Иллин шовда
ГIайгIа бахьанехь даьлла,
Лерехь гIийла зов ду,
Махкахь бохам баьлла.
Буобер гIийла доьлху,
Йоьхна йарташ, гIала,
Стаг верг даг чохь воьлху,
Тийжош гонах Iалам.
Декахь, шовда, тахана,
Собар тхуна дохьуш,
Хилий хьайха бахьана,
Хало, бала боькъуш.
Бала, бохам болчохь
«Вай цхьаъ хила!» – ала,
«Вешех кхарда воьлча,
Вешех волу», – ала.
Чевнаш, чардо доцуш,
Хиндерг декъалдойла,
Боккъал лелаш воцург
Дала Iу ма лойла.
Нехан дегнаш кхолош,
Вехарг эшна гойла,
Дала, нийсо толош,
Бертахь вай гулдойла!
2000 шо
Свидетельство о публикации №217070701186
языка(а как хотелось бы больше знать!).Вероятно,для несведущих был бы уместен перевод.Спасибо.С уважением.
Татьяна Зырянова-Кенцухе 8 19.12.2017 03:53 Заявить о нарушении
Татьяна Зырянова-Кенцухе 8 13.12.2017 07:59 Заявить о нарушении
Асламбек Гайтукаев 23.12.2017 19:04 Заявить о нарушении