Роза Дахаева 2 - написанные рецензии

Рецензия на «Прощение для вора» (Светлана Андреева 6)

Хорошо показаны муки обид и откровения со Всевышним! Милосердие спасает душу.Но приходим к этому мы разными путями и по разным причинам. И в итоге прощение делает наши сердца свободными.

Роза Дахаева 2   19.10.2023 12:06     Заявить о нарушении
Спасибо за мудрость. Слава Богу за Вас!

Светлана Андреева 6   20.10.2023 08:27   Заявить о нарушении
Рецензия на «МаслаIат» (Асламбек Гайтукаев)

"И дов а къастийна со волуш вац"(автор)

Цулла сов ала дог1у,и дов цкъа а къасталуш дац!
Сино даге кхийдайо каде ойланаш. Т1аккха дог 1ехало.
Байт хаза йу.

Роза Дахаева 2   28.09.2023 08:17     Заявить о нарушении
Воккхачу стага аьлла хиллера: "Тахана дийно сарралц масла1ат лоьхуш 1ийна, х1оьттина со. Сайн къеначу дег1ана а, къоначу дагна а йуккъехь лийхира ас иза".

Иза байтан мог1анашца дийца хьаьжира со.
Баркалла тидам барна!
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   30.09.2023 17:34   Заявить о нарушении
Дала вайна совг1атна белла болу дахаран муьлхха а мур дика бу-кх! Далла хастам бу!

Асламбек Гайтукаев   01.10.2023 01:01   Заявить о нарушении
Рецензия на «Илланча» (Асламбек Гайтукаев)

Дагаев Валид санна хила веза халкъан илланча. Бакъ долуш комаьрша дара цуьнан аз.Голос Валида был как безбрежное море,а слова его произведений доходили до каждого сердца слушателя.

Роза Дахаева 2   28.09.2023 08:04     Заявить о нарушении
Вайн поэтийн М.Мамакаевн, М-С. Гадаевн, А.Сулеймановн, 1.Мамакаевн, А.Айдамировн, Б.Саидовн, Ш.Арсанукаевн, М.Сулаевн, М.Дикаевн, Хь.Сатуевн, Ш.Рашидовн, Д.Кагермановн, Э.Мамакаевн, С.Бердукаевн... дикачу байтийн мог1анаш шуьйра довзийтина, т1омадаьхна Валида.
Кху аг1он т1ера "Даймехкан косташ..." ц1е йолу йозанаш ас кечдира сой Валидан тезетара вухавирзича (Дала гечдойла цунна).

Асламбек Гайтукаев   29.09.2023 15:38   Заявить о нарушении
Валида олуш хилла: "Вуон адамаш суна ган а ца го, ткъа диканаш т1ех ца бовлу, суна х1ун оьшу ца хоттуш".

Асламбек Гайтукаев   29.09.2023 15:41   Заявить о нарушении
"...Валид – дийнна цхьа мур бу вайн оьздангаллехь, къоман культурехь. Цуьнан иллешка ладоьгIча, хIоразза а дуьхьалхIутту исбаьхьа сурт – Нана-Нохчийчоь - ломан лекхачу баххьийн мохк, ламанан шира некъаш, тIулгийн терхийн йозанаш, маьрша дахар, аренаш, хьаннаш, шовданан зов, дIаделлало кху махкахь эзарнаш шерашкахь дехачу халкъан дог..." (лакхахь хьахийначу вайн йозанашна йукъара).

Асламбек Гайтукаев   29.09.2023 15:47   Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда, Асламбек, керланаш довзийтина\

Роза Дахаева 2   07.10.2023 06:53   Заявить о нарушении
Рецензия на «Математика» (Асламбек Гайтукаев)

Де беркате дойла, Асламбек

Исбаьхьаллин произведени кхоьллина ахьа м математика юуьйцуш, цуьнан мах хадош.
Суна ч1ог1а пайдехьа, мехала а ду х1ара (статья, дийцар)карор.
Хьалха байташ язйеш физикаца йолу уьйр алсам хеталора суна поэзица. Цулт1аьхьа геометрийн пропорцишца йог1уш, йусталуш хеталора байташ.
Х1инца т1аьххьара йаьзйина цхьана байт юккъе х1ара дешнаш кхолладеллера:
"Солнце выдвинет вновь теорему основ,
И в траве засверкает роса.
Из причудливых снов рифмой песенных слов
Стихотворная ляжет строка"
("Я любила дожди" Роза Д.)
Х1окха сайн дешнаша математикин т1еиза сан ойла. Баркалла , Асламбек, и мехала болх кхолларна.
Йозанца г1алаташ хила тарло сан. Бехк ма билла.
Ларамца, Роза Дахаева

Роза Дахаева 2   02.09.2023 18:39     Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда вайн йозанаш тидаме эцарна!

Оьрсийн маттахь исбаьхьаллин дош говза йаздеш йу хьо. Дика хир дара, хьайн байташ ахь "Проза.ру" сайта т1ехь а йовзийтича!

Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   05.09.2023 07:08   Заявить о нарушении