — декхар.
-Зудчух лаьцна зудчуьнга хатта
--Зуламхочун дагахь гуттара а кхерам хуьлу.


Рецензии